СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

М. Магомадов «Дуьххьарлера толам»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Урок разработан в соответствии ФГОС НОО

Просмотр содержимого документа
«М. Магомадов «Дуьххьарлера толам»»

08.11.24г 3 класс Нохчийн литература

Дарсан цӀе: Магомадов Мансур "Дуьххьарлера толам".

Дарсан Ӏалашо: дешархошна М. Магомадовн "Дуьххьарлера толам" цӀе йолу керла дийцар довзийтар.

Дарсан кеп: керланиг Ӏамор.

Дарсан гӀирс: тептар, ручка, Ӏамат, интерактиван у.

Кхочушдан лору жамӀаш:

Предметни: дешархошна девзар ду доьналла бохучу дешан маьӀна.

Метапредметни: дешархошна Ӏемар ду гӀиллакхех долу хаарш сов а дохуш, ойла а йеш, туьйра деша.

Личностни: дешархошна хуур ду доьналла долу нах къасто а, царах масал эца а.

Дарс дӀадахьар

  • Вовшахтохаран мур (маршалла хаттар, дарсана кечам бар таллар (тептар, Ӏамат, ручка), цӀера болх таллар).

  • Къамел шардар.

– Чехкаалар дешийтар.

"Со шершачохь ча чу ца шерша, ча чу шершачохь со чу ца шерша".(3-зза деша чехкаалар, са а ца доккхуш).

Дарсан Ӏалашонаш йовзийтар.

  • Схьайелла Ӏаматан 60-гӀа агӀо. Муьлха говзар йу цу тӀехь йерг?

  • Мила ву оцу говзаран автор? Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана дарсехь?

  • Вайна тахана Магомадов Мансура йазйина "Дуьххьарлера толам" цӀе йолу керла говзар йевзар йу. ГӀиллакхех долу вайн хаарш алсам а дохуш, шера а, нийса а йеша Ӏемар ду вай.

Актуализаци.

  • Хьехархочун къамел. (Бераш, цӀахь дадас хьехарш дой шуна? Муха хила деза олу цо? ГӀиллакхе, оьзда хилар жимачохь дуьйна Ӏамо дезаш дуй? Вайн доттагӀий барий, ЧӀирдиг, Дошлиг, уьш? Церан а ма ву шайн дада. Царна цхьа хаза хьехарш деш ву боху иза. Шуна лаьий церан дада вовза? Цуьнан хьехаршка ладогӀий вай?)

  • Хозуьйту "Хьекъалда волчохь" цӀе йолу туьйра.

(ГӀиллакх, хьекъал боху дешнаш-м дийцира вай, бераш, кхузахь кхин а цхьа керла дош ма эли Дошлиган дадас, муьлханиг дара иза? (Доьналла). И ма хаза дош ду. ХӀун бохург дуте иза? Хьекъална а, гӀиллакхна а уллехь лаьтташ ма ду и дош. ТӀаккха хьекъал а, гӀиллакх а долу стаг доьналла долуш хир вукх, вуй бераш? Доьналла долу адам муха хуьлу хьовса лаьий шуна? ТӀаккха вай йоьшур йу "Дуьххьарлера толам" цӀе йолу говзар.

  • Хьехархочо доьшу дийцар.

  • Дошамца болх.

Ларма (йу), ларманаш (йу) – хӀума дӀайилла цӀийна бухахь йеш йолу чоь.

Йишйоьхна – холчухӀоьттина.

Схьакъерзаш – леррина тӀе хьоьжуш.

Са йухаоза – садаӀа, синтеме хила. – Берашка доьшуьйту дийцар

СадаӀаран минот.

"Цициг а, дехкий а".

(Дешархойх цхьаъ – "Цициг-Дауд", кхиберш – "дехкий".

"Цициг-Дауд" гонаш дохуш ву, ткъа "дехкий" йиш локхуш ду). Гонаш доху Дауда, Кхача лууш тхуна тӀе. БӀаьргаш дӀа а къовлий, МӀараш арайохий.

Гонаш доху Дауда, Хаза ду вайн "Цициг-Дауд", Лела иза йуург лоьхуш. Дауд, Дауд, охьахаа, Йуург йаккха дац-кха атта.

Текстаца болх.

  • Стенах лаьцна ду "Дуьххьарлера толам" цӀе йолу дийцар.

  • ХӀунда лаьа Муслимна школе ваха? Шуна лаьарий Муслимна санна школе даха?

  • Школе вахча воккха хуьлу аьлла хӀунда хета Муслимна?

Шуна хетий иштта?

  • Вахица хӀун йукъаметтиг йу аьлла хета шуна Муслиман?

  • Авторо шен дийцарна «Дуьххьарлера толам» цӀе хӀунда тиллина аьлла хета шуна? ХӀун толам бу Муслима баьккхинарг?

Стенна тӀехь баьккхина Муслима и толам?

  • «Ца кхоьрушверг вац майра, кхерам эшош верг ву» бохучух муха кхета хьо?

  • Муслим муха кӀант хета хьуна, схьайийца цуьнан амалш. Цуьнан метта хилча ахь хӀун дийр дара?

  • Муслимах дика дешархо хир ву аьлла хетий шуна? Дийца хӀунда хета.

  • Дахарехь дуккха а толамаш баха хӀун дан деза аьлла хета шуна, дийца.

Белхан тептарца болх.

– Схьайелла тептаран 17-гӀа агӀо. Вай дешначу дийцарна лерина хӀун тӀедахкарш ду цигахь? Кхочушде уьш.

  1. «Дуьххьарлера толам» туьйранера турпалхойн цӀераш дӀайазйе.

  2. ХӀун толам баьккхира Муслима?

Дарсана жамӀ дар.

  • Муха хийти шуна туьйра?

  • Аш бохур буй Муслима санна кхиамаш?

  • Доьналла долу стаг – иза мила ву аьлла хета шуна?

  • Шуна лаьий доьналла долуш хила? Иштта хила муха къахьоьгур ду аш?

ЦӀера болх:

  • Дийцар деша, чулацам схьабийца.

  • "Дахарехь кхиамаш баха ас къахьоьгур ду" цӀе йолу жима туьйра хӀоттаде.

Рефлекси йар.

Хаамбаран кехат.

Баьццара кехат. Суна дарс дика хийтира. Ас дика болх бира дарсехь. Со дика кхийтира хьехархочо дийцинчух.

Можа кехат. Дарс самукъане дара. Аc болх бира. Мелла а пайдехь хилира суна таханлера дарс. Ас тӀедиллар кхочушдира, хаттарна жоп а делира.

ЦӀен кехат. Дарсах кӀезиг пайдабелира суна. Суна ца кхийтира дийцинчух. Хаттарш а, тӀедахкарш а кхочушдан суна ца хиира.