СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Куцдешнийн тайпанаш

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Куцдешнийн тайпанаш»

Хьехарсахьтан ц1е: Куцдош, цуьнан тайпанаш, нийсайаздар.

Хьехарсахьтан ц1е:

Куцдош, цуьнан тайпанаш, нийсайаздар.

 1алашонаш. 1аморан:  дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар; кхиоран:  куцдешнийн тайпанаш довзийтар, цара муьлхачу хаттаршна жоп ло, х1ун гойту хаар; кхетам – кхиоран: нохчийн матте болу безам к1аргбар.

1алашонаш.

1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг

карладаккхар;

кхиоран: куцдешнийн тайпанаш довзийтар, цара муьлхачу

хаттаршна жоп ло, х1ун гойту хаар;

кхетам – кхиоран: нохчийн матте болу безам к1аргбар.

 Догдаийтаран мур.  Кицанаш чекхдаха: Ч1ерана нека 1амо ма… Тешаме воцург… Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, матто…

Догдаийтаран мур.

Кицанаш чекхдаха:

Ч1ерана нека 1амо ма…

Тешаме воцург…

Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, матто…

  Нийса дуй талла.  Кицанаш:  Ч1ерана нека 1амо ма г1ерта.  Тешаме воцург кхераме ву.  Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, матто эзар вийна.

Нийса дуй талла.

Кицанаш:

Ч1ерана нека 1амо ма г1ерта.

Тешаме воцург кхераме ву.

Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, матто эзар вийна.

 Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур. 1 . Ц1ахь 1амийнарг хотту:  - Стенах олу нийса йоцу спряжени?

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.

1 . Ц1ахь 1амийнарг хотту:

- Стенах олу нийса йоцу спряжени?

 Гайтаран диктант.  Тарх.  Дашо марха йара буьйса йоккхуш,  Тархан некъахь д1атевжина йовха…  Д1айахара 1уьйррехь и шен новкъа,  Стиглахула синкъераме ловзуш.   Амма т1уьна лар йисира хоршахь,  Къеначу цу тархан, иза г1ийла  Лаьтта х1инца, ойланаш йеш шийла,  Тийна тийжаш йесачу цу арахь.  (Гочйинарг – Сулаев М.)

Гайтаран диктант.

Тарх.

Дашо марха йара буьйса йоккхуш,

Тархан некъахь д1атевжина йовха…

Д1айахара 1уьйррехь и шен новкъа,

Стиглахула синкъераме ловзуш.

Амма т1уьна лар йисира хоршахь,

Къеначу цу тархан, иза г1ийла

Лаьтта х1инца, ойланаш йеш шийла,

Тийна тийжаш йесачу цу арахь.

(Гочйинарг – Сулаев М.)

 Т1едиллар. 1. - Интонацица д1айеша байт.  - Оьрсийн маттахь 1амийний аша и? Йазйинарг мила ву?  - Муха бу оцу байтан чулацам?  - Х1унда кхета цунах дика?  - Муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсаша г1о до байта т1ехь дуьйцург  гуш санна хилийтархьама?  - Куцдешнаш дуй кхузахь? Цара г1о дой и 1аламан сурт кхуллуш?  - Билгалдаха уьш, муьлхачу хаттаршна жоп ло цара? Х1ун гойту?  - Уьш йукъара д1а а дахий, йеша и байт. Башхалла йуй уьш  долуш а, доцуш а поэто дуьйцу сурт х1отторехь?  - Муха толо къамел, куцдешнаш хилча?  Тарх дешан лексически маь1на муха ду?  Х1оттайе цунна дошаман статья. 3. Байт дагахь 1амайе, д1айазйе.

Т1едиллар.

1. - Интонацица д1айеша байт.

- Оьрсийн маттахь 1амийний аша и? Йазйинарг мила ву?

- Муха бу оцу байтан чулацам?

- Х1унда кхета цунах дика?

- Муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсаша г1о до байта т1ехь дуьйцург

гуш санна хилийтархьама?

- Куцдешнаш дуй кхузахь? Цара г1о дой и 1аламан сурт кхуллуш?

- Билгалдаха уьш, муьлхачу хаттаршна жоп ло цара? Х1ун гойту?

- Уьш йукъара д1а а дахий, йеша и байт. Башхалла йуй уьш

долуш а, доцуш а поэто дуьйцу сурт х1отторехь?

- Муха толо къамел, куцдешнаш хилча?

  • Тарх дешан лексически маь1на муха ду?

Х1оттайе цунна дошаман статья.

3. Байт дагахь 1амайе, д1айазйе.

