| 1аматца болх. Схьайелла 1аматан 44-г1а аг1о. Д1адеша 16-чу бакъонан хьалхара дакъа. - Бераш, муха кхийти шу лаамаза причасти бохучух? (хандешнаш -причастеш) Масала: Дог1а дог1у - дог1у дог1а Книга йоьшу - йоьшу книга Эшарш лоькху – лоькху эшарш -Муьлхачу б1ог1амалгахь йу причастеш? -Лаамаза йу уьш йа лааме? Стенах хии вайна и? -Муьлхачу къамелан декъаца уьйр йу лаамазчу причастин?(ц1ердашца) - Х1инца д1адеша бакъонан шолг1а дакъа. -Муха кхоллало лааме причасти? Цуьнца дуй уьйр йолу дош? - Дукхаллин терахьан причасти муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало? Шимма цхьаьна бен болх | Шардар 79,аг1о 45 Цхьаллин, дукхаллин терахьехь лаамаза причастеш лаамечаьрга йерзош, схьайазйе. Лаамечу причастийн хенаш билгалйаха. | | | | | | Ф изминот «П1елгийн гимнастика» Ц1аза п1ел вайн жима бу, И вай х1инцца хьостур бу. Х1ара п1елг бу г1ийланиг, Тиллина шен ц1е йоцург. Х1ара п1елг бу йуккъерниг, Массарал а лекханиг. Х1ара п1елг бу онданиг, Воьдург, вог1ург гойтуриг. Царна йукъахь боккханиг, Нана ц1е йерг- хьомениг. Цхьанатохахь п1елгаш вай, Хир бу куьйгах жима буй. Буй вай беха латтор бац Цул а бийр бу п1елгийн барт! Цхьаъ,шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ. | | | | | | | | | Тобанца болх 1-ра тоба Лахахь йалийнчу текст йукъара схьалаха причастеш, лаамаза причастеш лаамечаьрга а йохуш, хан билгалйаккха. - Ладог1ал, к1ант, аша а, бераш. Вайн аьллар хилча, шу шайн ц1а дохуьйтур дара. Ницкьболчун карахь ду 1едал. Цу генарчу оьрсийн махкахь шайн ирс каро а мега шуна. Хьанна хаьа! Шаьш т1едиссинчу х1усамна хьанал хилалаш, тешнабехках ларлолаш. Шайх бехк боккху болу х1ума ма делаш. Чета эхь диллий ма лелалаш. Шаьш хьанах схьадевлла, диц ма делаш, мел хала киртиг шайна т1ех1оттарх. Къонахий болуш, дика дай хилла шун! Йегочуьра тийра 1алин белш. Корта халаайбира цо. Лерина ладоьг1ура Жумега. Х1ора дош а, т1улга т1е йаздина йоза санна, даг чу дуьжура. 2-г1а тоба Лахахь йалийнчу текст йукъара схьалаха причастеш, лаамаза причастеш лаамечаьрга а йохуш, хан билгалйаккха. Iаьнан шийла зама. Ша хьаькхначу арахь когаш шершара. ГӀийлачу боларца ведарш карахь йогIу йоккха стаг, гу тIе хьалайолуш, галйелира. Когаш шершаш саца а ца йелла, охьакхийтира зуда. И гира ша тIехь ловзуш волчу Iумарний, Мохьмадний. Iумар велавелира. Цунна оьгIазваханчу Мохьмада бехк баьккхира. ТIаккха цо, чехка тӀе а ведда, зудчунна хьалагIатта гIо дира. Ведарш йуха дуза а дуьзна, уьш цIа а даьхьира. Зудчо доккха баркалла элира кӀантана. Хаттарш: 1-ра тоба -Муьлхачу произведени йукъара йу шун дийцаран кийсак? -Мила ву цуьна коьрта турпалхо? Цунах лаьцна х1ун хаьа шуна? - Жимчохь шен ден доттаг1чо Жумас делла хьехар д1алаьцна хилла аьлла хетий шуна? 2-г1а тоба - Х1ун 1амадо вайна дийцаран кийсако? - Цу шина к1антах муьлхачуьнца доттаг1алла лаца луур дара шуна? -1умарна х1ун хьехар лур дара аш? Кхоллараллин болх (дешархоша шаьш) | | | | | 80-г1а шардар. Далийнчу хаттаршна лаамечу причастешца долчу дешнийн цхьаьнакхетаршца жоьпаш а луш, схьайазйе. | | | | | | | | | | | | | | | | | | | | Берийн жоьпаш Шимма цхьаьна бен болх Шардар 79,аг1о 45 Дицдина дош- дицдинарг, дицдинарш (йахана хан) Ловзу бераш- ловзург, ловзурш (карара хан) Оьцу йолу коч- оьцу йерг, оьцу йерш (йог1у хан) Даьккхина кор- даьккхинарг, даккхинарш (йахана хан) Веана хьехархо- веанарг , баьхкинарш (йахана хан) Олу илли – олург , олурш (карара хан) т1едиссинчу х1усамна – т1едиссинарг,т1едиссинарш, йахана хан боккху болу х1ума – боккху берг, боккху берш- йог1у хан йаздина йоза- йаздинарг, йаздинарш-йахана хан хьаькхначу арахь- хьаькхнарг, хьаькхнарш -йахана хан йог1у йоккха стаг- йог1ург, йог1урш -карара хан оьг1азваханчу Мохьмада- оьг1азвахнарг, оьг1азбахнарш,йахана хан Жоьпаш: -Гайсултанов 1 «Кегий йийсарш». Александр Чеченский…. Берийн жоьпаш. Кхоллараллин болх (дешархоша шаьш) 80-г1а шардар. 1.Муьлха лам бу хьуна гург?- Малхо къагийнарг. 2.Хьаьнга дира ахь и къамел? - Сайга ладуг1учуьнга. 3.Муьлхачу махо лестадо дитташ? - Мела хьоькхучо. 4.Хьан хьаькхна кхузара буц? - Хьалххе г1аьттинчо. 5. Хьаьнга йелира цо и книга? - Шега йехначуьнга. |