СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Дакъалгаш церан тайпанаш

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Дакъалгаш церан тайпанаш»

Хьехарсахьтан ц1е:  Дакъалгаш, церан тайпанаш,  нийсайаздар.

Хьехарсахьтан ц1е:

Дакъалгаш, церан тайпанаш,

нийсайаздар.

 1алашонаш. 1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар; кхиоран: дакъалгех лаьцна кхетам балар; кхетам – кхиоран: дешаре болу безам к1аргбар.

1алашонаш.

1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг

карладаккхар;

кхиоран: дакъалгех лаьцна кхетам балар;

кхетам – кхиоран: дешаре болу безам к1аргбар.

 Догдаийтаран мур.  Ира дешнаш. Уггаре доккха г1алат – ша хьалха дина г1алат цанисдар ду.  Малоно сингаттам беъна – къахьегаро хазахетар деъна.  1амаза т1ам т1е ма г1о, меца балха а ма г1о.

Догдаийтаран мур.

Ира дешнаш.

Уггаре доккха г1алат –

ша хьалха дина г1алат цанисдар ду.

Малоно сингаттам беъна –

къахьегаро хазахетар деъна.

1амаза т1ам т1е ма г1о,

меца балха а ма г1о.

 Дешархойн хаарийн актуализаци йаран мур. 1. Ц1ахь бина болх таллар. 2 . Орфографически пхи минот:  Меллаша йистхуьлу, сихха схьавог1у, божал  чохь 1оьху, гуьйранна кхечира, генара хьожу,  лакхара охьахьаьжира, йуьрта кхечи, г1ийла  лестадора, к1езиг ийцира, совг1атана белла. 3. Барта дешнийн цхьаьнакхетарш йукъахь а долуш  кхо предложени х1оттайе. 4. Грамматически бух билгалбаккха.

Дешархойн хаарийн актуализаци йаран мур.

1. Ц1ахь бина болх таллар.

2 . Орфографически пхи минот:

Меллаша йистхуьлу, сихха схьавог1у, божал

чохь 1оьху, гуьйранна кхечира, генара хьожу,

лакхара охьахьаьжира, йуьрта кхечи, г1ийла

лестадора, к1езиг ийцира, совг1атана белла.

3. Барта дешнийн цхьаьнакхетарш йукъахь а долуш

кхо предложени х1оттайе.

4. Грамматически бух билгалбаккха.

 Керла коьчал йовзийтар. Предложенина йа цуьнан меженашна тайп – тайпана маь1на луш долчу г1уллаккхан къамелан декъах дакъалг олу. Шаьш билгалдечу маь1не хьаьжжина, дакъалгаш масех тайпане декъало: хаттаран: - те, - техьа, - теша, - ткъа, - х1ан; бакъадаран: те, х1аъ, ма, дера, х1ан, хьалха; дацаран: ца, ма, х1ан – х1а; дацар – ч1аг1даран: де а, данне а, аьттехьа; бакъдаран – ч1аг1даран: аьлла – кх, ткъа; ч1аг1даран: - м, - х, - кха, - ма, - а, - кхи а, ур – аттала, а т1ехь, дуьххьалд1а; хьастаран: - ца, - кхин; айдаран: мел, ма, ца; дозатохаран: бен, деккъа.

Керла коьчал йовзийтар.

Предложенина йа цуьнан меженашна тайп – тайпана маь1на луш долчу

г1уллаккхан къамелан декъах дакъалг олу.

Шаьш билгалдечу маь1не хьаьжжина, дакъалгаш масех тайпане декъало:

хаттаран: - те, - техьа, - теша, - ткъа, - х1ан;

бакъадаран: те, х1аъ, ма, дера, х1ан, хьалха;

дацаран: ца, ма, х1ан – х1а;

дацар – ч1аг1даран: де а, данне а, аьттехьа;

бакъдаран – ч1аг1даран: аьлла – кх, ткъа;

ч1аг1даран: - м, - х, - кха, - ма, - а, - кхи а, ур – аттала, а т1ехь, дуьххьалд1а;

хьастаран: - ца, - кхин;

айдаран: мел, ма, ца;

дозатохаран: бен, деккъа.

