СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Класс – 10 Тема: Яхь.

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Класс – 10 Тема: Яхь.»

Урок № 5

Класс – 10

Терахь ______

Хьехархо:


Тема: Яхь.

1алашо: берашца адамаллех, къинхетамах, комаьршаллех лаьцна

дийцинарг т1е

а ч1аг1деш, «яхь» - бохучу дешан кхетаман маь1на довзийтар; адамийн юкъаметтигашкахь бакъ яхь, харц яхь, хьаг1 къасто хаар ;

къоман г1иллакхехь яхь йолуш т1аьхье кхиор.

Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»

«Халкъан кицанаш, аларш».


Урокан некъ



  1. Догдаийтаран мур


Дика доьшуш, я къахьоьгушхьанал,

Лелаелахь нийсархошца яхь.

Муххаъ тоьлла, тола г1ерташ цхьаннал,

Дагна улло маяийта хьаг1!


II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


- Муха кхета шу адамалла, къинхетам, комаьршалла бохучу дешнийн маь1нех?

- Х1ун з1е ю царна юкъахь?

- Комаьршаллех лаьцна муьлха дийцарш, кицанаш девза шуна?


III. Керла тема: Яхь.


План:

  1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

  2. «Яхь» - бохучу дашах юкъара кхетам.

  3. Оьзда яхь, харц яхь.

  4. Хьаг1.

  5. «Яхь» , хьаг1 – дуьхь – дуьхьалара маь1на долу кхетамаш.

  6. Дийцарш, аларш, кицанаш.

  7. Словарни болх.


Дешнаш т1ехь болх:


Яхь – иза гуттар а дикачу г1уллакхаш т1ехь, амалшкахь кхечул, шена гонахарчу нахал оьшуш ца хила г1ерташ, мелхо а царал тола г1ерташ хилар ду.

Оьзда яхь – иза дикачу г1уллакхашца кхечул тола г1ерташ а, и дархьама лелориг оьздангаллин хоршахь долуш, нагахь ша эшахь а, шел тоьллачун кхиамех воккхаве а, цунна мук1арло дан а, иза цуьнца декъалван а ницкъ кхочучу стеган яхь ю.

Харц яхь – иза стага, нахаца йохье а волий, цара олучу дашах кхера а лой, нийса доцург а, зулам а дар ду.

Хьаг1 – иза къовсавалар ду, ша къовсавеллачунна вуон болх хила ларца къовсавалар: иза шел тоьлча, и лан оьздангалла йоцуш, цунна тешнабехк бан а, харц ц1е кхолла а, х1уъу дан а кийга а волуш.


IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар


- Муха кхета шу «яхь» - бохучу дешнийн маь1нех?

- Дийца, муьлха ю оьзда яхь, харц яхь. Даладе масалш, дийцарш.

- Стенах олу хьаг1?

- Х1ун башхалла ю яхьна, хьаг1на юкъахь?

- Хьенан дуьхьа хила еза яхь? (Делан).


V. Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII. Ц1ахь бан болх: яхь йолчу шайна бевзачу нахах лаьцна дийцарш.



Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!