Министерство науки и высшего образования
Российской Федерации
Федеральное государственное бюджетное образовательное учреждение
высшего образования
«Чеченский государственный педагогический университет»
Институт филологии, истории и права
ВЫПУСКНАЯ КВАЛИФИКАЦИОННАЯ РАБОТА
(квалификация – бакалавр)
Тема: «Нохчийн турпалаллин-исторически иллеш юкъара дешаран школехь дIахьехаран методика»
(«Методика изучения героико-исторических песен илли в общеобразовательной школе»)
Выполнила: Гугуева И.Д.
Руководитель: Джамбеков Ш.А.
Грозный – 2019
ЧУЛАЦАМ
Квалификационни белхан Iалашо а, актуальни хилар а
-
ДIАДОЛОР ........................................................................................... 3
1.1. Нохчийн турпалаллин-исторически иллех лаьцна юкъара кхетам. 4
II.ЮКЪАРАДЕШАРАН ШКОЛЕХЬ НОХЧИЙН ТУРПАЛАЛЛИН-ИСТОРИЧЕСКИ ИЛЛЕШ IАМОРАН МЕТОДИКА
2.1.Нохчийн турпалаллин-исторически иллеш XIX–XXI-чуй
бIешарашкахь дIаяздар а, зорбанехь арадахар а ..………………..8
2.2.Нохчийн халкъан иллиалархой…………………………………… 13 2.3.Нохчийн къоман сийлахь турпалхо Адин Сурхо а, иллешкахь цуьнан дахарх а, турпалаллин гIуллакхех а дуьйцуш дерг а …... 20 2.4. Эпически турпалхочун Таймин Биболатан дахарх а, цуьнан турпалаллин гIуллакхех а иллешкахь дуьйцуш дерг а ………… 27
2.5.Эпическитурпалхочун Эвтархойн Ахьмадан дахар а,
турпалаллингIуллакхаш а …………………………….………. 34
2.6. НохчийнкъомантурпалхочунМадинЖаьммарзиндахара,
цолелошдолчутурпалаллингуллакхехлаьцнаиллитIехь
дуьйцушдерг а …………………………………………………. 40
2.7. Нохчийн турпалаллин-исторически иллеш юккъерчу школехь хьехаран цхьайолчу агIонехь лаьцна……………………………. 43
III. ДЕРЗОРАН ДОШ ………………………………………………………..
IV. ПАЙДАЭЦНА ЛИТЕРАТУРА ………………………………….
Квалификационни белхан Iалашо а, актуальни хилар а
Тхан белхан Iалашо ю: нохчийн турпалаллин-исторически иллеш а, уьш кхолладаларан истори а кIорггера таллар а, оцу иллийн турпалхойн дахарх а, цара лелийна турпалаллин гIуллакхех а лаьцна дийцар а.
Темин актуальни хилар. Нохчийн фольклорехь уггаре исбаьхьа а, хьекъале а, дагах хьакхалуш а, дог-ойла гIаттош а, халкъан синкхетам лакхабоккхуш а ду нохчийн турпалаллин-исторически иллеш. Тхуна хетарехь, и эпос даима а актуальни хир ю, хIунда аьлча, цо хIинца а вайн халкъан амал латош йолу оьздангаллин мехаллаш юьйцу дела. Иштта оцу иллеша вайн къоман истори а йовзуьйту вайна, ткъа шен къоман истори хIоранна а хаа езаш хиларан цхьа а шеко яц.
Белхан дIахIоттам. Квалификационни болх: дIадолорах а, ворхIпараграфах лаьттачу коьртачу декъах а, дерзоран дошах а, пайдаэцначу литературех а лаьтташ бу.
Квалификациони белхах пайдаэцар. Квалификационни балхах пайдаиэца таро хир ю нохчийн мотт а, литература а хьоьхучу заведенешкахь (школашкахь, гимназешкахь, ВУЗашкахь, и. дIа кх.).
I. ДIАДОЛОР
ДуьнентIера кхечу къаьмнаша санна, нохчийн халкъо а шен бIешарлерчу дахарехь Iаламат мехала барта произведенеш кхоьллина: мифаш, туьйранаш, мехкарийн эшарш, турпалалллин иллеш, тайп-тайпана шира дийцарш, хьекъале кицанаш, забаре хабарш, ира аларш, хIетал-металш и. дIа кх.а1.
Фольклор билггал волчу цхьана стагера схьаяьлла йоцуш, еххачу заманахь, йоза ца хилар бахьанехь, халкъана юкъахь барта йуьйцуш, цхьана чкъурера тIедогIучу чкъуре кхочуш, схьаеана ю. Ткъа уьш кхоьллинчу иллиалархойн, дийцархойн, туьйранчийн цIераш заманан йохаллехь лар йоцуш яйна.
Халкъан барта произведенеша адамийн дог-ойла, церан сатийсамаш, дегайовхо гайтина а ца Iаш, церан гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш йовза гIо до.
1.1.Нохчийн турпалаллин-исторически иллех лаьцна юкъара кхетам
Нохчийн фольклорехь уггаре исбаьхьа а, хьекъале а, маттана шера а, ира а, дагах хьакхалуш а, дог-ойла гIаттош а, халкъан кхетам алсам юкъалоцуш а йолу произведенешна юкъахь уггар хьалха цIеяккха йогIу турпалаллин-эпически иллийн. Царна юкъахь къеггина билгалайолу вайн къоман амалш, психологи, гIиллакхаш, синан оьздангалла.
И сатийсамаш вайн халкъуо еххачу заманахь уггар хьалха барта хазнехь, чIагIбеш, схьа а беана, къаьсттина турпалаллин эпосехь, тIаьхьуо, керлачу заманан къоман йоза кхолладелча (1922), литературехь тIе а чIагIбина2. Нохчийн турпалаллин иллешкахь кIорггера маьIна а, ша-тайпана исбаьхьалла а ю. Оцу иллешкахь буьйцуш болу турпалхой, дукхахьолахь, дIаяханчу заманахь баккъала баьхна хилла нах бу. Шайн халкъан дуьхьа халонаш а ловш, мостагIашна дуьхьал къийсам а латтош, шайн майралла а, хьуьнар а гайтина цара. Шаьш лара а лоруш, шайна дукхабезначу дикачу кIентийн хьуьнарш хастаме деш дийца а, уьш тIекхуьчу тIаьхьешка дIахаийта а, церан цIераш халкъана йиц ца ялийта а лаарна кхоьллина ду халкъо турпалаллин иллеш.
Коьрта долчу декъана дахарехь хилла гIуллакхаш ду иллийн чулацамехь дуьйцурш. Амма хилла долу гIуллакхаш цхьанаметтехь хилча санна а, цхьана хене дерзадой а дуьйцуш меттигаш хуьлу. Цхьана хенахь баьхна боцу турпалхой вовшахтухий гойтуш а нисло иллеш тIехь. Коьрта турпалхой шаьш схьабевллачу меттигца я шайн тайпанца билгалбоху. Масала: Эвтархойн Ахьмад, Аьккхийн Джанхот, Мадин Жаьммарза, Таймин Биболат… Турпалаллин иллешкахь чIагIдо Даймохк безар, кхечу къаьмнашца доттагIалла хилар, вовшийн лоруш, цхьабартболуш лелор, гIийлачуьнгахьа гIо лоцуш, я, доттагIалла лардеш, майралла, стогалла гайтар, адамийн оьздангалла, сий лардар, и.дIа кх. а3.
Иллешкахь коьрта лоруш ю стеган дика амалш, цуьнан гIиллакх-оьздангалла. Ницкъий, хьаллий цуьнан хиларца ца хадабо цуьнан лакхара мах:
Ницкъ хиларх хуьлуш вац яьхь йолу дика кIант,
ХIилланах хуьлуш вац тешаме дика кIант,
Тешамо, гIиллакхо, собаро веш ву-кха,
Оьздалло, хьекъало, стогалло веш ву-кха,
ГIиллакхах вуьззина яхь йолу дика кIант4, –
боху илли тIехь халкъо.
НохчийнтурпалаллиниллешкхийолубартажанрашнаюкъахьдерригеаьлладIаяздинаду. И иллеш кIорггера Iилманца толлуш белхаш бина вайн Iилманчаша. Царех ву Шерипов Асланбек а, Ошаев Халид а, Эльмурзаев Сираждин а, Джамалханов Зайнди а, Вагапов Якъуб а, Джамбеков ШаIрани а, Мунаев ИсмаьIал а, Расумов Ваха а, кхиберш а.
ЦхьаболчуIилманчашадийцарехь, таханавайнадевзашдолунохчийнтурпалаллиниллешXVI-чубIешарераXX-гIабIешодоладаллацйолчузаманахькхолладелладу. Уьш кхолладаларан бахьана цу заманахь хиллачу къилбаседахьарчу цхьана пачхьалкхан экспансина дуьхьал халкъан дог-ойла яккхар ду. Цундела и къийсам ца хиллачу къаьмнийн дан а дац цу тайпана иллеш.
Иллийн эпос кхиъна яьлла чIагIлучу муьрехь, халкъалахь лоруш хилла цу хенахь а, тахана а вайн халкъан амал латтош йолу оьздангаллин мехаллаш. Уьш ю, масала, тешаме доттагIалла, къаьмнашца йолу юкъаметтиг, шовда санна цIена безам, доггаха даймохк безар, массанхьа а нийсо ларъяр, хьаша-да хазахетарца тIеэцар, вовшашца гIиллакхе хилар, мало а ца еш, хьанал къахьега лаар, мискачуьнца къинхетаме хилар, цуьнан дог эцар, шен халкъан дуьхьа са ца кхоош, вала кийча хилар, иштта дIа кхийолу оьздангаллин мехаллаш а.
Нохчийн иллийн поэтика а, церан кхечу барта произведенешца йолу уьйраш монографически теллина волчу Iилманчас Мунаева ИсмаьIила уьш кхаа тобане доькъу: турпаллин-эпически, турпаллин-исторически, лиро-эпически аьлла.
Къаьсттина билгалдаккха деза, оцу турпалаллин иллийн мукъамашна къоман а, динан а идея тIекхеташ хилар.
Иллешкахь даима а коьрта лоруш берг –хилам бу. Кхузахь цхьана хиламан юьхь а, цуьнан кхиар а, чаккхе а го вайна. И хилам, драмин ламастехь санна, сихо кхуьу. Эшаршкахь санна, турпалхойн дегаIовжамаш, деган сатийсамаш ца хьехабо иллешкахь. Турпалаллин иллеш барта олуш хилла. Хьалха заманахь хIор юьртахь цхьаъ я масех цIеяхна иллиалархо хуьлуш хилла. Наха чIогIа лоруш, сий деш хилла иллиалархойн. Бусалба дин тIеэцначул тIаьхьа Iесан динан кхетамех паргIатдала гIиртина вайн халкъ ехачу заманахь. Мел хIуъу дийцича а, и некъ аттачех а ца хилла, хIунда аьлча, дикано гуттар харцо эшош долчу туьйранашкахь санна, дахарехь даима ца нисло цкъа галваьлча, сиха а, атта а нийсачу новкъа валар. Цундела нисло XVI – XIX-чуй бIешерашкахь кхолладеллачу турпалаллин-эпически иллешкахь бусалба дино доьхкуш долчу корта бахочу маларх коьрта турпалхой бетталуш меттиг, уллехь маьждиган момсур тIехь «салт дуьллуш» я ламазе кхойкхуш молланаш гойтуш боллушехь5.
Таханлерчу дийнахь вайх боьллачу бусалба динан бехкамашна тIе а тевжина, дIаяханчу заманахь хилла а, лелийна а долу хIуманаш шайн заманах а хадош, хIинца вайн болчу синкхетамца мах хадор а, кхел ян гIертар а нийса лоруш дац фольклоран Iилмано.
Вайна хууш ма-хиллара, нохчийн къомо шен бIешерийн исторехь шуьйра юкъаметтигаш, гергарлонаш лелийна лулахь даьхначу, карарчу хенахь дехаш долчу къаьмнашца. Оцу уьйраша нохчийн турпалаллин эпосана дукха сюжеташ еана къаьмнийн оьзда юкъаметтигаш хестош. Масала, «Жерочун кIантах, Гуьржийн кIантах илли», «ГIебартойн Курсолтех илли», «Таймин Биболатах, дог майрачу ЧIегех лаьцна илли» и. дIа кх. а. Оцу иллийн тайп-тайпанара къаьмнийн турпалхой вовшашна орца кхочуш, вовшашна гIо-накъосталла деш хиларо гойту вайн къаьмнаш бIешарашкахь хIокху Кавказан юкъарчу махкахь бертахь даьхна хилар. И гергарло, вошалла вайга а кхиллина вайн дайша. Цуьнца доьзна къаьсттина мехала ю вайна вайн дайша кхоьллина, лерамца вайга схьаелла лакхара исбаьхьалла йолу барта хазна.
Нохчийн халкъан турпалаллин иллийн жанр кхуьучура сецна яьллачех ларалуш ю.
