Просмотр содержимого документа
«ПКЭ-н 2-чу декъа т1ехь болх бар.»
ПКЭ-н 2-чу декъа т1ехь болх бар.
1алашонаш:
Хаа деза
Карадерзо деза
Х1ун ю синоним?
Стенна оьшу сино-нимаш?
Синонимаш – алар, яздар тайп-тайпана а долуш, гергара маь1на долу дешнаш
Масала: маса, чехка, сиха; хаза, исбаьхьа куц долуш.
Синонимаш оьшу маь1нийн тайп-тайпана аг1онаш билгалъяха, мотт хазбан, дуьйцучун исбаьхьа сурт х1отто, меттан исбаьхьаллин аг1о шоръян.
Къастаде синонимаш:
стогар, х1усам, сирла, накъост, къуьда, къегина, чиркх, ц1а, б1ал,екхна, г1оьнча, лампа, г1орз, доттаг1а, хьаша.
Нийса жоп
Стогар, къуьда, чиркх, лампа; х1усам, ц1а; сир-ла, къегина, екхна; накъост, доттаг1а, г1оьнча, хьаша; б1ал, г1орз.
Ялае ц1ердешнийн синонимаш:
Дошло –
Говр –
Къинхьегам-
Бала-
Эхь-
Таро-
Кхиам-
Нийса жоп:
- Дошло – бере
- Говр – дин, алаша
- Къинхьегам - болх
- Бала - г1айг1а
- Эхь - юьхь1аьржо
- Таро - хьал, бахам
- Кхиам - толам
Ялае билгалдешнийн синонимаш:
Т1еда-
Буьрса-
Къиза –
Къена-
Г1айг1ане-
Сирла-
Нийса жоп:
- Т1еда - т1уьна
- Буьрса - оьг1азе
- Къиза – луьра
- Къена - шира
- Г1айг1ане - сингаттаме
- Сирла - къегина
Ялае хандешнийн синонимаш
Къега-
Гечдан-
Лачкъо-
Хьада -
Нийса жоп:
- Къега- лепа
- Гечдан- дита, къинхетам бан
- Лачкъо- къайладаккха
- Хьада - вада
Тобанашкахь болх
- Текст юкъара билгалдаьхначу дешнашна синонимаш яладе.
«Тьюторийн» тоба:
ТЛК-н 10-чу вариантан т1аьхьара 4 т1едиллар кхочушдаран алгоритм х1оттае, уьш кхочуш а де
«Прорыван» тоба:
ТЛК-н 8-чу вариантан 7-10-г1ий т1едахкарш кхочушдаран алгоритм х1оттае, уьш кхочуш а де.
«Рискан» тоба:
ТЛК-н 5-10-чуй вариантийн 3-5-г1ий т1едахкарш кхочушде.
Рефлекси.
Суна хии…
Суна 1еми…
Суна хуур ду…
Суна хала дара…
Суна лаьа…
Баркалла!