СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Билгалдош карладаккхар 4 кл

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Билгалдош карладаккхар 4 кл»

21.04.22шо

4 в

Тухаева З.И.

Урокан  ц1е: «Билгалдош .Карладаккхар».

1алашо: Билгалдешнийн а грамматически билгалонех лаьцна болу хаамаш карлабахар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

Хьехарсахьтан 1алашонаш:

Предметни (Кхеторан): Билгалдашах дешархоша 1амийнарг шардар, т1едузар, т1еч1аг1дар.

Матапредметни (Кхиоран 1алашо): 1амийнарг карладаккхар, дозуш долу къамел кхиор. Дешархойн ненан матте безам кхиор, ч1аг1бар

Личностни: берийн тидам  нохчийн метан хаззала ган, цуьнан к1оргалле кхача. Берийн лаам хир бу дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина ,Даймехкан дуьхьа къахьега.

                               Урок  д1аяхьар.

                  Ойла т1еерзор (мотивации)

Хьехархочун хьалхара дош.

Де дика хуьлда шун! Шун б1аьра  ма-хьаьжжинехь, шун лепа б1аьргаш гича, керла хаарш довза , керлачу серлоне кхача даьхкина аьлла, хетта суна, шу тахана уроке.

 Слайд 1.    

       Урок-иза малх бу, вайна серло луш болу. Тахана вайна массарна а хазахетар лур ду цо аьлла, тешна ю со.Амма малх цкъацкъа мархаша къайлабоккху. Мархаш-шун кхерам бу, шун халонаш ю, уьш тахана урокехь шуна дуьхьала 1иттаяла тарло. Ткъа вай уьш эшо, царна т1ехь толам баккха  хьовса деза. Цу т1ехь вайна стен г1о дийр ду аьлла, хетта шуна?

      Суна ч1ог1а лаьа, урок чекхйолуш, шун и массо кхерам д1а а баьлла, сатийсам кхочушхуьлийла. Мархаша вайн малх къайла ца боккхийла а.

       Ткъа шуьгара сунна дезарг: тидаме хилар, жигаралла, тайна бертахь болх бар, беркате цхьаьна къахьегар.

Вай х1инца д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.

— Д1аяханчу урокашкахь 1амийнарг карладоккхур ду вай.

 

 Актуализаци яр.

Ц1ера болх таллар

Керла тема хьехар.

Ас гойту х1уманан билгало:
Бос, барам, чам, стенах йо, 
Шун къамел тодеш, ас хаздо, 
Цундела даима оьшу со, 
Алал – х1ун ю теша со?

 - Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахан урокехь?

Дагадаийтий вай ваьшна цу къамелан дакъойх хууш дерг.



Т1едиллар №1.

Ткъа х1инца, х1оккху предложенешкахь билгалдешнаш къастаде.

Кху доккхачу татол т1ехь тахана къаьсттина синкъераме дара.

Г1ийла хьоькхучу мохо арарчу зезагийн, бецийн, дагна там беш йолу, ц1ена хьожа яхьара. Ц1еначу стигалхула йоьдуш таь1на-боьмашчу басахь йоккха дарта яра.



Т1едиллар №2

Х1окху ц1ердешнашца маь1ница дог1у билгалдешнаш далош, дешнийн цхьаьнакхетарш д1аяздан деза аш.

Дитт, коч, стигал, керт, хьаша, юрт, доттаг1, йиша, машен, шовда, буьйса, ц1енош, майда.

Сийна, дечиган, хаза, школан, лекха, г1алара, керла, тешаме, сирла, хьоме, ламанан, даккхий, йоккха.


Карточкица болх бо 2-3 дешархочо.

Воккха стаг .гуьйренан 1алам, боху дешнаш легадо.


Фронтальни хаттарш:

-Стенах олу билгалдош?

Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло билгалдашо?

Муьлхачу къамелан декъаца уьйр лелайо билгалдашо?

Муьлха меже хуьлий лела предложенехь билгалдош?

-Муха хуьлу билгалдешан терахьашца,дожаршца хийцадалар?

1амийначух пайда эцар.


1 Т1едиллар : слайд

Схьаязъе предложенера массо а билгалдешан кеп, шайца уьйр йолчу ц1ердешнашца цхьаьна. Билгалдаккха терахь, дожар, кеп (лааме я лаамаза) муьлххачу а цхьана билгалдешан кепан (шайна луъчун).


Амма ,1аьнаре доьрзуш,хин т1адамаша х1ордана буьту шайца беана туьхан жима мохь.

Учебникца болх бар

         

  Рефлекси яр.

Суна 1еми…

Со кхийти…

Суна хии…

Суна хазахийти…

Суна хала дара…

  Жам1 дар.

      Урок д1айолалуш  вай дийцира шун кхерамах а, халонех а лаьцна. Уьн т1ехь д1алатийна малх бу. Нагахь шайн кхерам биснехь, х1ора тобанера цхьаццамма  цу малхана т1е марха  латайо, ткъа  шаьш халонаш эшийнехь, шайн кхерам д1абаьллехь, вайн малх серлабоккху аш шайн стоьлаш т1ера з1аьнаршца.

Тахана а, массо дийнахь а лепийла шуна вайн дашо малх!                      Дела реза хуьлда шуна! 

9. Урокехь х1ора дешархочо а,массара цхьана бинчу балхана мах хадор.


Ц1ахь кхоча ш бан безачу балхах кхетам балар.


Дневникаш т1е д1аязбо ц1ахь бан бела болх.