II.ЮКЪАРАДЕШАРАН ШКОЛЕХЬ НОХЧИЙН ТУРПАЛАЛЛИН- ИСТОРИЧЕСКИ ИЛЛЕШ IАМОРАН МЕТОДИКА
2.1. Нохчийн турпалаллин-исторически иллеш ХIХ – XXI-чуй бIешарашкахь дIаяздар а, зорбанеехь арадаккхар а
Нохчийн халкъан барта хазна дIаязъян а, зорбанехь араяккха а хила ма-еззара таронаш хилла яц дIадаханчу бIешеран 20-чу шерашкахь дуьйна бен. Делахь а, вай дицдан ца деза, аьтту баьл-баьллачохь вайн барта хазна дIаязъеш а, иза дуьненна а йовзуьйтуш а къахьегна болчу ткъессалгIачу бIешарахь баьхначу сийлахь-баккхийчу оьрсийн яздархоша а, цIеяххана болчу Iилманчаша а, мехкашталлархоша а дина гIуллакх. Царех бу: Толстой Л.Н., Услар П.К., Бартоломей И., Ипполитов А.П., Лаудаев У., Магомаев И., Шерипов А., Нажаев А., Ибриев С., цхьамоггIа кхечара а.
Нохчийн къоман гIараваьлла волу турпалхо Шерипов Асланбек граждански тIеман декъашхо а, Советан Iедал дIахIоттийначарех цхьаъ хилла ца Iа. Дуьххьара халкъан барта кхоллараллин произведенеш оьрсийн матте гоч а йина, уьш арахецначарех цхьаъ а ву иза. Цо вай къоман культурехь уьш талларца лар а йитина.
Нохчийн халкъан тешамечу воIан Шерипов Асланбекан беран хенахь дуьйна шовкъ тассаъелла хилла халкъан барта кхоллараллица. Шен итт шо бен доцчу хенахь дуьйна къаьсттина тидам тIебахийтина хилла цо Обарг Зеламхин дахарна а, цо лелийначу гIуллакхана а. КIанта лаьррина ладугIуш хилла баккхийчара буьйцучу майрачу, яьхь йолчу къонахех, къечу нахана гIо деш болчу дикачу кIентех а лаьцна дуьйцучух. И дерриге дагах кхетий, царех тарвала лууш ойланаш еш хилла цо. Халкъан барта кхолларалла тидаме а оьцуш, оццу хан чохь шен туьйра яздан дагахь а хилла Шерипов Асланбек.
ТIаьхьуо, ша Соьлжа-гIалара реальни училищи чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1918-чу шарахь, БуритIахь, Шерипов Асланбека арахецна оьрсийн маттахь гочдина дуьххьарлера турпалаллин иллеш. Уьш цо зорбане даьхна «Из чеченских песен» («Нохчийн иллешна юкъара») цIе йолчу жимуочу киншки тIехь. Ша оцу тIехь ялийначу дешхьалхенахь дуьххьара нохчийн халкъан турпалаллин иллешна классификаци ян а гIоьртина иза. Шерипов Асланбека цу юкъадахийтина хIара нохчийн турпалаллин иллеш:
1) «Геха обарг. Эвтархойн Ахьмадан дешнашца»;
2) «Мусан кIант Юсуп»;
3) «Асир-обарг. Хила там болчех цхьа истори».
Доисторически иллешна юкъа цо дохуьйту «Асир-обарг» цIе йолу илли, хIунда аьлча Асир-обарг боккъала а хилла я ца хилла хууш дац, цу юкъехь дуьйцуш дерг дерриге а гуттар ширачу заманахь хилла хIума ду. Исторически илли лору цо «Мусан кIант Юсуп».Ткъа кхоалгIа, обаргийн иллешна юкъа цо дохуьйту «Геха обарг. Эвтархойн Ахьмадан дешнашца» цIе йолу илли.
Шерипов Асланбека, ша и иллеш гочдечу хенахь тIе тидам бохуьйтуш йолу эпилог лохуш, вайн къоман гIиллакхашца а, Iадаташца а доьзна долу гIуллакхаш лардина. Цо уьш романтикин хотIехь гочйина.
Шерипов Асланбекана юххера бара, шайн дахар а, са а шайн халкъана дIадала резахилла болу, лаккхара доьналла долу кIентий. Цундела цо зорбанедаьхначу турпалаллин иллешкахь юккъера меттиг дIалоцуш бу Вара, Геха, Зеламха цIераш йолу баккъала а хилла нах.
Хьалхарчу яздархойх цхьаъ лоруш ву Нажаев Ахьмад. XX-чу бIешеран 20-чу шерашкахь цо дуьххьара нохчийн иллеш зорбане дохуш. Ша ишколехь хьехархочун болх бечу хенахь дуьйна, нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъеш, зорбане йохуш гIуллакх дина цо. Шен юьртара, Йоккхачу-АтагIара, I924-чу шарахь гIалахь Iен ша охьавеача, барта кхолларалла дIаязъян волало иза. Ша мел гулйина барта хазна вовшах а тухий, 1926-чу шарахь «Нохчийн иллеш, хабарш, кицанаш»6 цIе йолу киншка зорбане йоккху цуо. Оцу киншки юкъа цуо дахийтина диъ турпалаллин илли:
а) «Гихчуьрчу Iахин Тимаркъин илли»7;
б) «Аьккхирчу Iумаран Iелин илли»8;
в) «Гихчуьрчу Жоьра-бабин кIентан илли»9;
г) «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли»10;
д) «Чечанарчу Мадин Жаьммирзин илли»11.
ТIаьхьуо, оццу I926-чу шарахь, Нажаев Ахьмада шен накъостаца Ибриев Сайдица цхьаьна кхин цхьа киншка а зорбане йоккху. И ю «Нохчийн иллеш»12 цIе йолу сборник. Цу юкъахь ду «Таркхочун кIентан илли»13, «Биларбин Баьччин илли»14, «Зайтан Шихмирзин илли»15 цIерш йолу турпалаллин иллеш. Цу хенахь, вайна ма-хаара, нохчийн йоза латинийн графикин буха тIехь хилла, цундела и киншкаш оцу йозанца зорбане яьхна ю.
XX-чу бIешарахь нохчийн турпалаллин иллеш зорбане даьхначех лоруш ву Ибриев Сайда а. 1926-чу шарахь, Йоккхачу АтагIахь, латинийн графикин буха тIехь кхоьллинчу школан куьйгалхо хIоттийна Ибриев Сайда. ЧIогIа жоьпалла оьшуш болх хилла цуьнан. Амма ша цигахь болх беш воллушехь, нохчийн шира иллеш, поэмаш, аларш гул а еш, уьш дIаязъеш къахьоьгуш хилла цо. Сайдин дуккха а накъостий хилла иллеш олуш. Цара олуш долу иллеш дIа а яздеш, зорбане кечдеш уьш гулдеш хилла цо.
Цуо дIаяздина цхьа бIе ца кхоччуш нохчийн исторически иллеш, туьйранаш, аларш. Амма уьш дериш зорбане даха хан а, йиш а ца хилла висна и. Ткъа, лакхахь ма-аллара, Нажаев Ахьмадца цхьаьна, нохчийн маттахь, латинийн графикин буха тIехь, «Нохчийн иллеш»16 цIе йолу цхьа киншка зорбане арайоккху цо 1926 шарахь. Цу юкъа цуо дахийтина масех турпалаллин илли.
Арсанов СаьIид-Бей коьртехь хиллачу Iилманан-талламан институто 30-гIа шерийн шолгIачу эхенехь дIаязъян йолийна барта хазна. Оцу хенахь, цу институтехь зобанеяккха кечъеш хилла нохчийн фольклоран I-ра том. Цуьнца цхьаьна барта хазна оьрсийн матте яккха йолийна а хилла оцу институтан фольклористаша. Оха юьйцург подстрочный перевод ю. Нохчийн интеллигенцина репрессиш йолийначу хенахь и нохчийн маттахь кечйина йолу том яйна. Оьрсийн маттахь йина хилла подстрочный перевод институто Москвахь оьрсийн гочдархошка дIаяхьийтина хилла. Иза 1940-чу шарахь, Москвахь зорбане араяьлла17.
Оцу сборник юкъехь масийтта нохчийн илли ду: уггар хьалха цIе яккха догIу 1926-чу шарахь Нажаев Ахьмада дIаяздина хиллачу «Мадин Жаьммирзин илли» цIе йолчу иллин.
Эльмурзаев Сираждис а, Джамалханов Зайндис а нохчийн фольклор гулъеш цхьаьна болх бина. 1959-чу шарахь цу шимма нохчийн фольклоран I-ра том зорбане арайоккху. И ю «Нохчийн иллеш, эшарш» цIе йолу сборник. Цу юкъа Эльмурзаев Сираждис а, Джамалханов Зайндис а ткъех сов турпалаллин илли дахийтина18.
Эльмурзаев Сираждис цул тIаьхьа а болх бина нохчийн иллеш гулдеш, дIаяздеш. Цуо кечйинахилла нохчийн иллийн рогIера том. Амма Советан Iедало дуьхьало а йина, юкъахъяьккхина, зорбане ара ца ялийтира иза. И том, 4-гIа лоьмар а тоьхна, 2005-чу шарахь арахийцира Мунаев ИсмаьIала.
1990-чу шарахь Джамбеков Шаъранис «Нохчийн фольклор» цIе йолу фольклоран гулар зорбанехь арахецна. Оцу гулар тIехь цуо зорбане даьккхина ткъе ворхI турпалаллин илли19.
Цул тIаьхьа а фольклорехь гулъеш а, Iилманца толлуш а болх беш схьавеана Джамбеков Шаърани. ХIокху тIаьхьарчу хенахь цуо, Джамбекова Тамарас шина декъехь дешаран пособи арахецна (Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Хьалхара дакъа20; Нохчийн халкъан барта кхолларалла. ШолгIа дакъа21). Ткъа нохчийн турпалаллин иллеш царшимма юкъа дахийтина шолгIачу декъана. Цу юкъахь ду ткъе кхойтта турпалаллин илли. Мунаев ИсмаьIала а хIокху тIаьхьарчу хенахь зорбане яьккхина масех фольклоран гулар. ПхоьалгIий (Нохчийн фольклор. Иллеш. Узамаш.)22, ялхолгIий (Нохчийн фольклор. Назманаш. Иллеш. Узамаш. Балладаш.)23, ворхIолгIий (Нохчийн фольклор. Узамаш. Назманаш. Нохчийн турпалаллин иллеш. Балладаш.)24 гуларшна юкъа цуо дахийтина масийтта турпалаллин илли.
Иштта белхаш бина вайн къоман яздархоша а, фольклористаша а XIX – XX-чуй шерашкахь нохчийн эпически-турпалаллин иллеш дIаяздеш а, зорбане арадохуш а. Цара хIораммо а йитина йолу лар мехала ю вайн халкъан культурина.
2.2. Нохчийн халкъан иллиалархой
Нохчийн халкъан иллеш барта олуш хилла. Илланчаша шаьш билгалдоккхуш ма-хиллара, «барта дагардеш» хилла цара уьш.
Илли олуш тIаьхьа Iадхьокху-пондар я кехат-пондар балош сецна даьлла ламаст а хилла нохчийн. Хьалха заманахь хIора юьртахь цхьаъ я масех цIеяхна иллиалархо а хилла Нохчийчоьхь. Халкъалахь сий-ларам болуш а хилла уьш.
Уггар гIарабевллачу иллиалархойн цIераш а, церан иллиаларан хотIах а, цара цхьана хIуманца доьзна аьллачу говзачу дашах а, дуккха а кхидолчух а болу хаамаш а халкъан иэсехь лаьтташ хилла еххачу заманахь. ДоггIучу аьлча, и башха хIумнаш а, цара даьхна иллеш санна, халкъалахь даха дуьсуш хилла.
ХIинцачул ткъе итт шо хьалха а, XIX-чу бIешарахь а, цул хьалхарчу заманахь а Нохчийчоьхь баьхначу иллиалархойх лаьцна къамел дан хууш стаг атта ца каравора, иза а – иллиалархочун шен цIе а, иза схьаваьллачу юьртан цIарца цхаьна йоккхуш хуьлура. Масала, Цоцин-юьртара Батура, Лакха-Варандара Ваза, Вашандара БитIа, Шуьйтара БIаьла, Гуьнара Сайдулла, кхечеран а.
Бакъду, царал тIаьхьа тIедеъначу чкъурах болчу иллиалархойх дийца-м дуккха а карадо тахана а: Котар-юьртара Мазеха, Кень-юьртара Дубин Токех а, Гихтара Уьди Иэдех а, кхечарах а. Ткъа церан могIарера лара вогIуш волчу Сулейманов Бауддех лаьцна жимуо киншка арахецна а хилла дIадаханчу бIешеран 60-чу шерийн юьххехь, цуьнан дерриг аьлла иллеш юкъа а дохуьйтуш25.
