СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Февраль сан сица лозу

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Февраль сан сица лозу»



Нохчийн меттан, литературан мероприяти




«Февраль сан сица лозу»








Де дика Дойла массеран а!


1-ра ведущий: 23 – чу февралехь ________шо кхочу чу 1аьржачу дийнан.

Вайн къомана т1е къаьхьа къемат х1оьттина де. 1уьйранна, 23-чу февралан 1944-чу шарахь пхийттара мел ваьлла боьрша стаг ,цомгуш а ,къена а ,к1елвисина воцург ишколашка а, маьждигашка а д1акхайкхина.


2-г1а ведущий: Оцу дийнахь Ц1ечу Эскаран деза де дара ,цхьана а стагана дагахь дацара и де иштта инзаре хир ду аьлла . Россин паччахь-Сталина къасттийна дара и де,цу дийнахь йолаелира операци «Чечевица». Немцойн оккупанташна г1о деш,Даймахкана муьт1ахь бац аьлла баьххьана даьккхина, дерриге а нохчийн къам махках даккха долийна.

1-г1а ведущий: Баккхий а, кегий а ца лоруш, цомгуш - могуш ца лоьруш, 1аьнан уггаре а шийлачу хенахь арадаьккхира вайнехан къам. Цхьа а тайпа къестамаш ца бора цу дийнахь нохчашна юккъехь. Уьш массо цу дийнахь мостаг1ий бара.


стихотворении д1айоьшу дешархочо:


Собарах а воьхнарг коьртах а волуш,

Ницкъ эшна виснарг – кхин дийна воцуш,

Некъ бара ирча царна хьалха беънарг,

Де дара, к1ентий, царна т1е х1оьттинарг

Дарц дара къиза цу дийно хьекхнарг.

Сайн ненан коч лаьцна со араволуш,

Экамчу сох йоьлла цу некъан шело,

Д1аяла ца туьгуш лайра ас г1ело,

Цу дийно баьхьна бос юьхь т1е ца бог1уш,

Эсара човхийна г1а санна мокха

Тахна а дуьнене хьоьжу со цатешаш.


2-г1а ведущий:

Къаьсттина хала дара и де кегийчу берашна.

Гитлерца т1ом болу хан яра иза. Вайнехан таронаш ч1ог1а ледара яра. Т1еюха а, кога юха а х1ума йоцуш дукха а бераш дехира цу дийнахь новкъа.


1-ра ведущий:

Оцу шини-кхаа дийнахь б1е эзар цхьа а бехк боцу адам х1аллакдина. Х1усамашкара нах арабаха болийна, кечам бан пхиъ- итт минот хан бен ца луш, къена, цомгуш верг, вада г1ертинарг вуьйш. Некъана кара х1ума эцча,машенашна т1е нах дуккха ца тарлора ,цундела кхуьйсущ юхакхуьйсура, нахера схьа а йохуш: галеш, юрг1анаш, г1айбанаш.

( Видео сюжет гойту)


2-г1а ведущий: Нах д1абигначул т1аьхьа ч1ог1а ирча сурт дара х1оьттинарг, дайина адамаш массанхьа а дара: г1алахь, ярташкахь, чохь, уьйт1ахь, некъаш т1ехь. Уьш д1абуьгу вагонаш юьзна яра. Божарий а, зударий а, кегий бераш а тетта чубоьхкинера. Ткъа дийнахь д1абигара уьш Сибре.


1-ра ведущий: Хьож,мацалла ,делхарш, узарш, берийн маьхьарш- х1инца цхьаммо тергалдеш дацара. Некъ т1ехь дела адамийн дакъош лестош аракхуьйсура, вагонаш цхьа а минотан т1аьхьйиса йиш йолуш яцара. Нах х1аллакбина ца 1аш , вайн истори, вай къам мичара ду ца хаийта дуккха исторически документаш,книгаш, архиваш Соьлжа- г1алахь гул а йина ягийна. Дуккха а памятникаш, чурташ, б1аьвнаш, хиллий техьа аьлча санна,йохийна Сталинан эскаро.


2-г1а ведущий: Цу шийлачу махкахь мацалла ,чуваха меттиг боцуш, шело ца лайна дуккха а нах кхелхина. Кхойтта шо хан яьккхина Сибрехь. Ц1а доьрзур ду я дац цхьаьна хууш дацара. Россин паччахь Хрушев х1оттинчул т1аьхьа, реза боцуш дуккха а политикаш боллушехь, приказ а делла нохчийн къам ц1а дерзийтина.


1-ра ведущий: 1957 – чу шарахь бакъо йелира вай къам ц1адерза йиш йолуш.Шаьш хала вовшахтоьхна бахам буьтуш, казахийн 1одика а йеш ц1ехьа бирзира вайнах.


2-г1а ведущий: Дуккхачу шерашкахь сатийсина де т1екхаьчча аьлча, наха тешаш бацара, церан даг чохь дерг, церан ойланаш, церан сатийсамаш,шадерг а Даймахкаца доьзна дара.

