9 класс « » фамили__________________________--
1.Сацаран хьаьркаш х1иттаде х1окху предложенешкахь:
а) Аса чиркх латийра чохь 1аьржа яра.
б)Сихлой хьо дерриг дицлур ду хьуна.
в) Тхо сарралц цуьнга хьийжира и ца веара.
г) Де дохлур ду тхо сада1а охьаховшур ду.
д) Шега и аьлча Залуба шек а ца елира и ч1ог1а реза яра шега далун хьошалла дан 1адатехь ша и дан декхарийлахь йолу дела.
2. Предложенешкахь деепричастни карчамаш хилар ч1аг1де. ( ехка сацаран хьаьркаш)
а)Адам цец ва воккхуш ша хелха ва ваьлла нус йолчу вахара , тов, и гуьржийн к1ант.
б)Цкъа хьалха Керима кху ловзаран доккхачу маь1нах лаьцна дош а аьлла бал д1аболийра. в) Хьо волчу вай доьлхуш хьо г1ийла товш ма вац.
г)Хьо новкъа воьдуш буьйса йоьллачу юьртахь буьйса яккха.
3.Синтаксически талла предложении
Дуккха а адамаш, къаьсттина бераш, ч1ог1а хазахеташ хьуьйсура хаьхкинчу говрашка.
4.Морфологически талла : бераш, хьуьйсура
5.Фразеологизмийн маь1на даста.Муха кхета хьо царех? Оьрсийн маттахь даста церан маь1на
Лергех мехий даха__________________________________________
Коьртах туха т1улг а алур боцуш_______________________________
Дуьне даа__________________________________________________
Тай тоьхча санна____________________________________________
П1елг д1а ца тоьхна__________________________________________
10 –г1а классан хаттарш
1-г1а т1едиллар
Т1адамийн меттана элпаш дахка. Билгалбаккха грамматически бух.
Ас ди..цира, садовш лома со муха кхечира. Бусана шек..елира , уьш шайца Бешто волуш я воцуш, ша д1айига бог1у цуьнан накъостий бу аьлла.Стагана г1о дан даима а кийча ву иза, ткъа ша стагана г1уллакх дарах цкъа куралла ца йо.Ц1е..хьана дег1ера ницкъ д1абелира цуьнан.Чекх..елира аьхке, со ц1а еара. Дукха а болчу нехан къинхьегам бу ас йоьшучу книгина. Дуучу б..пкан а юкъахь. Юьртахь ас бинчу балхо дуккха а долчунна т1ехь кхетам белира сунна, х1уманан мах хадо а 1ами..нера.
2-г1а т1едиллар
Текст юккъера чолхе предложенеш схьаязъе. Билгалбаккха церан грамматически бух.
3-г1а т1едиллар
Х1окху предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1иттае.
1.Нана ма атта йоьду-кх хьо оьг1аз элира Зоврас.
2.1а а ца велла, Вахас нохчийн маттахь эккхийтира Ц1ахь мел ч1ог1а хазахетар ду хаьий хьуна П1етамат хьо гучуяьлча.
3.Делахь х1ета. 1ен езаш хиллера шен доьзалца т1ечевхира 1аламбек.
4-г1а т1едиллар .
Х1окху ЧКП-хь т1етухучу предложенин кеп къастае. ( определить вид придаточного)
1.Цхьана г1уллакхана хьох дагавала аьлла веана со шуьга.
2.Со дийна мел ву , сан хьешашна цхьанна х1уммаа дийр дац.
3.Олдам шайн куьпехь г1араваьлла, гуттар а ойланаш еш, г1ийла ву бохуш.
5-г1а т1едиллар
Синтаксически талла х1ара предложении
Доцца динчу къамело шех массо а тешо хиира воккхачу стагана.