СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Методическая разработка Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь»поэма

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Методическая разработка Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь»поэма»

К оьч

Нохчийн литература 9 класс





Хьехарсахьтан коьчал: Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь»поэма. Поэмин эпически а, лирически а чулацам.Авторан васт довзийтар.



Хьехарсахьтан 1алашо: Нохчийн поэтанМамакаев1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин чулацам дешархошца бийцаре бар. Нохчийн къоман 1адаташ довзийтар, барта дийцаре

дар.Берийн къамел кхиор, шаьш йешначу поэмин чулацам барта схьабийца хаар.

Бераш нохчийн исбаьхьаллин литературе,Даймехкан 1аламе безам болуш, вайнехан

г1иллакх-оьздангалла довзийтар.


Хьехарсахьтан г1ирсаш: «Нохчийн литература» 9-чу классана хрестомати.

«Нохчийн литература» 9-чу классана 1амат.


«Нохчийн лаьмнашкахь» 1.Мамакаев.

Мамакаев 1аьрбин сурт.

«Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин чулацамах дехкина суьрташ.Компьютерни презентацеш.

Урок д1айахьар.

1. Ойла т1ейерзор.

1). Маршалла хаттар.


2).Урокан коьчал а, 1алашо а йовзийтар берашна.


4). Гайтаман г1ирсаш кечбар.



2. Керла коьчал йовзийтар, йийцаре йар.





1). Нохчийн поэта, йаздархочо кегий стихашца йазйина поэма. 1939 - чу шарахь йазйина йолу «Аслаг1ий, Селехьаттий» ц1е йолу поэма а,1940-чу шарахь йазйина «Винчу юьртахь» ц1е йолу повесть а. Къаьсттина лакхара корматалла гойту авторо «Аслаг1ий, Селехьаттий» ц1е йолчу поэмин. 1958-чу шарахь автора, к1еззиг хийцамаш а беш то а йина, «Нохчийн лаьмнашкахь» ц1е а тиллина, арахецна шен поэма.

Мамакаев 1аьрбин поэтически корматалла къеггина гучуйолу оцу поэми т1ехь. Шагайтина долу дахаран хьелаш к1орггерчу исбаьхьаллин кепехь листина поэта. «Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин идейно-тематически чулацам шуьйра бу. Хьалхалерчу заманан халкъа йукъахь даьржина хилла ч1иръйекхаран 1адат 1орадоккху поэми т1ехь. Дог ц1ена безам а, тешаме доттаг1алла а гойту поэта поэмехь. Нохчийн 1ер-дахаран дуккха а исбаьхьаллин суьрташ

дехкина автора. 1аламат хаза гайтина къоман г1иллакхаш,

Даймехкан 1алам. Поэмин коьртачу турпалхойн - Аслаг1ин, Селахьатан ирс 1адаташ бахьана долуш духу.

Поэми т1ехь къеггина гойту, шена цавезачу воккхачустаге – моллига нуьцкъаха маре йохуьйту Селахьат. Ишттачу г1иллакхаша адам карзахдоккху. Х1унда аьлча, «Нохчийнлаьмнашкахь» ц1е йолу поэма чулацамехь а, исбаьхьаллин поэтически г1ирсашца а йешархочунна шена т1е боккха тидам бохуьйтуш йу. 2). Д1айолало поэма, автор йешархочух дагаволуш. Къеначу лаьмнийн, ширачу хьаннийн къамел дан йишхилча ,«ладоьг1нарг велхавеш, хийла аз хазор дара», боху авторо.Цу дешнаша билгалдоккху доккхачу 1азапехь д1адахана нохчийн халкъан шира дахар. Даггара и дийца шена лаар хоуьйту автора:

«Ладог1ахь, д1адийца

Со говзавацахь а,

Вайн дайша лелийнчо

Хьоь ойла йойтур йу…»«Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин хьалхара дакъа д1адолало –коьрта турпалхо Аслаг1а, ваша санна, шена г1о дина волу Шах1идах къаьсташ. Шо сов ша шен доттаг1 волчохь маьрша даьккхина дела «х1инца сел ц1еххьана къастар -1еткъара» дагна. Д1анехьа авторо схьадоьллу Аслаг1а Шах1ид волчу варан бахьана. Шах1ида Аслаг1а шен вашавина т1е а эцна, йуьрто и лоруш хиллехь а, «цу к1ентан къа дара» боху авторо, х1унда аьлча, иза лурвоьлл стаг хиларна. Оццул балехь Аслаг1а велахь а, безам хала хиларна, «Д1атаса атта дац, дуьххьара йезна йо1». Цундела иза Селахьат йолчу воьду. Аслаг1а ч1ог1а шена везарна,йо1 лаьттара, к1ант ларвеш хи йистехь.