бахьанин: аьлла дела, йаздина дела, дийцина дела; дустаран: аса чул, суна чул, сох чул; бараман: сел сиха, сел чехка, сел хаза; пурбанан: ала х1ета, г1о х1ета, ала делахь, йазде делахь; тоамбаран – синтеман: мукъа а, мукъана а (мукъане а).

бахьанин: аьлла дела, йаздина дела, дийцина дела;

дустаран: аса чул, суна чул, сох чул;

бараман: сел сиха, сел чехка, сел хаза;

пурбанан: ала х1ета, г1о х1ета, ала делахь, йазде делахь;

тоамбаран – синтеман: мукъа а, мукъана а (мукъане а).

 Дакъалгийн нийсайаздар . Хаттаран дакъалгаш: - те, - техьа, - теша, - ткъа хандешнашца дефисца  йаздо, масала: хезний – те? аьллий – ткъа? йаздиний – теша?  веаний – техьа? Бакъадаран дакъалгаш: х1аъ, х1ан, дера, ма, даим къаьстана йаздо ,  масала: аьлла – те, аьлла дера.  Ч1аг1даран: - м, - х, - кх, - ма, - а, - кха дефисца йаздо , масала:  Асета – м пхеанна йазйина сочинени. Х1ан – х1а чолхе дацаран дакъалг дефисца йаздо . Дацаран дакъалгаш ца, ма хандешнашца къаьстана йаздо , масала: ма  дийца, ца дуьйцу. Дацаран дакъалг ца ц1ердашций, масдарций цхьаьна йаздо , масала:  цатешам, цабезам. Дакъалг ца деепричастица къаьстана йаздо , масала: ца хууш, ца  дуьйцуш.

Дакъалгийн нийсайаздар .

  • Хаттаран дакъалгаш: - те, - техьа, - теша, - ткъа хандешнашца дефисца

йаздо, масала: хезний – те? аьллий – ткъа? йаздиний – теша?

веаний – техьа?

  • Бакъадаран дакъалгаш: х1аъ, х1ан, дера, ма, даим къаьстана йаздо ,

масала: аьлла – те, аьлла дера.

  • Ч1аг1даран: - м, - х, - кх, - ма, - а, - кха дефисца йаздо , масала:

Асета – м пхеанна йазйина сочинени.

  • Х1ан – х1а чолхе дацаран дакъалг дефисца йаздо .
  • Дацаран дакъалгаш ца, ма хандешнашца къаьстана йаздо , масала: ма

дийца, ца дуьйцу.

  • Дацаран дакъалг ца ц1ердашций, масдарций цхьаьна йаздо , масала:

цатешам, цабезам.

  • Дакъалг ца деепричастица къаьстана йаздо , масала: ца хууш, ца

дуьйцуш.

Карарчу йа йаханчу хенийн лаамечу причастешца дацаран дакъалг – ца цхьаьна йаздо , масала: цахуург, цахиънарг. Дацаран дакъалг ца лаамазчу причастица къаьстана йаздо , масала:  ца хеза дош, ца хезна дош. 10. Йог1учу хенан причастица дакъалг ца даима а къаьстана йаздо ,  масала: ца хета долу х1ума, ца хета дерг. Дуьххьалд1а ч1аг1даран дакъалг цхьаьна йаздо . Ур – атталла ч1аг1даран дакъалг дефисца йаздо .  Карарчу хенан чаккхенгахь дакъалг ца (ц) цхьаьна йаздо , масала: Туьран – тоьпан чов йирзина, меттан чов йерза тигац.
  • Карарчу йа йаханчу хенийн лаамечу причастешца дацаран дакъалг

ца цхьаьна йаздо , масала: цахуург, цахиънарг.

  • Дацаран дакъалг ца лаамазчу причастица къаьстана йаздо , масала:

ца хеза дош, ца хезна дош.

10. Йог1учу хенан причастица дакъалг ца даима а къаьстана йаздо ,

масала: ца хета долу х1ума, ца хета дерг.

