СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Ктп чеч яз 4 кл .

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Ктп чеч яз 4 кл .»















Календарно- тематически

планировани

Нохчийн мотт

4 –г1а класс





Хоттийнарг : Надтеречни №1 йолчу школан хьехархо

Тухаева Зарема Идрисовна.

















4-чу классехь нохчийн меттан урокийн рог1алла. (102 сахьт)

Урокан ц1е

c

Ц1.б

Беттан де

план

Факт

I– ч1ийрик (27 сахьт.)




1амийнарг карладаккхар

Дош. Предложени. Текст.





1

Х1ун тайпа хуьлу предложенеш?(аг1о 3-5)

1

Ш.6 аг1о5



2

Предложенин коьрта меженаш муьлханаш ю?(аг1о6-8)

1

Ш.10 аг1о 7



3

Текст.Х1ун тайпа хуьлу тексташ? (аг1о9-10

1

Ш.13 аг1о9



4

Талламан болх «Тхан школа»

1




5

Г1алаташ т1ехь болх.Аьзнаш а, элпаш а. Дешдакъа. (аг1о11-13)

1

Ш.20 аг1о 14



6

Аьзнаш а, элпаш а. Дешдакъа. (аг1о13-1)

1

Ш.22 аг1о 14



Дешан х1оттам

7

Муьлхачу дакъойх лаьтта дешна?

Орам.(аг1о15-16)

1

Ш.26 аг1о 16



8

Муьлхачу дешдакъойн г1оьнца кхоллало керла дош? (аг1о 17-18)

1

Ш.31 аг1о 18



9

Чолхе дешнаш (аг1о 19-20)

1

Ш.33 аг1о19



10

Дешхьалхенийн нийсаязъяр. (аг1о 20-23)

1

Ш.39 аг1о 22



11

Къасторан Ь, Ъ хьаьркаш.(аг1о 23-24)

1

Ш.41 аг1о 24



12

Къамелан дакъош.(аг1о 24-27)

1

Ш.47 аг1о27



13

Ц1ердешнийн легарш.(аг1о27-28)


1

Ш.49 аг1о28



14

Х1ун гойту билгалдашо?(аг1о29-30)


1

Ш.



15

«Хи т1ехь» изложении язъяр. (Уч. аг1о 30)





16

Х1ун билгалдо хандешнаша?(аг1о 31-32)

1

Ш.55аг1о 32



17

Предложенин цхьанатайпанара меженаш.(аг1о 32-35)

1

Ш.61 аг1о35



18

Цхьанатайпанара меженаш вовшех къастаяр.(аг1о 36-39)

1

Ш.68 аг1о39



19

Талламан диктант. «Дог1а дар»

Г1алаташ т1ехь болх. Текст. Текстан коьрта ойла. (аг1о39-41)

1




20


Ш.71 аг1о41



21

Текстан ц1е тиллар. Текстан план х1оттор.

1

Ш.



22

«Шеран заманаш» изложении язъяр. ( уч. аг1о 43)

1




23

Г1алаташ т1ехь болх бар.Т1еч1аг1дар.

1




24

Ц1ердешнийн легарш. Цхьаллин терахь.(аг1о44-46)

1


Ш.77 аг1о45



25

Ц1ерниг дожар.(аг1о 47-48)

1

Ш.80 аг1о 47



26

Доланиг дожар. ( аг1о48-49)

1

Ш.85 аг1о 49



27

Лург дожар.( аг1о 50-52)

1

Ш.91 аг1о 52




2 ч1ийрик

28

Дийриг дожар.( аг1о 52-54)

1

Ш.95 аг1о54



29

Коьчалниг дожар.( аг1о 54-56)

1

Ш.98 аг1о 55



30

Хотталург дожар.(аг1о 56)

1

Ш.101 аг1о 56



31

Меттигниг дожар.(аг1о 57-58)

1

Ш.104 аг1о 58



32

Дустург дожар. ( аг1о 58)

1

Ш.106 аг1о58



33

Карладаккхар.Ц1ердешнийн дожарш.(аг1о 59-60)

1

Ш.111 аг1о 61



34

Ц1ердешнийн легарш.(аг1о 61-63)

1

Ш.116 аг1о63



35

Ц1ердешнийн легарш.(аг1о 64-65)


Ш.121 аг1о65



36

Т1ера схьаязъяр «Ши пхид» (аг1о 65).

