СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн йаздархой

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн йаздархой»

 Дарсан ц1е:  Нохчийн йаздархой            Х1оттинарг: Косумова А.З. 2025г.

Дарсан ц1е:

Нохчийн йаздархой

Х1оттинарг: Косумова А.З.

2025г.

Дарсан Ӏалашо: вайн мотт угаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн къоман йаздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.

 Кхочушдан лору жамIаш: Предметни: дешархошна шайна хуург схьадийца. Метапредметни: дешархошна Iемар ду Iаматца болх бан, шайн болх кхиамаш хир болчу кепара дIанисбан а, йешначун маьIна довза, цунах кхета. Личностни: дешархошна Iамийнарг карладер ду.

Кхочушдан лору жамIаш:

Предметни: дешархошна шайна хуург схьадийца.

Метапредметни: дешархошна Iемар ду Iаматца болх бан, шайн болх кхиамаш хир болчу кепара дIанисбан а, йешначун маьIна довза, цунах кхета.

Личностни: дешархошна Iамийнарг карладер ду.

Мотт шарбар.  Cирла, сирла беттаса,  Лепаш дара сийсара.  Сахилира тIаккха,  Схьакхийтира малх а...    1. ДIайеша меллаша.  2. ДIайеша къастош.

Мотт шарбар.

Cирла, сирла беттаса,

Лепаш дара сийсара.

Сахилира тIаккха,

Схьакхийтира малх а...

1. ДIайеша меллаша.

2. ДIайеша къастош.

Сулейманов Ахьмад  г1араваьлла нохчийн йаздархо, поэт, драматург.

Сулейманов Ахьмад

г1араваьлла нохчийн йаздархо, поэт, драматург.

      Арсанукаев Шейхи нохчийн сийлахь йаздархо ву. Арсанукаев Шайхи вина 1930-чу шеран август беттан 15-чу дийнахь Ведана районерчу Дишни-Веданахь. Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь. Яздан волавелла школехь волуш дуьйна. Арсанукаев Шайхин стихаш зорбане йийлина оьрсийн, украинийн, казахийн, дуккхачу кхечу кьаьмнийн метнашкахь. Цо ша а дукха къахьоьгу вежараллин къаьмнийн литературан тоьлла произведенеш нохчийн матте гочъеш. Арсанукаевс, хьакъ а йолуш, лелайо халкъан поэтан сийлахь ц1е. Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.

Арсанукаев Шейхи нохчийн сийлахь йаздархо ву.

Арсанукаев Шайхи вина 1930-чу шеран август беттан 15-чу дийнахь Ведана районерчу Дишни-Веданахь. Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь. Яздан волавелла школехь волуш дуьйна. Арсанукаев Шайхин стихаш зорбане йийлина оьрсийн, украинийн, казахийн, дуккхачу кхечу кьаьмнийн метнашкахь. Цо ша а дукха къахьоьгу вежараллин къаьмнийн литературан тоьлла произведенеш нохчийн матте гочъеш. Арсанукаевс, хьакъ а йолуш, лелайо халкъан поэтан сийлахь ц1е. Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.

Бадуев Са1ид Сулейманович  Вина 1903 шеран 23чу автустехь Соьлжа г1алахь чекхъяьхна хъехархойн курсаш, болх бина школехь.Нохчийн драмтеатрехь исбаьаллин куьгалхо лаьттина.Язъян волавелла 1925ш. Доций дийцарен, стихаш араевлла нохчийн духхьарлерчу «Серло» газетехь. Бадуевн кхоллараллин некъ 10 – 12 шаре бен бах ца белла. Цуьнан дахаран некъ хаьдда 1937ш. Гулагехь. Бадуев Са1ид нохчийн литературан бухбиллархо ву.

Бадуев Са1ид Сулейманович

Вина 1903 шеран 23чу автустехь Соьлжа г1алахь чекхъяьхна хъехархойн курсаш, болх бина школехь.Нохчийн драмтеатрехь исбаьаллин куьгалхо лаьттина.Язъян волавелла 1925ш. Доций дийцарен, стихаш араевлла нохчийн духхьарлерчу «Серло» газетехь. Бадуевн кхоллараллин некъ 10 – 12 шаре бен бах ца белла. Цуьнан дахаран некъ хаьдда 1937ш. Гулагехь. Бадуев Са1ид нохчийн литературан бухбиллархо ву.

Мамакаев Мохьмад вина 1910 ш, декабрехь Т1ехьа – Мартант1ехь. Хьалхе байлахь висна берийн ц1ийнехь кхиъна. Цуьнан стихеш зорбане йийла йуьйлаелла 1926 ш. дуьйна. Мамакаевн дуьххьарлера поэтически сборник арайаьлла 1930 ш. Мамакаев Мохьмад кхелхина 1973 ш.

Ахьма́д Сулейма́нович иза винера Олхазар-КӀотарехь 1922 шеран 1 майхь. Цуьнан да-нана дехаш нах бара. Цуьнан да гӀиллакх долуш хилара бахьнехь даимна юртан да хоржуш вара. Цера цӀахь йоккха библиотека йара. Ахьмад массо хӀума хаа лууш вара. Цо дика доьшура. Школехь гучуйелира цуьнан сурт дилларан а, байт йазйаран а, пондар лакхаран а похӀманаш.

