СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Дустург дожар.конспект.чеченский язык.4 кл.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Дустург дожар.конспект.чеченский язык.4 кл.»

17.11.2021

Урокан ц1е: Дустург дожар.

1алашо: ц1ердешан  дустург дожаран цхьаллин а , дукхаллин а терахьашкахь хийцадаларан тидам бар, хаттарш довзийтар, чаккхенаш билгалъяхар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду  дустург дожар, цуьнан хаттарш. Берашна 1емар ду хаттарийн г1оьнца билгалдаькхиначу дожарехь ц1ердешнаш шина а терахьехь хийца , чаккхенийн тидам бан, уьш билгалъяха.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду книги т1ехь оьшу г1ирс лаха. Хуур ду урокехь бен болчу белхан рог1алла билгалъяккха. Оцу рог1аллехь бечу белхан мехалла ган, кхин д1а а цунах пайдаэца.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттарша дуьззина жоьпаш дала, масалаш далорца т1е а чаг1деш. Берашна 1емар ду шайна хиънарг кхечаьрга д1акхачо, накъостийн кхетар болчу кепара.

  • Познавательни: берашна 1емар ду книги т1ехь оьшу г1ирс лаха , цунах пайдаэца. Берашна 1емар ду хьехархочо схьагайтинчу чаккхенна дог1у дош лаха

3. Личностни: берашна 1емар ду дика дешаран мах хадо, дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина д1адахьа. Берех хир бу корматалла а йолуш адамаш.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

Даггара ненан мотт безаш, лоруш, цуьнан сий деш волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь кхин хуьлийла дац. Иза хаа  лууш, 1амош верг даима сийлахь хир ву.
Яздархочо  Цуруев Шерипа говза аьлла  вайн  маттах лаьцна:  
Вайн эхь-бехк, вайн сийлахь г1иллакхаш,
Вайн  яхь а, вайн оьзда мотт а
Ларбеллехь, ларлур ма хилла-кха 
Вайн синош, вайн нохчийн  мохк а.
Цундела  ца  хьехош  хилларг а, 
Юкъ  ехкий,  массо  д1ах1отта 
1алашдан  вайн  нохчийн  г1иллакхаш, 
1алашбан  вайн  нохчийн  мотт.
 (Цуруев Ш.М.)


2. Ц1ера болх таллар.

.

-Муха кхочуш дан дезаш дара шардар?

Уьн т1е д1аяздо.

  1. Йозанца д1аязде терахьдешнаш: 17, 19, 26, 40, 80, 30, 78, 52, 96, 100.


-Муьлха дешнаш яздина аша?

3. 1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.

-Бераш, вайна дожарийн доьзалехь муьлха вежарий бевзинера?Муьлхачу хаттаршна жоьпаш лора цара?

-Вай тахана кхин д1а а бевзар бу дожарийн барх1алг1а ваша. И мила ву хуур ду байте дика ладог1ахь?

Ворх1алг1аниг –Меттигниг-

Вог1уш , воьдуш шен-шениг:

Бал д1аберзош хила Дустург

Нагахь оьшуш хилахь бустам.

-Муьлха дожарш 1амор ду вай тахана?

-Д1аелла книгин 58 аг1о. Д1аеша оцу дожаран ц1е, хаттарш. Муьлхача хаттаршна жоьпаш ло цо?

-Билгалбаккха таханлера болх. Х1ун 1амор ду аша тахана? Х1ун дан ницкъ кхочур бу аьлла хера шуна шайн тахана?

. Шуна 1емар ду ц1ердешнаш меттигниг дожарехь а терахьехь лега, чаккхенаш билгалъяха. Хуур ду шайна еллачу чаккхенашна дог1а дешнаш каро, уьш таллл.

4. Керла тема хьехар.

  • Ц1ердешан коьчалниг ,хотталург дожарийн шина терахьехь хийцадаларан тидам бар.

-

Цхьаллин терахь.


Дс. Йишел яздархочул.

Дукхаллин терахь.


Дс. Йижарел яздархойл.

-Д1адеша цхьаллин легаран кепаш. Муьлха чаккхенаш ю цхьаллин терахьехь меттигниг дожарехь ц1ердешнийн? (-е,-аре, -не, -чуьнга).

- Муьлха чаккхенаш ю цхьаллин терахьехь дустург дожарехь ц1ердешнийн? (-ел , -ел, -нел, -л).

Шардар №106 , аг1о 58.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

5. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархашлоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у ,дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа, куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьалаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
Предложенера къамелан дакъош билгалдаха,

Ахьмада шеца футболах ловза вола элира Хьамиде.

Шурел мерза х1умма ца хета цициганна..Дахка лацар а дика ду хала делахь а.

7. Жам1 дар.

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло ц1ердешан меттигниг дожаро? Дустург дожаро?

-Муьлха чаккхенаш хуьлу цхьаллин терахьехь меттигниг дожаран? Дустург дожаран?

-Муьлха чаккхенаш хуьлу дукхаллин терахьехь меттигниг дожаран? Дустург дожаран?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Х1ун ду гуттар самукъадаьлларг?

9. Ц1ахь бен болх балар.