 Дешархошка шайга болх байтар. Ши – кхо предложени х1оттайе тарх бохучу дашца.  Цул т1аьхьа бина болх толлу.  Тархаша т1ера чухьоьжура кегий нах.  Йоккха тарх йара х1ордан кеманна дуьхьалнисйелларг.  Хаттарш.  - Маса лексически маь1на ду тарх дешан?  (Масех маь1на ду).  - Х1иттайе шайн предложенеш, д1айазйе. Кхочушбо тобанашкахь болх .  1 – ра тоба. Куцдешнаш йукъахь а долуш, пхи  предложени х1оттайе.  2 - г1а тоба. Легаде масдарш цхьаллин а, дукхаллин а  терахьехь (таллар, эшавар, кхетавар).  3 – г1а тоба. Масдарш йукъахь а долуш, 5 предложени  х1оттайе.

Дешархошка шайга болх байтар.

  • Ши – кхо предложени х1оттайе тарх бохучу дашца.

Цул т1аьхьа бина болх толлу.

Тархаша т1ера чухьоьжура кегий нах.

Йоккха тарх йара х1ордан кеманна дуьхьалнисйелларг.

Хаттарш.

- Маса лексически маь1на ду тарх дешан?

(Масех маь1на ду).

- Х1иттайе шайн предложенеш, д1айазйе.

  • Кхочушбо тобанашкахь болх .

1 – ра тоба. Куцдешнаш йукъахь а долуш, пхи

предложени х1оттайе.

2 - г1а тоба. Легаде масдарш цхьаллин а, дукхаллин а

терахьехь (таллар, эшавар, кхетавар).

3 – г1а тоба. Масдарш йукъахь а долуш, 5 предложени

х1оттайе.

 Керла коьчал хьехар.                   Керла коьчал хьехар.  Олург хаздан, куьце дало  Хаьий суна, аша соь алал.  Соьца бертахь ду хандош,  Ду цундела со… (куцдош).  Даран йа хиларан тайп – тайпана билгалонаш гойтучу къамелан декъах куцдош  олу. Куцдашо гойтуш йолу даран, хиларан билгалонаш мухаллица, хенаца,  меттигца, бахьаница, 1алашонца йоьзна хила тарло. Меллаша охьаоьхура дог1а. Меллаша куцдашо охьаоьхура дешан даран мухалла гойту. Гурахь дитташ т1ера г1аш охьаоьгу. Гурахь куцдош ду. Цо гойту охьаоьгу дешан даран хан . Арахь хаза хьаьжна малх бара, т1ееанарг гуьйре йоллушехь. Арахь куцдош ду. Цо даран меттиг гойту. Шелонна адам арахь ца сацалора. Шелонна куцдош ду.  Даран бахьана гойту. Адамна совг1атана сахьт деллера доттаг1чо.  Совг1атана куцдош ду. Даран 1алашо гойту цо. 1аламат хаза йоза дара книги т1ехь дерг.  1аламат куцдош ду. Цо хаза бохучу билгалонан билгало гойту.

Керла коьчал хьехар.

Керла коьчал хьехар.

Олург хаздан, куьце дало

Хаьий суна, аша соь алал.

Соьца бертахь ду хандош,

Ду цундела со… (куцдош).

Даран йа хиларан тайп – тайпана билгалонаш гойтучу къамелан декъах куцдош

олу. Куцдашо гойтуш йолу даран, хиларан билгалонаш мухаллица, хенаца,

меттигца, бахьаница, 1алашонца йоьзна хила тарло.

  • Меллаша охьаоьхура дог1а. Меллаша куцдашо охьаоьхура дешан даран мухалла гойту.
  • Гурахь дитташ т1ера г1аш охьаоьгу. Гурахь куцдош ду. Цо гойту охьаоьгу дешан даран хан .
  • Арахь хаза хьаьжна малх бара, т1ееанарг гуьйре йоллушехь. Арахь куцдош ду. Цо даран меттиг гойту.
  • Шелонна адам арахь ца сацалора. Шелонна куцдош ду.

Даран бахьана гойту.

  • Адамна совг1атана сахьт деллера доттаг1чо.

Совг1атана куцдош ду. Даран 1алашо гойту цо.

  • 1аламат хаза йоза дара книги т1ехь дерг.

1аламат куцдош ду. Цо хаза бохучу билгалонан билгало гойту.

 Керла коьчал хьехар.                  Хенан Меттиган маца? Бахьанин мацале? мича? 1алашонан маццалц? мичахь? х1унда? аьхка мичахула? Мухаллин мича стенна? дийнахь Бараман хьуьнхахь садо1у муха? х1унда? 1алашонца? х1ун бахьана техникумехь веара толлура май хазалла долуш? мел? мича доьшура хазахетарна йуьйцу ма - эллинехь йуьртахула дикалла кепара? мича? баттахь бацалахь лепара элира хестайо валархьама дира к1оршаме вара даьржира мича цундела барамехь? йаздира декъала хаъал товелла баьхкина воккхавеш ца хууш йаздира алссам ийцира хуьлда дийцира атта хета бегашийна дикка 1ийра чехка йедира охьаваллалц ца сецира

Керла коьчал хьехар.

