«Хаарийн б1ов»
Къовсам 10-чу классашкахь
Астамирова А. А. 19.04.2021г.
Д1аяхьаран кеп: тобанашна юкъахь къовсам.
1алашо: халкъан барта кхолларалла йовза, еза лаам кхоллар, дешархойн хаарийн гуо шорбар, нохчийн матте йолу шовкъ а х1ума довза лаар совдаккхар.
Къовсаман декъашхой:
1-ра тоба – «Нохчийчоь» (10А кл.)
2-г1а тоба – «Даймохк» (10Б кл.)
Х1ора тобанан шен эмблема а ю, тхьамда а ву.
Д1ахьошволчо: Де дика хуьлда шун, хьомсара накъостий!
Тахана вай цхьаьнакхетта ненан мотт безар а, бовзар а
гайта.
Вайн мотт г1иллакхе а, оьзда а бу, нуьцкъала а, мерза а бу.
Нохчийн мотт хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац. Цундела, вайна беза, вай 1амабо вешан нохчийн мотт. Иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчунна даиманна а сий дан деза.
Вайн къовсам д1аболор вай.
Дала т1аьхье беркате йойла! Дуьххьара вовшашка а, кхиэлахошка а маршалла хотту.
-
Х1ора тобано кхеле юьллу шаьш кечйина стихотворени.
-
Къовсадалар «Дукха хьан даладо?» (2 минот).
-
Къовсадалар «Д1адайна кицанаш» (2 минот).
-
Къовсадалар «Цхьана дашца жоп» (3 минот).
-
Къовсадалар «Анаграммаш» (нийса дош схьалаха) (1 минот).
-
Самукъане миноташ: х1ора тобано кхеле дуьллу шаьш кечдина забаре дийцарш.
-
Тобанаша кхиэле дуьллу шаьш кечдина илли.
-
«Б1аьвнийн мохк» - ц1ахь диллина сурт кхиэле дуьллу.
-
Хьаша-да т1еэцар «Мерза даарш»
- Кхелахоша къовсадаларан жам1 дар.
- Толамхой билгалбахар, декъалбар.
- Хьовсархошка, къийсадаларан мах хадош , дош далар.
- Дерзор.
Къовсадалар «Анаграммаш» (нийса дош схьалаха)
-
ШАРМА –
-
РАТБ –
-
КАДОЙХКМ -
-
ТОМТ -
-
СКЪМАВО –
Къовсадалар «Д1адайна кицанаш»
Х1ора тобане шайна т1ехь кицанаш яздина карточкаш д1ало, уьш меттах1итто деза цара, шаьш хьалха ма-хиллара.
№ 1 йолу карточка |
Хих ведда Аьхка лаьхьанах кхеравелларг Аьхка дог1анах иддарг Говрах лата цаваьхнарг Охуш аьлларг | Нуьйрах летта Олуш карийна Хьера к1ел иккхина 1ай карсах кхеравелла 1ай лайх идда |
Къовсадалар «Д1адайна кицанаш»
Х1ора тобане шайна т1ехь кицанаш яздина карточкаш д1ало, уьш меттах1итто деза цара, шаьш хьалха ма-хиллара.
№ 2 йолу карточка |
Нахана даьккхиначу ор чу Тур-тоьпан чов йоьрзуш ю Х1ума юучу наха Чорпано вагийначо Шина саг1е хьаьдда молла | 1айг лелабо Хинна х1уп баьхна Цхьа а доцуш, висна Меттан чов йоьрзуш яц Ша оьккху |
Къовсадалар «Цхьана дашца жоп»
Х1окху т1аьххьарчу къовсадаларехь шайна т1е ца тоьуш долу кхаьжнаш даха йиш ю дешархойн. Хьехархочо дешнийн цхьаьнакхетарш даладо, дешархоша цхьана дашца жоп дала деза. Хьалха куьг айъинчо жоп ло, муьлххачу тобанера и велахь а.
-
Бага са а кхаьчна (…).
-
Б1аьрг-нег1ар тохале (…).
-
Ц1е яьлча санна, хьаьдда воьду (…).
-
Ж1аьлеш хи т1е диггал (…).
-
Ц1арна ц1е яххана (…).
-
Борз, газий санна (…).
-
Веллачунна т1ера марчо доккхур долуш (…).
-
Мас-Малик хилла хьовза (…).
-
Лергана таь1на хила (…).
-
Мера к1ел ваха (…).
-
Б1аьрга 1оьттича п1елг гур боцуш (…).
-
Моза т1е ца хоуьйтуш (…).
-
Ког лаьттах ца кхеташ (…).
-
Малхе ваккха (…).
Къовсадалар «Цхьана дашца жоп»
Х1окху т1аьххьарчу къовсадаларехь шайна т1е ца тоьуш долу кхаьжнаш даха йиш ю дешархойн. Хьехархочо дешнийн цхьаьнакхетарш даладо, дешархоша цхьана дашца жоп дала деза. Хьалха куьг айъинчо жоп ло, муьлххачу тобанера и велахь а.
-
Бага са а кхаьчна (доггах).
-
Б1аьрг-нег1ар тохале (сиха).
-
Ц1е яьлча санна, хьаьдда воьду (чехка).
-
Ж1аьлеш хи т1е диггал (дукха).
-
Ц1арна ц1е яххана (г1араваьлла).
-
Борз, газий санна (девне).
-
Веллачунна т1ера марчо доккхур долуш (сутара).
-
Мас-Малик хилла хьовза (эсала, к1еда-мерза).
-
Лергана таь1на хила (къора).
-
Мера к1ел ваха (юххе).
-
Б1аьрга 1оьттича п1елг гур боцуш (1аьржа).
-
Моза т1е ца хоуьйтуш (лерана).
-
Ког лаьттах ца кхеташ (каде).
-
Малхе ваккха (вовзийта).
Мах хадоран критереш. |
№ | Т1едиллар | Хан (мин.) | Балл |
-
| Стихотворени | - | 5 |
-
| «Дукха хьан даладо?» | 2 | 1к – 1б |
-
| «Д1адайна кицанаш» | 2 | 1к – 1б |
-
| «Цхьана дашца жоп» | 3 | 1ж – 1б |
-
| «Анаграммаш» | 1 | 5б |
-
| Забаре дийцар | - | 5б |
-
| Илли | - | 5б |
-
| «Б1аьвнийн мохк» | - | 10б |
-
| «Мерза даарш» | - | 10б |
Мах хадор. |
№ | Т1едиллар | 1-ра тоба | 2-г1а тоба |
-
| Стихотворени | | |
-
| «Дукха хьан даладо?» | | |
-
| «Д1адайна кицанаш» | | |
-
| «Цхьана дашца жоп» | | |
-
| «Анаграммаш» | | |
-
| Забаре дийцар | | |
-
| Илли | | |
-
| «Б1аьвнийн мохк» | | |
-
| «Мерза даарш» | | |