СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Хуттургаш, церан тайпанаш

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Хуттургаш, церан тайпанаш»

Хьехарсахьтан ц1е:  Хуттургаш, церан тайпанаш,  нийсайазйар.

Хьехарсахьтан ц1е:

Хуттургаш, церан тайпанаш,

нийсайазйар.

 1алашонаш: 1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар; кхиоран: х1ун маь1на ду хуттургийн предложенехь  йа предложенеш т1ехь долчу дешнашна йуккъехь; хуттургаш каро хаар; кхетам – кхиоран: нохчийн матте болу безам к1аргбар.

1алашонаш:

1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг

карладаккхар;

кхиоран: х1ун маь1на ду хуттургийн предложенехь

йа предложенеш т1ехь долчу дешнашна йуккъехь;

хуттургаш каро хаар;

кхетам – кхиоран: нохчийн матте болу безам

к1аргбар.

 Догдаийтаран мур.  Х1етал – металш: Ша шайх а вац, маж йу. Ша йеса йу, амма т1е х1ума тоьхча,  г1овг1а йоккху. Мотт бац, амма и хиллачохь  Дерриг бохург керланиг хууш хуьлу.

Догдаийтаран мур.

Х1етал – металш:

  • Ша шайх а вац, маж йу.
  • Ша йеса йу, амма т1е х1ума тоьхча,

г1овг1а йоккху.

  • Мотт бац, амма и хиллачохь

Дерриг бохург керланиг хууш хуьлу.

Нийса дуй талла. Х1етал – металш:  1. Бож.  2. Вота.  3. Газета.

Нийса дуй талла.

Х1етал – металш:

1. Бож.

2. Вота.

3. Газета.

 Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур. Ц1ахь 1амийнарг хотту. Дешнийн диктапт.  Шуьйра доьхка, йеха коч, Органан т1ай, дадин куй,  къорза куз, бабин кортали, шийла гуьйре, генара  хьаша, дика лулахо, ц1еста к1удал, къорза йетт.  (Къамелан дакъош билгалдаха).

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.

  • Ц1ахь 1амийнарг хотту.
  • Дешнийн диктапт.

Шуьйра доьхка, йеха коч, Органан т1ай, дадин куй,

къорза куз, бабин кортали, шийла гуьйре, генара

хьаша, дика лулахо, ц1еста к1удал, къорза йетт.

(Къамелан дакъош билгалдаха).

 1амийнарг карладаккхар.  Классни уьн т1ехь болх. Воссалур варий xlapa доьзалца оцу бердах охьа? - Аьттехьа а дацара. Цу хьокъехь йуьртдеца хиллачу къамелехь Жамалайла а т1етайра цунна. Говрашкара охьабиссина нах кхунна гена бевлира. Цунах лаьцна дийца ца х1уттуш, дикка лаьттира и, т1аккха вистхилира. Бевдда баьхкина салтий кхунна йуххехула д1абахара, xlapa тергал а ца веш. Ц1ерпошт, йуьххьера дуьйна йегош, ц1ийзаш, цхьана станцехь сецча, кхин цхьа стаг а т1екхийтира тхуна. Вагона чухула текха девлира и бераш, баккхийчеран духаршна йукъахь тийсалуш. Дешт1аьхьенашна к1ел сиз хьакха, царна т1ехула уьш муьлхачу  къа­мелан дакъойх кхоллайелла, йазде.

1амийнарг карладаккхар.

Классни уьн т1ехь болх.

Воссалур варий xlapa доьзалца оцу бердах охьа? - Аьттехьа а дацара. Цу хьокъехь йуьртдеца хиллачу къамелехь Жамалайла а т1етайра цунна. Говрашкара охьабиссина нах кхунна гена бевлира. Цунах лаьцна дийца ца х1уттуш, дикка лаьттира и, т1аккха вистхилира. Бевдда баьхкина салтий кхунна йуххехула д1абахара, xlapa тергал а ца веш. Ц1ерпошт, йуьххьера дуьйна йегош, ц1ийзаш, цхьана станцехь сецча, кхин цхьа стаг а т1екхийтира тхуна. Вагона чухула текха девлира и бераш, баккхийчеран духаршна йукъахь тийсалуш.

