СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Хаарш зер. Гуьйре.docx

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Хаарш зер. Гуьйре.docx»

Дата: _________________________

Учитель: ______________________

Класс: 3

Дарсан ц1е:

Хаарш зер. («Гуьйре» декъана)

Дарсан Ӏалашо: дешархоша 1амийнарг карладаккхар.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карладохур ду произведенех долу хаарш; 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала а, шайн ойла а, дагалацам кхион а.

Дарсан гIирс: Ӏамат, ручка, тептар.

Кхочушдан лору жамIаш:

Предметни: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар.

Метапредметни: дешархошна Iемар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина йа доцца жоьпаш дала; Iаматца болх бан, ойла йан.

Личностни: дешархошна хуур ду шайна 1амийначух пайда эца.

Дарс дӀадахьар.

  1. Вовшахтохаран мур (маршалла хаттар,

дарсана кечам бар таллар (тептар, Ӏамат,

ручка), цӀера болх таллар).

2. Ойла т1ейерзор.

Марша дог1ийла шу, сан хьоме бераш!

Мел хаза ду шу тахана массо а!

Вай шуьца д1ахьур бу шатайпа болх,

Тидаме хила шу хьовсалаш!

Догдаийтаран мур.

Кицанаш:

1. Мехка доцчу иэро пхьагал ца лаьцна.

2. Да - нана ца леринарг, наха а ца лерина.

3. Стеган мах хадийнарг бу.

«Хаарш-Зер» цӀе йолчу рубрикица болх.

– Гуьйренах лаьцна керла хӀун девзи шуна?

– Гуьйренах лаьцна муьлха дийцар йа стихотворени хазахийтира

шуна, хӀунда хазахийтира? Дийца.

– Гуьйре сингаттаме хан хӀунда лору аьлла хета шуна?

– Гуьйре сингаттаме хиларан билгалонаш йалайе.

– Шайна девзина керла дешнаш схьадийца.

– Нохчашна гуьйре муьлхачу хенахь йолалуш хилла? Билггал оцу

дийнахь хӀунда йолалуш йу нохчашна гуьйре?

– «Беркате хьаша» хӀунда олу гуьйренах?

– Гуьйренах дийцар хӀоттаде.

– Белхан тетарадь тӀе нохчийн маттахь гуьйренан беттанаш

дӀайазде.

– Шеран муьлха хан хазахета хьуна, дийца, хӀунда хазахета.

1. Муьлхачу говзар йукъара йу и кийсак?

ДIаоьху исбаьхьа ковра,

Даймехкан Iодикайеш,

Кхолламо йазбинчу новкъахь,

Сийналлехь узамаш беш.

  1. Байт «Г1арг1улеш».

  2. Дийцар «Шийла 1уьйре».

  3. Байт «Дог1а дог1уш».

  4. Байт «Йац хьо, гуьйре, дагна чевне».

2. Муьлхачу говзар йукъара йу и кийсак?

Олхазарш дIатарделла довллушехь, орцал тIехьара маьлхан

цхьа дакъа гучуделира. Массо а олхазар малхехьа дирзина Iара.

Бол-болуш, малх гучубелира, дуьнен чу шен серло йаржош, Iалам

дох а деш. Дитташ тIера а, сераш тIера а кIац охьайожа

йолайелира. Малх гIеххьа хьалабаьлча, олхазарш а шайн дийнан

белхашка дIасадахара, цхьацца-шишша доьдуш. «Маьхьарий» а

хьоькхуш, чIегIагаш а дIайахара шайн гIуллакхе.

  1. Байт «Г1арг1улеш».

  2. Дийцар «Шийла 1уьйре».

  3. Байт «Дог1а дог1уш».

  4. Байт «Йац хьо, гуьйре, дагна чевне».



3. Муьлхачу говзар йукъара йу и кийсак?

Цунна хIун дер-те, хIун дер-те?

Муха гIо дер-те, гIо дер-те?

Иза белийта, белийта,

ПаргIатбалийта, балийта.

Саца, догIа хьо, догIа хьо,

Дукха догIу хьо, догIу хьо.

Iалам делхадо, делхадо,

Дог ахь дохадо, дохадо.

  1. Байт «Г1арг1улеш».

  2. Дийцар «Шийла 1уьйре».

  3. Байт «Дог1а дог1уш».

  4. Байт «Йац хьо, гуьйре, дагна чевне».



4. Муьлхачу говзар йукъара йу и кийсак?

Куллахь Iаьржа кока хилла,

Цхьогал лела цIока тилла.

Хьо, сан гуьйре, хиларх ткъевне,

Йац хьо дагна цуьрриг чевне.

 

  1. Байт «Г1арг1улеш».

  2. Дийцар «Шийла 1уьйре».

  3. Байт «Дог1а дог1уш».

  4. Байт «Йац хьо, гуьйре, дагна чевне».

СадаӀаран минот.

Лелий довла, эккхош гIовгIа,

СадаIа хан кхаьчна вайна.

Стигал довлуш лами бу,

Цу тIе довла лууш ду

Iамийнарг тIечIагIдар.

Хаттарш:

  • Шуна хазахетий гуьйре?

  • Гурахь шаьш ц1ахь деш долчу г1уллакхех лаций дийца.

  • Синквейн «Гуьйре» йалайе.

Дарс жам1 дар.

  • Муха хийти шуна вайн дарс?

  • Х1ун пайда бели шуна кхунах?

Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…

ЦӀера болх:

Ц1ахь гуьйренах лаций дийцар кечде.