СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Изложени "цициган к1орни"

Нажмите, чтобы узнать подробности

планирование урока.изложение   разработка для 3 классов

Просмотр содержимого документа
«Изложени "цициган к1орни"»

Нохчийн мотт

Тема : изложени «Цициган к1орни»

1алашо: дийцаран чулацам йозанца схьабала хаар кхиор, кийчачу планах пайда а оьцуш ; цхьалхе предложенеш х1итто уьш йозанехь билгалъяха 1амор; къамел кхиор, дешнаш хаарш довзийтар.Дийнаташка безам кхиор, амалехь диканиг алсамдаккхар.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. 1алашо йовзийтар.

–Бераш , вай тахана язйийр ю изложении «Цициган к1орни»

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар №395 , аг1онаш 179-180.

(Хьехархочо схьадуьйцуьйту дешархошка дийцар)

  1. Текста т1ехь болх бар.

А)Текстан чулацам таллар.

-Д1аеша текст.

-Стенга даханера бераш? (Бераш ловза даханера)

-Х1ун яьхьира цара шайца? (Цара шайца цициган к1орни яьхьира)

-Стенца ловзура цициган к1орни? (Цициган к1орни бецашца ловзура)

-Берашна х1унда йицъелира к1орни ? (Бераш муьстаргаш яа дахара.Царна цициган к1орни йицъелира)

-Мила вара вог1уш? (Таллархао вара гуш)

-Х1ун яра цуьнца? (Цуьнца ж1аьла дара)

-Х1ун дира ж1аьло? (Ж1аьла цицигана т1ехьаьдира)

-Х1ун дира к1анта? (К1ант а хьаьдира цициган к1орнина т1е)

-Х1ун дан г1ертара ж1аьла? (Ж1аьла цициган к1орни схьалаца г1ертара)

-Муха д1алачкъийра к1анта к1орни? (К1анта маара а йоьллина , д1алачкъийра к1орни)

-Хьан д1ачовхийра ж1аьла? (Таллархочо ж1аьла д1ачовхийра)

-Х1ун дира к1анта? (К1анта цициган к1орни шеца ц1аеара)

-Кхин х1ун ц1е тилла мегар дара дийцарна ? (Майра к1ант)

Аь) Текст планан дакъошка терра д1анисъяр.

Уьн т1е д1аязйо план.

  1. Бераша цициган к1орни ехьира.

  2. Новкъахула схьадог1у ж1аьла.

  3. К1анта цициган к1орни к1елхьарйоккху.

-Муха йолор ю аша изложении? (Бераш ловза дахара. Цаьрца цициган к1орни яра)

-Д1абеша бераша цициган к1орни яхьарх лаьцна мог1анаш.Х1ун ду цу юкъахь кьрта? (Берашна цициган к1орнии цицъялар)

-Дийца х1унда йицъелира берашна цициган к1орни.(Берашна муьстаргаш карийра. Царна цициган к1орни йицъелира)

-Д1абеша новкъахула схьадог1учу ж1аьлех лаьцна болу мог1анаш. Х1ун ду цу юкъахь коьрта? (Ж1аьла цицигана чухьаьдира)

-Х1унда хьаьдира ж1аьла цицигана чу? (Ж1аьлина цициг гира. Ж1аьла цициг схьалаца чухьаьдира)

-Д1абеша к1анта цициг к1елхьардаккхарх болу хаамаш? Х1ун ду цигахь коьртаниг? (К1анта к1елхьарайоккху шеен цициган к1орни.Таллархочо ж1аьла д1ачовхадо)

-Муха к1елхьаръяьккхира к1орни? (К1антана гира деда дог1у ж1аьла. Цо цициган к1орни марайоьллира. Таллархочо ж1аьла д1ачовхийра)

-Муха ерзор яра изложении? (К1анта цициган к1орни цул т1аьхьа ца хьора шеца)

-Муха к1ант хетта шуна иза?

Б) Изложени дакъошца схьайийца.

-Х1ун яздир ду аша хьалхарчу декъана?Схьадийца и дакъа.

-Х1ун яздир ду аша шолг1ачу декъана?Схьадийца и дакъа.

-Х1ун яздир ду аша кхоалг1ачу декъана?Схьадийца и дакъа.

В) Дешнаш таллар.

Ехьира, йицъелира, т1ехьаьдира, маара йоьллира, д1ачовхийра.

-Муха яздан деза лакхара дешнаш? Д1адеша уьш шера.

4.Изложени язъяр.

(бераша болх бо шаьш)

5.Жам1 дар.

6.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар№ 393 , аг1о 178.