  • Дешт1аьхьенашна к1ел сиз хьакха, царна т1ехула уьш муьлхачу

къа­мелан дакъойх кхоллайелла, йазде.

 1. Дешнийн диктант. Иссех, иттанна, ботт, хатт, болат, бел, балл (йу), бал (халхаран), цецйели, шекйелира, шелйелира, ц1анъйаларна, сенйели, серлайаьлла, мажйелла йелира, марзйелира, даккхийдеш, хьаьдда вог1ура, къаьрзина хьоьжура, нацкъара, схьайаккхар, йуьхь1аьржа, йуьхьк1ам, дуькъа, йуьх­хьера, йуьхьза. 2. Легаде xlapa дешнаш: ч1ирдиг, д1ораниг, те­шам, йоза.

1. Дешнийн диктант.

Иссех, иттанна, ботт, хатт, болат, бел, балл (йу), бал (халхаран), цецйели, шекйелира, шелйелира, ц1анъйаларна, сенйели, серлайаьлла, мажйелла йелира, марзйелира, даккхийдеш, хьаьдда вог1ура, къаьрзина хьоьжура, нацкъара, схьайаккхар, йуьхь1аьржа, йуьхьк1ам, дуькъа, йуьх­хьера, йуьхьза.

2. Легаде xlapa дешнаш: ч1ирдиг, д1ораниг, те­шам, йоза.

Къовларш д1а а йостуш, д1айазде куцдешнаш.  Цхьа (наггахь), шен (хеннахь), (ца) луушехь,  (ца) кхетташехь, (ца) моттарна, (ца) дарна, мич  (мичча), цкъа (цкъа), наг (наггахь), кест (кеста),  дуьхь (дуьхьал). 2. Дешт1аьхьенаш: чу, ара, к1ел, хьалха - йукъахь а     йолуш барта предложенеш йалайе . ,
  • Къовларш д1а а йостуш, д1айазде куцдешнаш.

Цхьа (наггахь), шен (хеннахь), (ца) луушехь,

(ца) кхетташехь, (ца) моттарна, (ца) дарна, мич

(мичча), цкъа (цкъа), наг (наггахь), кест (кеста),

дуьхь (дуьхьал).

2. Дешт1аьхьенаш: чу, ара, к1ел, хьалха - йукъахь а

йолуш барта предложенеш йалайе . ,

 Керла коьчал йовзийтар. 1. Дешнаш йа чолхечу предложенин дакъош вовшах тосуш долчу г1уллакхан къамелан декъах хуттург олу. Масала: Со а, иза а кхайкхина кхана хьошалг1а, амма сан цига вахар хир дац. Хуттургаш йекъало шина тайпане: цхьанатуху (цхьанакхетаран); карара. Цхьанатуху хуттургаш: а, амма, ткъа, делахь, а, бакъду, цхьабакъду, х1етте а, йа. Карара хуттургаш: нагахь, нагахь санна, цундела. Цхьанатуху хуттургаш шайн рог1ехь йекъало х1окху тайпанашка: Дозаран: а; Къасторан: йа; Дуьхьалара: амма, ткъа, делахь а, х1етте а, бакъду, цхьабакъду.

Керла коьчал йовзийтар.

1. Дешнаш йа чолхечу предложенин дакъош вовшах тосуш долчу г1уллакхан къамелан декъах хуттург олу. Масала: Со а, иза а кхайкхина кхана хьошалг1а, амма сан цига вахар хир дац.

Хуттургаш йекъало шина тайпане:

  • цхьанатуху (цхьанакхетаран);
  • карара.

Цхьанатуху хуттургаш: а, амма, ткъа, делахь, а, бакъду, цхьабакъду, х1етте а, йа.

Карара хуттургаш: нагахь, нагахь санна, цундела.

