СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

«Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
««Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»»

«Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»

  1. Некъ цахадоран маь1ан.

«Некъ цахадор» боху кхетам ша-тайпана бу. Генара схьавогlучу стагана хьалхахула тlехваларх, некъ «хедаш» я цунна новкъарло хуьлуш xlyмa дац иза. Xleттe а оцу воккхачу стаге болу лерам, цуьнан а, цуьнан шерийн а сий дар ду иза. Хаза гIиллакх а ду.

Ша-тайпана лерам беш хилла воккхачу стеган йоlстага а, къоначу зудчо а. Нагахь хи тIepa йогlу йоl воккхачу стагана дуьхьал кхетахь, шен кlудал охьа а хlоттайой, бyкъ а берзабой, дlaxlyттyш хилла иза, и стаг тIехваллалц.

  1. Боьршачу стага коьртахь куй лелор.

Коьртахь xIумa лелор дуьххьалдIа кечваларан кеп хилла ца Ia. Иза шен кIopггepa маьIнa долуш xIумa хилла. Сан схьавалар цIена ду, со оьздачу нахах ву бохург хилла иза.

«Коьртара куй а баьккхина, дехар дина», - олуш ду вайнехан. Иза гуттар а ч1ог1а дина дехар ду. Нагахь нуьцкъах цхьамма кхечуьнан коьртара х1ума яьккхинехь - и доккха эхь а, зулам а хилла. Ткъа шен лаамехь, дехар деш стага коьртара куй баккхар - иза шен бехкана къера хилар ду, оцу дехарна, цхьа а аьтто белахь, жоп дала дезар а ду.

  1. Нохчийн г1иллакхехь зуда ларар.

Зударшца доьзна х1ума 1аламат лерина а, ч1ог1а а лелош хилла нохчаша. Цхьана зудчунна дуьхьал ши боьрша стаг вуьйш хилла. Оццул деза хетта вайн дайшна зудчун дахар а, цуьнан сий а.

Хетарехь, иза, цкъа делахь, зуда экама а, боьршачу стагана хьалха г1орасиз а, цунна бехке а хиларна а; шолг1а делахь, зуда - иза нана ю я хинйолу нана ю, ткъа ненан сий дайар - иза даккхийчарах зулам ду.

  1. Маршо боху кхетам нохчочун дахарехь.

Стеган маршо - ша санна, шена уллора стаг а маьрша вуйла хаар, цуьнан маршо ларъяр ду.

Бакъду, юьззина маршо стеган хила йиш а яц. Х1унда аьлча, стаг дуьненчу валарца тайптайпанчу низамийн (1аламан, хенан, валаран, юкъараллин, доьзалан...) гурашкахь хуьлу.

Цундела маршо - иза стагана и хьелаш а (Дала кхоьллинарш а, вуьшта адамаша шаьш юкъадаьхнарш а), цаьрга хьаьжжина шен декхарш а довзар, уьш шена т1елацар а ду. Шен кхетам кхиъна хиларе хьаьжжина хуьлу стага т1елоцучу декхарийн гуо - ша-шена, шен доьзална, юьртана, махкана хьалха декхарш.

  1. Майраллинин, сонталлин юккъера башхалла.

Собарца йоьзна ю майралла. Кхид1а собар дича, г1уллакх оьздангаллин гурара д1а а даьлла, осалалла тулуш хилча, и ца хилийта оьшу г1уллакхаш дан доьналла хилар ю майралла. Цкъа хьалха собарца долчу хьолера к1елхьаравала гечо а ца лохуш, девнна т1ег1ертар, хиндолчун ойла а ца еш, т1амца чуг1ертар, майралла йоцуш, сонталла ю. Вайнаха стагана т1ехь доккха сакхат лоруш а хилла иза.

Майраллинин, сонталлин юккъера башхалла, хетарехь, иштта ю: майралла - иза нийсо меттах1отто, оьздангалла ларъян оьшург дан кийча хилар, ткъа сонталла - зулам д1адоло кийча хилар.

  1. Яхь а, харц яхь а.

Яхь - иза гуттар а дикачу г1уллакхаш т1ехь, амалшкахь (комаьршаллехь, майраллехь и.д1.кх. а) кхечул, шена гонахарчу нахал оьшуш ца хила г1ерташ, мелхо а царал тола г1ерташ хилар ду.