  • Дуьххьалд1а ч1аг1даран дакъалг цхьаьна йаздо .
  • Ур – атталла ч1аг1даран дакъалг дефисца йаздо .
  • Карарчу хенан чаккхенгахь дакъалг ца (ц) цхьаьна йаздо , масала: Туьран – тоьпан чов йирзина, меттан чов йерза тигац.
 Уьн т1ехь болх бар.  Д1айаздийр ду вай х1ара тайпа дешнийн цхьаьнакхетарш,  дакъалгаш билгал а дохуш.  Ц1а веарий те, цига кхечирий техьа, «х1аъ» аьлла чувеара,  дика ларош – м ву, и – х тоххара д1авахара, ч1ог1а веар – кх,  ца дийшира, ур – атталла ван а ца веа, х1ан – х1а, йацара.

Уьн т1ехь болх бар.

Д1айаздийр ду вай х1ара тайпа дешнийн цхьаьнакхетарш,

дакъалгаш билгал а дохуш.

Ц1а веарий те, цига кхечирий техьа, «х1аъ» аьлла чувеара,

дика ларош – м ву, и – х тоххара д1авахара, ч1ог1а веар – кх,

ца дийшира, ур – атталла ван а ца веа, х1ан – х1а, йацара.

 Дагадаийта муьлхачу маь1нехь лела уьш. - те, - техьа – хаттаран дакъалгаш, х1аъ – бакъдаран, - м, - х, - кх – ч1аг1даран, ца, ур - аттала, х1ан - х1а – дацаран.

Дагадаийта муьлхачу маь1нехь лела уьш.

- те, - техьа – хаттаран дакъалгаш,

х1аъ – бакъдаран,

- м, - х, - кх – ч1аг1даран,

ца, ур - аттала, х1ан - х1а – дацаран.

 1амийнарг т1еч1аг1дар. Кхин цхьа т1едиллар а кхочушдийр ду вай: Д1айазде дакъалгаш: ма, ца, бен, теша, - м, х1аъ.

1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхин цхьа т1едиллар а кхочушдийр ду вай:

Д1айазде дакъалгаш: ма, ца, бен, теша, - м, х1аъ.

 Т1едиллар иштта кхочушдина хила тарло: Эх1! Ма тамехь ду х1ара хи. Ахь олуш бен суна – м ца хезна иштта дош. Х1аъ. – корта та1ийра ас, цига ваха сайна башха лууш доццушехь.

Т1едиллар иштта кхочушдина хила тарло:

Эх1! Ма тамехь ду х1ара хи. Ахь олуш бен суна – м ца хезна

иштта дош.

Х1аъ. – корта та1ийра ас, цига ваха сайна башха лууш доццушехь.

 Сада1аран мур.  Дешнаш кхолла. Х1окху дешдакъошца дешнаш кхолла: Ми… Ти… Пи… Ни… Си…

Сада1аран мур.

Дешнаш кхолла.

Х1окху дешдакъошца дешнаш кхолла:

Ми…

Ти…

Пи…

Ни…

Си…

 Нийса дуй талла: Ми (мидал, мижарг, мимар…) Ти (тидам, тиша, тилар…) Пи (пису, питана, пилу…) Ни (низам, нигат, ник1апа, ниха, нижало…) Си (силам, сира, сибат…)  Мимар – ниша во внутренней стене мечети,  указывающая направление к Мекке.

Нийса дуй талла:

Ми (мидал, мижарг, мимар…)

Ти (тидам, тиша, тилар…)

Пи (пису, питана, пилу…)

Ни (низам, нигат, ник1апа, ниха, нижало…)

Си (силам, сира, сибат…)

Мимар – ниша во внутренней стене мечети,

указывающая направление к Мекке.

 1амийнарг т1еч1аг1дар. 1. Лахахь йалийначу байта йукъара дакъалгаш билгалдаха.   Ма хаза йу – кх хьо, шера тог1е,  Хьайн бай т1е ц1ен зезаг даьлча,  Ма хаза йу – кх хьо, Теркан г1айре,  Хьайна т1е баьццара къаж йаьлча.  (Мамакаев 1арби). Кхочушде шардар № 87.

1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Лахахь йалийначу байта йукъара дакъалгаш билгалдаха.

Ма хаза йу – кх хьо, шера тог1е,

Хьайн бай т1е ц1ен зезаг даьлча,

Ма хаза йу – кх хьо, Теркан г1айре,

Хьайна т1е баьццара къаж йаьлча.

