Просмотр содержимого документа
«Дешаран книжка. "Пхьола" 1. Гайсултанов.»
Чеченская литература (Дешаран книжка)2 класс. 24.01.2023ш.
Тема: «Пхьола » 1. Гайсултанов .
1алашо:
1 Гайсултановн дахар, кхолларалла йовзийтар цуьнан « Пхьола» дийцар довзийтар; нийса а , шера а, кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор; белхан мах хадо, из дукхабезаш дешархой кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш:
дешархошна хаьар ду произведенин чулацаман мах хадо; хезаш еша « делха н план х1отто,ешаран 1алашонаш йовза; берашна хаьар ду турпалхочун васт х1отто, амалех лаьцна дерг ала.Берашна 1емар ду диканиг довза, вочух ларвала.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Аг1о 65-69 (шера ешар, хаттаршна жоп далар).
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Иштта хилча
Хилча стигла волу лами,
Хилча цициган ши ма1а,
Хилча дехкехь лоьман амал
-Хин дарий вайн-м хала дахар.
1овдал хьаьдда стигла вуьйлуш,
Цициг ма1аш 1итта дуьйлуш,
Дехкий вайна талла дуьйлуш,
Вай, д1алечкъа, тхов т1едуьйлуш. (С. Гацаев)
-Д1аеша меллаша, д1аеша чехка.
-Муха ю байт беламе я г1айгане?
3.1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени йоьшур ю вай тахана?
-Х1ун болх бийр бу аша цу т1ехь?
Суна евзар ю…
Суна 1емар ду..
Суна хуур ду…
Цу декъехь вайна йоьшур ю балхах лаьцна произведенеш. Тахана вайна вевзар ву нохчийн берийн г1араваьлла яздархо 1 . Гайсултанов д1айоьшур ю «Пхьола» ц1е йолу произведени.
4.Керла тема хьехар.
а) Хьехархочо д1адоьшу «Пхьола» ц1е йолу произведени.
Чулацамах къамел дар?
-Мила ву дийцаран коьрта турпалхо?
-Мила вевра Решед волчу?
-Ризванна муха хиира г1ант тодан дезий?
-Х1ун дан лиира Решедана?
-Муха дира Решеда пхола?Мегар дуй не1арна диг тоха?
-Хьаьнга кхайкхира решеда шена г1о дан?
-Муха нисйира Ризвана не1?
-Аша дой пхьола?
-Пхьеран муьлха г1ирсаш бу дийцар т1ехь балийна? Кхин х1ун г1ирсаш хуьлу пхьеран?
-Х1унда лиира Ризванна пхьола дан 1ама?
5.Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша д1адоьшу дийцар.
7. 7.Рефлекси.
Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ца далуш?
Суна евзи…
Суна 1еми..
Аса д1айиши..
8.Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийши аш?
-Мила ву цуьнан автор?
-Стеназ лаьцна дара иза?
9.Ц1ахь бен болх .
Аг1о 69-73 йеша схьайийца.