Ткъа 1980-гIа шерашкахь иллин жанр таллархочо, Iилманчас Мунаев ИсмаьIала цу заманахь гIарабевлла бевзаш хилла болчу иллиалархойх Тимуркаев Ахьмадах а, Бетельгериев Сайд-Мохьмадах а, Абдурахманов Iабдул-Хьамидах а, Орзимов Денисолтех а, Гакашев Мохьмадах а, Чапаев Сапарбеках а, шайн суьрташца цхьаьна, дуьххьара боцца хаамаш зорбане бехира нохчийн иллех болу шен Iилманан талламийн сборникашна26 тIехь.
ХIара информаци тхуна карийра Мунаев И. кечйинчу цхьана
гулар юкъахь. (1984)
Гоч а ца еш, иза тхайн балха юкъаялор
новкъа хир яц
аьлла хета
тхуна.
Народный сказитель илланча Абдул-Хамид Абдурахманов родился в 1924 году в селении Курчалой Шалинского района. Отец Абдул-Хамида умер за месяц до его рождения. До 8 лет Абдул-Хамид воспитывался у бабушки по отцу, затем жил с братьями отца. В годы Великой Отечественной войны молодой Абдурахманов трудился на военном заводе, потом в колхозе, продолжает работать и по сей день. У него большая семья, есть и внуки.
По своему характеру А.-Х. Абдурахманов человек веселый и добродушный. Он любит общаться с людьми, знает большое количество преданий, легенд и занимательных историй.
Семейной традиции исполнения илли у Абдурахмановых не было, он научился этому искусству от разных людей в родном селе еще в юношеские годы. В качестве одного из своих учителей Абдул-Хамид называет ныне покойного Асу, сына Ташу. По его словам, илланча Асу был красивым и рослым молодым человеком с очень приятным голосом. Абдул-Хамид слышал в его исполнении илли «О Пестром Ногае» и усвоил её.
В поле зрения фольклористов Абдул-Хамид оказался с декабря 1981 года. За это время от него записано на магнитофонную ленту и графически шесть героических илли. Среди них: «О Зайте, сыне Шихмирзы», «О Тарковском молодом канте».Абдул-Хамид с трудом соглашается исполнять илли с музыкальным сопровождением. Намного охотнее сказывает песни речитативом (дагардан).Объясняет это тем, что у него теперь слабый голос и мало сил. А исполнение илли требует особого напряжения всего организма илланчи.
Народный сказитель илланча Денисолт Орзимов родился в 1924 году в с. Белоречье Гудермесского района ЧИАССР.
Орзимов рано остался без родителей. Они умерли, когда ему было всего полгода. Воспитывался у родственников матери. С пятнадцати лет Орзимов начал трудовую жизнь в рабочем коллективе «Грознефтеразведка» в поселке Новогрозный. На буровой работал и во время Великой Отечественной войны. Затем длительное время трудился в колхозе. К сорока годам он потерял зрение. Потеря зрения обострила чувство обоняния. По его словам, он хорошо различает улицы в родном селе по запаху и может свободно ориентироваться. Он инвалид первой группы, однако продолжает трудиться. По своему характеру он общителен, знает много легенд, преданий и занимательных историй.
Интерес к народным эпическим песням у Орзимова обнаружился в детские годы. В тридцатых года он любил слушать исполняемые Баудином Сулеймановым по радио илли «О Бейбулате, сыне Таймы», «О Зелимхане из Харачоя» и другие. Потом судьба свела его с Сулеймановым, и через 10 лет Орзимов сумел усвоить весь его репертуар. Однажды Орзимов спел песню из репертуара Сулейманова в его присутствии. Известный илланча похвалил своего ученика, но тут же попросил его больше не исполнять и не записывать на магнитофонную пленку его песни, ибо это может повлиять на его популярность.
Орзимов многое перенял от своего учителя. Сильное влияние исполнительской манеры Сулейманова ощущается в голосе Дениеолты Орзимова, высоком и привлекательном.
С фольклористами Орзимов вступил в контакт в июле 1982 года, когда совместная фольклорная экспедиция Чечено-Ингушского института ИСФ и ЧИГУ им. Л. Н. Толстого работала в селении Курчалой Шалинского района. За эти два года от Орзимова записано графически и на магнитофонную ленту более двадцати эпических несен илли, среди которых есть и илли о Герое Советского Союза Ханпашелегендарного пулеметчика.
Денисолт Орзимов обращает внимание слушателей на то обстоятельство, что Ханпаша Иурадилов погиб на поле боя, не выпуская из своих рук оружия, как и подобает эпическим героям, воспеваемым в илли.
Героико-исторические илли, исполняемые Орзимовым, отличаются
параллелизмов. В них богато представлена символика. Сам Денисолт Орзимов глубоко верит в истинность повествуемых в илли событий.
Народный сказитель илланча Гакашев Магомед родился в 1903 году в селении Мускали Советского района Чечено-Ингушской АССР в семье крестьянина. Гакашев принимал активное участие в првоодимых Советской властью в 20–30-х годах в горной Чечне социально-экономических преобразованиях. В предвоенные и военные годы, будучи работником милиции, он участвовал в борьбе с бандитами и диверсантами. С конца пятидесятых годов Гакашев работал в системе связи в г. Грозном. Умер в 1975 году.
Сын Гакашева – Мухади, 1934 года рождения, продолжает отцовскую традицию исполнения песен илли. Он работает шофером на станции скорой помощи. Хорошо помнит весь репертуар отца. Вместе со сказителем Ахметом Тимуркаевым27 помог нам воссоздать некоторые черты творческой личности Магомеда Гакашева.
Семейной традиции исполнения илли у Гакашевых не было. Отец Магомеда –Гакиш, с иронией относился к увлечению сына, но не препятствовал ему. Магомед Гакашев вспоминал об этом, когда обращался уже к своему сыну со словами: «И меня не отец учил исполнять илли, если есть сильное желание и призвание, то сам научишься».
Часть своего песенного репертуара, насчитывающего около семидесяти песенных сюжетов. Магомед Гакашев перенял от илланчи из Котар-юрта Асхаба, сына Элберда (Элбердан Асхьаб).
Сказитель Ахмет Тимуркаев вспоминает приезд Асхаба в Шатой. Асхаба хорошо знали в Шатое и специально пригласила, чтобы послушать в его исполнении героические илли. Магомед Гакашев, также исполнявший илли, уступал в этом искусстве Асхабу, ибо у того был очень высокий и приятный голос, с которым трудно было соревноваться. Да и песенный репертуар его был намного богаче.
Несмотря на разницу в возрасте у молодого Магомеда с Асхабом завязалась дружба. И с тех пор Магомед часто имел возможность слушать своего друга и учиться у него.
Другим илланчей, который оказал влияние на Гакашева, был Амхад, сын Мусы (Мусин Амхьад) из Дочу-Борзоя. У него также был богатый репертуар песен илли, большую часть которых Гакашев усвоил и перенял.
Тимуркаев вспоминает, что Амхад из Дочу-Борзоя любил петь старинные (шира) илли, сопровождая их игрой на дечик-пондуре.
Народный сказитель илланча Чапаев Сапарбек родился в 1906 году в с. Шалажи (ныне входит в Урус-Мартановский район ЧИАССР) в крестьянской семье. Оставшись сиротой в восемь лет, вынужден был обеспечивать свое существование самостоятельным трудом. В 12-летнем возрасте лишился зрения на один глаз. Образования не получил.
Чапаев длительное время трудился в колхозе и ушел на пенсию в 1976 году. Теперь он живет в с. Шалажи вместе со своей большой семьей, часто рассказывает внукам про свое трудное детство, учит их быть честными и трудолюбивыми. Вокруг Чапаева нередко можно видеть людей всех возрастов. Они. любят слушать в его повествовании эпические сказания, предания, илли.
Героико-исторические илли Чапаев начал исполнять с 13 лет. Первым в его исполнении было илли «О Цветом Красивом Мусе». Эту песню он услышал от своего односельчанина иллаичи Ахмада, сына Ойси, известного далеко за пределами родного села. От него Сапарбек Чапаев и усвоил свой основной репертуар героико-исторических илли, который насчитывает более двадцати самостоятельных песенных сюжетов. В их числе: «О Гази, сыне Олдама», «О Зелемхане», «О Кабихе, не имеющей брата», «О Хакарме, не имеющем брата» и другие.
О своей любви к песням илли Чапаев говорит так: «...илли в моей крови пока я живу, я буду петь их и сказывать».
В поле зрения фольклористов Чапаев находится с июля 1981 года, когда членами фольклорной экспедиции ЧИИИСФ от него были записаны три песни илли. Эта работа успешно продолжается»28.
***
Цкъа а йоза-мотт Iамийна боцу ахархой а, жаIуй а хилла болу иллиалархой, халкъалахь гIарабовларан бахьана уьш лакхарчу корматаллица пондар лакха хууш хилар а, иштта исбаьхьаллин синкхетам а, хIораннин а ша-тайпа иллиаларан хатI долуш хилла хилар а ца Iа. Уьш орамера халкъан оьздангаллин мехаллаш евзаш а, уьш лоруш а, ларъеш а нах хилла. Нахана гергахь, кхин деш-дуьтуш хIума а доцуш, деккъа цIена цхьа иллеш а дохуш, пондарш а лоькхуш, шайн а, нехан а самукъа а доккхуш, лелаш нах ца хилла иллиалархой. Пондар лакхар а, илли алар а цкъа дахаран коьрта гIуллакх а хилла дIахуттуш ца хилла церан. Кхечу дешнашца аьлча, иллеш дахар а, уьш нахана юкъахь дIаалар а цкъа а кхоана дуьхьа деш ца хилла церан, доггIучу хьахийча, гIебартой а, гIумкийн а санна. И иллеш цара шайн ахархойн балхах мукъабевллачу хенахь дохуш а, олуш а хилла, дукхахьолахь, цхьаъ волчохь я синкъерамехь самукъадаккха гулбеллачохь.
Иллиаларан корматаллина леррина Iамош ца хилла Нохчийчоьхь. Илли ала а, дечиг-пондар а, кехат-пондар а, Iадхьокху-пондар а, шедаг а лакха Iама йиш хилла хьеннан а, цуьнан лааме а, похIме а хьаьжжина. БIешерашкахь сецна даьлла ламаст а хилла илли аларан искусствон. Халкъан турпалаллин илли цхьамма ша дIаолуш хилла, шена тIаьхьа пондар а балош.
Мерз болу пондарш а, шедаг а йоьхьанца дуьйна боьршачу нехан ламасталлин музыкальни инструменташ лоруш хилла, ткъа кехат-пондар – зударийн. Амма XIX-чу бIешарахь и ламасташ иэделла. Зударша санна, лакхарчу корматаллица кехат-пондар лакха буьйлабелла боьрша нах а (масална цхьа Димин Iумар валийча а тоьар ду аьлла хета). Цу хенахь цхьацца болчу иллиалархоша шайн иллешна тIаьхьа балон буолийна кехат-пондар а.
Нохчийн халкъан исбаьхьаллин кхолларалла кхуьучура цкъа а хецна зама хилла яц. ХIор замано шен иллеш а даьхна, иштта уьш лакхарчу корматаллица дIаала хууш болу халкъан иллиалархой а кхоьллина. Социально-политически хьелашка хьаьжжина, халкъан иллиалархойн репертуар а, хийцалуш, схьаеъна. Кхидерг ца дийцича а, царна (иллиалархошна) хууш хилла дахаран уггаре а доглазамечу проблемашна тIе тидам бахийта.
2.3.Нохчийн къоман сийлахь турпалхо Адин Сурхо а, иллешкахь цуьнан дахарх а, турпалаллин гIуллакхех а дуьйцуш дерг
Массарна а девзаш долу, гIарадаьллачу «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли» тIехь вайн халкъо харцо ловш цахилар, шен паргIатонехьа къийсам латтор го вайна. ЧогIа кIорггера социальни маьIна а, исбаьхьалла а йолуш ду и илли. Цундела массо а халкъан иллешна юкъехь къаьсташ ду и илли. Дуьххьара зорбане даьлла и 1926-чу шарахь Нажаев Ахьмада арахецначу «Нохчийн иллеш, хабарш, кицанаш»29 цIе йолчу гулар тIехь.
Илли доьшуш, цуьнан чулацам бостуш, вайн къоман ламасташ а, гIиллакх-оьздангалла а гучудолу вайна.
Иллин коьрта турпалхой бу эла Мусост а, Адин Сурхо а. Эла Мусост – харцхьара турпалхо ву. Шен бен ойла а ца еш, шен долчух тоам а ца беш, бехк боцу нах хьийзош ву иза. Теркаца хьала-охьа цхьа юрт а йиллина, ваха охьахиъна эла Мусост:
Къонаха мел вериг – кхайкхина валийна, Къонаха мел воцург – кхайкхаза веана, Цхьа юрт йиллира, тов, цу эла Мусоста.
Юрт йиллина ва ваьлча и эла ва Мусост,
Кхойкхуш, тIебалийра, цу, цу юьртан тхьамданаш…
Ас лаа ма кхойкху, ас тара ма кхойкху, Ас йоьху ва шуьга тIехь йоцу ва ясакх30.
