Просмотр содержимого документа
«Конспект урока чеч.яз»
22-г1а урок. Тема: «Мукъаза шиъ шалха элп цхьана яздар»
1алашо: мукъаза шиъ шалхаэлп дашехь т1аьхьий-хьалхий нисделча нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар, цунах йозанехь пайдаэца 1амор.Ойлаяр ,тидам бар кхиор, къамел кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду мукъаза шалха элпаш т1аьхей-хьалхей нисделча нийса г1алаташ доцуш д1аяздан.Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала,берашна хуур ду учебника т1ехь болх бан.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Шардар № 147 аг1о 65.
2.Ц1ена язъяр.
Хизар хорбаз юуш воллу, :
Хадижате те1ош б1аьрг..
Хаал шуна — х1ун аз хуьлу
Хорбаз аьлча хьалха Дерг?
-Муьлха элп яздийр ду вай тахана?(Х)
Хх
3.1алашо йовзийтар.
Уьн т1е д1аяздо.
Йоккха, баххьаш, яккъаш, яккха, воккха
-Х1ун ду цу дешнийн юкъара?(Мукъаза шиъ шалха элп ду юккъехь)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай урокехь?
-Вай дуьйцур ду мукъаза шалха элпех лаьцна.
4.Керла тема хьехарр.
А)Мукъаза шалха элпийн тидам бар.
Шардар № 151 аг1о 66
Доккха дитт юккъера школа
Можа сац1къар диттийн бахьхьаш
-Д1адеша дешнийн цхьанакхетарш.Муьлхачу дашехь хеза мукъаза шалха элпаш? (Доккха дашехь)
-Муха яздина мукъаза шалха элпаш т1аьхье-хьалхе нисделча?
-Д1аеша 67 аг1он т1ера бакъо.Муха язйо мукъаза шалха элпаш т1аьхье хьалхе нисделча?
Муьлха шалха элпаш яздина сацкъар дашехь?(ц1,къ)
-Бахьхьаш дашехь?( ши элп хь)
аь)Берашка шайга болх байтар.
Шардар № 153 аг1о 67.
Таллам бар.
-Муьлхачу дешнашкахь яздина мукъаза шалха элпаш?
-Муха яздина мукъаза шалха элпаш дешнашкахь?
5.Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
АЬ)Шалха элпаш билгалдахар.
Шардар №157 аг1о 69
Т1ера схьаязъе текст.Билгалдина дешнаш иштта х1унда яздина,дийца.
7.Рефлекси.
-Мукъаза шалха элпаш т1аьхье-хьалхе нисделча уьш муха яздан деза?Даладе масалаш.
8.Жам1 дар
-Х1ун керланиг 1емира шуна урокехь?
-Х1ун дара хала?
9.Ц1ахь бан болх балар
Шардар № 159 аг1о 69
Бакъо аг1о 67