Нохчийн литература
Урокан ц1е: «Декалахь, сан илли» (Т. Ахмадовас а, 1. Алиевас язйинчунна тера).
1алашо: Декалахь, сан илли» ц1е йолу дийцар довзийтар, цуьнан коьрта турпалхо РСФСР-ан г1араваьлла артист В. Дагаев вовзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: дешархойн дийцаран чулацамах лаьцна шайн кхетама хир бу. 1емар ду меллаша а, хезаш а , аз хийцош а еша. Берашна хуур дую ха ешарца шайн г1алаташ нисдан.
2. Метапредметни:
Регулятивни: дешархошна хуур ду шайн болх кхиамаш дика хир болчу кепара д1анисбан. 1емар ду учебника т1ехь билгалбинчу г1ирсан рог1алла а х1оттийна урокан 1алашоне кхача.
Коммуникативни: дешархошна 1емар ду къамелехь дакъалаца. Хьехархочун хаттаршна бух болуш жоьпаш дала. 1емар ду шайна оьшург хата, шайна хиънарг накъосташна д1адийца.
Познавательни: дешархошна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшу г1ирс каро. Дешархой т1е кхуьур бу дийцаран коьртачу маь1нина, девзар ду керла дешнаш. Берийн алсамдер ду х1ума довза лаар.
3. Личностни: берийн амалехь кхуьур ю дика аг1онаш: хьалкъан г1арабевллачу нахах дозалла дар, царех тарбала ,халкъан ц1е яккхийта лаам хир бу.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
Де дика хуьлда шун массеран а!
- Бераш хьовсал шу х1окху малхе ,ма белабелла хаза бу и, цо массарна йовхо ло. Х1инца и малх санна дела а лой вовшашка хьовсал, иштта хазахетарца д1айолор ю вай х1ара урок. Тахана вайга баьхкина хьеший бу. Вайн урок а хир ю ша тайпана. Кийча дуй вай х1ара урок д1аяхьа.
2. Дешаре шовкъ кхоллар. Слайд 1
Ницкъ хиларх хуьлуш вац тешаме дика к1ант
Х1илланах хуьлуш вац тешаме дика к1ант
Тешамо, г1иллакхо, собаро веш ву-кха
Оьздалло, хьекъало, стогалло веш ву-кха
Г1иллакхех вуьззина яхь йолу дика к1ант.
3. Кроссворд.
Ц1е лато оьшу г1ирс (дечиг).
Шен сил а мерзаниг (нана).
Х1ора стеган кийрахь детталуш дерг (дог).
Адамаш вовшашца леладо хаза (г1иллакх).
Вайн урокехь вевзар волу иллиалархочун ц1е (Валид).
4. 1алашо йовзийтар.
Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.
-Д1аелла учебникан 50-53-г1а аг1о. Муьлха дийцар девзар ду вайна тахана? («Декалахь , сан илли….»).
-Мила ву цуьнан автор? (Т. Ахмадова, 1. Алиева).
-Стенах лаьцна хир бу цуьнан чулацам?
-Муха болх бийр бу вай и дика 1амо? Х1ун дан ницкъ кхочур бу шун аьлла хета шуна?
-Бераш, вайна тахана девзар ду Т. Ахмадовас, 1. Алиевас яздиначунна т1ера к1айдарг «Декалахь сан илли…». Шуна вевзар ву цуьнан коьрта турпалхо нохчийн г1араваьлла артист В. Дагаев.
4. Керла тема хьехар. Слайд 2
-Мила ву шуна гуш верг? Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?
-Шуна гуш верг нохчийн г1араваьлла артист ву . Цуьнан ц1е ю Валид Дагаев. Валид Дагаев вайн махкахь вевзина ца 1а , массо а меттехь вевзаш, дезаш т1еоьцуш ду цуьнан иллеш. Массо а махкахь шен-шен ву бохуш т1елоцу иза.
* Дошаман болх.
