Терахь 5.02.2026 шо
Хьехархо Тухаева З.И.
Класс 4 б
Тема: Дешначу дийцарх йоцца йаццаар(отзыв) йа хетарг х1оттор.
Яралиев Юсуп «Хьаьмцан маса лаг хуьлу» (учебник аг1о 111)
1алашо: дешначу дийцарх хетарг х1отто, йозанца билгалдан 1амор; дийцарх лаьцна шена хетарг ала 1амор; авторо дагалаьцначух кхета 1амор,1аламе безам кхоллар .
Урок д1аяхьар.
Маршалла хаттар.
2. 1алашо йовзийтар.
-Бераш вай тахана язйийр йу сочинени .
Яралиев Юсупан «Хьаьмцан маса лаг хуьлу» дешначу дийцарх йоцца йаццаар(отзыв) х1оттор йу вай.
Керла тема д1аяхьар.
Хаттарш
1. Хьенан цIарах ду хIара дийцар?
2. ХIун хазахетар хилла кIантана а, берашна а?
3. Стенга гIур ду аьлла сацам хилира берийн?
4. Нанас диначу хаттарна тIекхиа, хIун дира кIанта?
5. КIанта хьаьмцаш муха бехира гойтуш йолу меттиг
дIайеша, текста тIехь кара а йай.
6. КIентан амал муха хета шуна?
7. Хиирий кIантана, хьамцан маса лаг ду?
8. Дийцар дешале шуна хаьарий хьамцан маса лаг хуьлу?
9. Мерза стом хиларал сов, кхин хIун пайда хуьлу
хьаьмцашкара?
10. Муьргех хIун дарба до?
Сада1аран миноташ.
Вай таханлера 1алашо оцца отзыв х1оттайан х1окху дийцарна хаттарех пайда эцна.
Йазде,хьанах лаьцна дуьйцу кху произведенехь
Хьайна хетарг ала.
-Суна хетарехь,сан доттаг1аша а х1ара дийцар деша деза.
Дийца, х1унда хета хьуна иза иштта.
Сочинени язъяр.
Дукха хан йоцуш ас Яралиев Юсупан дийцар «Хьаьмцан маса лаг хуьлу»
дешна. Авторо дийцарехь гойту вайна тиша тужурка а йуьйхина, кIайн жима тIоьрмиг кисана а биллина, кхакханан куй а тиллина, тIергIан пазаташна тIоьхула лекха бертигаш йолу калош а йуьйхина к1ант хьаьмцашка вахар хьамцан маса лаг хуьлу хьажа .
Суна хазахитира и дийцар ,хиара хьаьмцех лаьцна керланиг.
Автаро дийцарехь хоуьйту и стом муха бу, стенгахь кхуьу.
Хьаьмцаш, хилла довлаза долчу хенахь, аьрга долуш, можа хуьлу, йуккъехь дийнна цхьа лаг долуш санна, даа хала хуьлу. Хилла девлча, мокха бос а оьций, мадлой, шелоно совса а дой, даа дог догIуш хуьлу. Цхьа мерза-муьста чам бу-кх хьаьмцийн.
Дийцарехь к1ента 1алашо йара хьаьмцан маса лаг хуьлу хаа ,цунна и хиира. Бешан йуьххьера хьамцан дитт т1ера уггаре а боккха хьамц баьккхина т1ехулара йист дIа а кхаьллина, мас лаг ду хьаьжира и .
Суна хетарехь,сан нийсархоша а х1ара дийцар деша деза ,х1унда аьлча ,кху дийцарехь хьаьмцех ,цуьнан г1ашех болу пайда, могшаллина уьш пайдехь хилар хоуьйту.К1антан дагар долш, деана хьаьмцийн гIаш а кхехкийна, мела хи легашка кхарзийтира нанас. ТIаккха, муьргаш а кхехкийна, чу шекар тесна, марздина, муьргийн мутт а малийтина нанас .
Жам1 дар.
Тахана урокехь х1ун дира вай?
-Стенах лаьцна йара иза?
6 Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?.
Ц1ахь бан болх балар:
Яралиев Юсупан дийцар «Хьаьмцан маса лаг хуьлу» (учебник аг1о 111)
карладаккхар.