Нохчийн маттахь олуш ду «оьзда яхь» боху дешнаш. Иза дикачу г1уллакхашца кхечул тола г1ертахь а, и дархьама лелориг оьздангаллин хоршахь долуш, нагахь ша эшахь а, шел тоьллачун кхиамех воккхаве а, цунна мук1арло дан а, иза цуьнца декъалван а ницкъ кхочучу стеган яхь ю. Иштта яхь ю вайнаха иллешкахь юьйцуш а, хестош а.

Вай юьйцучу оьздачу йохьаца цхьаьна, вайнахана юкъахь еха харц яхь а. Иза стага, нахаца йохье а волий, цара олучу дашах кхера а лой, нийса доцург а, зулам а дар ду.

  1. Доттаг1а муха хила веза.

Бакъволчу доттаг1чо тоьпан д1аьндаргах шен дег1аца ларвийр ву доттаг1а. Оццул деза ду доттаг1алла. Доттаг1а дел, вешел эвхьаза ву стагана, цу шинга ца дуьйцург (сингаттам, дегалазам) доттаг1чуьнга дуьйцур ду цо. «Ваша ваша вац, и хьан доттаг1а вацахь», - боху халкъан хьекъало.

Вайн къоман иэсехь бу «дуй биъна доттаг1а» боху кхетам. Иза цкъа а къаста йиш йоцу доттаг1ий бу бохург ду.

Тешаме доттаг1а ч1аг1онан б1ов ю баьхна вайнаха. Цунах лаьцна ду халкъан дийцар а. Ша леш шен цхьаъ бен воцчу к1анте весет до дас, х1ора шахьарахь цхьацца г1ала йог1алахь, олий. Иза кхелхинчул т1аьхьа ойлане хуьлу к1ант, шен ден весетан маь1нех ца кхеташ. Оцу к1ентан х1усамнанас кхетийна иза: х1ора шахьарахь цхьацца г1ала йог1а бохург, хьоьга цхьацца доттаг1а лаца бохург ду.

  1. Декхар а, иэхь а боху кхетамаш нохчочун дахарехь.

Нохчочунна шен къоман г1иллакх-

оьздангалло т1едожош, цо гуттар а дагахь латтош цхьа дош, цхьа кхетам хилла - Декхар. Декхар - къоман синмехаллийн лехамашна жоп луш вахар. Декхар - шен дена, нанна, доьзална, юьртахошна, халкъана хьалха дерг. Ткъа уггаре а коьрта декхар - Далла хьалха долу декхар.

И дерриге а Декхарш шена т1ехь дуйла хаар - иза стеган иэхь-бехк хилар ду. Иэхь-бехк доцчу стагана массо а шена хьалха декхар хета, ткъа ша цхьанна а декхар ца хета. Иэхь - иза шен декхар кхочуш ца дича, я цхьа оьзда доцург далийтича, стеган сий дожар ду. Иэхьо йожайо стеган ц1е, мах бойу цуьнан дикчу г1уллакхийн, иэхьо стеган синтем бойу, нагахь иза хета иэхь долуш, халкъо ма-аллара, «ц1ийяла юьхь» йолуш велахь.

  1. Бехк, бехк баккхар.

Бехк - иза стагана, шен гергарчарна, лулахошна, юьртахошна, халкъана хьалхара декхар ца хиъча, наха олу дош ду. Бехк баккхар - ахь ледарло ялийтарна, я хьайца йолу дегайовхо бакъ ца ярна юьхь яккхар ду.

Амма иза кхиэл яц, я сардам а бац, бехк царал мелла а байн мах бу стеган хадош, оьздангаллин г1уда а ду цунна тухуш; цо шен декхарш кхочуш а дина, шена т1едоьжна и г1уда д1атакхаре, ша бахьанехь кхечунна хилла вас д1аяккхаре сатийсам а бу.

  1. Зайтан Шихмирзас хийрачу махкахь Таркхойн Шовхал волчохь хьошалг1ахь шен а, нохчийн къоман а сий лардар гайта.

Зайтан Шихмирза хийрачу махкахь (таркхойн Шовхал волчохь) шен дахарна кхерамечу къовсамехь дакъалоцуш ву. Кхузза т1ейоуьйту тайп-тайпанчу къаьмнех болчу к1енташна таркхойн Шовхала шен йо1, кад а боуьйтуш, дин маса болчо, герз нийса тухучо, зуда тешаме йолчо д1амала, олий. Кхуззе а Зайтан Шихмирзас д1амолу кад, цхьамма а ца молуш соцунг1а хилча (кад д1а а мелла, къовсамехь эшнарг вуьйш хилла). Молу, шена уллохь 1ачеран сий лахдан а ца г1ерташ, г1иллакхе дешнаш а олий:

Шул хьуьнарна тола х1ума дацахь а, К1ентийн маршонна молу ша...

Цо иштта бахахь а, кхаа а къовсамехь тулу Шихмирза. Гуш ма-хиллара, къонахчун васт кхуллуш, илланчас билгалйоху цуьнан амалш: маса дин болуш, топ нийса тухуш, зуда тешаме йолуш («Ах стаг зудчо во», - олуш ду халкъалахь), нахана юккъехь лела хууш, г1иллакхе хилар.

Таркхойн Шовхал волчохь нохчийн къонахчо лардийриг шениг хилла ца 1аш, шен къоман сий а ду. Х1унда аьлча, цигахь цо цхьа юьхь1аьржо йинехь, Кавказан къаьмнашлахь «Шихмирзас» ца олуш, «нохчочо ледарло ялийтина» эр дара.

  1. Стеган оьздангалла.

Стеган оьздангалла цо ша-шеца лелочу г1иллакхашна т1ера д1айолало. Иза уггар хьалха шен дог-ойла, т1аккха цуьнга хьаьжжина шен юьхь-сибат а, дег1 а ц1ена латтор ду. Кхузахь стеган чулацаман а, куьцан а цхьаалла хила еза.

Стеган оьзда массо х1ума а хила деза – ойла а, духар а, г1иллакхаш а. Мел хаза духар дуьйхина и велахь а, г1уллакхаш цхьана а хоршахь доцуш, шена луъург лелориг а оьздангаллина юххе ца вахна.

  1. Доьхкано нохчочун духарехь лело маь1на.

Духарехь ша тайпана маь1на лелош хилла доьхкано. Пхийтта шо кхаьчча йоьхкуш хилла юкъ. Иза стаг бераллера валаран, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а д1ах1отта кийча хиларан билгало ю.

Стаг къанвелча (цуьнан билггала йолу хан яц, иза х1орамма а ша билгалйоккху шена - шен могашалле а, лааме а хьаьжжина), юкъ д1айостуш хилла. Кхид1а т1амна а, девнна а стаг вац ша бохург ду иза.

  1. Салам далар.

Кех араваьлча, дуьхьал кхеттачуьнга вистхилар т1едужу стагана.

Салам шен хенарчу, я шел дукха баккхий я кегий боцчу нахе луш 1едал ду вайн. Ханна хьо жима велахь, ахьа хьалха д1адала дезаш ду салам.

Хьо вог1уш а волуш, лаьтташ я хевшина 1аш нах (я ша цхьа стаг) хилча, салам далар хьуна т1едужу. Говрахь вог1учо г1ашлочуьнга дала деза, лакхара (ломара) охьавог1учо лахара хьалавог1учуьнга дала деза, хи дог1учу аг1ор вог1учо - цунна дуьхьал вог1учуьнга.

Цуьнан маь1на шел аьтто мелла а к1езиг берг тоьллачо ларар ду, ницкъ болчо ницкъ эшнарг (жимчо воккханиг) ларар а ду.

Салам а делла, стаг т1евеъча, дег1 нисдина хьалаг1аттар т1ехь ду хиъна 1ачунна, нагахь т1евеънарг ханна воккха велахь-м муххале а. Воккха вацахь а, хьалаг1аттар я хьалаайавалар г1иллакхехь ду.

14. Дика аларан масалш.

Стага (наха) дечу г1уллакхе хьаьжжина вистхилар а ду вайнехан г1иллакхехь.

Масала, стаг муьлхха а болх беш хилча: «Болх ирс долуш хуьлда хьан!» - олу, цуьнца цхьаьна билггал цо дечуьнца доьзна вистхилар а ду вайнехан.

Аьр вай, стаг мангал хьокхуш хилча:

«Маьлхе хуьлда хьан!»;

ялта д1адуьйш я асар деш хилча: «Хьекъийла хьан!»;

дечиг доккхуш хилча: «Г1оза дагорг хуьлда хьан!»;

х1ума юуш хилча: «Г1оза юийла!»; ц1ена бедар юьйхина хилча (нагахь и хьайн гергара стаг, доттаг1а я юххера вевзаш велахь): «Г1оза лелайойла!»...

Зуда ялийна меттиг хилча, нохчаша олу: «Дала т1аьхье беркате йойла! Дала цхьабарт бойла!». Йо1 яханчаьрга (дукха хьолахь нене): «Дала декъал йойла! Т1аьхье беркате йойла!».

К1ант вина хилча: «Дала беркате доьзалхо войла! Дала дукха вахавойла!», ткъа йо1 йича, и дешнаш аьлла ца 1аш, т1етуху: «Дала ворх1 вешин йиша йойла!».

15. Новкъахь лело деза г1иллакхаш.

Нагахь хьо говрахь велахь а, саца веза, некъ ца хадош, говрара а воьссина.

Нагахь хьуна дуьхьал вог1уш воккха стаг хилча, иштта говрара а воьссина, цуьнга вист а хилла, иза аьтту аг1ор т1ехвалийта веза. Хьо г1аш хилча а изза дан деза: воккха стаг, зуда - аьтту аг1ор, ткъа жиманиг - аьрру аг1ор т1ехвалийта.

Новкъахь воккхачуьнца воьдуш хилча, хьо цуьнан аьрру аг1ор х1отта декхар ву (воккхачунна аьтту аг1о юьту бусалба динехь а), вайнехан г1иллакхехь аьтту куьг, ког, ха, аг1о еза лору дела.

Шу кхоъ хилча - воккханиг юккъехь, цул жиманиг цунна аьрру аг1ор, уггар жиманиг - аьтту аг1ор х1утту. Иштта д1анислур бу г1аш боьлху нах пхиъ я ялх хилча а.

Ткъа дуккха а нах новкъа боьлхуш хилча, кегийрхойн цхьа тоба хьалха хила еза, важа тоба – т1аьхьа, юккъехь - баккхий нах.

Нагахь стаг зудчуьнца (йоккхачу стагаца я хийрачуьнца) вог1уш хилча, цо иза аьтту аг1ор йита еза, ша жимма хьалха а волуш; нагахь шен гергарчу зударшца (х1усамненаца, йишица, и. д1. кх. а) вог1уш велахь, уьш аьрру аг1ор а, жимма цул т1аьхьа а хилча нийса хир ду нохчийн г1иллакхехь.

Вай кхузахь хьаха ца деш, дахарехь нислуш цхьацца хьелаш хуьлу (масала, чу-ара волуш дуьхь-дуьхьал нисвалар, наь1ара уллохь цхьаьна нисвалар, машенна чу хаар, и. д1. кх. а), амма муьлххачу а хьелашкахь воккхачунна а, зудчунна а хьалхе д1аяла еза. Цуьнан маь1на шерийн дукхалла, г1орасизалла ларар ду.

16. Пхьоьханехь лело деза г1иллакхаш.

Пхьоьханехь дешан хьалхе, гуттар а санна, баккхийчаьргахь хилла, цара кегийчарна пайде дерг, кхетаме дерг дуьйцуш а хилла.

Жимха, шега дош делча, вистхуьлуш хилла. «Шуна хьалха вистхуьлу-м вацара со, делахь а аш аларна сайна хетарг эр ду-кх ас», олуш хилла цо, баккхийчеран сий деш.

Нагахь шен бан безаш цхьа хаам белахь, я шена мехала хеташ х1ума делахь довзийта дезаш, жимчу стага: «Цхьа-ши дош эр дара ас, аш пурба лахь (я бехк ца биллахь)», - олий, шена вистхила бакъо йоккхуш хилла.

Зударий пхьоьхана бог1уш ца хилла, ша цхьа кхерам т1ех1оьттича орца даккха ца баг1ахь. Цигахь а, я кхечу боьрша нах гуллучу меттигашкахь а къамелаш деш а ца хилла зударша.

Баккхийчу наха вовшашца лелош хилла дешан раж, вовшашна юккъехь г1иллакх. Нагахь цхьа а вист ца хуьлуш, соцунг1а еъча, цхьатерра шиъ дош ала тохавелча, ший а сацалуш ду, вовшашка дешан раг1 кховдош. Раг1 схьаэцначо: «Баркалла, ахь хьайн дош диц ма делахь», - олий, шен къамел до, дукха дах ца дан а хьожуш.

