СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до 26.06.2025

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Методическая разработка урока по чеченской литературе Гадаев Мохьмад – Салахь. «Ц1ен берд».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Методическая разработка урока по чеченской литературе Гадаев Мохьмад – Салахь. «Ц1ен берд».»

Де дика хуьлда, марша а дог1ийла хьоме дешархой !

Коьчалан ц1е: Гадаев Мохьмад – Салахь. «Ц1ен берд».

1алашонаш:

Кхеторан :Стихотворенин идейно -тематически чулацам бовзийтар.

Кхиоран: Стихотворенин исбаьхьаллин таллам бар.

Кхетош – кхиоран: Нохчийн литературе безам кхиор. Даймахке болу безам ч1аг1бар.

Урокантайпа : Керланиг 1аморан

Урокан г1ирс: Интерактивни у, 1амат, карточкаш

Урок д1аяхьар

1)Мотиваци

Дукхе-дукха хьалха, вайна дага а ца йогIучу заманчохь, дуьнентIехь инзаре ирча мох баьлла хилла. Луьра хьоькхучу мохо дитташ орамашца схьадохуш, генна дIасакхиссира, лаьмнаш дохош, охьахерцийра. Хиш а, хIордаш а деста а дистина, аренашкахула даьржира.

ДуьнентIехь мел йолу садолу хIума сабIарзделла хьийзара, едда кIелхьараяла гIерташ, дIалачкъа меттиг лоьхуш.

Цхьа борз яра паргIат, и цакхераелира инзаре нуьцкъала хьоькхучу мохах, и цхьаъ яра цунна дуьхьал яьлларг. ОьгIазе цIогIадетташ, тIера цIока дIасаийзош, цIийш дIатуьсуьйтуш, ницкъ бира мохо барзана. Амма борз меттах цаелира: курра корта хьалаайина, когаш онда лаьттах чубахийтина, цуьнан ницкъ шен дегIаца дIахудуш, дуьхьало йора цо махана.

Цхьа хан-зама яьлча, цкъа а хIумма а цахилча санна, мох дIатийра, малх гучубелира, дуьнентIехь юха а паргIато дIахIоьттира.

Са мел долу хIума а цхьацца гучуйолуш, гул а елла, барзана тIеяхана. Акхароша барзе аьлла:

— Дела дуьхьа, борз, xIapa дерриге а дуьне мохо хьерадаьккхина хьийзаш, дитташ бух дохуш, аренаш дистинчу хиша хьулъеш, лаьмнаша талуш охьаоьхуш,массо а садолу хIума сададийна дIалачкъа меттиг лоьхуш хьийзаш, хьо цхьаъ меттах цаелира, хIун ду?

TIepa цIока мохо ийзийна, асанаш кхозуш, йинчу чоьвнашкара цIийш охьаоьхуш йолу борз кура хиинаIaш яра, генна хьалха а хьоьжуш. Цо, хьала а гIаьттина, иштта жоп делира акхарошна:

— Со тIехь лаьтташ йолу латта — сан Даймохк бу, цундела, кхузахь муьлхха а хало тIееъча а, аса цкъа а д1атосур бац и, — аьлла.

Цу дешнаша эхь хетийтина, ойлане а яхана, акхарой дIасаяхара. Чевнаш хилла, цIока этIийна, цIийш охьаоьхуш йолу борз шен меттахь йисира, дIайоьлхучу акхарошна тIаьхьа а хьоьжуш. Берзан кхин даймохк бацара... Даймохк цхьаъ бен хуьлуш бац…




Хаттар : Цу туьйранан коьрта маь1на х1ун ду? Даста хьовсур ду вай .



Хаттар: Стенах лаьцна дуьйцур ду аьлла хетта шуна вай кхид1а? (Даймахках)



Нийса ду. Нохчийн къоман сийлахь яздархочун Гадаев Мохьмад – Салахьан кхоллараллин цхьа лар толлуш д1ахьур ю вай вешан урок



2)Керла коьчал

а) Мохьмад – Салахьан дахарах а, кхоллараллех а шун хаарш карладохур ду вай.



Слайд

Гадаев М-С. вина 1909 чу шеран декабрехь Ножай – юрт к1оштан Чуьрчу – Ирзухь Шортта лаамаш бара цуьнан. Дуккха а дезарш дара. Сирла 1алашо яра цуьнан кху дуьнен чохь - шен махкана а, халкъана а ваца. Ша дага мел лаьцнарг кхочушдан Дала комаьрша пох1ма а деллера цунна. Амма дахаран некъ декъаза хилира цуьнан. Дуьненахь даккха Дала деллачу 63 шарах 30 шо набахташкахь даьккхира цо…

Чохь воллушехь ца сацабо цо шен кхоллараллин болх. Поэзехь а, прозехь а болх бина ца 1аш , цо дуккха а белхаш бо философехь а, астрономехьа, язъйо очеркаш, рецензеш. Оьрсийн Сийлахьчу яздархойн прозведенеш гочйо.

Хан текхина ваьлла ц1а вирзича ялх баттахь бен ца веха Мохьмад Салахь. Иза кхелхина 1972 чу шарахь ша дукха сатийсинчу Чуьрчу – Ирзухь.