Ткъа Адин Сурхо элашна а, цара лелош йолчу харцонна а дуьхьал ваьлла, шен халкъан дуьхьа са дIадала реза волу халкъан бакъхьара турпалхо ву. Иза халкъалахь лоруш, сий деш, къинхьегамхошна хьалха ваьлла ву. Шен гIиллакх-оьздангаллица, майраллица гIараваьлла ву и шен махкахь. ТIехь йоцу ясакх юьртахошкара яккха гIерташ волчу Мусостан олалла дожалур долуш волу яхь йолу кIант лохуш юьртан тхьамданаша цIе йоккху Адин Сурхон:
– Дин дика ва беца цу Адин ва Сурхон, Гера дика ва деца цу Адин ва Сурхон,
Дог майра ва деца цу Адин ва Сурхон, –
боху юьртан тхьамданаша31.
Эла Мусостас лелош долу гIуллакх шена хезча, юьртан тхьамданийн дехарца Мусостан олалла дожо ваха араволу Адин Сурхо. Иллешкахь халкъан турпалхочун дин ша-тайпа кхиийна, дика хуьлу, ткъа герзаш чIогIа хуьлу. Ша мостагIчух лата воьдуш уггаре а дика духар тIедухий, куьцехь толой, уггаре тоьлашха долу герзаш схьаоьций араволу муьлхха а турпалхо. Адин Сурхо араволуш иштта гойту илли тIехь:
Цу кIайчу гIовталца, Iаьржачу вертанца, Чо чехка чола куй бIаьштиг тIе теIабеш, Ва гIожа метана терсмаймал тур луьйзуш, Ша хьалха ва ваьлла, уьш тIаьхьа ва хIиттина, Хьаьвзина ма-хIоьттира и Адин ва Сурхо Мусостан ва уьйтIа32.
Иллешкахь шен турпалхо халкъо массо хIуман тIехь массарел а тоьлуш, цхьа а ледарло йоцуш хуьлуьйту. И доьзна ду оцу турпалхочун куц-кепаца а, гIиллакх-оьздангаллица а, духарца а, дика герзаш хиларца а. Оцу дерригенца а халкъо шен турпалхо хаставо, хьалаойбу.
Илли долалуш, вайна дуьххьара турпалхо воьвза, цуьнан дин а, герзаш а, духар а дика хилар го. Ткъа цуьнан коьрта хьуьнарш, цо деш долу турпалаллин гIуллакх цул тIаьхьа, иллин чулацам бостучу хенахь, гучудовлу вайна.
ТIехь йоцу ясакх йоьхуш волу эла Мусост юха воккху Адин Сурхос. Ясакх шен юьртахошка ца ялийтарал совнаха, цо эла Мусостан вуно хазачу зезагаша хазйина, бацах таелла йолу раьгIнаш юьртахошна цхьатерра дIайоькъу.
Адамашкара гIайгIа-бала дIаойбуш, шен «дегIаха мерза са» дIадала а кийча ву Адин Сурхо. Цуьнан турпалаллин хьуьнарш адамашна паргIато яккхаре, церан сий лардаре хьажийна ду. Халкъ Iазапехь латтош болчу элашца къийсаме волий, шен майраллица, къонахаллица царна тIехь толамаш боху Адин Сурхос.
Вайна ма-хаара, дукхах долчу иллешкахь безаман тема а хуьлу. И тема Адин Сурхох долчу илли тIехь а ю. Цуьнан хазачу бабин йоIе болу цIена безам го вайна . Ша эла Мусостан олалла дожо араваьлча, шена чIогIа езаш йолу бабин хаза йоI масийттуза гIенахь го Адин Сурхона. Цунна чIогIа саготта а хуьлу иза. Мусостана цуьнан вашас нуьцкъала йигна хуьлу и йоI. Ткъа Адин Сурхос, ша церан тойне кхаьчча, бабин хаза йоI схьа а йоккху, шена дуьхьало йича, эла Мусостан ваша а воь. Иштта диалог хуьлу Адин Сурхон а, бабин хазачу йоIан а:
– Дакъаза ма яла хьо, бабин хаза йоI, Мусост дукхавезаш, хьо цуьнга еанехь, Ца йига веъна со, бакъдерг ахь дийцалахь, Мусост дукха ца везаш, хьо нуьцкъала ялийнехь, Хьо йига веъна со, ва бабин жима йоI!
– Вешан цIахь дуьйцур вай, Кху нахехь ма дийца, ва Адин ва Сурхо33!
Иллешкахь турпалхойн гIиллакх-амалш тайп-тайпанчу исбаьхьаллин гIирсашца билгалйоху. Масала, диалогаш а, монологаш а. Церан шайн маьIна ду иллешкахь буьйцучу турпалхойн амалш схьагайтарехь а, иллийн идейни чулацам кIаргбарехь а. «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан а, Адин Сурхон а илли» тIехь а ю шайн кIорггера маьIна долу диалогаш. Ма-дарра аьлчи, оцу иллин коьрта чулацам а, турпалхойн васташ а диалогашкахь билгалдовлуш ду. Сурхон ненан оьздангалла, халкъана, махкана иза йист йоцуш муьтIахь хилар юьртан тхьамданашца а, шен кIантаца а цуьнан хиллачу къамелашкахь го вайна. Шега Сурхо веха баьхкинчу юьртан тхьамданашна иштта жоп ло цо:
– Доллачу дуьнен тIехь сирла бIаьрг ва тоьхча, Сема ла ва доьгIча, Сурхол сов амал дац, ХIай юьртан тхьамданаш, Сурхо винчу со бабин Вехча ца вала вина вац сан жима ва Сурхо, Вехча вала вина ву сан жима и Сурхо34.
Нанна дукха веза шен цхьаъ бен воцу кIант, Сурхол сов дуьненчохь кхин хIума дац цуьнан, амма махкана, халкъана эшча, дог резадой дIало цо иза. Юьртан тхьамданийн юьхь яр хилла ца Iа Сурхон нанас иза царна валар. Даймехкан гIуллакх, халкъан гIуллакх коьрта ларар ду и. Даймохк Iалашбар, иза ларбар хIоранна а тIехь долу сийлахь декхар хилар чIагIдо иллешкахь, халкъан маршо, паргIато ларъяр коьрта лору. Даймехкан гIуллакхана юьстах лаьттачунна, иза хийра леринчуна неIалт кхайкхадо халкъо. Сурхон нана халкъан векал ю35.
Лакхахь ма-аллара, иллешкарчу турпалхойн гIиллакх-амалш къаьсттина дилогашкахь гучуйовлу. Адин Сурхон, эла Мусостан а, Адин Сурхон, Мусостан, Мусостан вешин а диалогашкахь хаало вайна царна юкъара башхаллаш, мела а церан амалех дерг.
Адин Сурхос деш долу къамел оьзда а, собаре а, гIиллакхе а ду, ХIунда аьлча, цо шега эла Мусост а, цуьнан ваша а эшалур вуй хуушехь, сих ца луш, хаза, дехаре къамел до:
–…Ахь кхаьрга ма еха тIехь йоцу ва ясакх,
Ма еха ва аьлла дехаре веъна со36.
Ткъа эла Мусостан къамел чIогIа кура, осала, ша массарел лакхара
хеташ, шега массо а хIума далур ду аьлла хеташ волчу стеган къамел ду. Сих-сиха цуьнан къамелехь хIара дешнаш го вайна:
– Ас хир ду аьллариг ва хилла ма-даьлла. Ас хир дац аьллариг ца хилла ма-даьлла37.
Иштта Адин Сурхон вешин къамелехь харцдерг ду, бабин жима йоI шен ваша везаш еана ю бохуш:
– Ас хьоьга ма-доьху, ва Адин ва Сурхо, Мусост дукха ва везаш, Мусосте еана и бабин жима йоI, Алар-дийцар ва доцуш, йитина ва верзар38.
Турпалхойн сибат-амат, куц-кеп гойтуш а, церан хьуьнарех лаьцна дуьйцуш а, иллеш тIера хиламаш гойтуш а алссам пайдаоьцу эпитетех а, дустарех а, гиперболах а, юх-юха аларех а. ХIокху илли тIехь дукхахъерш эпитеташ ю:
дог-майра Адин Сурхо
кIайн нускал
бабин хаза йоI
расха дин
чо чехка чола куй
дилха дог
мерза са
можа малх
Юх-юха аларш а ду илли юкъахь далийна. Уьш ду Эла Мусостас ша аьлларг тIечIагдеш, олуш долу дешнаш:
Ас хир ду аьллариг – ва хилла ма даьлла,
Ас хир дац аьллариг – ца хилла ма даьлла.
Илли тIера дерзоран дешнаш иштта ду:
Ма лалда вай, кIентий, вовшех тешам байна, Ма лалда вай, кIентий, вовшех безам байна, Нанас дена ма волда яхь йоцу ва кIант, И вича ма кхиа цу дийнахь делкъалца.
Оцу дешнаша доцца чулаьцна иллин коьрта маьIна. Цаьрца билгалйолу иллин Iалашо а. Илли тIехь дийцинчу дерригенах а схьадолу маьIна шайгахь долчу дешнашца чекхдоккху олуш волчо шен илли. ЛадугIушболчарна массарна а тIедирзина ду и дешнаш. Даймахкана хала киртиг тIехIоьттича, орцах бовлу дика кIентий ца эшийта, илли тIехь дийцина долу патриотически ойла кхио даладо дерзорехь и синхаамашка кхочуш долу дешнаш39.
Адин Сурхо ялхиттолгIачу я вуьрхIиттолгIачу бIешерашкахь баккъала а ваьхна стаг ву олуш хезна тхуна. АстагIа Тимар веъначу хенахь, цуьнна дуьхьло ян ницкъ а ца хаьчна, нохчийн къам лам чу хьаладаьлча, нохчийн араенцара латтанаш дIалецна хилла гIебартойн элаша, Тимарца берта а бахана. Юха жим-жимма меттабаьхкиначу нохчаша шайн ворхIе а латтанаш юхадерзош хилла зама ю оцу илли тIехь хьехош ерг.Сурхон ден – Адин – эпически илли а ду дIа а яздина, зорбане даьккхина 40.
2.4.Эпически турпалхочун Таймин Биболатан дахарх а, цуьнан турпалаллин гIуллакхех а иллешкахь дуьйцуш дерг
Таймин Биболат Нохчийчоьнан а, Кавказан а исторехь лар йитина а ца Iаш, Россин исторехь а хьахош стаг ву.Кхин хIумма а ца хьахийча а, 1829-чу шарахь, Арзрумехь, Паскевич волчохь, Пушкинца цхьаьнакхетта хилла иза. Оцу дерригенал меала, тхуна хетарехь, кхин ду: иза массарна а вевзаш волу нохчийн къоман турпалхо ву. Кавказ дIалаца Iалашо а хIоттийна, тIамца еанчу оьрсийн империно лелош йолу харцо ца ловш, къийсам латтош, ша санна, маьрша дахар, паргIато а езаш болчу вайнахана хьалха а ваьлла, турпалаллин гIуллакх дIакхоьхьуш хилла иза.
Вайн къомо шен дикчу, тешамечу кIентех цхьаъ лоруш хилла Таймин Биболат. Цундела и хестош, цуьнан дика амалш йовзуьйтуш, тIекхуьучу чкъуре цунах масал эцийтархьама, «Таймин Биболатах» аьлла, иллеш кхоьллина цо. И иллеш кхолладелла ларалуш ду XVII – XIX-чуй бIешарашкахь.
Кхечу къаьмнаша а, мостагIаша а лоруш, сийдеш стаг хилла Таймин Биболат. Кхин цкъа хьахийча а, новкъа хир дац: оьрсийн гIараваьллачу яздархочо Пушкин Александара а шен «Путешествие в Арзрум» цIе йолчу дийцарехь аьлла цунах дешнаш. Цо цунах «гроза Кавказа» олу цу тIехь.
Дуккха а дийцарш, аларш, иллеш ду турпалхочух лаьцна. Амма оха харжа а хаьржина, къастийнарш турпалаллин иллеш ду. Таханлерчу дийнахь, схьагулделла, зорбане даьлла кхоъ турпалаллин илли ду Таймин Биболатах аьлла. Уьш ду:
«Мадин Жаьммирзех, Таймин Биболатах илли»;
«Таймин Биболатах илли»;
«Таймин Биболатах, дог майрачу ЧIегех илли».
Ткъа оха дийцаре дан билгалдинарг «Таймин Биболатах илли» ду41.
Шен чулацам шуьйра, боккха бацахь а, кIорггера маьIна а долуш, шеца ша-тайпа исбаьхьалла а йолуш кхоьллина ду «Таймин Биболатах илли». Шен Даймохк безаш, халкъ дезаш, лакхахь вай ма-аллара, шена санна паргIато езаш болчу нахана хьалха а ваьлла, мостагIашца къийсам латтийна Таймин Биболата.
Илли долалуш, Таймин Биболата лелош долчуьнан юкъара сурт гойту илли тIехь:
Буьйса сирла еача, гIалина гуонаха хьийзаш, Мох-дерз даьлча, цу гIалин туо толлуш, Буьйса Iаьржа еача, гIалина чулеташ, Палкоган йора дой ша чехка схьакхуьйлуш, ЙогIу-йоьду ковра шен бIаьрга тергалъеш, Шен бIаьрга мел яйнаррг шен куьйга йохош, Коврах доху бос хаза дареш алсам кхоькхуш, Ша лела велира и Таймин Биболат42!