  1. Хьошалг1ахь лело деза г1иллакхаш.

Салам т1евеанчо д1ало дуьхьал ваьллачу х1усамдега. Цо схьакховдадахь, куьг лоцу. Куьг кховдоран хьалхе х1усамдегахь а, воккхачуьнгахь а ю, т1евеанчуьнгахь я жимхехь яц. Х1усамдас наь1ара т1екхаччалц, хьалха а волий, хьаша т1евуьгу, т1аккха не1 д1а а йоьллий, чоьхьаволуьйту.

Хьешо чуьрачаьрга салам (вайн 1адатца и дала дог1уш делахь) ло я: «Дика мел дерш кху чу»,- олу. «Диканца дукха вехийла хьо а, марша а вог1ийла»,- дуьхьал жоп чуьрачара а ло.

Хьошалг1ахь а ша х1ун лело хаа деза стагана. Уггар хьалха ша тевоьссинчу х1усамдайшка ша бахьнехь дукха къа ца хьегийта хьажа веза. Шолг1а делахь, шена еллачу ларамечу меттехь хиъна 1ен веза, чу веъ-веъначуьнга шен меттиг д1а а ца кхийдош. Нагахь х1ара чохь а волуш, кхин хьаша а веъна, и д1аваха араваьлча, кхунна т1ехь дац цунна т1аьхьа валар. Иза х1усамдас дийр ду, ткъа хьешо хьаша новкъа воккхуш ца хуьлу.

  1. Хьаша ларар.

Куьг кховдоран хьалхе х1усамдегахь а, воккхачуьнгахь а ю, т1евеанчуьнгахь я жимхехь яц. Х1усамдас наь1ара т1екхаччалц, хьалха а волий, хьаша т1евуьгу, т1аккха не1 д1а а йоьллий, чоьхьаволуьйту.

Хьаша веъча, х1усамненан уггар хьалхара декхар ду шен чохь ерг хьалха йиллар (туьхийсискал). Ткъа и лоруш деш долу пхьор парг1атехь дича а мегар ду.

Хьаша лоруш, шен аьтто болчо, уьстаг1 боь. И тайпа х1ума нисделча, уьстаг1ан кхехкийна корта а, пханар а, некхах жижиг а, дуьмин дакъа а, п1ендарийн юьхьигаш а хьалха хьош хилла. «Хьо лоруш оха уьстаг1 бийна», - бохург ду иза, массо аьлча санна меже цунна хьалха яхьар.

Хьешо корта, цунах (б1аьрга хьалхара) цхьа жима дакъа доккхий, кхалла а кхоллий, оцу эвлахь шена гергарло (захало, доттаг1алла) таса луучу стагана бохьуьйтуш хилла. 1уьйранна хьаша новкъа воккхуш, бийначу уьстаг1ан т1а дуьллуш хилла хьешан таьлсаш чу.

19. Шуьнехь лело деза г1иллакхаш.

Шуьнехь юучу х1уманна т1ехь шен чуо чуоьзна хила веза стаг, къаьсттина хьошалг1ахь. «Нехан шуьна т1ехь гай ма дузаде, нехан хьаьвди т1ехь дин а ма бустабе», - иштта боху халкъан хьекъало.

«Сай» ц1е йолчу халкъан узам т1ехь далош долчу х1окху дешнаша: «шал шийла шовданаш шен бекъчу кийранна 1аббалца ца молуш», «марг1ала сийна буц шен оьздачу зорханна буззалца ца юуш», - гойту вайна къонахчун юучу х1уманца хила еза юкъаметтиг.

Шуьне ховшуш масех стаг хилча, хьаша а, чохь болчарах уггаре воккханиг а баьрчехь хила веза. Барч - иза чохь уггаре а лераме меттиг, наь1арна уггаре генара, лекха меттиг ю. Воккхачо, г1иллакх х1оттош, хьеше шун доладе олу, цо и кхочушдо Делан ц1е а йоккхий, я шега схьакховдийначуьнга юхакховдадо и г1уллакх.

Шуьнехь охьаховшар, бехке верг (воккханиг, хьаша, ненахо, стунцахо) лакхахь а, куьг аьтту аг1ор а хаош хуьлу. Вуьшта гергарнаш аьрру аг1ор ховшу.

Хийра хьеший баьхкича, цхьаболчу доьзалехь шуьнан тхьамда а хоржу. Иза хьешех харжа йиш яц, дукха хьолахь х1усамдас я х1усамнанас бухарчарах, шен чохь шена эвхьаза а волуш, шен ц1ийнан хьал дика девзаш, лоруш волу стаг хоржу.

Шуьнхойн хьашташка хьожуш, оьшург т1ейохьуш хилла леррина билгалбаьхна жимхаш - маклаттархой.

Хоржуш волу тхьамда шуьнехь болчу нахах воккха а, нехан лерам болуш а стаг хуьлуш хилла.

Шун синкъерамна я сингаттамна х1оттийна хиларе хьаьжжина дош а олуш, шун д1акхехьа дезаш хилла тхьамдас.

Цуьнгара пурба доцуш дош ала а, я оцу дешан чулацам (харш) хийца а, я шуьна т1ера хьалаг1атта а, илли ала а, хелха вала а йиш ца хилла цхьаьннан а. Керла т1евеъна стаг шуьне оьхьахао а тхьамдин бакъо еза. Доцца аьлча, шуьнехь мел деш дерг тхьамдин лаамца хила дезаш хилла.

20. Жимстаг т1емалошна юкъа д1аэцар.

Кхиъна вог1у к1ант г1иллакхехь, къинхьегам безаш, онда, каде хила, герз лелон - доцца аьлча, дахарна 1амон, махкахь а ц1е яхначу къонахашка д1алуш а хилла. Ша санна долчу берашца цхьаьна, хьехамчас т1едехкина декхарш кхочушдеш, цуьнан ц1ен т1ехь бан беза белхаш беш, масех шо а доккхий, вухавоьрзуш хилла к1ант.

Хьалха заманахь, пхийтта шо ма кхеччи, д1аоьцуш ца хилла к1ант т1емалошна юкъа. Х1онце, мостаг1ашна дуьхьал лата боьлхучу т1емалоша шайца воуьйтуш ца хилла цхьа билггала долчу зерех чекхваьлла воцу жима стаг.

Иштта, хилдехьаройн махка уллохь цхьа боккха кхера бара. Жима стаг шен дерриге а герзашца цхьаьна, ведда воьддушехь, куьг а ца 1уттуш, оцу кхерана буьххье т1евала везаш хилла. И дан ницкъ ца кхочург т1емалочун декхарна кийча лоруш ца хилла.

Жима стаг т1емалочул декхарш кхочушдарна кечвеш, тайп-тайпана къийсадаларш, хьуьнарш зер д1ахьош хилла. Царах шиннах лаьцна шен цхьана статья т1ехь дийцира яздархочо Тагаев Сайд-Хьасана.

Оцу зерех цхьаъ иштта хилла: шен г1одаюккъал болу ц1улла-дечган серийн ц1ов цкъа тур тоьхна хадийча, и тур лелон бакъо луш хилла. Цундела г1одаюкъ готта мел хили а, атта хилла тур лелон бакъо яккха. И серийн ц1ов охьабилла а, к1аг а баьккхина, цу чу ирахбог1а а, цхьана х1умнах хьалаолла а могуьйтуш хилла, цкъа тур тоьхна и хадийчхьана. Иза нахана гуш дан дезаш а хилла. Ткъа тур мел ира хила деза! Мел ницкъ а, говзалла а, сихалла а оьшу и тайпа серийн ц1ов хадон жимчу стагана!

Цу зерех чекхваьллачо дакъалаца дезаш хилла кхечу къовсамехь а. Ши жима стаг, настарийн голанех ши кахьар а йоьхкий, хьалхаваларх водуш хилла, буса а, дийнахь а ца соцуш, кхаа юьртах чекхваллалц. Х1уъа хиларх, т1аьхьа ж1аьла даларх, я цхьамма герз я мохь тохарх, орца дохуш хиларх, вухахьажа йиш а ца хилла, х1унда аьлча, и дича, са к1езиг долуш а, кхеравелла а лоруш хилла. Оцу зерах чекхваьллачунна секха1ад, т1аьхьуо - топ а лелон бакъо луш хилла.

21. Кегийрхошна вовшийн довзар муха хилла?

Кегийрхошна вовшийн довзар, дукха хьолахь, нах гуллучу меттехь хуьлуш хилла: хийистехь, белхешкахъ, синкъерамехь, ловзаргахь... Дуккха а нах вовшахкхеташ, къайле хила йиш йоцуш меттигаш ю уьш.

