СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Конспект к уроку чеченского языка ц1ердош

Нажмите, чтобы узнать подробности

конспект урока чеченского языка в 3классе 

Просмотр содержимого документа
«Конспект к уроку чеченского языка ц1ердош»

Нохчийн мотт

Тема: «Ц1ердош»

1алашо: ц1ердашах болу хаамаш шорбар. Вайн дахарехь ц1ердешнийн маь1на довзийтар.

1алашо: берийн ц1ердешнех лаьцна болу хаамаш шорлур бу, 1емар ду предложенина юкъара ц1ердешнаш лаха . Берашна 1емар ду ц1ердешнаш тобанашка декъа , царна хаттаршх1итто.Берашна хуур ду ц1ердешнаш кхечу къамелан дакъошкара дешнех кхолла. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар № 240, аг1о 113.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Х1уманаш,адам билгалдо

Мила? х1ун ю? хаттарш до.

Ойлаей хьо дийций вала,

Муьлха дакъа ду со ала?...Ц1ЕРДОШ

-Стенах лаьцна ю стихотворени? (Ц1ердашах)

-Ц1ердешан муьлха билгалонаш ялийна цу т1ехь?(Х1уманаш , адам билгалдо, мила? х1ун? хаттарш ду)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?Муьлхачу хаттарна жоп дала деза вай? Д1адеша (Стенна оьшу вайн маттахь ц1ердешнаш)

3. Керла тема хьехар.

а) Ц1ердешнийн тидам бар.

-Бераш ц1ераш яхал доьзалехь г1ергарчу нехан? (Да, нана, йиша , ваша, деда, денана, дейиша. деваша)

-Муьлхачу хаттаршан жоьпаш ло цара? (Мила?)

-Уьш муьлхачу къамелан дакъош ду? (Ц1ердешнаш)

-Ц1ераш яхал хасстоьмийн? (1аж, хьач, кхор, балл)

Муьлхачу хаттарна жоп ло цара? (Х1ун?)

-Х1ун билгалйо? (Х1уманаш)

-Муьлха къамелан дакъа ду уьш? (Ц1ердешнаш)

-Ц1ераш яхал дийнатийн? (Цициг, етт, болз, ча)

-Цара х1ун билгалйо? (Х1уманаш)

-Муьлхачу хаттарна жопло? (Х1ун?)

-Муьлхакъамелан дакъош ду уьш? (Ц1ердешнаш)

-Яха олхазарийн ц1ераш? Дешархочун г1ирсан ц1ераш?

-Х1ун ду церан юкъара? (Уьш х1уманаш ю)

-Вуьшт а аьлча уьш ц1ердешнаш ду.

-Стенна оьшу ц1ердешнаш? (Вайна гонахарчу х1уманийн ц1ераш яха)

аь) Бакъо таллар.

-Шера д1аеша бакъо.

-Муьлхачу дешнех олу ц1ердешнаш?

б)Текстехь ц1ердешнийн тидам бар (уьш долуш , доцуш)

Шардар № 242, аг1о 113-114.

-Д1аеша текст.Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь?

-Ц1ердешнашна буха сиз хьакха.

-Д1аеша текст буха сиз хьаькхана ц1ердешнаш ца доьшуш.Муха хуьлу текст? (Текстахь дуьйцучух ца кхета, предложенин маь1на ца хуьлу)

-Стенна оьшу ц1ердшнаш?

-Д1аязде ц1ердешнаш.

в) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 243, аг1о 114-115.

-Ц1ердешнийн муьлха тобанаш ю цу т1ехь ялийна?дамаш , ораматаш, акхарой, ц1ера дийнаташ, х1уманаш, олхазарш, 1аламан хиламаш)

5. Сада1аран миноташ

6.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Кхечу къамелан дакъойх ц1ердешнаш дар.

Шардар № 244, аг1о 115.

-Д1адеша хьалхарчу мог1анера дешнаш. Цара х1ун билгалйо? (Х1уманийн дар)

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цара? (Х1ун дан?)

-Уьш муьлххха къамелан дакъа хир ду? (Хандешнаш)

-Д1адеша шолг1ачу мог1анера дешнаш. Цара х1ун билгалйо? (Х1уманийн билглонаш гойту)

-Муьлхачу хаттаршна жоьаш ло цара? (Муха?)

-Муьлхачу къамелан дакъа хир ду уьш? (Билгалдешнаш)

-Оцу дешнах ц1ердешнаш кхолла. Масала ДЕША дашо дар билгалдо, ткъа ДЕШАР дашо х1ума билгалйо.

Деша –дешар тоха-тохар

хьеха –хьехар гайта-гайтар

ловза-ловзар лела-лелар

-Муьдхачу къамелан декъах кхоьлли вай ц1ердешнаш? (Хандешнаш)

-Стено г1о ди вайна? (Суффиксо)

-Муьлханиг ю суффикс? (-Р-)

-Муха кхоллало хандешнех ц1ердешнаш? (Суффикс –Р- т1екхетарца)

-Билгалдешнех кхуллур вай ц1ердешнаш.Масала , хаза-хазалла.

Хаза -хазалла лекха- лекхалла

дика-дикалла оьзда- оьздангалла

майра- майралла буьрса- буьрслла

--Муьдхачу къамелан декъах кхоьлли вай ц1ердешнаш? (Билгалдешнех))

-Стено г1о ди вайна? (Суффиксо)

-Муьлханиг ю суффикс? (-ЛЛА-)

-Муха кхоллало билгалдешнех ц1ердешнаш? (Суффикс –ЛЛА- т1екхетарца)

-Муьлхачу дешан ю шиъ суффикс? (Оьздангалла)

-Муьлханаш ю уьш ?(-НГА-,ЛЛА-)

6. Рефлекси.

-

-Х1ун ду цу дешнийн юкъара? (Уьш ц1ердешнаш ду)

7.Жам1 дар.

-Стенах олу ц1ердош?

-Цо муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?

-Муха кхоллало ц1ердешнаш?

8. Ц1ахь бан болх балар

Шардар № 245, аг1о 115. Бакъо 114 аг1он т1ера.