ХIокху могIанашкахь вайна го Таймин Биболатан Iер-дахар, цуьнан хьуьнарш го вайна. Мох-дерз даьлча а, буьйса tлахь а, ша кхоа ца веш, цхьаннех а кхера ца кхоьруш, палкоган йора дой схьакхуьйлуш лелаш ву иза. Ткъа тIаьхьо, иллин чулацам бостуш, цо кхочушдечу гIуллакхехь цуьнан турпалаллин амалш гучуйовлу вайна.
Цхьана суьйрана, маьркIажал тIаьхьа, говрахь, къеначу инарлера кехат а дохьуш, цхьа бере вогIу Тамийн Биболат волчу. Къеначу Инарлас дIакхокхуш хуьлу иза.
Ткъа шолгIачу Iуьйранна, ойла а ца еш, шек ца волуш, къена инарла волчу ваха ара волу Таймин Биболат. Кхечу турпалхойн санна, уггаре тоьллачех, дика герзаш а, турпалхочунна лерина, ша-тайпа кхиийна дин а болуш хилла Таймин Биболат. Цуьнан сурт иштта гайтина илли тIехь: ЙогIучу Iуьйренца, кхетачу малхаца, Дуьгу нускал санна, шен гила кечбина, Чал дера герзаш шен юкъах дихкина, И ваьлла вахара инарла ва волчу43.
Кхузахь цуьнан герзаш ондда, дика хилар доцург, къаьсттина муьлхарш ду аьлла хьахийна дац. Делахьа а, вайна хаа, уьш турпалхочун уггаре тоьлашха герзаш хир дуй.
Ша къена инарла волчу вахча, цу инарлас шега ша лелош долу гIуллакх схьа а дийцина, Муоскохан паччахьо дIакхойкхуш ву аьлча, хIумма воха а ца вухуш, ша лелош дерг хийца а ца деш, и иштта хилар бакъдеш, майрачу, доьналла долчу стеган къамел до Таймин Биболатас:
– И хьоьга дийцинарг бакъдерг-м ду хьуна,
ХIай къена инарла.
Ас сийсара далийна полкоган йора дой Цу ханнийн божалахь паргIатдахаза,
Хьо кхойкху ва аьлла, схьавеана ву со-ма,
Кхана йогIучу хазачу Iуьйренца,
Iуьйренца кхетачу цу дашон малхаца
Цу БIаьхон борзе вуола ала,
Хьо марша Iалда, со цIехьа воьду44!
ХIокху могIанашкахь, къеначу инарле вист хиларе хьаьжча, вайна хаьа Таймин Биболатан къамел собаречу, гIиллакх долуш волчу, оьздачу стеган къамел дуйла.
Цул тIаьхьа Таймин Биболата шайн юьртан пхоьхана а вахана, кIентаршка кхайкхам бира. ТIаккха Таймин Биболат санна, майра, доьналла долу кIентий БIаьхон борзе тIом бан баха реза а хилла, цунна тIахьа хIиттира. Цо царна хаийтира шена майралла а, яьхь а йоцу кIентий оьшуш ца хилар: «…Борза тIехь лечкъа волу кIант дIакъасталаш шайна...», олий. Амма Iуьйрана болийна тIом суьйренга бахча, юьртан кIентий Борзах лечкъа буьйлабелира. Ткъа дегIана ца виссал чевнаш а хилла, цхьа Дела воцург кхин накъост воцуш, дуьненах долу дог диллина, ша цхьалхавуьсу Таймин Биболат. Кхузахь, собаре къамел долчу цо, оьгIазе къамел до шен юьртара кIентаршка:
–ХIай, елла йовла шу, ва юьртан кIентий, Ша ца элира шуьга вай дехачу юьрта йистехь ,
Борза тIехь лечкъа волу кIант дIакъасталаш аьлла45?
Оха дIадолорехь ма-аллара, цхьадолу иллеш тайп-тайпана турпалхой вовшахтоьхна, коьллина ду. ХIокху иллин ша-тайпа сюжет ю. Кху илли тIехь тешаман доттагIаллин тема ю. Жумин Акхтулла ву Таймин Биболатан тешаме, вовшел тIаьхьа дуьне ца даа дуй биъна доттагI.
Таймин Биболат ца виссал чевнаш а хилла, тIам тIехь хьийзаш ву аьлла, шега хабар кхаьчча, сихонца тохавелла, БIаьхон борзе ваха кечло иза. Амма цуьнан дас, къеначу Жумас, ша ваха сацам бо цига. Жума а хилла шен хенахь турпалаллин гIуллакхаш деш, цIарна цIе а яхан, дика къонах. Ткъа иштта, цуьнан кIант Акхтулла, цхьа а шеко йоцуш, шен дехь дисина гIуллакх дIакхоьхьуш ву.
Къена Жума араволу сурт иштта гойту илли тIехь:
Шен шира герзаш шен гIодах дихкина,
Къеначу алашина, кхерсташ, тIеваьлла:
Дакъаза ма яла, шен къена алаша, Хьо шеца къанъелла, ша хьоьца къанвелла, Хьо каде хилалахь, таханлерчу кху дийнахь! – Аьлла, тоьхна ткъес санна, чехка юьртах ваьлла, И воьдуш кхечира цу халчу тIам тIе46.
ТIом болчу кхаьчча и, Таймин Биболата цунга гIиллакхе къамел до. Ша ца виссал дегIан чевнаш а хилла Iуьллуш валахь а, и Жуме иштта вист хуьлу: «Ма вуон веа хьо, хьо вала доккха гIуллакх дацара кхузахь»
Сахилча, харцхьарчу, къизачу инарлица тIом беш волчу Таймин Биболат а, къена Жума а волчу схьакхочу Акхтулла.
Шен махкана дика воI а хилла, шен нахана гIо деш, царна паргIато йоккхуш волу Таймин Биболат эша м мухле ца лора харцхьарчу инарлега. Шен хенахь хIара санна турпалхо хилла волчу къеначу Жумас, шен ширчу турца, Таймин Биболатана турпалаллин гIуллакхаш дIакхехьа новкъарло еш волчу цуьнан корта боккху.
Яккхий чевнаш хилла волу Таймин Биболат лоьрийн дарбанаша кIелхьара воккху. Цул тIаьхьа, цкъа а хIумма ца хилча санна, гIоттий, пхоьхана волу Таймин Биболат. Цунах хаьа вайна иза дагца а, сица а, дегIаца а ницкъ болу дика къонах вуй. Цуьнан йиш ма яцара оцу хан чохь шен мохк, шен халкъ а дитина дIаваха.
«Таймин Биболатах илли» тIехь турпалхойн сибат-амал, хьуьнарш, куц-кеп, гIиллакх-оьздангалла, ткъа иштта Iалам а гойтуш тайп-тайпанчу гIирсех пайда оьцу. Илли юкъехь дуккха а эпитеташ ю: сирла буьйса Iаьржа буьйса кIайн кехат можа малх
Дуьйцург бакъдеш, тIечIагIдеш, говза юкъадалийна илли тIехь юх-юха аларш а:
Ва лата къона ву хьуна ша, къена Жума,
Вала къена ву хьуна ша, къена Жума. Буьйса сирла еача, гIалина гуонаха хьийзаш,
Мох-дерз даьлча, цу гIалин гуо толлуш, Буьйса Iаьржа еача, гIалина чулеташ,
Палкоган йора дой ша чехка схьакхуьйлуш…
Вайна ма-хаара, хIокху илли тIехь буьйцуш болу турпалхой а, хиламаш а боккъала а хилла, исторически хIуманаш ду. Делахь а, хIокху илли тIехь вайн дахарехь хила йиш йоцуш, дестийна гойтуш ду цхьадолу суьрташ: Гила барзо дохо Iаьржа деций санна, Инарлин эскар ша чIогIа дохош, Веана тIехIоьттир-кх и Жумин Акхтулла. Бацала ло санна, и эскар эгийна, Вахна цIа кхечира цхьатерра ши накъост.
Дустарш а ду илли тIехь далош, дерг мелла а исбаьхьаллин суьртехь схьагайта:
дуьгу нускал санна дашо малх санна кхокханашна юкъара кIайн куьйра санна кхокхийн тоба санна Iаьржа деций санна Таймин Биболат хестош, цо кхочушдинадолу гIуллакхаш дийцаре деш, цуьнан майралла, яьхь, собар, гIиллакх-оьздангалла вайна довзуьйтуш, хIара цхьа илли хилла ца Iа. Вайн къомо и шен тешаме воI хиларе терра, дIадаханчу бIешарашкахь дуьйна иллеш дохуш, хестош схьавалийна и кху тIаьхьарчу хене кхаччалц. И нийса а ду, хIунда аьлча, вайн и ца вовза а, вицван а йиш яц. Шен са а ца кхоош, харцонца къийсам латтош, шен Даймехкан сий лардина цо. Вайл хьалха баьхначара, ледарло ца еш, бакхийберца вайна довзийтина цуьнан майраллин хьуьнарш, ткъа вайн Iалашо – и виц ца валийта, тIекхуьучу чкъуре масал эцийта цуьнан ц1е ларъяр ю. Лаьара-кх Таймин Биболат санна къонахий кхуьийла!
2.5.Эпически турпалхочун Эвтархойн Ахьмадан дахар а, турпалаллин гIуллакх
Эвтархойн Ахьмад, кхиболу нохчийн иллийн турпалхой санна, цхьана заманахь ваьхна стаг ву. Схьавалар – Эвтарара хилла цуьнан. Жима стаг волчу заманахь Имам Шемала шена тIе а озийна, наиб хIоттийна хилла Ахьмад. Иштта Нохчийнчохь гIараяьлла цуьнан цIе.
Халкъалахь вовза волаелча, иллиалархоша цуьнан васт кхоьллина вайн нохчийн халкъан барта кхоллараллехь.Хетарехь, Эвтархойн Ахьмадах даьхначу иллешка ладийгIина 1915 – 1916-чуй шерашкахь Шерипов Асланбекас а, цуьнан вежарша а. Цу хенахь гIараваьллачу илланчас Нучаевс олуш хезна хилла царна и. Ткъа иштта 20-чу бIешаран 30-чу шерашкахь вевзаш волучу илланчас Сулейманов Бауддис а олуш хилла и илли.
Эвтархойн Ахьмад, гергарчу хьесапехь дуьнен чу ваьлла 1824-чу шарахь Эвтарахь, ша тайпана гуно волчу Мохьмадан доьзалехь. Жима волуш дуьйна, шен нийсархошна юкъахь майра а, доьналла долуш а, комаьрша а, яьхь йолуш а къаьсташ хилла хин волу эпически турпалхо. Ткъа кхиъна ваьлча, шен оьздангаллица а, доьналлица а, майраллица а, говран дика бере хиларца а билгалваьлла иза. Цу хенахь баьхна кхиболу къонахий санна, мискачарна, гIийлачарна гIо деш, харцонна дуьхьал къийсам латтош, ваьхна и.
Дукха къона волуш, майра тIемало санна, гIараваолу Эвтархойн Ахьмад,амма шен тIеман хьуьнаршца а, майраллица а билгалваьлла ца Iийна иза. Массарна а и дукхавезаш хилла шен дог-цIена хиларций, оьзда хиларций, хьанал хиларций. Цундела, халкъан тешаме, инзаре дукхавеза кIант а хуьлий, дIахIутту иза.
Эвтархойн Ахьмадах лаьцначу эпосехь билггал йоккха меттиг дIалоцуш ду Ахьмада Теркайистехь вевзаш хиллачу дукъа тIерачу гIалгIазкхийчуьнца лелийна доттагIалла. «Эвтархойн Ахьмадан илли» аьлла, гIарадаьлла иза вайн халкъалахь. Иштта, вайн школийн программи юкъа а дахийтина и илли.
Илли юкъахь ши турпалхо ву – Эвтархойн Ахьмад а, гIалгIазкхи Санька а. Шен барамца башха доккха а дац иза.Ма-дарра аьлча: кхаа декъах лаьтташ ду:
хьалхара – Эвтархойн Ахьмад ГIизлара йоI яло аравалар;
шолгIа – гIалгIазкхи Санька а, Эвтархойн Ахьмад а ларамаза цхьаьнакхетар, церан доттагIалла тасадалар;
кхоалгIа – Эвтархойн Ахьмадна ГIизлара йоI а ялош, ши доттагI цIаверзар.
ХIокху илли тIехь уггаре хьалха дуьйцуш дерг Ахьмадан а, гIалгIазкхичуьн а бакъдолуш хилла доттагIалла ду. Цхьана къомара вацахь а, паргIатонехьа болчу къийсамехь цхьабарт болуш хилла уьш. Муьлха къам ду, муьлха тайпа ду бен ца хилла цу хенахь. Коьрта лоруш ерш стеган амалш хилла: гIиллакх-оьздангалла а, Даймахкана орцах вала кийча хилар а, хьанал хилар а.