Цхьанатуху хуттургаш шайн рог1ехь йекъало х1окху тайпанашка:

Дозаран: а;

Къасторан: йа;

Дуьхьалара: амма, ткъа, делахь а, х1етте а, бакъду, цхьабакъду.

Шайн х1оттаме хьаьжжина, хуттургаш хуьлу:  цхьалхе (цхьа орам болуш) – а, амма, йа, ткъа, нагахь;  чолхе (цхьаннал сов орам болуш) – бакъду, цхабакъду, цундела;  х1оттаман (цхьаннал сов дашах лаьтташ) – делахь а, х1етте а,  нагахь санна, х1унда аьлча.
  • Шайн х1оттаме хьаьжжина, хуттургаш хуьлу:

цхьалхе (цхьа орам болуш) – а, амма, йа, ткъа, нагахь;

чолхе (цхьаннал сов орам болуш) – бакъду, цхабакъду, цундела;

х1оттаман (цхьаннал сов дашах лаьтташ) – делахь а, х1етте а,

нагахь санна, х1унда аьлча.

 Кхеторан диктант. Ткъес санна, кхерстира х1аваэхь шаьлта. Нагахь сан дог к1илло делахь, кхоамза аса човхор ду и. Дика девзара цунна вайнехан г1иллакхаш а, амалш а. Вай тоьлур ду, х1унда аьлча вай вайн мохк ларбан арадевлла. Бакъду, тховса Хьамидг1аьргара xlapaледарло йер йу моьттуш ца веанера Супьян кхеран керта. Эвлайистехь вайна къемат - дийнахь хир йу бохуш йуьйцу махьшаре т1ех1оьттинера. Амма Мурдал, ша дина х1илла нахана гучудер ду - кх аьлла, х1умма а шек вацара. Х1инца цуьнга иккхинарг велхар дацахь а, цхьабакъду, Мухтар - м, йа ша дуьйцучух нах тешийта делахь а, шега велхар эккхийта г1оьртира. Ткъа xleтахь жимма а 1илма а, дин а долу стаг т1епаза войуш вара. Барта билгалйаха хуттургаш. Йийца, муьлхачу тайпана йу уьш.

Кхеторан диктант.

Ткъес санна, кхерстира х1аваэхь шаьлта. Нагахь сан дог

к1илло делахь, кхоамза аса човхор ду и. Дика девзара цунна вайнехан г1иллакхаш а, амалш а. Вай тоьлур ду, х1унда аьлча вай вайн мохк ларбан арадевлла. Бакъду, тховса Хьамидг1аьргара xlapaледарло йер йу моьттуш ца веанера Супьян кхеран керта. Эвлайистехь вайна къемат - дийнахь хир йу бохуш йуьйцу махьшаре т1ех1оьттинера. Амма Мурдал, ша дина х1илла нахана гучудер ду - кх аьлла, х1умма а шек вацара. Х1инца цуьнга иккхинарг велхар дацахь а, цхьабакъду, Мухтар - м, йа ша дуьйцучух нах тешийта делахь а, шега велхар эккхийта г1оьртира. Ткъа xleтахь жимма а 1илма а, дин а долу стаг т1епаза войуш вара.

  • Барта билгалйаха хуттургаш. Йийца, муьлхачу тайпана йу уьш.

 1амийнарг т1еч1аг1дар.  1. Тобанашкахь болх.  Дешархой масех декъе боькъу. Хуттургаш йукъа а  йалош, предложе­неш х1итто йеза цара кху кепара: Хьалхара мог1а  а, йа 2 - г1а мог1а  ткъа, амма 3 - rIa мог1а  х1унда аьлча, нагахь 4 - г1а мог1а  санна, х1етте а 5 - г1а мог1а бакъду, аьлча а 6 - г1а мог1а  делахь а, аьлла  2. 1 - 2 дешархочуьнга йоьшуьйту бакъо.

1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Тобанашкахь болх.

