СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Сулейманов Ахьмадан 95шо кхачарна леринчу цхьаьнакхетарехь. Доклад

Категория: Прочее

Нажмите, чтобы узнать подробности

Сулейманов Ахьмадан 95шо кхачарна леринчу цхьаьнакхетарехь. Доклад

Просмотр содержимого документа
«Сулейманов Ахьмадан 95шо кхачарна леринчу цхьаьнакхетарехь. Доклад»

Сулейманов Ахьмадан

95шо кхачарна леринчу цхьаьнакхетарехь

Доклад

«Бийца лам боцург нохчо вац»,- олура Сулейманов Ахьмада. Цо даима дозалла дора ша схьаваьллачу орамах, шен кхерчах -Ч1аьнта-ломах, цигахь дайша йоьттинчу тайпанан б1аьвнах. Цуьнан ойла, са даима цига кхийдара. Кхузахь баьхнера цуьнан дай, хьанал, къахьоьгуш, х1усамехь доьзална а, хьешадена а комаьрша шортта беркат латтош.

20-чу б1ешеран юьххьехь Ахьмадан да Муртазалиев Сулайма шен вешица Мохьмадаца Олхазар-к1отара д1акхелхира. Латта а эцна, ц1енош дина, ваха хиира. Сулайма к1орггера кхетам болуш а, нахаца 1а мерза йолуш а стаг вара, цундела цуьнца ларам бара, юьртда хоржура иза.

Цуьнан доьзалехь диъ бер дара. Х1орамма а цхьацца говзалла караерзийра. Воккхахволчу к1анта Тимарболта Ростов-г1алара Евдокимовн ц1арах йолу хьуьнан институт чекхъяьккхира. Цул жимахволчу Мутуша шен ворх1 шо дузуш дин довзаран некь д1аболийра, т1аьхьа цунах г1араваьлла 1еламстаг а хилира . Йо1ан Кхокхин кехат-пондарца гергарло тасаделира, цунах говза пондарча кхиира. Ткъа Ахьмада кхин некъ хаьржира- лаккхара говзалла йолчу поэтан, 1илманчин. Къоман оьздангалла, 1адаташ, ламасташ кхоччуш хууш а, лоруш а, лардеш а дара Сулайман доьзалехь. Къоман барта кхоллараллин произведенеш –шира дийцарш, аларш, иллеш, туьйранаш- довзуьйтура цо берашна. Оцу башхачу жовх1арша кхиийра хинволчу говзанчин Сулейманов Ахьмадан кхоллараллин сирла ойланаш, шатайпа пох1малла, Даймахке болу доза доцу безам.

Аттачех ца хилла поэтан дахаран некъ. Школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа юкъараллехь тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш бина: Наркомпрос-н инструктор а, Комсомолан райкоман секретарь а. Кьам махкахдаьккхинчу шерашкахь кхин а шен некь д1а ца тесира Ахьмада. Семипалатинскерчу пачхьалкхан хьехархойн институте деша вахара иза. Бакъо д1аяьккхина, харцонна к1елдисначу шен халкъана муха, мел пайдехь хир вара те бохуш сагатдора цо. Х1етахь кхоллабелира цуьнан Нохчийчоьнан а, Г1алг1айчоьнан а топоними язъян лаам. Даймахке сатуьйсура, кхин кеста гур буй техь аьлла, хетара. Цу хенахь цо д1аяздинера иштта: «Хетарехь, вайн Даймохк кхин гур бац вайна. Х1ара, хетарехь, дахлур ду, б1ешерашка ца далахь. Цундела сайн ницкъ мел кхочург дийр ду ас, дай баьхначу мехкан меттигийн-яртийн, хийн, лаьмнийн, ч1ожийн, аренийн ц1ераш яха йисийта. Т1ейог1учу т1аьхьенашна хаа деза иза вайн латта хиллий а, вайн Даймохк, нохчийн мохк буй а.» Иштта д1аболийра цо доккхачу мехаллин 1илманан некъ. Даймахка ша ц1авирзича кхин а боккхачу деган айамца къахьийгира цо оцу новкъахь. 20 шарахь болх бира Ахьмада топоними х1оттош. Ша г1аш некъ беш, шен талламашна материал гулйора 1илманчас. Дукха меттигийн ц1ерш д1аязйира цо иштта. Нахана новкъа хила ца лууш, юьрта йистехь четар а тухий, цу чохь 1ара иза шен талламийн белхаш гулбеш. Иза массарна а вевзара, везара, шайга хьошалг1а кхойкхура, 1алашвора, цо дийриг сийлахьчу декхаран г1уллакх лорура. Оцу дерригено ницкъ белира Сулейманов Ахьмадана ша х1оттийначу 1алашоне кхача. Цо бинчу талламийн жам1 ду цуьнан деа декъах лаьтташ йолу « Нохч-Г1алг1айн топоними». 1976 –чу шарера 1985 шаре кхаччалц Соьлжа-Г1алахь Нохч-Г1алг1айн книгийн издательствехь арахийцира иза, х1ора дакъа пхиппа эзар экземплярехь. Цо бина талламаш ерриге а Кавказ йовзарехь пайде хир болуш а, дуккха а 1илманийн аг1онашца( историца, этнографица, лингвистикица, археологица) доьзна хаттарш юкъалоцуш а бу.

1995 –чу шарахь Нохчийн Республикин Пачхьалкхан совг1ат делира « Нохч-Г1алг1айчоьнан топонимина» Оцу шарахьлера издани ешархошка д1а ца кхечира- йоллу тираж т1еман хиламашкахь х1аллакьхилира.



Магомадова Баната.

2017 шо