Нохчийн мотт «Урок 95ру»
- Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! Де дика хуьлда шу!
- Вай урокан тема ю: «Дешхьалхе ».Оьрсийн маттахь: « Приставка».
Урокан 1алашо:Х1окху урокехь вай дуьйцур ду , дешхьалхе х1ун ю, цуьнан чулацам, цо дашна луш долу керла маь1на. Дешхьалхе билгалъяккхар.Дешхьалхенашца дешнаш кхолла хаар. Дешхьалхенашка хьаьжжина дешнаш тобанашка декъар. Дешан д1ах1оттам муха бу хаар. Нохчийн меттан нийсаяздаран дошамах пайда эцар.
Урокан г1ирс: Книга, ручка, тетрадь, кехаташ.
Берийн ойла дешарна т1еерзор(мотиваци):
Дерриге седарчий схьадаларх сайна,
Дуьненан бахамаш кховдабарх схьа,
Хуьйцур бац сайн Даймохк массарел тайна,
Ког биллал меттиг а-ду и сан ц1а.
Ш.Рашидов.
Дешнийн диктантах пайда оьцуш керла коьчал йовзийтар:
ц1е хьалалатийра, ц1ен шекъа, сурт д1атуьйхира, к1айн котамаш, к1ентан да, бераш д1адевдира, кхор охьабуьйжира, т1евог1уш ган, охьаоьзна га, д1аяхана хан.
-Стенах олу лард, чаккхе?
-Муха лоху дешан орам?
-Буха сизаш хьаькхначу дешнийн хьайна девза дешан дакъош билгалдаха.
-Муьлха дешан дакъош дисина вай тидам база?
-Дешан муьлхачу меттехь лаьтташ ду уьш? Схьа караде уьш:
д1а - латийра
т1е - вог1уш
д1а - яхана
1амийнарг т1еч1аг1дар:
Кхосса, вала, веара, кхийтира, кхечи.
- Схьа, - д1а, - ара, - чу, - хьала, - охьа, - т1е, - охьа.
Схьакхосса, д1акхосса, аракхосса, чукхосса, хьалакхосса, охьакхосса, т1екхосса.
- Дешхьалхенийн г1оьнца керла дешнаш кхолла.Д1аязде уьш.
-Синтаксически къастае предложенеш.
Асета йовлакх д1атиллира.
Ахьмада жима г1ант охьатуьйхира.
Адам сихха некъал дехьавелира.
1амийнарг т1еч1аг1даран шардарш
-Кхочушде 219-г1а шардар. Лард билгалъяккха.
Рефлекси
Урокана маь1на а, жам1 а дар. Урокехь 1амийнарг билгал а доккхуш, 1амош йолу материал йийцаре ярехь дакъалаьцначу дешархошна оценкаш а йохку.
Ц1ахь:
1амае 46-г1а §.
Муьлххачу а исбаьхьаллин произведени т1ера схьаязъе 5 предложени, шайца дешхьалхенаш йолу дешнаш а долуш, дошкхолладаларан къастам а беш.
Дешхьалхе бохучу дашна бе фонетически къастам.
- Кху т1ехь вай урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла!