Урокан ц1е:
«Ц1ердешан меттигниг дожарин цхьаллин а , дукхаллин а терахьашкахь хийцадалар».
Хоттийнарг Тухаева З.И .
Алфавитан рогIехь тIера схьаязде дешнаш. Шалха элпашна кIел сиз хьакха.
ГIиллакх, оьздангалла, адамалла, кад, тIам, аьлха, безам, ваша, газа, дог, жIов, зу, илланча, кхаба, хIаваъ къолам, оьпа, орам, пIенда, кIалу, лом, цIа, чIара, яьшка, юьртахо,эвла, сом, омра, гIаз, накъост.
Оьрсийн матте гочъе предложени:
Гуьйранна олхазарш бовхачу мехкашка д1адоьлху.
Харжаман диктант .
Схьаязде лург дожаран дешнаш.
Нанна, йо1 , меттиг, стоьла т1ехь , хи бухахь, керта юххехь, титта к1ел, ж1аьла , цициг.
Нанна, стоьла т1ехь, хи бухахь, керта юххехь, дитта к1ел.
Д1аязде дожарш. Лега и дешнаш шина терахьехь.
Цхьаллин терахь. Олхазар, наб, бамба, яздархо
Дукхаллин терахь.
олхазарш, набарш, бамбанаш , яздархош.
М.д. олхазар е ,набар е , бамбан е, яздархо чуьнга .
М.олхазаршка, набаршка, бамбанашка , яздархошка.
Жам1 дар.
-Муьлхачу хаттаршна жоп ло ц1ердешан меттигниг дожаро?
-Муьлха чаккхенаш хуьлу цхьаллин терахьехь меттигниг дожаран?
-Муьлха чаккхенаш хуьлу дукхаллин терахьехь меттигниг дожаран?
Х1ун кхиамаш бехи аша?
Х1ун ду гуттар самукъадаьлларг?
Ц1ахь бан болх балар.
Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 227, бакъо 112 аг1он т1ера.
Шардар № 104 , аг1о 58.