СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Диктанты для 7 класса

Нажмите, чтобы узнать подробности

Котрольные диктанты с заданиями для седьмого класса.

Просмотр содержимого документа
«Диктанты для 7 класса»



7 класс Диктант

Стовно - ворхlазза 1 четверть

Шело х1инца а лаьтташ яра. Амма чилла юккъе ца яханехь а, денош дахдала дуьйладелира. Малхбасешкара ло даша а дешаш, латта гучудуьйлура. Цхьана 1уьйренца д1ахьажча, Органан басеш, можа басар диллича санна, гуш яра. Цецвала оьшуш х1ума дацара: зазадоккхуш дерг стов дара. Стовно заза ворх1азза доккху, олуш ду. Нагахь хьалхе даьккхина заза шелоно човхадахь? Кхера ца оьшу. Заза мосазза талхадахь а, шело, йовхо мосазза еа, юх- юха зазадоккхуш, б1аьсте кхоччуш яьлла яллалц лаьттар ду иза. Цуьнан зазадоккхуш йолу ч1енигаш 20 сов хуьлу.

  1. Чолхе дешнаш схьаязде.

Б1аьстенан 1уьйре 2 четверть

Б1аьстенан 1уьйре. Лаьмнаш т1ехьара схьакъедира сирла малх. Цуьнан з1аьнарш хьуьнан диттийн баххьашкахула кхерстира. Коьллаша а, бацана а т1едиллина тхин т1адамаш лепара бес-бесарчу басаршца. Ехачу буса тийнна дижина 1иллича санна, набарх долуш лаьттара 1алам. Б1аьстенан малхана доьлура 1алам. Хьаннийн татолийн бердашца девллачу таьллаша уггар хьалха хаийтира б1аьсте йолуш юйла.

Цуьнан дуткъачу нийсачу гаьннаш т1ехь гуш дара заза. Толлан заза, дешица кхелича санна, можа-ц1ен бос болуш хуьлу, цициган ц1ога санна месала а долуш.



  1. Шала мукъаза элпаш юкъахь долу дешнаш схьаязде.

ЙОЬlАН ДЕХАР 3 четверть



Дикка хан яьлла кхокхий ца дог1уш. Юха делкъанна хи мала даьхкина кхокхий. Шаьш хи мелла девлча, кхокхийн б1аьрг кхетта х1орда йисттехь 1уьллучу можачу барцах. Сихонца девлла барца т1е а даьх­кина, борц баа х1иттина уьш. Кlанта тешшийтина катоьхна дашон кхокха схьалаьцна.

Ор чуьра чехкка хьала а ваьлла, шен говрана т1е а вахана, кхокханан когаш чуханца д1а а бихкина, иза таьлсийн оганчу а биллина, Турпална т1ехь эла вехачу х1усаме д1авахана.

Вахана д1акхаьчча, к1анта, дашо кхокха элан йо1е д1абелла. Ч1ог1а хазахетта йо1ана, исбаьхьа дашо кхо­кха беача. Цунах кхачамбина ца 1ийна йо1. Йо1а дехар дина к1анте и дашо уьйриг хьаьвзина йо1 ялаяхьара, ша а 1амор дара шена дешин уьйриг хьовза цуьнгара.



  1. Дешан хlоттам къастор: Дlавахана





АЬХКЕНАН ЗАМА 4 четверть

Аьхкенан зама хаза ю. Стоьмех юьзна бошмаш а, бошмашкахь декаш бес-бесара олхазарш а хуьлу. Юьртана юккъехула а, йистехула а охьаоьху хаза хиш. Бу­хара т1улгаш а гуш сирла хиш а, шовданаш а ду. Массо а меттехь бохург санна бай бу. Цlен а, можа а, баьццарчу дарин басахь а зезагаш лепа.

Цхьаццадолчу дийнахь хи т1е ч1ерий леца оьхура дешархой. Цхьаболу дешархой юьртана уллорчу хьуьнах боьлху. Хьуьнхахь эшаршца декаш, шакарш етташ олхазарш ду. Наггахь х1аваэхь хьерчаш, ловзуш полларчий a го.

Аьхкенан довхачу дийнахь ара д1ахьаьжча, йовхонан тов а хуьлу гуш. Иштта довхачу дийнахь хи т1е лийча доьлху бераш.

Синкъераме книгаш а йоьшу, хlаваэхь, соьналлаш йолчохь а, бошмашкахь а дика садоlу цара.



  1. Синтаксически тала предложении:

Хьуьнхахь эшаршца декаш, шакарш етташ олхазарш ду.