Илли долалуш Эвтархойн Ахьмада дечун сурт а, цуьнан куц-кеп а гойту:
Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца, Гаьн тIехь куьйра ва санна, ша дина хиъна, Бен чохь леча вас анна, ша дина хиъна, Сакъера аравелир, тов, Эвтархойн Ахьмад. Бай тIехь бокъан санна, готтачу кийрахь Дог ловзаделир, тов, Эвтархойн Ахьмадан. Йочанан ва махо идо дарц ва санна, Са цIенчу цу гило ша чехка идавеш, Вадийна ваьхьир, тов, Эвтархойн Ахьмад Экханан бен лар йоцчу пана ва махка, Цаьпцалган бен цкъар доцчу цу эрна ва ара. Динна ида кIордийна, ша лаха воьссина, Дерматан барголца дин бажа лаьллина, Чергазийн юткъа нуьйр гIовталга йиллина, Чергазийн ва верта даржош тIе ва тесна, Чал дера ва герзаш, нанас бер ва санна, Шен маракъуьйлуш, Набарна ма вижир Эвтархойн ва Ахьмад47.
Кхузахь Ахьмад ара валаран сурт ду гойтуш. Иза мича хенахь ара ваьлла а, стенга ваха ваьлла а, хIун Iалашо йолуш ваьлла а хаьа вайна оцу могIанашкахь. Шен езаелла ГIизлара йоI яло дагахь ара ваьлла ву и. Цуьнан динах, куц-кепах, герзашех дерг гучудолу вайна. Бакъду, цуьнан дин а, духар а, герзаш а дуьйцуш, басарш кхоийна илли кхоьллинчара. Цунна тIера верта чергазийн хилар бен, герзаш «чал дера» хилар бен, кхин хаамаш ца бовзийтина вайна. Амма вайна хаьа ишттачу къонахчун духар тоьлла хиллий, тIехуу дин – уггар масаниг, герзаш, безачу мехах эцна, гIоле дерш хиллий. Цул тIаьхьа иллин чулацам бостуш болу хиламаш бу: гIалгIазкхи а, шен герзаш юкъах дихкина, шен говра а хуий, Ахьмад санна, шена езаелла ГIизлара йоI йолчу ваха ара волу; иза Ахьмадна тIекхочу. Ирча гIан го Ахьмадна, гIалгIазкхичуьнан говро шен дин эшош. Сама ваьлча, шен гIан декхаделла го цунна. Ша яьхь йолуш къонах хилари терра, цунга иза ца лало.Цул тIаьхьа къамел хуьлу Ахьмадин а, гIалгIазкхичуьн а.
Илли тIехь шинне а турпалхочун гIиллакх-амалш тайп-тайпанчу исбаьхьаллин гIирсашца билгалйоху. Кху илли тIехь уьш гучуйохург мнологаш а, диалогаш ю. Оцу диалогашкахь хаало вайна Ахьмадана а, гIалгIазкхичунна а юкъара башхаллаш, мелла а церан амалех дерг.
Цушинаатурпалхочункъамелсобаречу, гIиллакхдолушболчу, оьздачукIентийнкъамелду:
Дакъаза ма вала, хIай Iуьллу хьо кIанат!
Хьо хIунда Iуьллу-те кху буто раьгIнашкахь? Хьаша воцуш ву-те хьо бIобулуш тIеваха48?
Дакъаза ма вала, хIай гIалагIазкхи!
ХIай Iуьллу ва бере, ахь суна ца бина
Тешнабехк ас бийр бац ва хьуна49!
ХIокху илли тIехь вайн турпалхо Эвтархойн Ахьмад санна, оьзда а, дика а, хьекъале а, хьуьнаре а, адамаллин тоьллачу амалийн оьздангалла ларъеш а дикчу агIор вуьйцуш гIалгIазкхин къонах. Амма иза иштта вийцина а ца Iа, цуьнан собар, кхетам кхин сов бу.
Иза а гучудолу цо Ахьмаде деш долчу къамелехь:
Дакъаза ма вала, Эвтархойн ва Ахьмад, Ахь сема ладогIа, собаре ва хилий…
Даггара тешаме доттагIаш хила вайша, Майралла ва гайта меттигаш нислур ю, Собаре хилахьа, Эвтархойн Ахьмад50!
И бахьана долуш девнаца дIадоладелларг машаре доьрзий, ши доттагI хуьлу Ахьмад а, гIалгIазкхи а. Цул сов, шена езаш йоллушехь, ГIизлара йоI шен доттагIчунна яла а йо цо. Цу тIехь а Ахьмадал лакха ваьккхина гайтина ву иза илли тIехь.Кху тIехь иллин чаккхе ялахь а, оцу хиламан чаккхе яц.
КхидIа а шен тIаьхье йолуш бу и хилам:
шен майрачун дин тIеэцначу гIизлаларчу йоIана Ахьмадан гергарчара ГIизларха цIе тиллина. ДоттагIчун ловзарга шовзткъе дин-бекъа а ялош веана дукъа тIера гIалгIазкхи. Ловзарга керла доьзал декъалбан ша имам Шемал а веана.
Кхидолчу иллеш тIехь санна, «Эвтархойн Ахьмадан илли» тIехь дуьйцуш дерг исбаьхьаллин суьртехь схьагойтуш гIо а деш, иза ладугIуш волчунна дагах хьакхадолуьйтуш, алссам пайда оьцу тайп-тайпанчу гIирсех.
Илли тIехь дуьйцуш дерг бакъдеш, тIегIагIдеш иллина говза юкъадалийна юх-юха аларш: гIалгIазкхичо Ахьмаде олу:
Лекхачу хиенал хьо лекха велахьара, Стоммачу попанал хьо стомма велахьара…
ГIалгIазкхичунна жоп луш, цо аьлларг бакъдеш, цуьнан дешнаш юха олу Ахьмада:
Лекхачу хиенал со лекха ву, хьуна,
Стоммачу попанал со стомма ву, хьуна.
Эпитеташ гуттара а цхьана кепехь лелаш дерш ду илли тIехь далийна:
буто раьгIнаш,
чал дера герзаш,
са цIена гила,
нур дашо можа малх,
расха дин.
Алссам дустарш а ду кхузахь дуьйцуш дерг исбаьхьаллин суьртехь схьагайта далийна: гаьн тIе куьйра ва санна, нанас бер ва санна,шен маракъуьйлуш; синметта топ кхетта цIен экха ва санна; йилбазан ва махо некъан чан ва санна. Илли чекхдолуш, хIара дешнаш ду:
Ма лолда вай, кIентий, вовшех безам ва байна,
Ма лолда вай, кIентий, вовшех тешам ва байна51!
Иллинчулацамна жамI а деш, коьрта маьIна доккху оцу дешнаша. Цаьрца билгалйолу иллин Iалашо а. Вайна тIедерзийна ду уьш. Илли тIехь дийцина гIуллакхаш дагчу дийшийта, цаьрца дог айа, вайн синхаамашка дIакхачийта далийна ду уьш.
2.6. Нохчийн къоман турпалхочун Мадин Жаьммирзин дахар а, цо лелош долчу турпалаллин гIуллакхех лаьцна илли тIехь дуьйцуш дерг
Вай лакхахь хьахийначу нохчийн къоман турпалхошца цхьаьна могIарехь лаьтташ ву нохчийн къоман турпалхо Мадин Жаьммарза. Иза ваьхна XVIII-чу бIешарийн чаккхенехьXIX-чу бIешарийн юьххехь, Чечанахь. Таймин Биболатин ден йиши кIант хилла а олу Жаьммирза. Хетарехь, ши шича хиларал совнаха, тешаме ши накъост вара и шиъ, цхьабосса шаьшшинан къам а, мохк а безаш.
Шен майраллица, доьналлица, син-оьздангаллица къаьсташ хилла Мадин Жаьммирза. Шен накъосташца цхьана, мостагIашца къийсам латтош, халкъан дуьхьа шен са ца кхоош, яьккхина цо дуьнен чохь хан-зама.
Оха «Мадин Жаьммирзех илли» талларца, цо лелош долчу турпалаллин гIуллакхех лаьцна дуьйцур ду. Илли долалуш юкъара сурт хIотторца долало: БIаьстенан аренаш йолучу бацана сенлучу хенахь, И гIийла бIаьрзнаш можачу зезаго тадечу хенахь, Ижуна лечарчий кхерстачу хенахь, Кхокхашна куьйранаш тебачу хенахь, ХIонцана куьйранаш тебачу хенахь, Цу хьуьнан гIа-бода букълучу хенахь, Цу кIайчу куьйранах гIарадовла ца даьхьаш, Цу хьуьнан варшашкахь акхтаргийн гаьннашца И гIийла къоркхокхий декачу цу хенахь, Вийнариг вуьсучу, докъах мах боьхучу, Малхо гIум къегочу цу пана махка ХIонцана вахара, тов, и Мадин Жаьммирза Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца52.
Иллин коьрта турпалхо Мадин Жаьммирзин пана махка ваха ара валаран сурт ду кхузахь гойтуш дерг. Цуьнан куц-кеп, я герзаш, я дин хьахийна бац кху тIехь. Амма алссам гойтуш ерг Iаламан хазалла ю. Циггахь чекхдолу хьалхара дакъа.
ШолгIа дакъа долалуш къена инарла а, цуьнан эскара гойту, испирташ моьлуш, харцхьара лелаш. Кхузахь церан къамел хьахаделча, къеначу инарлас сацам бо Жаьммирзин йиша Аьлбика схьа яло. ТIаккха Чечана а воьдий, юьртахошка кхайкхам бо цо. Цо дешдолчу къамелехь вайна гучудолу и къиза, адмалла йоцуш, харцхьара стаг вуйла: Шаьш схьалахь, бертахь луо хьомсара Аьлбика, Аш бертахь и ца лахь, шун Нана-Чечана, Сийна саьнгалан цIе хилла йогур ю шуна!
Цоиаьлча, вовшашнаюкъехькъамелданбуьйлалоюьртахой: цхьаъ, нагахьАьлбика, йинадуьхьалойоцуш, шаьшмостагIашнадIалахь, къематдийнахьIиндагIдоцушдуьсурдубохшву, вуьжушидIаяларезахула, ицхьадегIбахьанадолуш, массовогуьйтийлаадацбохуш. Кхузахь гучуйовлу вайна церан амалш. Махкана а везаш волу, шайн юьртахь хиларна и бакхий беш Iан безаш болу Мадин Жаьммирзина тешнабехк бо юьртахоша. И цIахь воцийла а хууш, цхьа кIант воьду Аьлбика ле а йина, мостагIашна кара яхийта.
Шен хьомсара ваша Жаьммирза ца виссал дегIах чевнаш а хилла, сенчу бай тIехь воьжна Iуьллуш ву аьлла; ткъа ша валале, ша хьомсара лелийна йолу шен йиша тIекхача е бохуш вара и аьлла, шега ирча кхаъ баьккхича, Аьлбикин ара ядаран сурт иштта гойтуш ду илли тIехь: Тикманаш йолу ездари шен дегIехь этIош, Шен коьртара кIажарш, ийзош, бухйохуш, Беснешха бухбуьйлу шен Iаьржа ши бIаьриг, Мелчу догIанах белхош, Шийлачу маьхьарца юьртаха елир-кха Жаьммирзин йиша, хьомсара Аьлбика.
ХIокху суьртехь вайна го Аьлбикина шен са дIадаллал шен ваша дукхавезаш хилар. Цхьа хаттар ца деш, бIаьрган негIар ца тухуш ара эккха и шен ваша волчу яха. Цул тIаьхьа коьрта хиламаш хуьлу: Аьлбика мостагIашна кара йоьду, вуон гIенаш а гой, Мадин Жаьммирза шен цIа воьрзу. Шен хьомечу доттагIчуьнан Таймин Биболатан чевнаш ястъелла, и вала воллуш ву-техьа бохуш, цIа кхочу и. Амма цIа кхаьчча, даима а шена дуьхьал йогIуш йолу шен хьоме йиша Аьлбика ца гича, шек а волий, и стенгахь ю хотту цо. Кхузахь, цо шен нене деш долчу къамеле хьаьжча, цуьнан а, Таймин Биболтан а долу тешаме, дика доттагIалла билгалдолу:
Дакъаза ма яла хьо, ша вина нана, Шена а моьттура, сел чIогIа хьо йоьхна яйча, Дог хуу доттагIа – и Таймин Биболат, Чевнаш ястъелла, эхарта вирзина хьо йоьлху, Йоха ма йоха хьо, ша вина нана53!
Шен инзаре дукхаезаш йолу йиша Аьлбика мостагIаша дIайигна ю аьлча а, Таймин Биболатан хIума хилла ца хилчхьана, паргIат хуьлу иза.Сихонца и схьаяккха ара волуш, Биболте и ма хаийта олу цо, хIунда аьлча, иза шен чевнаш а къуьйлуш, тIаьхьа гIертар волун дела.