Нийсархой- цуьнан хенара бераш (ровесники)
Бералла- жима волу хан (детство)
Корматалла- балха т1ехь хаьржина цхьа некъ (профессия)
Хьехархочо д1айоьшу Т. Ахмадовас, 1. Алиевас яздиначунна т1ера к1айдарг «Декалахь сан илли…».
Чулацамах лаьцна къамел дар
-Мила ву дийцаран коьрта турпалхо? (Валид Дагаев).
-Стенгахь дешна Валида школехь? (Казахстанехь).
-Стенга боьлхура бераш? (Ялташ хьокхуш болчу нахана г1о дан боьлхура).
-Х1ун къийсамаш хуьлура колхозхойн, берийн? (Цара эшарш лакха къуьйсура).
-Муха илли элира цигахь Валида? (Казахийн маттахь илли элира цигахь Валида. Иза ч1ог1а дезаш т1еийцира).
-Х1ун дукхадезара Валидан дена Шит1ина? (Иллиалар ,хелхавалар дукхадезаш вара Валидан да Шит1а).
-Хьан бахийтина Валидан эшаршка безам? («Эшаршка сан безам бахийтинарг ,сан нана Кулсум ю» -олура цо. Цуьнгара схьаэцна аса халкъан мукъамаш).
-Муьлха иллеш ду Валида локхурш? («Даймехкан косташ», «Нана», «Цавевзачу салтичун каш» -массарна а дукхадезаш долу иллеш ду).
-Муха т1еоьцура иза кхечу къаьмнаша? (Кавказехь дехачу къаьмнаша шай-шайн ву бохуш т1еоьцура Валид).
-Гуьржи чохь концерт йолуш цунна т1е мила веара? (Ши стаг).
-Х1унда веана хиллера и шиъ? (И шиъ нохчо а , гуьржи а хиллера. Цаьршинан къовсам хилла : цхьаммо Валид гуьржи ву бохуш хилла, вукхо-нохчо ву бохуш хилла).
-Муха берзина Валида и къовсам? (Вай деригге вежарий ду аьлла цо).
-Муьлха илли ду валидана шена уггар дукхадезаш? («Зама» ц1е йолу илли).
-Мила ву Валид? (РФ-н сийлахь артист ву иза).
5. Сада1аран миноташ.
Маьлхан серло яржале -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Г1енаш лахка, човхаде -
Цхьаъ, шиъ - кхоъ.
Йиша,ваша г1аттаде
-Цхьаъ -шиъ - кхоъ.
Физзарядка йолае
-Цхьаъ - ш иъ -кхоъ.
Т1аьхьараалар:
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Меттахвала, кхоссало
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Г1аж схьалаца, кхозало -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Куьйгаш айба, волало -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Ницкъ бохьур бу боларо -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
(Цугаев Салман)
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
Бераша д1айоьшу Т. Ахмадовас, 1. Алиевас яздиначунна т1ера к1айдарг «Декалахь сан илли…».
Къастош ешар.
-Д1аеша Валидан озах лаьцна к1айдарг.
-Д1аеша Казахстанехь д1аяханчу бераллех лаьцна йолу к1айдарг.
-Муха нах хилла Валидан дан-нана? Д1аеша к1айдарг.
-Х1ун ду Валидан гуттар дезаш , дас аьлларг? Д1адеша и дешнаш.
-Муха т1еоьцура иза Кавказан къаьмнаша ? Д1аеша к1айдарг.
-Д1аеша Гуьржийчохь шина стеган хиллачу къовсамах лаьцна йолу к1айдарг.
-Муьлха илли хазахетара Валидана? Д1аеша цунах лаций к1айдарг.
-Мила ву Валид? Д1аеша к1айдарг.
7. Рефлекси.
Чекхъяха предложенеш.
8. Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийшира вай тахана? Мила ву цуьнан автор? Мила ву коьрта турпалхо? Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна? Хьанна лаьа артист хила?
9. Ц1ахь бан болх балар.
1. Д1адеша Т. Ахмадовас, 1. Алиевас яздиначунна т1ера к1айдарг «Декалахь сан илли…».