1




37

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.(аг1о 66-67)

1

Ш.124 аг1о 67



38

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.(аг1о 68-70)

1

Ш.129 аг1о69



39

Талламан диктант. «Ши доттаг1»

1




40

Галаташ т1ехь болх бар.Дукхаллин терахьера ц1ердешнийн чаккхенаш.(а1го 71-72)

1

Ш.136 аг1о72



41

Сочинени «1а» аг1о73

1




42

Галаташ т1ехь болх бар.Ц1ердешан классаш.(аг1о74-77

1

Ш.142 аг1о75



43

Билгалдош. (аг1о77-79)


1

Ш.149 аг1о 79



44

Муха кхоллало лааме билгалдешнаш?

1

Ш.153 аг1о 82



45

Лааме, лаамаза а билгалдешнаш . (аг1о80-81)


1

Ш.156 аго 83



46

Лааме, лаамаза а билгалдешнаш . (аг1о82-83)






47

Муьлхабилгалдешнаш терхьашца хийцало?. (аг1о83-85)

1

Ш.159 аг1о 84



48

Талламан диктант. «Дика доттаг1ий»

1




49

Г1алаташна т1ехь болх. Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар.(аг1о85-86)

1

Ш.162 аг1о 86



50

Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар. (легар)(аг1о 86-88)

1

Ш.167 аг1о 88



51

Билгалдешнийн хьалхара легар.(аг1о 89-90)


1

Ш.171 аг1о90



3 ч1ийриг

52

Билгалдешнийн хьалхара легар.(аг1о 91-92)

1

Ш.175 аг1о 92



53

Билгалдешнийн шолг1а легар.(аг1о 93-94)

1

Ш.180 аг1о95



54

Карладаккхар.Ц1ердош а, билгалдош а.(аг1о 95-97)

1

Ш.185 аг1о 97



55

Терахьдош.(аг1о 97-98)

1

Ш.188 аг1о 98



56

Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.(аг1о 99-100)

1

Ш.192 аг1о100



57

Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.(аг1о 101-103)

1

Ш.199 аг1о102



58

Ц1ерметдош. Юкъаракхетам. (аг1о 103-104)

1

Ш.202 аг1о 104



59

Яххьийн ц1ерметдешнаш.(аг1о 104-106)

1

Ш.205 аг1о106



60

Цхьаллин терахьерчу ц1ерметдешнийн легар.(аг1о 106-107)

1

Ш.208 аг1о107



61

Изложени «Ши накъост» ш.209 аг1о 107

1




62

Г1алаташна т1ехь болх. Дукхаллин терахьерчу ц1ерметдешнийн легар.(аг1о 108-110)

1

Ш.213 аг1о 110



63

Дукхаллин терахьерчу ц1ерметдешнийн легар.(аг1о 110-112)

1

Ш.219 аг1о 112



64

Хандош. Юкъаракхетам.(аг1о 113-115)

1

Ш.225 аг1о 114



65

Хандешнийн хенашца хийцадалар.(аг1о 115-117)

1

Ш.227 аг1о 116



66

Муха хийцало карарчу хенан ханлешнаш?(аг1о 117-118)

1

Ш.231 аг1о118



67

Текст-суртх1оттор язъяр. (Уч. аг1о 118)

1




68

Г1алаташ т1ехь болх .


