5-6 классашна лерина интеллектуальни ловзар-шоу «Къамелча»
Хьехархо: Ульбиев Хизаран Фариза
Терахь:-----
1алашонаш а т1едахкарш:
-дешархой классан арахьарчу дешаран йукъабалор
-дешархойн нохчийн меттан а, литературин а тайп-тайпана дакъош 1аморан шовкъ кхоллар;
-дешархойн кхоллараллин хьуьнар кхиор;
-хьекъал, кхетам, къамел кхиор.
Ловзар д1адахьар.
Д1ахьошверг: Маршалла ду шуьга лераме хьеший, накъостий, дешархой! Тахана кху чохь схьагулбелла уггаре а къамеле, массарел а самукъане а болу ловзаран декъашхой. Вовшийн самукъадоккхуш, вовшех пайда оьцуш д1ахьур ду вай х1ара цхьаьнакхетар!
Массарна а хезна хир ду оьрсийн г1ардаьлла кица - «Сан мотт — сан мостаг1!» Маца далош ду и кица? (дешархойн жоьпаш). Ткъа тахана вайн ловзаран декъашхойн а дезар ду къахьега, шайн маттах мостаг1 ца хилийта.
Хьоме хьехархой а, дешархой а, х1ара цхьаьнакхетар д1адодалле, ас шуна бовзуьйтур бу къовсаман декъашхой.
Къовсаман декъашхой бовзийтар
Ткъа х1инца, ас шуна бовзуьйтур бу вайн лераме жюрин декъашхой
Жюрин декъашхой бовзийтар.
Хьоме декъашхой, х1инца ас шуна йовзуьйтур йу къовсаман бакъонаш: х1ара къовсам лаьтта кхаа гуонах, аьлча а кхаа этапах. Х1ора гуо лаьтта деа- пхеа хаттарх. Х1ора хаттар д1адешначул т1аьхьа, хаттарна жоп дала кийча йолчу тобано горгали бекор бу. Х1ора нийса жоп – цхьацца балл.
Ткъа х1инца шина а тобанан декъашхоша шайн тобанан ц1е а, харжаран бахьана а, шайн тхьамданаш а бовзийта беза. Дош шуьга ду-кх , декъашхой…
Х1инца д1адолор ду вай вайн ловзар.
I тур.
гейм «Чехкааларш»
Т1едиллар: х1ора а декъашхочо 3-за чехкаалар деша деза.
Чопа чоьлпи чохь, чоьлпа чорпи чохь.
Шина чиркха ши шиша, шина шичин ши йиша.
Цуцуш цацийна цу чохь беана гуо т1ехь пхьалдиг.
2 гейм «Кицанаш»
Т1едиллар:кицанан маь1на даста
Г1иллакх доцчу стагаца араваьлларг догдика ц1а воьрзур вац.
Ч1ерана нека 1амо ма г1ерта
Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна
3 гейм: «Билгалдаккхар»
Т1едиллар: хаа деза, йешначу текстехь хьанах йа стенах лаьцна дуьйцу..
Вина 1910 ш, декабрехь Т1ехьа – Мартант1ехь. Хьалхе байлахь висна
берийн ц1ийнехь кхиъна. Цуьнан стихеш зорбане йийла
йуьйлаелла 1926 шарахь дуьйна. Дуьххьарлера поэтически
сборник арайаьлла 1930 шарахь.
1931 чу шарахь « Ч1ег1ардиг» ц1е йолу шолг1а сборник.
« Ленинан некъ» газетан редактор волу иза лоцу 1937 – чу шарахь. 1940 – чу шеран апрелехь бакъво иза. 1941 шеран 3 сентябрехь йуха Гулагех йаккха 5 шо хан туху
цунна. Цигахь 16 шо хан токху.
Цигара ц1авирзинчул т1аьхьа 1962 шарахь дуьйна ша дийна
мел ву«Орга» альманахан редактор болх бо.
Кхелхина 1973 ш.
(Мамакаев Мохьмад)
4 гейм: «Дийцар»
Т1едиллар: цхьа элп схьа а харжий, цунах дийцар х1оттаде. Хан: 1 минот
II тур.
1 гейм: «Кицанащ»
Т1едиллар: чекхдаккха кица.
1илманан корта –хьекъал,_____ (хьекъалан корта-собар)
Х1ума хаар -________(нахе ладог1ар)
Ла ца дуг1учунна дина хьехар______( хьакхина хьалха оьллина жовх1ар ду)
2 гейм: «Дийцар»
Т1едиллар: декъашхоша шайн йеллачу темица дийцар х1оттадо.
Хан: 1 минот.
3 гейм: «Билгалдаккхар»
Т1едиллар: хаа деза, йешначу текстехь хьанах йа стенах лаьцна дуьйцу..
«Цуьнан бос таь1на мокха бу. Иза хуьлу хьаннашкахь, бошмашкахь, хин тог1ешкахь, хиш долчу меттехь. Жимачу дег1ехь ду. Ц1ога дехо ду. Декаран аз хаза ду. Бен лаьттахь бо цо. Х1оьаш 4-5 до май-июнь баттахь. Цуьнан х1оьаш ал бос болуш хуьлу.»
(Ц1ИР-Ц1ИР ХЬОЗА)
III тур.
1 гейм: «Кроссворд»
Т1едиллар: схьакараде дош
| | | къ | | | | |
2 гейм: «Ребусаш»
Т1едиллар: кхочушйе ребус
, |
3 гейм: «Буриме»
)Буриме йу - хьалххе билгалйаьхначу рифмашца йазйина стихотворени. Дукхахьолахь забаре хуьлу буриме-байташ.
Т1едиллар: буриме йазйе. Хан: 1 минот.
Дог-ког, забар-хабар
Бат-хатт, зезаг-пезаг
4 гейм: «Анаграммаш»
Т1едиллар: Д1айаздинчу дашах керла дешнаш кхолла. Алсам дешнаш йаздинчу тобанна балл хир йу.
Синпхенаша
(Са пха хен хан пхенаш хас аннаш нах ….)
Д1ахьошверг: Х1инца кхаа а тобанна баллаш вовшах тухуш, толамхо билгалвоккхур ву вай. Дош, лераме жюрин декъашхой, шуьга ду!
(Тоьлла тоба билгалйоккху)
Кху т1ехь вайн ловзар чекхдели.Дела реза хуьлда шуна къовсамехь дакъалацарна! Со тешна йу, вай таханлерчу цхьаьнакхетарехь вай массара а пайдаэцна хир бу аьлла. 1одика йойла шун!