Дешархой масех декъе боькъу. Хуттургаш йукъа а

йалош, предложе­неш х1итто йеза цара кху кепара:

Хьалхара мог1а а, йа

2 - г1а мог1а ткъа, амма

3 - rIa мог1а х1унда аьлча, нагахь

4 - г1а мог1а санна, х1етте а

5 - г1а мог1а бакъду, аьлча а

6 - г1а мог1а делахь а, аьлла

2. 1 - 2 дешархочуьнга йоьшуьйту бакъо.

 Сада1аран мур.  Цхьана дашах – маситта:  Зурманча.

Сада1аран мур.

Цхьана дашах – маситта:

Зурманча.

 Нийса дуй талла: Зурманча (зу, у, зурма, ча, чан, нар, мача, рузма, рама, зама, мар, мар, чам, ан). Рузма – календарь.

Нийса дуй талла:

Зурманча (зу, у, зурма, ча, чан, нар, мача,

рузма, рама, зама, мар, мар, чам, ан).

Рузма – календарь.

 1амийнарг т1еч1аг1дар, карладаккхар. Кхочушдо шардар № 84. Синтаксически талла кхоалг1а предложени. Легаде: серло, цергаш. Кицанаш чекхдаха:  Аьхка динарг 1ай … .  Б1аьргана гинарг тешаме ду, лергана … .  Несана хъьакхийна цергаш к1антана … .

1амийнарг т1еч1аг1дар, карладаккхар.

  • Кхочушдо шардар № 84.
  • Синтаксически талла кхоалг1а предложени.
  • Легаде: серло, цергаш.
  • Кицанаш чекхдаха:

Аьхка динарг 1ай … .

Б1аьргана гинарг тешаме ду, лергана … .

Несана хъьакхийна цергаш к1антана … .

 Дешархошка шайга болх байтар.  1. Кхочушдо шардар № 85.  2. Д1айазйе цкъа хьалха йаржаза предложенеш,  т1аккха йаьржинарш. Синтаксически талла уьш.  Суьйре т1ейеана. Баьццарчу бацалахь лепа бес – бесара  зезагаш. Комбайнаш хьийкъина йалта чудерзош йу.  Говр йедда. Малх чубуьзна.  3. Легаде: бес – бесара зезагаш.

Дешархошка шайга болх байтар.

1. Кхочушдо шардар № 85.

2. Д1айазйе цкъа хьалха йаржаза предложенеш,

т1аккха йаьржинарш. Синтаксически талла уьш.

Суьйре т1ейеана. Баьццарчу бацалахь лепа бес – бесара

зезагаш. Комбайнаш хьийкъина йалта чудерзош йу.

Говр йедда. Малх чубуьзна.

3. Легаде: бес – бесара зезагаш.

 Урокан жам1 дар. Хьан эр дара, х1ун тема йу вай 1амийнарг? Предложенехь дешнаш хуттуш, Вовшех дузуш, з1е тосуш, Лелаш йу со цаьрца гуттар, Цундела сох олу ... (хуттург).

Урокан жам1 дар.

Хьан эр дара, х1ун тема йу вай 1амийнарг?

Предложенехь дешнаш хуттуш,

Вовшех дузуш, з1е тосуш,

Лелаш йу со цаьрца гуттар,

Цундела сох олу ... (хуттург).

  Кластер.  а Хуттургаш аьлча а йа х1етте а ткъа х1унда аьлча нагахь санна цундела бакъду амма цхьа- бакъду нагахь вуьшта аьлча

Кластер.

а

Хуттургаш

аьлча а

йа

х1етте а

ткъа

х1унда

аьлча

нагахь санна

цундела

бакъду

амма

цхьа-

бакъду

нагахь

вуьшта

аьлча

Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти…

Рефлекси йар:

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

 Ц1ахь кхочушдан дезарг. 1амайе бакъо № 33. Кхочушде шардар № 86.

Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  • 1амайе бакъо № 33.
  • Кхочушде шардар № 86.

Массарна а даггара баркалла!!!

Массарна а даггара баркалла!!!


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!