Ш.237аг1о 122



69

Хандешан билгалза кеп.(аг1о121-123)

1




69

Хандешан чаккхенга Н яздар.(аг1о 122-123)

1

Ш.239 аг1о123



70

Хандешан яхана хан.(аг1о 124-125)

1

Ш.241 аг1о124



71

Хандешан карара хан.(аг1о 125-126)






72

Х1ун дин?Х1ун дина?Х1ун дира?хаттаршна жоп луш долу хандешнаш.(аг1о 127- 129)

1

Ш.251 аг1о 129



73

Хандешан йог1у хан.(аг1о130-132)

1

Ш.258 аг1о132



74

Хандешнашца ца, ма нийсаяздар.(аг1о 132-133


Ш.261 аг1о 133



75

Талламан диктант. «Школан кертахь»


1




76

Г1алаташна т1ехь болх.


Ш.264 аг1о 134



77

Хандешнаш хенашца хийцадалар .(аг1о 133-134)





77

Чолхе предложени.(аг1о135-137)

1

Ш.266 аг1о136



78

Чолхе предложени.(аг1о138-140)

1

Ш.275 аг1о140



79

Т1едерзар.(аг1о 140-142)

1

Ш.279 аг1о142



4 ч1ийриг

1амийнарг карладаккхар

80

Предложени.(аг1о 142-143)

1

Ш.282 аг1о 144



81

Дешан х1оттам.(аг1о 145-146)



Ш.287 аг1о146



82

«Синтар» изложении язъяр.

1




83

Г1алаташ т1ехь болх бар. Дешан х1оттам.(аг1о 147)


1


Ш.290 аг1о 147



86

Къамелан дакъош. (аг1о 148)

1

Ш.293 аг1ш148



87

Ц1ердош.(аг1о149-151)

1

Ш.299 аг1о 151



88

Ц1ердош.(аг1о152-153)

1

Ш.302 аг1о 152



89

Билгалдош.(аг1о 154-155)

1

Ш.306 аг1о155



90

Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар.(аг1о155-156)

1

Ш.309 аг1о 156



91

Талламан диктант. «Г1оьнча»

1




92

Г1алаташна т1ехь болх.

1




93

Терахьдош.(156-157)

1

Ш.312 аг1о 157



94

Ц1ерметдош.(аг1о 157-158)

1

Ш.315 аг1о158



95

Хандош .(аг1о 158-160)


1

Ш.318 аг1о159



96

Хандешан карарчу хенан чаккхенаш.(аг1о 159-160)


Ш.321 аг1о161



97

Изложени язъяр. (уч. аг1о 161)


1

Ш.323



98

Г1алаташ т1ехь болх бар.

1




99

Хандешан яханчу хенан чаккхенаш.(аг1о 160-162)


Ш.325



100

Талламан диктант. «Ч1ерий дохуш»

1




101

Г1алаташ т1ехь болх бар.

Т1еч1агдар.(163-165)

1




102

«Суна девза нохчийн метан къамелан дакъош». Проект.

1




























«Нохчийн мотт» 1аморан низамехула мах

хадоран г1ирсийн паспорт.

УМК «Школа России» 4 класс

Чеченский язык

И.Э.Солтаханов.


№ п/п

Контролируемые разделы (темы) предмета

Наименование

оценочного средства

1

Дош. Предложени. Текст

Талламан болх

«Тхан школа».

2

Текст

Изложени «Хи т1ехь».

3

Предложени

Талламан болх

«Дог1а дар».

4

Предложенин цхьанатайпанара меженаш

Талламан болх

«Ши доттаг1»

5

Текст

Изложени

«Шеран заманаш»

6

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь

Талламан болх

«Дика доттаг1ий»

7

Билгалдош

Изложени

«Ши накъост»

8

Ц1ерметдош

Талламан болх

«Школан кертахь»

9

Хандош

Изложени«Дог1анах девдда бераш»

10

Чолхе предложени

Талламан болх «Г1оьнча»

11

Кьамелан дакъош

Талламан болх

«Ч1ерий дохуш»



















Талламан болх «Тхан школа».

Тхан школа ломана юххехь ю. Тхан школан йоккха беш ю. Дика 1алашйо иза

школо.