(Мамакаев 1арби).

  • Кхочушде шардар № 87.

 1амийнарг карладаккхар.  Хаттарш: Дар, хилар муха, мичахь х1унда, мича 1алашонца кхочуш –  хуьлу билгалдечу предложенин коьртазчу меженех х1ун  олу? Дар, хилар муха кхочушхуьлу гойту? Дар, хилар муьлхачу барамехь кхочушхуьлу гойту? Дар, хилар мичахь кхочушхуьлу гойту? Дар, хилар маца кхочушхуьлу гойту? Дар, хилар х1ун 1алашо йолуш кхочушхуьлу гойту? Дар, хилар муьлхачу бахьаница кхочушхуьлу гойту?

1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

  • Дар, хилар муха, мичахь х1унда, мича 1алашонца кхочуш –

хуьлу билгалдечу предложенин коьртазчу меженех х1ун

олу?

  • Дар, хилар муха кхочушхуьлу гойту?
  • Дар, хилар муьлхачу барамехь кхочушхуьлу гойту?
  • Дар, хилар мичахь кхочушхуьлу гойту?
  • Дар, хилар маца кхочушхуьлу гойту?
  • Дар, хилар х1ун 1алашо йолуш кхочушхуьлу гойту?
  • Дар, хилар муьлхачу бахьаница кхочушхуьлу гойту?

 1амийнарг карладаккхар. 1. Бехкаман латтамо гойту мухачу бехкамца кхочушхуьлу дар, хилар. Цо муха? муьлхачу бехкамца? бохучу хаттаршна жоп ло. Масала: Вочу стагаца доттаг1алла ма лаца, цуьнца доттаг1алла леладахь, г1айг1а йоцуш вуьсур вац. Бехкаман латтам дукхахьолахь бехкаман саттаман хандашах,  масдарх хуьлу йа масдаран карчамах. Масала: Дешнехьара, дика кхетар вара хьо. Нийсо хилахь, барт хир бу. 2. Дуьхьаларчу латтамо гойту хила таро йоццушехь кхочушхуьлуш дерг, хила таро йоллушехь ца хуьлуш дерг. Масала: Шен мара, аг1ор хиларх, д1ахадор бац. Биъ ког боллушехь, говр а йолу гал.

1амийнарг карладаккхар.

1. Бехкаман латтамо гойту мухачу бехкамца кхочушхуьлу дар, хилар.

Цо муха? муьлхачу бехкамца? бохучу хаттаршна жоп ло.

Масала: Вочу стагаца доттаг1алла ма лаца, цуьнца доттаг1алла леладахь, г1айг1а йоцуш вуьсур вац.

Бехкаман латтам дукхахьолахь бехкаман саттаман хандашах,

масдарх хуьлу йа масдаран карчамах. Масала: Дешнехьара, дика кхетар вара хьо. Нийсо хилахь, барт хир бу.

2. Дуьхьаларчу латтамо гойту хила таро йоццушехь кхочушхуьлуш

дерг, хила таро йоллушехь ца хуьлуш дерг. Масала: Шен мара,

аг1ор хиларх, д1ахадор бац. Биъ ког боллушехь, говр а йолу гал.

 1амийнарг т1еч1аг1дар.  1.  Кхочушдо шардар № 88.  2. Хьалхара кхо предложени синтаксически талла.  3. Легаде ц1ердешнаш: шело, мархаш.  4. Дешх1оттаман къастам бе дашна: сингаттаме.

1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Кхочушдо шардар № 88.

2. Хьалхара кхо предложени синтаксически талла.

3. Легаде ц1ердешнаш: шело, мархаш.

4. Дешх1оттаман къастам бе дашна: сингаттаме.

Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти…

Рефлекси йар:

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

 Ц1ахь бан болх. 1амайе бакъо № 34. Кхочушде шардар № 89.

Ц1ахь бан болх.

  • 1амайе бакъо № 34.
  • Кхочушде шардар № 89.
 Хьоме бераш,  даггара баркалла хуьлда шуна!  Беркате хуьлда шун хаарш а!!!

Хьоме бераш,

даггара баркалла хуьлда шуна!

Беркате хуьлда шун хаарш а!!!


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!