МБОУ «Гимназия № 5 г. Урус-Мартан»
2 КЛАСС
Дешаран урок
Тема: В.А.Осеева «К1ентий»
Юьхьанцарчу классийн хьехархо
Демельханова Майя Идрисовна
2017 г.
1алашо: дешархошна В.Осеевас яздина «К1ентий» ц1е йолу дийцар довзийтар, дийцаран турпалхойн васт гайта 1амор; ешаре безам ч1аг1бар; дийцарехула ларам бар, сий дар, г1иллакхе хилар санна долу синмехаллаш кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хаьарду яздархочун дог-ойла гойтуш дийцар д1адеша; берашна хуур ду чулацаман таллам ба, цуьнан маь1нех кхета, берашна девзар ду ненанца лело деза гиллакх, г1иллакх доцучуьнгара г1алат ган хуур ду, цунах ларвала хуур ду.
Урок д1аяхьар.
Урокан болх д1ах1оттор.
Зевне бийки горгали,
вайн урок д1айолаели!
Дешаре шовкъ кхолар.
Стеган хазалла а ца лоруш, дикалла а, хьекъал а лара.
Собар - г1иллакх - дуьненан эла ду.
-Стенах лаьцна ду кицанаш? Муха кхета шу царах?
Ц1ера болх таллар. lамийнарг карладаккхар.
а)Бераша д1адоьшу Х.Берсановн «Сан хьоме доттаг1» ц1е йолу дийцар. Хаттаршна жоьпаш ло.
Урокан 1алашонаш а, тема а йовзийтар
Уьнт1ехь кицанаш:
Г1иллакх оьздангаллин ваша ву.
Г1иллакх долу оьзда стаг бер т1едеъча а г1отту хьала.
Ненан сий динарг махко а лерина.
- Д1адеша кицанаш, ойла яй ала муха кхета шу цу кицанийн маь1нах.
-Стенах лаьцна дуьйцар ду вай тахана урокехь?
-Нийса ду, вай тахана дуьйцар ду г1иллакхах а, ненан сий дарах лаьцна Валентина Александровна Осеевас яздинчу «К1ентий» ц1е йолчу дийцарехь.
-Х1ун 1амадо вайна В.А.Осеевас яздинчу дийцаро? Оцу хаттарна жоп дала хьовсур ду вай х1окху урокехь.
V. Керла тема хьехар
-Мила ю Валентина Александровна Осеева?
1. Кечам бинчу дешархочо юьйцу яздархочун биографи.
В.А.Осеева йина 28-чу апрелехь 1902 шарахь Киев г1алахь.
Жимчохь дуьйна иза хилла театрехь болх бан лууш. Иза деша а йоьду Киевски Лысенкон ц1арах йолчу институтан актёрийн факультете.
2. Хьехархочо дуьцу:
Амма дерриге хуьйцу шен доьзалца Москва г1ала д1акхалхаро. Шен 21 шо долуш иза кхочу шен нанас болх бечу да-нана доцчу берийн колони. Цигахь иза кхета шен пох1ма бераш кхетош кхиор хиларх.
Берашца болх бечу хенахь Осеевас яздора берашна доца дийцарш а, пьесанаш а, и пьесанаш х1итта а йора. Берашна уллара а, кхетаме а хуьлура цо яздеш долу дийцарш. 1952 шарахь цуьнан дийцаран «Васёк Трубачёв а, цуьнан накъостий а» ц1е йолчу дийцаран лаккхара мах хадабой, 1едало совг1ат до.
Валентина Александровна Осеева кхелхина 1969 шарахь 2-чу июлехь.
-Шуна В.А.Осеевас яздина муьлха дийцарш девза?
-Шайн жоьпашкахь аша ц1е ца яьккхира В.А.Осеевас яздинчу «Волшебное слово» ц1е йолчу дийцаран. Цуьнан х1ун бахьана дара?
-Вай дошаман г1оьнца ВОЛШЕБНОЕ дош гочдийр ду.
3. Дошамца болх бар.
ВОЛШЕБНОЕ – бозбуунчаллин.
Волшебное- бозбуунчаллин бохург ду, ткъа «слово» -дош, оцу произведенин ц1е нохчийн маттахь «Бозбуунчаллин дош» ю.
4. Дийцар довзийтар.
А)Дийцар дуьххьара хьехархочо доьшу.
Б) Ца девзачу дешнашна т1ехь болх.
1ункар-бертал - кувыркаться
Т1улг -камень
Йиш -песня
Сада1аран минот.
Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:
Т1араш тухуш, т1араш тухуш
Гонна т1аьххье дуьйлало.
Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.
Цхьаъ - схьаверза,
Шиъ - д1аверза.
Кхоъ -охьата1а,
Диъ - хьалата1а.
Т1араш тухуш, т1араш тухуш,
Гонна т1аьххье дуьйлало.
Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,
Когаш тохий, кхоссало.
Керлачу хаарех пайда оьцуш 1амийнарг т1еч1аг1дар.
Дешархошка шайга ешийтар.
Дийцаран сюжетанна т1ехь сценка х1оттор.
Тобанашкахь болх бар.
1-чу тобанна т1едиллар: нана дашца синквейн х1оттор;
2-чу тобанна т1едиллар: к1ант дашца синквейн х1оттор;
3-чу тобанна т1едиллар: г1иллакх дашца синквейн х1оттор.
Тобанийн болх таллар.
Урокан жам1 дар
-Х1ун пайда ийци аша х1окху дийцарах?
-Адамийн дика аг1онаш а, амалш а муьлхарниш евза шуна?
Рефлекси.
–Х1ун 1амадо вайна х1окху дийцаро?
Ц1ахь бан болх харжа:
1. Къастош шерра еша;
2. Чулацам схьабийца;
3. Дийцаран чулацамца дог1у сурт дилла.