Нохчийн г1иллакхо т1едуьллу к1ентан, йоь1ан юкъаметтигаш тешаш болчохь хилийтар, теш воцуш цхьаьнакхетар - и осала лоруш а, магош а ца хилла.

Оцу г1уллакхна хийист къастор ша тайпа маь1на долуш ду.

Цкъа делахь, х1ора йо1 а хийисте (шовданна т1е), кхайкха ца оьшуш, ян езаш ю. Цундела цигахь и ган аьтту бу к1ентан, цу т1е шен говрана хи мало дезаш а хилча, к1ентан а ду цига ван бахьана.

Шолг1а делахь, хи т1е дуккха а нах бог1у дела, кхин леррина тешаш кхайкха а ца оьшуш, шиннан цхьаьнакхетар дуккха а нахана гуш хуьлу.

Кхоалг1а делахь, сацар доцуш, гуттар а д1аоьхучу ц1еначу хин, чу хьаьжча бухара т1улгаш а гуш, сирлачу хин йистехь кхоллало юкъаметтигаш иштта сирла а, ц1ена а хиларе сатийсам а бу иза.

Ахмадов Муса

Г1иллакх б1аьрг белочарах, б1аьрг т1ехь соцучарах лерина вайн дайша. Г1иллакх ша-шеца лелийча а ду дика. Амма шен чулацамца и г1уллакх юкъара хиларе терра, г1иллакх цхьамма - вукхуьнца, тобано - тобанца, гергарчара – гергарчаьрца, марзхоша - стунцхошца и. д1. а лелон дог1уш а ду. Г1иллакхечу юкъаметтигаша адамашлахь болу уьйр-безам ч1аг1бо.

Нагахь санна г1илкх б1аьрг белочарах делахь, оьздалла – дог делочарах лара мегар ду. Г1иллакхан т1ам ца кхочуш вайн дахарехь цхьа а са ца буьсу: доьзалера д1адолалой къаьмнашкарчу юкъаметтигашка кхаччалц. Бакъдерг дийцича, вайн дайша-м молучу хица, кхачанца, латочу ц1арца, г1а-бецаца, акхарошца, мокхачу лаьхьана бист кхаччалц, массо а х1уманца лелош хилла иза.

Доцца масалш: бертал а вижий хи ма мала. Нагахь, ца ваьлла малахь а, мара ма кхетийта хих; ц1ерга туьллург стомма аг1о хьалха яккхий бен ма тилла; ц1ерга туй ма таса; иза эккха а дай бен экхана топ ма кхосса…

***

«Къонахийн белшашна т1ехь лаьтташ ду дуьне», - эрна аьллачех дац. Къонахчуьнгахь – къизалла, хьаг1, ямартло, дуьйцург – цхьаъ, лелош дерг – важа хуьлуш дац, хила йиш а яц. Дала Шена г1ортораш йина дуьнент1е бохуш бу уьш.

Кхин цхьаъ ду вайн къонахийн вастах лаьцна олуш: «Х1ора дийнахь-буса Иблисан г1оьнчин иссазза букъ кагбийр бу къонахчо».

Къонаха зене-зуламечу г1уллакхах, нехан хьокъахм хьовха, къоршамечу дашах а къехкаш хуьлу. Къонахчун даржал лакхара дарж адамашна дагадеъна а дац. Къонаха вохкалуш а, эцалуш а вац. Цундела дуьненахь мел долу даьхни тоьур дацара иза эца. Нехан г1уллакхана шен са дагадо цо. Собаречу нахана юккъехь а собаре ву иза, оьздачу нахана юккъехь - шен оьздангаллица билгал хуьлу. Цуьнгара г1иллакх даккха цхьа а вац.

***

Буьйса юккъе яххалца чиркх д1абайа йиш а ца хилла нохчочун.

«Хьанна хаьа, дай меттах ца хьебер ша аьлла, вог1уш волу хьаша юха волий а»,- бохуш.

***

Веанчу хьешан мачаш арахьа д1а а ерзийна д1ах1иттор (масала, цунна т1ейоха атта хилийта аьлла) - иза юхаван ца луучу хьешанна деш хилларг ду.