1-ра ведущий: Амма ц1акхаьчча церан халонаш чекх ца йевлира, бухахь дисана х1ума дацара, церан юхах1отто дийзира шайн керташ, ц1енош, шайн дахар. Ткъа и дерриге а х1умма дацара, цара 23-чу февралахь лайн халоне хьаьжча.


Илли:

2-г1а ведущий: Нохч – Г1алг1айн халкъ Советан 1едал доккхуш, герз кара а лаьцна, оьрсийн къомана т1аьхьа а х1оьттина мостаг1чух лета ву нохчи. Иштта Сийлахь Боккха т1ом болабелчхьана, цу т1амехь дакъа лоцуш хилла вайн эзарнаш нах. Масала, массарна а вевзаш волу нохчийн сийлахь к1ант Ханпаша Нурадилов, сийлахь танкист Маташ Мазаев, иштта дуккха а берш.


1-ра ведущий: Нохчийн майра к1ентий т1амехь леташ бара шайн дахар ца кхоош, х1етте а Сийлахь воккхачу тхьамдийн Сталинан омраца, партийн ЦК – н Политбюрос а, Советан правительствос а сацам а бина Кавказера арабехира «халкъан мостаг1ий».

Некъаца дукха а адам д1акъаьстира. Велларг ара кхуссуш, дуьхьало йинарг вагонт1ера чукхуссуш д1акхачийра вайн къам Казахстане а, Киргизе а.


Дешархочо стих йоьшу


Х1оьттинчу б1аьрсица аналла хедош,

Дуьрачу мехаша балдаш а эт1ош,

Екъа г1ум идочу Казахийн арахь

Буоберийн ардангца со кхерсташ акха.

Х1ан – х1а , ца моьттура, сайн т1емаш хир ду,

Ойлано ийарх а сан каро ирс ду.

Амма со т1емашка вохура г1ено,

Дозанаш хедадой воьрзура ц1ехьа.

Юха а сайн ненан мукъамо хьостий,

Б1аьргашна дихкина дуьне схьадостий

Ирс гора сайгара бертаза даьлларг

Куьйрано м1арашца дадийна даьхьнарг.


/Цул т1аьхьа илли/

2-г1а ведущий: Вайна ца гина нохчийн къам махках доккхуш , ца хезна тийжаш боьлху зударий, г1айг1ане божарий… Ца хезна: «Вайн Даймахка ц1а дерза хьовсалаш…» - бохуш баккхийчеран весеташ.

Тхо тхаьш дайнарг лайна девли,

Тхайна гинарг гина девли,

Дела воцург накъост воцуш,

Х1окху хене тхо ма девли.

Лан йиссина марзо ют хан,

Ган диссина лаьмнаш дут хан,

Тхан Нохчийчохь лаьмнийн кийрахь,

Кхолла дезаш дахар дут хан.


1-ра ведущий: Сийначу, шерачу аренца,

Къоначу ойлано валош,

Со вог1у б1аьстенан бацаца,

Езарна дай баьхна аг1о.

Винехь а Кавказан лаьмнашкахь,

Со кхиъна йовхачу Азехь.

Со вог1у боккхачу лаамца

Хьо тала, ламанийн аса.

Сайн халкъан тем боцчу к1енташца.

Дахаран къайленаш схьаелла,

Со вог1у маьршачу некъашца

Замано лела некъ белла.


2-г1а ведущий:

Нохчийн майралла, оьздангалла, вайн Даймахке болу к1оргера безам – и дерриге а тоьара и т1ебеана бала лан.

Даймохк … Дешнийн гуламна юккъехь уггар деза а, сийлахь а дош ду и. Даймохк аьлча Казахстанехь , Киргизехь б1аьргах хи долура вайнехан.

Стих:Маина


1-ра ведущий: Леш верг , вала вижнарг Даймохк цхьамма хьахийча хьалаг1оттура – «Сан вала йиш ма яц» - олий.

Эзар жовх1арна юккъера цхьа жовх1ар харжа а таро хуьлу.

Эзар дина юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу, ткъа Даймохк харжа а , хийца а тарой йолуш бац.


2-г1а ведущий: Иза х1ора стеган а, къоман а цхьалхха цхьаъ бен хуьлуш бац. Даймохк ларбан беза, шен са дала а кийча хила веза Даймахкана.


/илли «Даймохк»/


1-ра ведущий: Тахана мел дукха 1ийча а вайна к1ордор дацара, амма вайн хан герга яхана. Цхьанакхетар дерзош сунна даггара баркалла, Дела реза хуьлда ала лаьа, тахана кху чолхечу заманахь тхо долчу дахка хан лехна, тхо лара а лерина дахкар.


Везан Дела, кхин цкъа а ма гойла вайна и ирча къематде!

1одика йойла!





Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!