б) Дешнаш т1ехь болх .

Тахана вайна евзар йолчу произведенехь хила тарло шуна цадевза дешнаш. Церан маь1на даста хьовсур ду вай:



Слайд

1-ра тоба Ял, уьйраш, лахьта,

2-г1а тоба Упха, дог-мерза, б1арлаг1а.

(ролик «Ц1ен берд»)

Хаттар: Муьлха произведени ю вай тахана юьйцур ерг?



Х1инца вай д1айоьшур ю ГадаевМохьмад – Салахьа шен дахаран т1аьххьарчу хенахь язйина байт «Ц1ен берд».





в) Слайд

Iожалло Iехавой, оьций дIахьой,
Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов.
Уьйрашна вицвелча, Далла а вицлой,
Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов 

Даим со хьегначу ЦIен-Берде гIой,
Цуьнга бIаьрг тохалаш, аьтту хилахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь. 

ГIеллой Iаш хетало безна и мохк,
Малх хьуллуш бIаьрг тоьхча геннара дIа.
Хьомсарчу ламанах хьерчаш Iен дохк,
Гуш санна, вогIалой, вехха со Iа… 

Дог-мерза гул а лой, ЦIен-Берде гIой,
Дегнийн хьу ясталаш бIаьста-гурахь.
Сан метта бIаьрг тохий, сан бIаьрга гой,
Сан берд аш хьасталаш, ганза со лахь.


Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.
Пепнаш кIел тIулг богIий, гонаха берд хьой,
Безамна бIарлагIа елаш цигахь. 



Хаттарш:

-Муха ойла кхоллаели шун и мог1анаш доьшуш?

-Авторан муха синхаамаш гучубоху цу мог1анаша?

-Муха сурт кхуллу аша шайна и стихотворени язйинчу авторан?

--Вай вуьйцучу авторца а, цуьнан кхолламца а, дахарца а йог1уш юй и стихотворени?



Хьехархочун дош

г) Х1инца вовше дага а довлуш , ас шайга деллачу кехаташ т1ехь схьаяздан хьовсийша авторо пайдаэцна суртх1отторан г1ирсаш:



Слайд

1 ра тоба Эпитеташ схьаязъе, муьлхачу барамехь язъйина билгалдаккха

2-г1а тоба Метафораш схьаязъе , фразеологизм а, дустар а



Хаттарш:

д) Кхин х1ун ц1е тилла мегар дара оцу стихотворенина? (весет)

Коьрта тема х1ун ю оцустихотворенин? (даймахке сатийсар)



3) Т1еч1аг1дар

Вайна ма хьоме бу – кх вайн Даймохк. Х1оранна а ду-кх цунах лаьцна ала довха дош. Стенца бустур бара вай Даймахке болу безам? (ненаца)



Синквейн яло хьовсур ду вай оцу дешнашца

1-ра тоба ДАЙМОХК

2-г1а тоба НАНА



4) Жам1 дар

Х1инца вай дийцинчун жам1 дан хьовсур ду вай.

Х1окху дитта т1е г1аш довлийтина ,х1ара дендан хьовса деза вай. Нохчийн литературехь Гадаев М-Салахьан вайна евза произведенеш цхьацца г1а т1е а язъеш д1алатор ю вай.

(ролик «Цен берд»)



Дерзина лаьттина долу вайн дитт хаза йог1у б1аьсте санна ,т1е г1аш латийна ,цул совнаха стом баьлла, буьззина кхачам болуш , дог –ойла токхе ерзош,дитт хилла д1ах1оьтти! Иштта пайдехь лар йитина Мохьмад Салахьа вайн нохчийн литературехь.



6)Рефлекси

СЛАЙД

Суна зеделларг х1окху урокехь………..

Суна тайнарг, дагчу дижнарг………..

Суна цатайра……………





НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Стихаш. Соьлжа-ГIала. 1940. Буьйсанан бере. Поэзи, проза. Соьлжа-ГIала, 1993. ЦIен-Берд. Хаьржина произведенеш. Соьлжа-ГIала, 2005. Безаман бIарлагIа. I том. Соьлжа-ГIала, 2010. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. 

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Ружейный выстрел. Поэма (Пер. А. Тарковский) // Поэты Чечено-Ингушетии. Грозный,1939.

IИЛМАНАН БЕЛХАШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Ойланаш. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.201-211 Вайна алфавитан хьокъехь. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.212-214 

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
У марксистской философии нет стройной картины мира. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.130-145 О механизме общественно-исторического процесса. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.146-148 К вопросу о пространстве и времени.Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.157-163 (в соавт. Баймурадов А.) Картина Мира. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.164-185 (в соавт. Баймурадов А.) О количественных и качественных изменениях в процессе развития. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.185-200 (в соавт. Баймурадов А.)







Даймохк …. Стенца доьзна хетало и дош? Х1ун суьрташ х1уьтту шуна дуьхьал уггаре хьалха и идошаьлча? ( СЛАЙД ) (лаьмнаш, шовданаш,х ьаннаш)




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!