СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Йуххедиллар т1еч1аг1дар

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Йуххедиллар т1еч1аг1дар»

Нохчийн меттан урок (8 класс)

Урок № 33

Терахь: 23.11-8в,г

Урокан ц1е:  Йуххедиллар т1еч1аг1дар.

 

Урокан 1алашонаш: 1) кхеторан: йуххедилар стенах олу а,цо х1ун маь1на леладо хаар, иза шен грамматически билгалонашца схьакъасто хаар. 

2) кхиоран: ц1ердашна йуххедиллар дало хаар,иза йозанехь билгалдан хаар. 

3) кхетош-кхиоран: нохчийн меттан хазна совйаккхар, иза к1орггера 1аморе хьашт кхоллар. 

Метапредметни результаташ:

Регулятивни г1уллакх: дешаран г1уллакхан 1алашо, хьесапаш т1еэцаран, лардаран хьуьнар карадерзор; кхочушйаран г1ирс лаха хаар;

Коммуникативни г1уллакх : шен чулацаме а, меттан д1ах1оттаме а хьаьжжина къамелан мах хадор

Познавательни г1уллакх: дешаран учебникан т1ерачу текста т1ехь болх бар, ца кхетачух хаттар далар т1еэцначу норманашка хьаьжжина тептарш а, йозанан белхаш кечбар


Урокан тайпа: хаарш шордаран,т1еч1аг1даран .  

Урокан г1ирсаш: 1амат,т1едахкаран кехаташ.

1.Вовшахкхетаран минот 

Дешархошка маршалла хаттар; урокана бинчу кечаме хьажар.

2.Урокан балхана дог-ойла т1ейерзор.

(мотивация)


Таханлера х1ара урок сайна хазахетачу кицанан т1ера д1айолор йу .Аш цуьнан ойла йойла, леррина сайга ладуг1ийла лаам бу.

Цхьана стеган карахь полла хилла, шина куьйган йуккъе и полла а биллина, т1евахана кхечуьнга хаьттина цо: "Сан карахь болу полла белла бу йа дийна бу?"

Цунна дагахь цо дийна бу алахь ша х1ара буьйр бу, белла бу алахь дийна д1ахоьцур бу. Хаттаре ладоьг1начу хьекъалдас аьлла: " Дерриге хьан карахь ду".

Оцу хьекъал долчу стага ма- аллара шун дахар х1оранна а шен карахь ду, аш тахана дика дешахь шу сирла кхане хир йу.

3.Хаарш лехаме дахар. (актуализация знаний)

1.Хьалха 1амийнарг карладоккху.

Предложенин меженех (коьрта а,коьртаза а) дерг карладоккху, масалш даладойтуш.

Дуьйцу предложенин меженаш коьрта а, коьртаза а хиларх лаьцна. Масалшца т1еч1аг1йо шаьш йийцина бакъонаш.

2.йуххедиллар стенах олу?

Х1ун билгалонаш йу йуххедилларан?

Цхьаболчу дешархоша кехаташ т1ехь болх бо:

Кехат – 1 Ф.Ц1._____________________________________


    1. Со ворх1алг1ачу классехь доьшуш ву. –синтаксически таллам.


Кехат-2 Ф.Ц1._____________________________________


1.Ас мамина совг1ат дира.- –синтаксически таллам.


Кехат-3 Ф.Ц1._____________________________________


1. Тхан йуьрта хьаша веара.- –синтаксически таллам.





Кехат-4 Ф.Ц1._____________________________________

Т1екхечира гуьйре. Со школе воьду. Тхоьга хьаша веара.

-Грамматически баххаш билгалбаха.



1)Сихха йина хьешана хьалха йуург а йиллина,Хелисат арайелира.- синтаксически талла.(«Д1а-коч,схьа-коч» Хамидов 1-Хь.Х.)

2) Дешархочуьнга, бераллех-морфемни къастам.

5. Дешнийн диктант: Гуьмсе-г1ала, д1алецира, нанна улло,доттаг1алла,чукхечира,къона,урам,де,гирда,шолг1аниг.

Т1едахкарш:

-1) къона –билгалдашна синоним йалор. (жима)

-2)Де – ц1ердашна антоним йалор.(буьйса)

-3) Терахьдош схьайазде. ( шолг1аниг)

- 4)Дешт1аьхье схьайазйе. (улло)

-5) Дешхьалхенан г1оьнца кхолладелла дешнаш схьайазде.(д1алецира,чукхечира)

- 6) Йуххедиллар схьайазде.