Тхан школаца йохьеяьлла лулара школа. Оха тахешан школах дозалла до. Со школе т1аьхьа ца вуьсу цкъа а. Тхан школал хаза школа яц тхан йоккхачу юьртахь.

Т1едиллар

1.Шолг1а предложении меженашца талла.

2. Йохна предложении нисъе:Хуьлу,аьхка, ма, хаза.


Талламан болх «Дог1а дар».

1уьйре екхна еара. Малх а кхетта, ц1ийеллера малхбале. Делкъал т1аьхьа гучуевлира 1аьржа мархаш. Т1етуьхийра чехка дог1а. Новкъахь хатт белира. Дог1а тийра, олхазарш дека дуьйладелира. Нийса хиллера халкъан кица: суьйре ц1ийелча кхаллар кечде, 1уьйре ц1ийелча, кхоллар кечъе.

Т1едиллар:

1. Кхозлаг1а предложении меженашца талла.


Талламан болх «Ши доттаг1».

Сулимий, Падаммий ши доттаг1 ду. Церан доттаг1аллина т1ехула цхьадолчу бераша Сулиме бехкаш доху. Амма Сулимас цаьрга ла ца дуг1у. Доттаг1 йо1 хила х1унда ца мега? олу цо. Дешарна т1ехь а к1антал оьшуш яц Падам.

Т1едиллар:

1. Схьалаха ц1ердешнаш, хандешнаш.

Талламан болх «Дика доттаг1ий»

Дика доттаг1ий бу Каметин.1ела а,Яха а дог1у Камета йолчу.Ц1ахь ян елла урокаш цхьаьна йо цара. Цхьаъ цомгуш хилча, вукхара г1о деш меттиг а йог1у.Дешарна т1аьхьа ца вуьсуьйту цара доттаг1.Дало г1о доттаг1чунна дар дика ма ду.Доттаг1 иштта хила а веза!

Т1едиллар:

1. Кхозлаг1а предложении меженашца талла.

Талламан болх «Школан кертахь»

Тхан школан керт йоккха ю .Ц1ена а латтайо иза. Цхьацца ловзарех ловзу тхо цигахь. Баккхийчарна ловза царна шайна къастийна меттиг ю.Цкъацкъа дерриш а



бераш цхьаьнакхетий а ловзу. Тхан ловзаршна т1ехь куьйгалла до хьехархочо. Цунна дуккха а ловзарш хаьа. Тхуна дукхавеза тхешан хьехархо.

Т1едиллар

1.Шалхачу элпашна к1ел сиз хьакха

Талламан болх «Г1оьнча»

Бедарш тоьгучу фабрикехь болх беш ю Румин нана Хьава.Хьалххе г1оттий балха йоьду Хьава.Руми, шен школе йоьду хан хиллалц,ц1ахь г1уллакхаш деш хуьлу.Мотт д1атабо ,чу горгам хьокху.Т1аккха урокаш а кечйо,яахума йо.Дерриге а дан хаьа Румина.

Балхара ц1а еанчу нанна ц1ера г1уллакхаш дина карадо.Юург а хуьлу кийчча,йохъян бен ца езаш.Дика г1оьнча ю ненан.

Т1едиллар

1.Шалхачу элпашна к1ел сиз хьакха

Талламан болх «Ч1ерий дохуш»

Со сайн доттаг1чуьнца ч1ерий даха вахара.Хи тийна лаьттачу айми чу тесира оха м1ерий.Сан м1ера т1е боккха ч1ара летча санна хетаделира суна.Суна моттадаларехь,пхьаьрссал боккха хир бара иза.Ас доггах схьаозийра м1ара.Амма иза соьга схьа ца баккхабелира.Соьца цхьаьна м1ара схьаозийра сан доттаг1чо а.Халла схьабаьккхира охашимма цхьаьна сан м1ара.Д1ахьаьжча, тиша,йоккха кало хиллера м1ерах тасаелла.