 Муса Ахмадов вина 1956 шеран 28 январехь. 1979 шарахь цо чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Цул тӀехьа хьехархо болхбина, книжни издательствон редактор, «СтелаӀад» журналан коьрта редактор, «Орга» боху литературин исбаьхьаллин журналан коьрта редактор, культур Министерстван методически центран отделан куьгалхо,

 Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал Казахстанан Джамбульски областан цхьана жимчу Амангельды цIарах йолчу юьртахь совцийна. Цигахь казахийн маттахь 5 класс чекхъяьккхина Жамалдис. Махмаев Джамалдин кхелхина 2014 шеран 29 ноябрехь.

   Сада1аран минот:  Сихо йелаш, хьалагӀовтта.  Куьйгаш лекха хьалаайъа.  Нийса дуй-те, хьовса уьш,  Кема санна хьовзадеш.  ТIаккха сиха охьахеца,  Охьаховша, деша деза.

Сада1аран минот:

Сихо йелаш, хьалагӀовтта.

Куьйгаш лекха хьалаайъа.

Нийса дуй-те, хьовса уьш,

Кема санна хьовзадеш.

ТIаккха сиха охьахеца,

Охьаховша, деша деза.

Ишта дуккха бу йаздархой . Церан ницкъ кхочу шайн исбаьхьчу дашца шен къоман лазамах кхечу къамнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта, дуьненахь а шайн дика г1иллакхаш довзийта.Тахана а къахьоьгуш бу нохчийн берийн литература кхиорна юкъа доккха дакъа диллиначех болу, бевзаш болу йаздархой Кагерманов Докка, Мамакаев Эдуард, Исмаилов Абу, Ахмадов Муса, Сулейманова Зайнап…Х1окху т1аьхьарчу шерашкахь жигара къахьоьгучу йаздархойн юкъахь йу Сейлмуханов Мусан, Арсанукаев Мусан, Демеев Исмаь1алан, Закриев 1ийсан ,Джабраилова Азин, Тапалаева Амнатан ц1ераш.

 Бераш, х1инца вай дешнех ловзар ду. Вайн 1амор ду говзар йазйа. Шуна гуш йерг Абубакарова Пет1амата йазйина «Дешнех ловзар» аьлла байт йу. Вай рифмица дог1у дешнаш олуш д1айоьшур йу и байт. Луург соьца дешнех ловза, Лерса ирдай, хила схьа. Цхьаьна йазйийр йу вай говзар, ГIо де нисйеш чаккхе дIа. Лелабо Iай коьртахь к..., УьйтIахь, чохь а хьокху н..., Ков дIакъовлуш, буллу гI..., Доьша дуттург – жIаьлин г... .   БIаьста арахь сенло б..., Хьуьнхахь беха кура с..., Хи тIоьхула туьллу тI..., Механ Iуьрга дуьллу т... .  Хи чохь беха чабакх-чI..., Иза лоцуш, бугIу мI..., Болх беш, куьйга дуллу к..., Хьуьнхахь кхуьу цIулла-с... . КхидIа, бераш, йазде шаьш, Дуьйцуш, олуш, мукъа Iаш!

Бераш, х1инца вай дешнех ловзар ду. Вайн 1амор ду говзар йазйа. Шуна гуш йерг Абубакарова Пет1амата йазйина «Дешнех ловзар» аьлла байт йу. Вай рифмица дог1у дешнаш олуш д1айоьшур йу и байт.

Луург соьца дешнех ловза,

Лерса ирдай, хила схьа.

Цхьаьна йазйийр йу вай говзар,

ГIо де нисйеш чаккхе дIа.

Лелабо Iай коьртахь к...,

УьйтIахь, чохь а хьокху н...,

Ков дIакъовлуш, буллу гI...,

Доьша дуттург – жIаьлин г... .

  БIаьста арахь сенло б...,

Хьуьнхахь беха кура с...,

Хи тIоьхула туьллу тI...,

Механ Iуьрга дуьллу т... . 

Хи чохь беха чабакх-чI...,

Иза лоцуш, бугIу мI...,

Болх беш, куьйга дуллу к...,

Хьуьнхахь кхуьу цIулла-с... .

КхидIа, бераш, йазде шаьш,

Дуьйцуш, олуш, мукъа Iаш!

«Йаздархо бусалба а хилча, нохчи а хилча, цунна тIехь доккха дукъ ду. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайга схьакхачийнарг дуьненахь а, эхартахь а вайна беркате хилийта вайна Iамош, марздеш, вайх дIадулуьйтуш, къахьоьгуш, гIазотан новкъахь бу яздархой. Иштта шайх дийца хьакъ долуш бу-кх литературехь къахьоьгуш болу яздархой».

       Рефлекси. (Шайна хеташ долчу дешнашца алам чекхбаккхар.) Суна тахана дарсехь девзи … Суна дарсехь тахана хазахийтира … Дарсехь дича дика хир дара …

Рефлекси.

(Шайна хеташ долчу дешнашца алам чекхбаккхар.)

Суна тахана дарсехь девзи …

Суна дарсехь тахана хазахийтира …

Дарсехь дича дика хир дара …

Массарна а даггара баркалла!  Хуьлда шун хаамаш беркате!

Массарна а даггара баркалла!

Хуьлда шун хаамаш беркате!