СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

«Доккха элп адамийн ц1ерашкахь, дийнатийн ц1ерашкахь,фамилишкахь»

Нажмите, чтобы узнать подробности

 В ДАННОЙ РАЗРАБОТКЕ ПОУРОЧНЫЙ ПЛАН ПО РОДНОМУ ЯЗЫКУ ДЛЯ 2 КЛАССА

Просмотр содержимого документа
««Доккха элп адамийн ц1ерашкахь, дийнатийн ц1ерашкахь,фамилишкахь»»

Нохчийн мотт

Тема : «Доккха элп адамийн ц1ерашкахь, дийнатийн ц1ерашкахь,фамилишкахь»

1алашо: берашна доккха элп дешнашкахь яздара бакъонаш йовзийтар, доларчу , юкъарчу ц1ерийн башхаллаш йовзийтар.Ойлаяр , тидамбар кхиор.



Билгалбаьхна кхиамаш:берашна хуур ду долара , юкъара ц1ераш вовшех кхасто, долара ц1ераш доккхачу элпаца яздан, юкъара ц1ераш кегийчу элпашца яздан 1емар ду.Берашна 1емар ду юьззина йоцу предложениш т1еюза, шайн болх билгалбаккха, цуьнан план х1отто.



Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар №6 аг1о 5.

-Муьлхачу элпаца язйо предложенехь хьалхара элп?Х1ун юьллу чаккхенгахь?



2.Ц1ена язъяр

-Д1аеша байт.

Аьхка хьамц ма баккхалахь,

Аьрга хуьлий хаалахь!

Аьрта хилча тхешан урс,

Аьлха.хьокхий ирдо ас

-Муьлха элп яздийр ду вай тахана?(АЬ)

Аьаь Аьаь Аьаь Аьаь Аьаь Аьаь Аьаь Аьаь Аьаь Аьаь Аьаь

3.1алашо йовзийтар.

-Д1адеша дешнаш.

йо1 к1ант

эса Адам

ж1аьла юрт

-Муьлха дош ду совнаха? (Адам)

-Х1ун ду Адам боху дош совнаха? (Доккхачу элпаца яздина)

-Х1ун 1амор ду вай тахана урокехь?(Вай 1амор ду дешнашкахь доккха элп яздан)



4.Керла тема хьехар.

а)Долара , юкъара ц1ераш къастор.

-Мовлид, доски т1е вола? Мила веана доски т1е? (мовлид)

-К1ант доски т1е вола аьлча мила вог1ур ву доски т1е? (Моссо к1ант)

-Дуьххьара хьаьнга элира аса доски т1е вола? (к1анте)

-Шозлаг1а? (Мовлиде)

-Цхьанна шена яккха тиллина ц1е муьлхани г ю? (Мовлид)

-Мовлид –долара ц1е ю.Иза доккхачу элраца язйо.

-Моссо к1антах ала йиш йолуш муьлха ц1е ю? (К1ант)

-Иза юкъара ц1е ю.Иза жимачу элпаца язйо)



аь)Бакъон т1ехь болх бар.

-Д1аеша 6- аг1он т1ера бакъо.

-Муьлха ц1ераш язйо даккхийчу элпашца?

-Муьлха ц1ераш язйо кегийчу элпашца?



5.берашка шаьшка болх байтар.

а)Шардар №9, аг1о 6.

-Д1аеша шардаран бакъо.Муха кхочушдандеза шардар?



6.Сада1аран ми ноташ

Вай яздира, яздира,

Куьйган п1 елгаш к1адделира.

Вай жиммасадо1ур ду,

Т1аккха юха а яздийрду.


Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхиссало,

Цхьана меттехьводу,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е«зузз» доуьйтуш,

Хилархшийла и.

Цергаш, юьхь-куьгдила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(Хь. Саракаев)

7.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Шардар №!1 аг1о .

-Д1аеша шардаран бакъо .Муха кхочушън еза иза?

Аь_йозанан бох таллар.

-Муьлха дешнаш доккхачу элпаца яздина ахь?Х1унда?

8.Рефлекси?

-Муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца?

9.Жам1 дар.

-Х1ун керланиг хиира шуна урокехь?

-Х1ун до хазделларг?

10.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар №13 аг1о 7, бакъо.