Т1едиллар

1.Шолг1а предложени меженашца талла.

2.Къамела дакьош билгалде оцу предложенехь



Изложени «Ши накъост»

Ши накъост хьуьна юккъехула д1авоьдуш ,царна т1е ча 1оттаелира.Цхьаъ ведда дитта т1е велира .Важа ша волччу новкъахь висира.Кхин дан х1ума а ца хилла,иза лаьттара охьавуьйжира, ша велла моттийта.Ча, т1е а яхана, цунах хьожа яха юьйлира : вукхо са а ца до1ура.

Цуьнан юьхьах хьожа а яьхна, иза велла моьттуш, ча д1аяхара.

Мацца а,ча а д1аяхча,важа дитта т1ера охьа а воьссина ,велавелира:

-И х1ун дара, - бохура цо, -хьуна лере а еана,чено аьлларг?

-Чено соьга бохура, кхерам болчу меттехь накъост д1а а тосуш довдуш долу адамаш вон адамаш ду.



Изложени «Дог1анах девдда бераш»

Суьрта т1ехь гайтина гихь к1ант волу йо1,ахк,цунна т1ехула тиллина т1ай,бецийн аре, мархийн 1аьржа стигал.

Гихь к1ант волу йо1 едда йог1у.Жимачу ахкана тиллинчу т1ай т1е яьлла йог1у иза.Онда схьалаьцна цо к1ант.Цуьнан йовлакх охьашершира,месаш месаш мохо ловзайо.К1ентан б1аьргаш чохь кхеравалар го.Йо1 а ю карзахе стигала хьоьжуш.Стигал дог1анан мархаша д1алаьцна.

Махо охьайийшийна аренца йолу бецаш а,1алам а ду сакхдаьлла 1аш.Дог1а ду схьакхочуш. Сурт сингаттамах дуьзна ду.

Изложени «Хи т1ехь».

Хикеманца хи т1ехула схьадог1ура тхо. Тхуна аьтту аг1ор баьццара эрз бара. Аьрру аг1ор лепара зезагийн к1айн кортош. Эрз юккъера ши бедан к1орни схьаелира. Тхо а гина, д1ахьаьдира и шиъ. Тхо царна т1аьхьадевлира. Аса куьг кховдийра, царах цхьаъ хьаста дагахь. Амма ший а бедан к1орни хи бухахь къайлаелира. Дуккха а 1ийра тхо бедан к1орнеш хи т1е йовларе сатуьйсуш. Юха эрза юккъехь гира сунна уьш. Цу юккъехь къайлаевллера бедан к1орнеш. Цхьа кортош бен дацара церан гуш.

Изложени «Шеран заманаш»

Аьхке уггар а хаза хан ю.Бераш хьуьнах оьху,хи чохь луьйчу.Уьш майданахь ловзу.Къегина кхетта малх хуьлу.

Ирча ю ткъа дашо духар дуьйхина гуьйре?Можачу г1аша биллина куз дитташ к1ел 1уьллу.Мел хаза ю гуьйренан беш!Меллаша оьгу можа г1аш лаьтта.Царна хала ду диттех д1акъаста. Ткъа дитташа,яхь д1а ца яла,ца хоуьйту шайна хала дуьйла.Уьш меллаша доьлху.Ткъа адамашна ма ца хаьа иза! Царна ч1ог1а хазахета цаьрга хьоьжуш 1аш.

Ткъа 1а ирча ду?

Меллаша дог1у ло.Хьийза а хьийзаш,хелха а дуьйлуш,оьгу лайн чимаш.Бераша салазаш хоьхку.Лайн мижаргех ловзу.

Б1аьсте а яц х1умма а оьшуш.1а чекхдаллалц са ца тохалуш хьалакъеда къона буц,кегий г1аш. Ло деша.Г1овг1анца охьахьовду хин татолаш.Малх де мел дели бовха къега.Гучудовлу хьалхара зезагаш.Массо а х1ума денло.