Амма мел ч1ог1а к1ант шена везахь а, да-нана д1атесна йада и кхоьрура», х1унда аьлча, и лурвоьллий, стаг хиларна, дений, нанний ца везара Аслаг1а. И шеца д1ацайар билггал хиъчи, Хьаьвзинчу б1агоро цуьнан б1аьргаш хьабдира». Самукъане ца йисира Селахьат а, «Ткъа и йо1, г1ийла хьоьжура».Хьалхарчу даша т1ехь болх бар дешархойн хаарш т1еч1аг1деш царна хьалха хаттарш х1иттадо хьехархочо:- «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма йазъйаран 1алашо муха

Билгалйоккху авторо хьалхарчу дашехь?

- Халкъо хьалхалерчу заманахь бала хьегар, иза 1азапех даьллинахилар муха гайтина автора?

- Авторан дог-ойла гой вайна поэмин хьалхарчу дашехь?

Муха йу цуьнан Даймахке а, халкъе а йолу ойла?

- Шен поэма йешархочуьнца муха йукъаметтигаш

х1иттайо автора?

Шолг1ачу декъа т1ехь дуьйцу, йуьртан къеда волчуЗайт-Хьаьжиций, хьолахошца Дабазций, Лабазций,пурстоьпаций барт а бой, луларчу йуьртан моллас Селахьат шена йехийтар. Цу захалонна новкъарло йеш волу Шах1ид, доцу бахьана а х1оттадой, пурстоьпо лоцуьйту.Селахьат нуьцкъах мааре ло къеначу моллига.Лаьмнашкахь лечкъина лелачу Аслаг1ина ч1ирхоша к1ело йо. Шен чевнех ша вирзинчул т1аьхьа, эвлайистерчу хьуьнхахь, лечкъина 1ачу Аслаг1ас, ша Селахьате йаздина кехат оьций, Шах1ид вохуьйту и йолчу.Селахьат боккхачу балехь йу. Молла хьуьжаре вахча,

говрашка а хоий.Цхьаболчу нехан хабарша ч1ирхой а цабитар билгалдоккху: «Цара йийнарг котам йац, цуьнан дас стаг вийна», бохучу дешнаша. Мостаг1ий шена т1аьхь бевллий хуъушехь, Аслаг1а Шах1иде хьоьжуш 1ахьуьнаюккъехь. Коьртачу г1айг1ано г1елварна, Аслаг1анабаро 1ехаво. Кондаршна йуккъехула т1ег1ертачу ч1ирхочуьнга авторо боху: «Ма г1ерта…витахьа, набарх СА да1ийтахьа». Амма къинхетам боцчу ч1ирхочо хазаг1ан-набарш гуш 1уьллучу бехк боцчун некхахцо и шаьлта йоьллира. Т1аккха мискачу Аслаг1ин б1аьргашчохь неканца дуьне а хьаьзира. Амма ч1ирхочо кхочушйинарг шен дог-ойла йац, иза нохчийн нехан декхар ду, ширачух буха дисина. Цундела Аслаг1ас башха бехке а ца во шен мостаг1. «Сайн ц1ий ас хьанал

до, къинт1ера ваьлла со», - боху леш воллучо. Цунна лаьа иза зен-зулам доцуш к1елхьара волийла а.

«Хьо сихха д1аг1олахь,

Кху мете стаг кхача

Мегаш ву хьецалуш,

Цо лазо там бу хьо»

3. Дешнаш т1ехь болх бар.

Башлам – угар лекхачу лайн ломан бухь.

Арц – т1ехь хьун йолу лекха лам.

Боьра - шина дукъа йуккъера таь1на меттиг.

Товха – хьалхалерчу нехан пеш.

Пурстоп – меттигера паччахьан хьаькам.

1ин – ламанан къора йоккха к1орге.

Ирзу – хьуьнаюккъераяьссаметтиг.

4. Жам1 дар.


1). Хьехарсахьтехь бинчу белхан мах хадор, жам1аш дар.

- «Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин д1ах1оттам муха бу?

- Поэмин коьртачу турпалхойн васташ кхолларан х1ун

башхаллаш йу?

- Муха гайтинапоэми т1ехь ц1ена безам а, тешаме доттаг1алла а?

- Реза дуй шу поэмин турпалхочун Селехьатана?

авторан васт муха кхоьллина поэми т1ехь?

- Муха пайдаэцна поэми т1ехь нохчийн барта кхоллараллех?

- Даймехкан 1аламан сурт муха гайтина поэми т1ехь?

2). Дешархошна хьехарсахьтехь жигара дакъалацарна баркалла а олуш, комментарешца оценкаш х1итта йар.

5. Ц1ахь бан болх балар.

1). Нохчийн поэтан Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн

лаьмнашкахь» поэмин чулацам хаар.

2). «Нохчийн лаьмнашкахь» поэми т1ехь автора васт»

Сочинени йазъйан кечам бар.

3). Горгали бекарц дешархошца 1одика йар, уьш парг1ат

битар.

6. Рефлекси йар.