Хенан

Меттиган

маца?

Бахьанин

мацале?

мича?

1алашонан

маццалц?

мичахь?

х1унда?

аьхка

мичахула?

Мухаллин

мича

стенна?

дийнахь

Бараман

хьуьнхахь

садо1у

муха?

х1унда?

1алашонца?

х1ун бахьана

техникумехь

веара

толлура

май

хазалла

долуш?

мел?

мича

доьшура

хазахетарна

йуьйцу

ма - эллинехь

йуьртахула

дикалла

кепара?

мича?

баттахь

бацалахь лепара

элира

хестайо

валархьама

дира

к1оршаме вара

даьржира

мича

цундела

барамехь?

йаздира

декъала

хаъал товелла

баьхкина

воккхавеш

ца хууш йаздира

алссам ийцира

хуьлда

дийцира

атта хета

бегашийна

дикка 1ийра

чехка

йедира

охьаваллалц ца сецира

 Кехаташца болх д1ахьо шинна а вариантехь.  -   Куцдешнаш йукъа а далош, предложенеш х1иттайе.  1 – ра вариант.  Шалха, оьрсашка, цкъацкъа, бертахь, лурчах,  кханналц, ц1ехьа, д1огахула, суьйранна, сонталла.   2 – г1а вариант.  Бертаза, аьрха, кхаанхьа, алсам, саррале, йуьстаха,  цхьажимма, къайлаха, цигахула, кхузахь.

Кехаташца болх д1ахьо шинна а вариантехь.

- Куцдешнаш йукъа а далош, предложенеш х1иттайе.

1 – ра вариант.

Шалха, оьрсашка, цкъацкъа, бертахь, лурчах,

кханналц, ц1ехьа, д1огахула, суьйранна, сонталла.

2 – г1а вариант.

Бертаза, аьрха, кхаанхьа, алсам, саррале, йуьстаха,

цхьажимма, къайлаха, цигахула, кхузахь.

 Бакъо таллар. Д1айеша бакъо № 31. Вай йаздинчу коьртачу тайпанел сов, кхин тайпанаш дуй цу т1ехь?  Деша уьш хозуьйтуш. Хаттаран куцдешнаш муха хуьлу? Даладе масалш. Уьш тетрадаш т1е д1айазде, дешнийн цхьаьнакхетарш х1иттад цаьрца.  (Маца элира и. кх. д1.) Йукъаметтигаллин куцдешнаш муьлханаш ду? Изза (хаттаран)  куцдешнаш ду ала тарлой уьш? Йуй церан шайн башхалла? - Чолхечу предложенехь муьлха г1уллакх кхочушдо цара?  (Чолхечу предложенешкахь йукъаметтигаллин маь1нехь лела: маца,  мацале, маццалц и д. кх. а.) Оьший йукъаметтигаллин куцдешнаш чолхечу предложенехь? Хьо маца 1ийнера цаьргахь? – Суна дага ца дог1у, со цигахь маца 1ийна. (Классни уьн т1ехь д1айазйойту предложенеш) Оцу предложенешкахь хаттаран куцдош муьлханиг ду? Ткъа йукъаметтигаллиниг? Церан къасторан башхаллаш йийца.

Бакъо таллар.

  • Д1айеша бакъо № 31.
  • Вай йаздинчу коьртачу тайпанел сов, кхин тайпанаш дуй цу т1ехь?

Деша уьш хозуьйтуш.

  • Хаттаран куцдешнаш муха хуьлу? Даладе масалш. Уьш тетрадаш т1е д1айазде, дешнийн цхьаьнакхетарш х1иттад цаьрца.

(Маца элира и. кх. д1.)

  • Йукъаметтигаллин куцдешнаш муьлханаш ду? Изза (хаттаран)

куцдешнаш ду ала тарлой уьш? Йуй церан шайн башхалла?

- Чолхечу предложенехь муьлха г1уллакх кхочушдо цара?

(Чолхечу предложенешкахь йукъаметтигаллин маь1нехь лела: маца,

мацале, маццалц и д. кх. а.)

  • Оьший йукъаметтигаллин куцдешнаш чолхечу предложенехь?
  • Хьо маца 1ийнера цаьргахь? – Суна дага ца дог1у, со цигахь маца 1ийна. (Классни уьн т1ехь д1айазйойту предложенеш)
  • Оцу предложенешкахь хаттаран куцдош муьлханиг ду? Ткъа йукъаметтигаллиниг? Церан къасторан башхаллаш йийца.