Шен йиша схьаякхха, мостагIийн эскарх лата воьду иза. Цу хан чохь Жаьммирзин нана Таймин Биболат волче йоьда. Шен кIанта аьлларг деш, цо иза стенга вахана бакъдерг ца дуьйцу. Амма Биболтан нанас ша ма-дарра дIа а дуьйций, Жаьммирзин гIо да ваха пурба ло Биболатна.
Дукха хан а ялале, Таймин Биболт а тIаьхьа кхуьу цунна. Цушиммо дериге а эскар эгадой, Аьлбика схьайоккху.
Шен йиша схьа а яьккхина, ша юьрта вирзича, шен ямартло йина болу бериге а юьртара кIентий шайн юртах боху цо Жаьммирзас.
Мадин Жаьммирза майралла, яьхь, дог-цIеналла а йолуш, хила ма-везза къонах хилла. Цо чIогIа ларйина шен йиша а, нана а, халкъ а. Цуьнан цIена, тешаме доттагIалла а хилла ша санна, дика цIе яккхарца гIараваьлла волчу Таймин Биболатца. Кхинболчу турпалхойн санна, цхьа а шеко йоцуш, тоьлашха дин, чал дера герзаш, хаза куц-кеп долуш хилла иза.
Илли тIехь дуьйцуш дерг боккъала а хилла хIуманаш ду, амма халкъо, илланчаша, дуьйцуш дерг хаздархьама, дагах хьакхадалийта, тайп-тайпанчу басаршца хаздина. Цу тIера хиламаш гойтуш, цара пайдаэцна тайп-тайпанчу гIирсех: эпитетех, дустарх, гиперболах, юх-юха аларех. Эпитеташ хIорш ю кху илли юкъехь: гIийла бIаьрзнаш кIайчу куьйранах пана махка къена инарла йоьза вота Iеса стаг са цIена гила кIайн куьйра Дустарх а эцна алссам пайда: регIан огар багахь сира сай ва санна бухь бойначу хена тIе месал куьйра санна синметта топ кхетта цIен экха санна дуьненна го лаьцна куьйса эрз санна тIаьхьара кегийра берзалой санна гила барзо дохо Iаьржа даций санна Иллин дерзоран дешнаш иштта ду: Валата мел луучун леташ ка йолийла Ва вадан мел луучун уьдуш са долийла!
Оцу дешнаша билгалйоккху иллин амал. Илли тIехь дийцинчу дерригенах а схьадолу маьIна шайгахь долчу дешнашца чекхдоккху и. ЛадугIуш мел болчарна тIедирзина ду и дешнаш.
Вайн халкъо даима а хестош болчу, тIекхуьучу чкъуре масал эцийта мегар долчу сийлахьчу турпалхошна юккъера цхьа турпалхо ву Мадин Жаьммирза. Цундела вай я вайна тIекхьучара а вицван ца веза и тайпа бакъ къонах.
2.7.Нохчийн турпалаллин-исторически иллеш юккъерчу школехь хьехаран цхьайолчу агIонехь лаьцна
Нохчийн турпалаллин-исторически иллеш а, уьш кхолладаларан истори а кIорггера таллар а, оцу иллийн турпалхойн дахарх а, цара лелийна турпалаллин гIуллакхех а лаьцна дийцар йоккха Iалашо йолуш хIума ду.И эпос даима аехар йолуш ю халкъан иэсехь, наха пайдаоьцуш а хир ю, хIунда аьлча, цуо хIинца а вайн халкъан амал латош йолу оьздангаллин мехаллаш юьйцу дела.
Иштта, оцу иллеша вайн къоман истори а йовзуьйту вайна:
6-чу классехь «Эвтархойн Ахьмадан илли», «Таймин Биболатан илли»;
8-чу классехь «Мадин Жаьммирзин илли»;
9-чу классехь «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли».
И иллеш дIахьоьхуш, хьехархочо уггаре хьалха дешарошна хаийта дезаш дерг – оцу иллийн эпос хIун бахьана долуш, хIун Iалашо йолуш кхоллаелла хилар ду. Дешархошна вайн дIадаханчу бIешерийн истори а йовзуьйтуш, уьш кхолладаларан бахьана цу заманахь хиллачу къилбаседахьарчу цхьана пачхьалкхан экспансина дуьхьал халкъан дог-ойла яккхар дуйла хоуьйту.
Ткъа иштта мехала ду хьехархочо шена хьалха Iалашо хIоттор: муьлхха а хала мур, хан тIе ягIахь, къонахий кхио дешархошна и иллеш мелла а дагах хьакхалуш, церан дог-ойла гIаттош, царех тарбала гIерташ, масал эцийтархьама, уьш дика дIахьеха.
Къаьсттина мехала хир ду дешархошна массо а ханна масал долчу, бакъболчу турпалхойн юьхь-сибатащ довзуьйтуш, и дицдан йиш йоций а хоуьйтуш, уьн тIе цуьнан сурт тоьхча.
Таймин Биболатан ц1арца боьзна хиламаш вайн историкаша 1илманца тоам боллуш дика теллина, къаьсттина ХIХ-чу б1ешеран 20–30-чу шерийн мур. Цу хенахь даьхна нохчийн иллиалархоша цунах лаьцна турпалаллин иллеш. Ночийн къоман баьчча хилла волчу стагах илли даьккхича, цхьа а цецвала х1ума дац. Биболатах лаьцначу кхаа иллех цхьаъ бен ца хьахийна оха тхайн балха т1ехь. Тхо ала г1ертарг – дийца шортта ду бохург ду.
2014-чу шарахь Нохчийн Республикин парламентан куьйгалхочуьнан Абдурахманов Дукхавахин д1адолорца Таймин Биболатан 230 шо кхачар даздина. Диэха-сехьара 1илманчаш а кхайкхина, 1илманан-практически конференци йира парламентан ц1а чохь. Иттанаш докладаш йира нохчийн бакъволчу къонахчух лаьцна. Материалаш зорбанехь ара а ехира.
Таймин Биболат санна болчу къонахех масал а оьцуш, цунах тарлуш, цIеналле кхийдийла вайн тIекхуьу хьоме дешархой!
IV. ДЕРЗОР
Тхуна хетарехь, нохчийн халкъан барта кхоллараллехь шайн исбаьхьаллица а, хьекъале а, маттана шера а, ира а, дагах хьакхалуш а, дог-ойла гIаттош а, халкъан кхетам алсам юкъалоцуш а йолу произведенешна юкъахь уггар хьалха цIеяккха йогIу турпалаллин-исторически иллийн, хIунда аьлча, царна юкъахь къеггина вайн къоман амалш, психологи, гIиллакхаш, синан оьздангаллабилгалайолу дела.
Нохчийн турпалаллин иллеш, кхийолу барта жанрашна юкъахь дерриге а аьлла, дIаяздина ду. И иллеш кIорггера Iилманца толлуш белхаш бина вайн Iилманчаша. Царех ву Шерипов Асланбек а, Ошаев Халид а, Эльмурзаев Сираждин а, Джамалханов Зайнди а, Вагапов Якъуб а, Мунаев ИсмаьIал а, Джамбеков ШаIрани а, кхиберш а.
Цхьаболчу Iилманчаша дийцарехь, тахана вайна девзаш долу нохчийн турпалаллин иллеш XVI-чу бIешарера XX-гIа бIешо доладаллац йолу заманахь кхолладелла ду. Уьш кхолладаларан бахьана цу заманахь хиллачу къилбаседахьарчу цхьана пачхьалкхан экспансина дуьхьал халкъан дог-ойла яккхар ду. Цундела и къийсам ца хиллачу къаьмнийн дан а дац цу тайпана иллеш.
Дукхахдолу иллешкахь буьйцу турпалхой хьалха баьхна, исторически нах бу. Шен дикачу кIентийн хьуьнарш хастамечукепехь уьш тIекхуьучу тIаьхьешка дийца а, дIахаийта а лаарна кхоьллина халкъо турпалаллин иллеш.
Вайна хууш ма-хиллара, нохчийн къомо шен бIешерийн исторехь шуьйра юкъаметтигаш, гергарлонаш лелийна лулахь даьхначу, карарчу хенахь дехаш долчу къаьмнашца. Оцу уьйраша нохчийн турпалаллин эпосана дукха сюжеташ еана къаьмнийн оьзда юкъаметтигаш хестош. Масала, «Жерочун кIантах, Гуьржийн кIантах илли», «ГIебартойн Курсолтех илли», «Таймин Биболатах, дог майрачу ЧIегех лаьцна илли» и. дIа кх. а. Оцу иллийн тайп-тайпанара къаьмнийн турпалхой вовшашна орца кхочуш, вовшашна гIо-накъосталла деш хиларо гойту вайн къаьмнаш бIешарашкахь хIокху Кавказан юкъарчу махкахь бертахь даьхна хилар. И гергарло, вошалла вайга а кхиллина вайн дайша. Цуьнца доьзна къаьсттина мехала ю вайна вайн дайша кхоьллина, лерамца вайга схьаелла лакхара исбаьхьалла йолу барта хазна.
Даккхий хьуьнарш оьшу долу гIуллакхаш кхочушдо цара тIех майралла а, къонахалла а гойтуш. Къонахошна юкъара доттагIалла, тешам болуш, яхь йолуш хилар, эшначохь хьуьнар а, майралла агайтар кхайкхадо иллешна тIехь.
Нохчийн халкъан иллеш барта олуш хилла. Илланчаша шаьш билгалдоккхуш ма-хиллара, «барта дагардеш» хилла цара уьш.
Илли олуш тIаьхьа Iадхьокху-пондар я кехат-пондар балош сецна даьлла ламаст а хилла нохчийн. Хьалха заманахь хIора юьртахь цхьаъ я масех цIеяхна иллиалархо а хилла Нохчийчоьхь. Халкъалахь сий-ларам болуш а хилла уьш.
Цкъа а йоза-мотт Iамийна боцу ахархой а, жаIуй а хилла болу иллиалархой, халкъалахь гIарабовларан бахьана уьш лакхарчу корматаллица пондар лакха хууш хилар а, иштта исбаьхьаллин синкхетам а, хIораннин а шатайпа иллиаларан хатI долуш хилла хилар а ца Iа. Уьш орамера халкъан оьздангаллин мехаллаш евзаш а, уьш лоруш а, ларъеш а нах хилла. Нахана гергахь, кхин деш-дуьтуш хIума а доцуш, деккъа цIена цхьа иллеш а дохуш, пондарш а лоькхуш, шайн а, нехан а самукъа а доккхуш, лелаш нах ца хилла иллиалархой. Пондар лакхар а, илли алар а цкъа дахаран коьрта гIуллакх а хилла дIахуттуш ца хилла церан. Кхечу дешнашца аьлча, иллеш дахар а, уьш нахана юкъахь дIаалар а цкъа а кхоана дуьхьа деш ца хилла церан, доггIучу хьахийча, гIебартой а, гIумкийн а санна. И иллеш цара шайн ахархойн балхах мукъабевллачу хенахь дохуш а, олуш а хилла, дукхахьолахь, цхьаъ волчохь я синкъерамехь самукъадаккха гулбеллачохь.
Нохчийн иллеш йоккхачу поэтически говзаллица кхоьллина ду. Шера ритм ю церан. Дукхахьолахь шина я еа стопах лаьттачу дактилан барамехь хуьлу иллийн байт. Iаламат хаза исбаьхьаллин суьрташ а, васташ а кхуллу иллешкахь, говза даладо тайп-тайпана долудустарш, метафораш, эпитеташ, гиперболаш.
Иллийн суртхIотторан гIирсаша гIо до дуьйцуш долу гIуллакхаш даг чу дийшийта, цаьрца дог айба, патриотически ойла кхио.
Ткъа муьлха а турпалаллин илли чекхдолуш дерзоран дешнаш хуьлу далийна. Оцу дешнаша доцца чулаьцна иллин коьрта маьIна шайгахь долчу дешнашца чекхдоккху олуш волчо шен илли. ЛадугIушболчарна массарна а тIедерзина хуьлу и дешнаш. Илли тIехь дийцина долу гIуллакхаш даг чу дишийта, цаьргахула дог айба, патриотически ойла кхио даладо дерзорехь и синхаамашка кхочуш долу дешнаш.
Масала:
«Ма лалда вай, кIентий, вовшех безам ва байна,
Ма лалда вай, кIентий, вовшех тешам ва байна!»54.
«Вада луучунна, уьдуш садолийла,
Лата луучунна, леташ садолийла!»55.
«Нанас делна ма войла яхь йоцу ва кIанат,
Вича, ма валийла кхаа дийне-буьйсане,
Цуьнан валар хилийла хьерахь бол къуйсучу
Бисинчу зударийнкерах»56.
«Вайн веччан ма хуьлда ямарта адамаш,
Хилаза ца бовлуш, уьш хуьлуш хилчк,
Церан балар хуьлда-кха, сацаран ун хуьлуш,
Идарах ял хуьлуш, хила дарба ва доцуш,
Туьтан хIуш санна, дегнаш кийра ва оьгуш»57.