Дошам:

Гирда- (гирдан, гирдана,гирдано, гирдица, д.т.гирданаш)- хьалха заманахь йалта дустуш лелийна барам, 12 кийла гергга.

Керла дош йукъа а далош, предложенеш х1иттайо дешархоша,царех цхьаъ синтаксически толлу.

5.Йуххедилларх 1амийнарг т1еч1аг1дар.


1. Со вина …-г1алахь. Бераллин шераш д1аихира …-йуьртахь. Аса хазахеташ доьшу «…» ц1е йолу журнал (газета). Самукъадолу «…» ц1е йолу книга йоьшуш.

- х1ораммо шех лаьцна боцца хаам кечбо

- билгалдаьхначу дешнийн йаздар дийцаре дуьллу.


Сада1аран минот

2.Учебникца болх бар.

Кхочушдо 60-г1а шардар. (шишшама цхьаьна)


4.Тобанашкахь болх:

4.Тобанашкахь болх . -предложенеш х1иттайо.

1-тоба: роман «Лаьмнашкахь ткъес», Аргун-г1ала.

2-тоба: Журнал «Стела1ад», нус Элина.

3-тоба: журнал «Даймохк», зуда-хьехархо



3. Х1инца 1амийнарг т1еч1аг1деш болх бийр бу вай.

1.Билгалдохур ду вай йуххедилларш, оьшуш йолу хьаьркаш х1иттош:

Амма нана г1аз шен к1орни а йитина т1аьхьра йала дагахь йацара.

Нохчаша т1емалоша дерриг а дуьненна а д1агайтина шайгара хьуьнарш а, турпалалла а, доьналла а.

Керлачу шарца бераш декъалдан баьхкира майдана Г1ура дада а,Лайн аьзни а.

Бераша дешархоша даима а доьшу газета Даймохк, журнал Стела1ад.

Дог1анаш иштта саццаза эхахь, Терк хи т1едала кхерам бу.

Т1едиллар нийса иштта хир ду:

Амма нана-г1аз, шен к1орни а йитина, т1аьхьара йала дагахь йацара.

Нохчаша -т1емалоша дерриге дуьненна а д1агайтина шайгара хьуьнарш а, турпалалла а, доьналла а.

Бераша-дешархоша даима а доьшу газета «Даймохк» , журнал «Стела1ад»

Дог1анаш иштта саццаза эхахь, Терк -хи т1едала кхерам бу.


7.Рефлекси. 

1.Х1ун керланиг девзира шуна х1окху урокехь? _Вайн урокан муьлха дакъа уггар а хьаште хийтира шуна? -Мичахь хала дара шуна?

-Стен г1о дира шуна и хало д1айаккха?

дуьйцу шайна йуххедиллар стенах олу а, иза ц1ердашца дозуш хуьлий а довзар; йуххедиллар хьалха а,т1ехьа а лаьтташ хила тардаларх а,цуьнан нийсайаздар а хаар.


8.Жам1 дар. 

Дешархоша бинчу белхан жам1 деш, оценкаш йохку.

Дешархоша д1айохку шайн оценкаш.


9. Ц1ахь бан болх. 

1. $ 16 бакъо йеша; 2.кхочушдан 65-г1а шардар


-Цу т1ехь вайн урок чекхйели.

1одика йойла шун!

Дешархоша д1айазбо ц1ахь бан белла болх.




































1. Со вина …-г1алахь. Бераллин шераш д1аихира …-йуьртахь. Аса хазахеташ доьшу «…» ц1е йолу журнал (газета). Самукъадолу «…» ц1е йолу книга йоьшуш



























































Кехат-4 Ф.Ц1._____________________________________

Т1екхечира гуьйре. Со школе воьду. Тхоьга хьаша веара.

-Грамматически баххаш билгалбаха.







Кехат – 1 Ф.Ц1._____________________________________


    1. Со ворх1алг1ачу классехь доьшуш ву. –синтаксически таллам.




Кехат-2 Ф.Ц1._____________________________________


1.Ас мамина совг1ат дира. –синтаксически таллам.





Кехат-3 Ф.Ц1._____________________________________


1. Тхан йуьрта хьаша веара.–синтаксически таллам.





























1-тоба:

роман «Лаьмнашкахь ткъес», Аргун-г1ала.

2-тоба: Журнал «Стела1ад», нус Элина.



3-тоба:

журнал «Даймохк», зуда-хьехархо



Дошам:

Гирда- (гирдан, гирдана,гирдано, гирдица, д.т.гирданаш)- хьалха заманахь йалта дустуш лелийна барам, 12 кийла гергга.