9.12.2022
Тухаева З.И.
Урокан ц1е: «Дешнаш,предложенеш яздар. Ш элп.».
1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш ш , Ш довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а ш Ш. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан.
Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан говзалла.
Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар.Берашна девзаргергара дешнаш. Берийн мотт шарлурбу , дешнаш довзар хир ду.
3. Личностни: берийн дозалла кхоллалур ду шайн Даймехках , 1емар ду и доггахь беза , лера. Берийн лаам хир бу Даймохк ларбан.
Урок д1аяхьар.
1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
Х1етал-метал хаийла хьуна:
Ц1ергахь а ца йогу, хин буха а ца йоьду? (Ша)
Хи чохь беша т1улг? (Шекар).
Хи т1ехь лаьтта хинан т1ай? (Ша).
Суо хи доллушехь, хи т1ехула лела? (Ша)
-Муьлха дешнаш хили шун? (Ша ,шекар).
-Х1ун ду цераш юкъара? (Хьалхахь ду элп Ш).
-Даладе масалаш элп Ш хьалхахь долуш. (Шовда , шиша , шар).
-Даладе масалаш элп ш юккъехь долуш. (Дешар, йиша , ваша).
-Даладе масалаш элп ш чаккхенгахь долуш. (Дош ).
-Х1ун 1амор дув ай тахана?
1алашо йовзийтар.
- Х1ун 1алашо ю вайн,хьан эрадара?
-Вай тахана 1емар ду Ш дешдакъошкахь , дешнашкахь кхечу элпех хотта.
1емар ду уьш хаза а , нийса а яздан.
-Д1аязбе шайн тептарш т1ера мог1анаш.
Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп ш кхечу элпех муха хота деза.
аш ша ош шо уш шу иш ши.
-Д1адеша дешдакъош. Д1аязде уьш тептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
Уьн т1е д1аяздо дешнаш.
Ша , шар , шовда , деша , дешар , дешархо.
-Д1адеша и дешнаш. Муьлханаш ду гергара дешнаш? Муьлханиг ду церан цхьатера дакъа. Б1аязде дешнаш. Буха сиз а хьакха гергарчу дешнийн юкъарчу декъана.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан яздина хаза?
5. Сада1аран миноташ.
Х1инца бераш хьалаг1овта,
Куьйгаш ирах хьалдаг1айта,
Д1асдаг1айта,хьалха,т1ехьа,
Аьтто аг1ор,аьрро аг1ор.
Меллаша охьаховша,
Х1ун дало шайга хьовса.
Х1етал-метал хаьийла шуна:
Хьала долу лаьттан бухара,
Ду и шийла , ду и ц1ена.
Х1ун беркат ду аса дуьйцург,
Бераш , шуна девзийла. (Шовда).
-Маса дешдакъа ду шовда дешан? Муьлханиг ду хьалхара ? Шолг1а? Маса элп ду? Аз? Мукъа? Мукъаза? Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? Муха билгалдоху уьш ? Йилла схема.
Предложени язйар .
Хоттайэ шовда боху дашца предложени.
Шовда сирла дара.
Д1аязде и тептарш т1е.
-Мас дош ду цу предложенехь.
-Хоттайэ предложенин схема.
Муьлхач элпаца йолийна аш предложени?
Чеккхенгахь муьлха хьаьрк биллина аш?
7. Жам1 дар.
-Муьлха элп девзи шуна? Муьлха аз билгалдо цо? Мукъа ду и аз я мукъаза ду?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехира аша?