Кху тIаьхьарчу хене кхаччалц, иллийн коьрта турпалхой хестош, цара кхочушден гIуллакхаш дийцаре деш, церан майралла, яьхь, собар, гIиллакх-оьздангалла довзуьйтуш, дIадаханчу бIешарашкахь дуьйна иллеш дохуш, схьабалийна уьш вайн къомо. И нийса а ду, хIунда аьлча, вайн уьш ца бовза а, бицбан а йиш яц. Шайн са ца кхоош, харцонца къийсам латтош, шен Даймехкан сий лардина цара. Вайл хьалха баьхначара, ледарло ца еш, бакхийберца вайна довзийтина церан майраллин хьуьнарш, ткъа вайн Iалашо – уьш биц ца балийта, тIекхуьучу чкъуре масал эцийтар ю, царех долу иллеш дийцаре деш, дIахьоьхуш, дIаолуш хилар ю.
IV. ПАЙДАЭЦНА ЛИТЕРАТУРА
-
Арсанукаев I.М. Нохчийн литература. 9-чу классана учебник. Соьлжа-гIала: Нохч-ГIалгIайн книжни издательство, 1989.
-
Арсанукаев I.М. Юккъерчу школехь лирически а, лиро-эпически а произведенеш Iамор. Соьлжа-гIала, 1984.
-
Арсанукаев I. М. Нохчийн литература. 9-чу классана учебник. Соьлжа-гIала: Абат, 2008.
-
Арсанукаев I.М. Школехь исбаьхьаллин произведени таллар, 2-гIа дакъа. Грозный: Арфа-пресс, 2012.
-
Археолого-этнографический сборник. Вторая часть.Грозный, 1968.
-
Вагапов Я.С. Образ одинокого героя в чечено-ингушских героических песнях. Известия ЧИНИИИЯЛ. Грозный, 1968.
-
Вагапов Я.С. Чечено-ингушские эпические песни XVI – XVIIIвв. Автореф. дисс… канд. фил. наук. Махачкала, 1967.
-
Вопросы поэтики и жанровой классификации чеченских героико-исторических песен илли. Сост. Мунаев И.Б. Грозный, 1984.
-
Героико-исторический эпос народов Северного Кавказа(ГЭНСК). Сб. научныхтрудов ЧИИИСФ. Грозный, 1988. 168 с.
-
Далгат У.Б. Героический эпос чеченцев и ингушей. Издание АН ЧР. Избранные труды. Гроный: АО «ИПК «Гроненский рабочий», 2015. 640 с.
-
Джамалханов З. Д., Эльмурзаев С.Э. Нохчийн фольклор. Хьалхара том. Соьлжа-гIала, 1959.
-
Джамалханов З. Д., Эльмурзаев С.Э. Нохчийн фольклор. ДоьалгIа дакъа. Соьлжа-гIала, 2005.
-
Джамбеков О.А. Чечено-ингушские народные песни в переводе на русский язык // Русская художественная культура и вопросы духовного аследия чеченсцев и ингушей. Грозный, 1982.
-
Джамбеков О.А. Жанровые и поэтические особенности чеченских героико-исторических песен илли. Автореф. дисс… канд. фил. наук. Майкоп, 2008.
-
Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Чеченское устное народное творчество как основа национальной культуры. № 2. Майкоп, 2009.
-
Джамбеков О.А. Нохчийн халкъан турпалаллин иллешкахь Таймин Биболатан васт // Материалы Международной научной конференции, посвящённой 230-летию со дня рождения Бей-Буата Таймиева.г. Грозный. 13 ноября 2014 г. С. 379–385.
-
Иллеш. Шира дийцарш, назманаш, кицанаш, хIетал-металш. ХIоттинарш: Джамалханов З., Хатуев I.-Хь., Уциев А. Соьлжа-гIала: ГУП «Книжни издательство», 2009.
-
Мунаев И.Б. Героико-исторические илли – чеченский народный эпос. // Вайнах. № 5 – 6. Грозный, 1986.
-
Мунаев И.Б. Общие места в чеченских героических песнях илли. //Орга. Грозный, 1979, № 4.
-
Мунаев И.Б. Трансформация древнеэпического мотива богатырского рождения в героико-исторических илли //Интернационализм и атеизм в литературе и фольклоре чеченцев и ингушей. Грозный, 1979.
-
Мунаев И.Б. Поэтика чечено-ингушских героических песен. Автореф. дисс...канд. фил. наук. М., 1981.
-
Нажаев А., Ибриев С. Нохчийн иллеш. Грозный, 1926.
-
Нажаев А. Нохчийн иллеш, хабарш, кицанаш. Владикавказ, I926.
-
Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. Хьалхара дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012.
-
Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2011112.
-
Нохчийн литература. Дешаран пособи. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Расумов В.Ш. I-ра дакъа. М.: Парнас, 2017.
-
Нохчийн литература. Дешаран пособи. Джамбеков О.А., Расумов В.Ш. ШолгIа дакъа. М.: Парнас, 2017.
-
Нохчийн фольклор. ХIотт. Джамбеков О.А. Грозный: Книга, 1990.
-
Нохчийн фольклор.ХIотт. Эльмурзаев С.Б. КхоалгIа дакъа. Грозный, 1964.
-
Нохчийн фольклор. ХIотт. Эльмурзаев С. Б., Вагапов Я.С. ДоьалгIа дакъа. Соьлжа-гIала, 2005.
-
Нохчийн фольклор. Иллеш, узамаш. ХIотт. Мунаев И.Б. ПхоьалгIа дакъа Соьлжа-гIала, 2007.
-
Нохчийн фольклор. Иллеш, узамаш, назманаш, балладаш. ХIотт. Мунаев И.Б. ЯлхолгIа дакъа. Соьлжа-гIала, 2010.
-
Поэтика чеченских героических песен илли. Сост. Мунаев И.Б. Грозный: ЧИИИСФ, 1983.
-
Сулейманов Б. Нохчийн халкъан иллеш. Соьлжа-гIала, 1962.
-
Шерипов А.Д. Из чеченских песен. Владикавказ, 1918.
-
Шерипов А.Д. Статьи и речи. Грозный, 1972.
-
Эльмурзаев С.Б., Вагапов Я. С. Нохчийн иллеш. Соьлжа-гIала, 2005.
-
Эльмурзаев С.Э. К истории возникновения чеченских героико-исторических песен. Известия Чечено-ингушского НИИЯЛ, т. II, вып. I. Грозный, 1960.
1Нохчийн фольклор. ХIоттинарг – Джамбеков О.А. Грозный: Книга, 1990. 593 агIо.
2Нохчийн литература. Дешаран пособи. ХIоттинарш – Джамбеков О.А., Расумов В.Ш. Хьалхара дакъа. М.: Парнас, 2017. 9 агIо.
32Нохчийн литература. 9-чу классана учебник. Арсанукаев I.М.Соьлжа-гIала: Абат, 2008. 36 агIо.
4 Нохчийн литература. 9-чу классана учебник. Арсанукаев I.М. Соьлжа-гIала: Абат, 2008. 36 – 37 агIонаш.
5 Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. ХIоттинарш – Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. ШолгIа дакъа.Махачкала, 2012. 64 агIо.
6Нохчийн иллеш, хабарш, кицанаш. ХIоттинарг: Нажаев А. Соьлжа-гIала, 1926.
7 Нажаев А. Гихчуьрчу Iахин Тимаркъин илли // Нохчийн иллеш, хабарш, кицанаш. Соьлжа-гIала, 1926. 3 – 10 агIонаш.
8 Нажаев А. Аьккхирчу Iумаран Iелин илли.// Нохчийн иллеш, хабарш, кицанаш. Соьлжа-гIала, 1926. 11–20 агIонаш.
9Нажаев А. Гихчуьрчу Жоьра-Бабин кIентан илли, 21–24 а.// Нохчийн иллеш, хабарш, кицанаш. Соьлжа-гIала, 1926.
10 Нажаев А. Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу Эла Мусостан, Адин Сурхон илли.// Нохчийн иллеш, хабарш, кицанаш. Соьлжа-гIала, 1926. 30 – 36 агIонаш.
11Чечанарчу Мадин Жаьммирзин илли// Нохчийн иллеш, хабарш, кицанаш. Соьлжа-гIала, 1926. 37 – 46 агIонаш.
12 Нохчийн иллеш. ХIоттинарш: Нажаев А., Ибриев С. Соьлжа-гIала, 1926.
13Нажаев А., Ибриев С. Таркхочун кIентан илли, а // Нохчийн иллеш. Соьлжа-гIала, 1926. 3 – 10 агIонаш.
14Нажаев А., Ибриев С. Биларбин Баьччин илли// Нохчийн иллеш. Соьлжа-гIала, 1926. 14 – 22 агIонаш.
15Нажаев А., Ибриев С. Зайтан Шихмирзин илли// Нохчийн иллеш. Соьлжа-гIала, 1926. 30 – 48 агIонаш.
16Нохчийн иллеш. ХIоттинарш: Нажаев А., Ибриев С. Соьлжа-гIала, 1926.
17 Чечено-ингушский фольклор. Составитель: С.-Б. Арсанов. М: ГИХЛ, 1940.
18 Нохчийн иллеш, эшарш. I-ра том. ХIоттинарш: Эльмурзаев Сираждин, Джамалахнов Зайнди. Соьлжа-гIала, 1959.
19 Нохчийн фольклор. ХIоттинарг: Джамбеков Ш. Соьлжа-гIала: Книга, 1990.
20 Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. Хьалхара дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012.
21 Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012.
22 Нохчийн фольклор. Иллеш. Узамаш. ПхоьалгIа дакъа. ХIоттинарг: Мунаев И. Соьлжа-гIала, 2007.
23 Нохчийн фольклор. Иллеш. Узамаш. Назманаш. Балладаш. ЯлхолгIа дакъа. ХIоттинарг: Мунаев И. Соьлжа-гIала, 2010.
24 Нохчийн фольклор. Узамаш. Назманаш.Нохчийн турпалаллин иллеш. Балладаш. ВорхIолгIа дакъа. ХIоттинарг: Мунаев И. Соьлжа-гIала, 2016.
25 Сулейманов Б. Нохчийн халкъан иллеш. Соьлжа-г1ала, 1962.
26Поэтика чеченских героических песен илли. Опыт комплексного исследования. Мунаев И.Б. Грозный, 1983; Вопросы поэтики и жанровой классификации чеченских героико-исторических песен илли. Мунаев И.Б. Грозный, 1984.
27 О творчестве народнго сказителя А. Тимуркаева см.: Поэтика чеченских героических песен илли (опыт комплексного исследования). Сб. научных трудов ЧИИИСФ. Отв. ред. Мунаев И. Б. 1983, с. 70–71.
28Мунаев И.Б. Краткие сведения о сказителях // Вопросы поэтики и жанровой классификации чеченских героико-исторических песнях илли. Сб. научных трудов ЧИИИСФ. Грозный, 1981. С. 83–86.
29 Нохчийн иллеш, хабарш, кицанаш. ХIоттинарг: Нажаев А. Соьлжа-гIала, 1926.
30 Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш – Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. ШолгIа дакъа.Махачкала, 2012. 174 агIонаш.
31 Нохчийн литература. 9-чу классана учебник. Арсанукаев I.М. Соьлжа-гIала: Абат, 2008. 38 агIо.
32 Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О. А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 176 агIо.
33Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш – Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 180 – 181 агIонаш.
34 Циггахь. 175 агIо.
35 Нохчийн литература. 9-чу классана учебник. АрсанукаевI.М. Соьлжа-гIала: Абат, 2008. 40 агIо.
36 Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. Х1оттинарш – Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 176 агIо.
37Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. 174; 177 агIонаш.
38 Циггахь. 180 агIо.
39 Нохчийн литература. 9-чу классана учебник. Арсанукаев I.М. Соьлжа-гIала: Абат, 2008. 41–42 агIо.
40Нохчийн фольклор. Къеначу Адин илли. ХIотт: Джамбеков Ш. Соьлжа-гIала: Книга, 1990. 303–306 агIонаш.
41Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 272–276 агIонаш.
42 Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 146 агIо.
43 Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 147 агIо.
44 Циггахь.
45Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 148 агIо.
46 Циггахь. 149.
47Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 272 агIо.
48Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.Э., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 273 агIо.
49Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа… 274 агIо.
50Циггахь. 275 агIо.
51Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 276 агIо.
52Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. Шолг1а дакъа. Х1оттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 138 – 139 аг1о.
53Нохчийн халкъан барта кхолларалла. Дешаран пособи. Шина декъехь. ШолгIа дакъа. ХIоттинарш: Джамбеков О.А., Джамбекова Т.Б. Махачкала, 2012. 143 агIо.
54Эвтархойн Ахьмадан илли // Нохчийн фольклор. ХIотт. Джамбеков Ш. Грозный: Книга, 1990. 394 агIо.
55Обарг Варин илли // Нохчийн фольклор. ХIотт. Джамбеков Ш. Грозный: Книга, 1990. 398 агIо.
56Дадин-юрт яккхаран илли // Нохчийн фольклор. ХIотт. Джамбеков Ш. Грозный: Книга, 1990. 403 агIо.
57Бектамаран Зайнапан илли // Нохчийн фольклор. ХIотт. Джамбеков Ш. Грозный: Книга, 1990. 434 агIо.
24