Хасиев Сайд-Мохьмад

Зуда гучуяьлча, цуо дехар дича, муьллах а дов машарца доьрзуш хилла. Масала, довхойх ведда т1ехь ч1ир йолу стаг зудчун х1усамехь к1елхьар волуш хилла.

Йоккха зуда чу еача боьрша нах, шаьш деш долу къамел саца а дой, цуьнга маршалла а хоттуш, хьалаг1овтуш хилла.

Нохчийн г1иллакхехь, говрахь волу боьрша стаг йоккхачу зудчух б1аьрг кхетча, цунна т1е кхачале говрар вуссий, цуьнга маршалла а хоттий, жимма дехьа ваьлчий бен юха шен говран т1е хууш ца хилла.

Г1аш вог1уш волу боьрша стаг зудчунна некъан аьтту аг1о юьтуш т1ехволуш хилла, х1унда аьлча нохчочо герз дег1аца аьрру аг1ор лелош хилла. Ткъа зудчунна хьалха герз гайтар г1иллакхехь ца хилла.

***

Дошлойн тоба цхьан аг1ор некъ беш елахь, царех воккхах верг юккъехь хила везаш хилла. Жиманиг – цунна аьрру аг1ор. Вуьйш жимма царел т1аьхьа бог1уш хилла.

Новкъахь дуьхь-дуьхьал дошлойн ши тоба кхетча, вовшийн некъан аьтту аг1о юьтуш д1аскъаьсташ хилла. Ткъа церан шаьлтанийн юьхьигаш некъан юккъе йирзина хила езаш хилла. ***

Ворданахь бог1уш зударий хилча, царна некъан аьтту аг1о буьтуш хилла дошлочо. Иза лоруш, зударий хьала айалуш хилла. Ткъа дошлочо аьтту куьг хьала а ойий охьадохийташ хилла, цаьрга меттах ма хье олуш.

***

Велла стаг кешнашка д1ахьош т1екхаьчна волу дошло говрар вуссий цу нахех д1акхеташ хилла. Цаьрца ламаз а дина, юха шен новкъа д1аваха бакъо хилла цуьнан.

***

Боьрша нах а, зударий новкъахь цхьана нисбелча, зударий аьрру аг1ор бог1уш хилла. Нохчийн г1иллакхехь, боьршачу стаган аьтту аг1ор я йиша, я йо1 бен йог1уш ца хилла.

***

Говрахь вог1уш воккха стаг а волуш, цунна т1аьхьа жиманиг кхиахь, т1аьххьарниг аьтту аг1ор т1е а веана, воккхачуьнга маршалла хатта декхарийлахь ву. Цул т1аьхьа, шен говр саца а йина, аьрру аг1ор вера ву иза. Шиъ дошло хилча деш ду иштта.

Ткъа дуккха а адамаш цхьаьна хилча, царех воккханиг маршалла хоттуш вистхилар тоьуш хилла.

Шена дуьхьал вог1уш воккханиг нисвелча, жимах волчо шен говр юха а ерзайой, воккханиг новкъа воккхуш хилла, цуо шена юхаверза пурба даллалц.

***

Говрахь волчо г1аш вог1учуьнга маршалла хоттуш хилла, г1аш вог1учо – хиан 1ачуьнга, ша цхьаъ волчо – тобане. Салам луш, хьалхар куьг воккхачо кховдо деза. Шена евзаш йолу зуда кхетча, боьршачу стага хьалхар маршалла хоттуш хилла. Амма стаг воккха велахь, зуда дуьххьара йист хила еза.

***

Нохчаша стеган оьздангаллин мах хадош хилла цуьнан баккхийчаьрца болчу лераме хьаьжжина, иштта нахан юккъехь цуьнан лела хааре хьаьжжина. Воккханиг цаларар доккха эхь ду, наха бехк боккхуш, стеган ц1е йожош г1уллакх а ду.

***

Нагахь санна хьешо шена хьалха беанчу уьстаг1ан коьртах дакъа ца даьккхинехь, корта а, накха а шен новкъа даха т1оьрмиг чу дахка бохург ду иза. Уьстаг1ан кхакха а хьешо д1абахьа мегаш хилла, шен лаам белахь.

***

Хьаша ша хьалха веанчу юьрта юха а кхачахь, шена дуьххьара хьошалла диначу нехан кертахь саца везаш хилла. Наггахь санна иза кхечу нахе водахь, цунах газа хаьрчаш хилла.

Зулай Хасбулатова



10


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!