 Уьн т1ехь болх. Дешнаш дог1уш долчу ц1ердешнашций, хандешнашций д1айазде. Кхолладеллачу дешнийн цхьанакхетаршна таллам бе. Жима, хала, шера, чехка, дукха, чолхе, ц1ена, тийна, оьг1азе, к1еда, мерза, шийла, доккха.  муха?  муха? Кеп:  чехка говр чехка вог1ура   муха? муха?  Кеп: чехка говр чехка вог1ура  билг. ц1ерд. куцдош хандош

Уьн т1ехь болх.

Дешнаш дог1уш долчу ц1ердешнашций, хандешнашций д1айазде. Кхолладеллачу дешнийн цхьанакхетаршна таллам бе.

Жима, хала, шера, чехка, дукха, чолхе, ц1ена,

тийна, оьг1азе, к1еда, мерза, шийла, доккха.

муха? муха?

Кеп: чехка говр чехка вог1ура

муха? муха?

Кеп: чехка говр чехка вог1ура

билг. ц1ерд. куцдош хандош

 Сада1аран мур. Оха йазди, дукха йазди, Йозано тхан п1елгаш к1адди. Хьалхий – т1аьхьий идалаш. Кхийса – кхийса – кхийсалуш, Ида, ида, к1ад ца луш.

Сада1аран мур.

Оха йазди, дукха йазди,

Йозано тхан п1елгаш к1адди.

Хьалхий – т1аьхьий идалаш.

Кхийса – кхийса – кхийсалуш,

Ида, ида, к1ад ца луш.

 1амийнарг т1еч1аг1дар.  1. Кхочушдо шардар № 80 (5 предл.).  2. Барта кхочушдо шардар № 81.  3. Тетрадаш т1е д1айазйе предложенеш. Дийца, хаттаран йа  йукъаметтигаллин куцдешнаш дуй царна йукъахь?  Нанас дуьйцур ду, иза ц1а маца веана. Маца вер ву – техьа  со дешна? Х1унда ца дира ахьа и г1уллакх шен хеннахь?  Ахьмадна – м дера хаьара, иза х1унда элира. Масазза ала  деза к1анте говрах лаьцна.

1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Кхочушдо шардар № 80 (5 предл.).

2. Барта кхочушдо шардар № 81.

3. Тетрадаш т1е д1айазйе предложенеш. Дийца, хаттаран йа

йукъаметтигаллин куцдешнаш дуй царна йукъахь?

Нанас дуьйцур ду, иза ц1а маца веана. Маца вер ву – техьа

со дешна? Х1унда ца дира ахьа и г1уллакх шен хеннахь?

Ахьмадна – м дера хаьара, иза х1унда элира. Масазза ала

деза к1анте говрах лаьцна.

 Дагахь 1амаде.

Дагахь 1амаде.

 1амийнарг т1еч1аг1дар, карладаккхар.   1. Куцдешнашна уллохь къовларшна йуккъехь церан  тайпанаш билгалдаха. Йиъ предложени барта х1оттайе, царах  дешнийн цхьаьнакхетарш йукъа а далош.  Жимма т1етоха, халла хьалавелира, лакхахьара вог1ура,  гурралц дитина, х1етале вог1ур ву, лаьтташехь хийцира,  кханенга валахь, доьшушшехь ца хаьара, лакхахь декара,  уллохь дира, сийсара чекхделира, цундела къегара,  саццаза ихира, г1аш лелара.

1амийнарг т1еч1аг1дар, карладаккхар.

1. Куцдешнашна уллохь къовларшна йуккъехь церан

тайпанаш билгалдаха. Йиъ предложени барта х1оттайе, царах

дешнийн цхьаьнакхетарш йукъа а далош.

Жимма т1етоха, халла хьалавелира, лакхахьара вог1ура,

гурралц дитина, х1етале вог1ур ву, лаьтташехь хийцира,

кханенга валахь, доьшушшехь ца хаьара, лакхахь декара,

уллохь дира, сийсара чекхделира, цундела къегара,

саццаза ихира, г1аш лелара.

 Жам1 дар. Муьлхачу тайпанашка декъало куцдешнаш? Х1ун башхалла йу йукъаметтигаллин а, хаттаран а куцдешнашна йукъахь?

Жам1 дар.

  • Муьлхачу тайпанашка декъало куцдешнаш?
  • Х1ун башхалла йу йукъаметтигаллин а, хаттаран а куцдешнашна йукъахь?

Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти….

Рефлекси йар:

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти….

 Ц1ахь бан болх. 1. 1амайе бакъо 31. 2. Кхочушде шардар № 80 (чекх.).

Ц1ахь бан болх.

1. 1амайе бакъо 31.

2. Кхочушде шардар № 80 (чекх.).

Хьоме бераш, даггара баркалла хуьлда шуна! Беркате хуьлда шун хаарш а!!!

Хьоме бераш,

даггара баркалла хуьлда шуна!

Беркате хуьлда шун хаарш а!!!


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!