СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Хаарш зер. БЕРИЙН ЙАЗДАРХОЙ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Хаарш зер. БЕРИЙН ЙАЗДАРХОЙ»

Хьехархо Тухаева З.

Класс:

Терахь.11.10.2024шо.

Дарсан ц1е:

Хаарш зер. («БЕРИЙН ЙАЗДАРХОЙ» декъана)

Дарсан Ӏалашо: дешархоша 1амийнарг карладаккхар.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карладохур ду произведенех долу хаарш; 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала а, шайн ойла а, дагалацам кхион а.

Дарсан гIирс: Ӏамат, ручка, тептар.

Кхочушдан лору жамIаш:

Предметни: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар.

Метапредметни: дешархошна Iемар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина йа доцца жоьпаш дала; Iаматца болх бан, ойла йан.

Личностни: дешархошна хуур ду шайна 1амийначух пайда эца.

Дарс дӀадахьар.

  1. Вовшахтохаран мур (маршалла хаттар, дарсана кечам бар таллар (тептар, Ӏамат, ручка), цӀера болх таллар).

2. Ойла т1ейерзор.

Марша дог1ийла шу, сан хьоме бераш!

Мел хаза ду шу тахана массо а!

Вай шуьца д1ахьур бу шатайпа болх,

Тидаме хила шу хьовсалаш!

Догдаийтаран мур.

Кицанаш:

1. Мехка доцчу иэро пхьагал ца лаьцна.

2. Да - нана ца леринарг, наха а ца лерина.

3. Стеган мах хадийнарг бу.

«Хаарш-Зер» цӀе йолчу рубрикица болх.

1. Хьайна бевзачу берийн йаздархойн а, цара йазйинчу

говзарийн а цIераш йаха.

2. Муьлхачу йаздархочун дийцар йа байт хазахийтира

хьуна? Дийца, хIунда къастийра ахь иза.

3. Муьлхачу турпалхочух тера хила лаьара хьуна?

4. «Берийн йаздархой» декъехь йолчу говзарийн турпалхойн амалийн тидам бирий ахь? Лахахь йалийна йу царах

цхьаболчеран цIераш. Уьш муьлхачу говзаршкара турпалхой

бу дага а даийтий, хIораннах лаций дийца.

СадаӀаран минот.

БӀаьргаша вайн садаӀа деза (дешархоша бӀаьргаш дӀакъовлу).

Доккха са а даккха диеза (бӀаьргаш къевлина а болуш, бераша доккха са доккху).

БӀаьргаша го тосур бу, кӀаддалар дӀадер ма ду. (къевлинчуьра бӀаьргаш схьа а боьллий, цаьрца гуо боккху).

ХӀинца-м цара сан садаьӀна (бӀаьргаш шуьйрра схьа боьллу, йуха дӀакъовлу).

Гур ду хӀинца-м дерриг царна! (дешархой самукъане белало).


6. Берийн йаздархо а, нохчийн меттан, литературин

хьехархо а хилларг мила вара?

Махмаев Жамалди

Гайсултанов Iумар

Кагерманов Докка

Саракаев Хьамзат

7.«Дика кIант Муса» байтан автор мила ву?

Кагерманов Докка

Саракаев Хьамзат

Гайсултанов Iумар

Макалов Шамсудди


8.«Маьлхан хIуш» байтан автор мила ву?

Мамакаев Мохьмад

Кагерманов Докка

Демеев Iалавди

Гадаев Мохьмад-Салахь


Iамийнарг тIечIагIдар.

Хаттарш:

  • Кхин муьлха берийн йаздархой дагабогӀу шуна?

  • Оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а берийн йаздархойн цӀераш а, церан аш йешначу говзарийн цӀераш а йаха.



Дарс жам1 дар.

  • Муха хийти шуна вайн дарс?

  • Х1ун пайда бели шуна кхунах?

Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…

ЦӀера болх:шайн хазахеттачу дийцаран чулацам схьабийца.