СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн меттан 10– 11-чуй классашна лерина программа

Нажмите, чтобы узнать подробности

Нохчийн меттан 10– 11-чуй классашна лерина программа

Кхеторан кехат

Нохчийн меттан коьрта йукъардешаран ишколана лерина программа хIоттийна:

  • Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан, коьртачу дешаран программин буха т1ехь;
  • С.Э.Эдиловн нохчийн меттан герггарчу хьесапехь йолчу программин буха т1ехь;
  • Соьлжа-Г1алин №10 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколан дешаран хьесапан буха т1ехь;
  • Соьлжа-Г1алин №10 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколан коьрта дешаран программин буха т1ехь.

Кху тIехь тидаме эцна йуккъерчу йукъардешарна леринчу массо а тайпана дешаран декъан гIуллакхаш кхиоран а, вовшахтохаран а программин коьрта идейш а, лехамаш а, йуьхьанцарчу йуккъерчу дешаран герггарчу программашца йозаелла а, тIаьхьало йолуш а хилар.

Программа – иза белхан программа хIотторан бух бу: цо билгалдо инвариантни (тIедоьжна декхар долу) дешаран дакъа а, шел тIаьхьа шен лаамехь дешаран чулацамах вариативни дерг харжа таро луш долу дакъа а. Йуккъерчу йукъардешаран ишколана лерина герггарчу хьесапехь йолу программа шен чулацаман башхаллашца къаьсташ йу, цкъа-делахь, йуккъерчу йукъардешаран системин предметийн чулацамца, шолгIа-делахь, Iамочеран психологически а, хенийн а башхаллашца.

Программа кхаа декъах лаьтта:

  1. «Дешаран предмет карайерзорехь кхочушдан лору жам1аш».
  2. «Дешаран курсан чулацам».
  3. «Дешаран-тематикин хьесап».

Дешаран-методически комплект (УМК)

I.  Йуккъерчу йукъардешаран ишколашна лерина нохчийн меттан lаматаш:

1. Джамалханов З.Д., Овхадов М.А., Абдулкадырова Р.А. 10-11-чуй классашна.

II.  Нохчийн меттан lаматашна методически хьехамаш.

III.  Диктантийн, изложенийн гуларш. Тайп-тайпана тексташ, тесташ.

IV.  Дешаран дошамаш.

V.  Белхан тетрадаш.

Дешаран хьесапаца цхьаьнадог1уш, нохчийн мотт 1аморна леринчу сахьтийн барам:

Класс

Шарахь

К1иранах

10

35

1

11

34

1

  1. ДЕШАРАН ПРЕДМЕТ «НОХЧИЙН МОТТ» 1АМОРАН ЖАМ1АШ.

Нохчийн мотт – иза нохчийн къоман а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан а мотт а, къоман историн, культурин бух а бу. Цуьнца доьзна ду къоман кхиар а.

Ненан меттан метапредметни декхарша билгалбоккху берана, цо школехь доьшучу хенахь, иза личность санна, кхиорехь массо тайпана а, йукъарчу амалехь а бен тIеIаткъам. Мотт дешархочун ойла, кхетам, суртхIотторан, кхоллараллин хьуьнарш кхиоран; личность санна, ша-шен вовзийтаран, ша-шена керла хаарш карадерзоран хьуьнарш кхиоран а бух бу, дешаран гIуллакх а цхьаьна вовшахтохар йукъа а лоцуш. Ненан мотт къоман культурин, литературин, синъоьздангаллин мехаллашка а, адаман оьздангаллин, историн зеделлачуьнга а кхачоран гIирс а, дахарехь дIалоцу меттиг къасторан некъ а бу.

Йуккъерчу Йукъардешаран ишколехь шатайпа меттиг дIалоцу нохчийн матто. Иза вовшашца йукъаметтигаш дIакхехьарехь, гонахара дахар довзарехь, кхетош-кхиорехь мехала гIирс бу.

Нохчийн мотт караберзоро таро лур йу дешархошна вовшашца йукъаметтигаш дIакхехьа, боккхачу кхиамца кхидолу меттанаш а, дешаран предметаш а Iаморехь онда гIортор хилла дIахIотта а, хийцалучу хIокху дахарехь шен меттиг каро а.

ХIума довзаран гIирс ша хиларе терра, матто ойла кхиайарна а, интеллектуальни а, кхоллараллин хьуьнарш кхиорна а, шаьш кхочушдечу дешаран гIуллакхийн шардарш  карадерзорна а, шен хаарш лакхадахарна а, ша-шен вовзийтарна а тIехь аьтто бо.

Шен къоман оьздангалла а, литература а, синъоьздангаллин мехаллаш а, дуьненан Iилма а, культура а йовзарехь мехала гIирс а бу нохчийн мотт.

Нохчийн мотт дешархо къоман гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь кхиорехь цуьнгахь кхидолчу къаьмнашка лерам хилийтаран коьрта чIагIо а йу.

Йуккъера йукъардешаран ишкол чекхйаьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн маттехула  хила деза личностни жамIаш:

– нохчийн къоман оьздангаллин коьртачу мехаллех санна, нохчийн маттах кхетам хилар, дешар тIехь а, кхетаман, кхоллараллин хьуьнарш, дешархочун гIиллакх-оьздангаллица йоьзна амалш кхиорехь а цо дIалоцучу меттигах кхеташ хилар;

– нохчийн мотт эстетически мехалла санна тIеэцар; цунах дозалла дар, цуьнан ларам бар; къоман оьздангаллин хилам и хиларе терра, нохчийн меттан башхалла а, цIеналла а ларйан йезар; мотт бийцар шардаре а, говза, шера бийцаре а кхачар;

– къамел дечу хенахь шен ойланаш а, синхаамаш а паргIат бовзийта а, дешнийн барам а, караберзийна грамматически гIирсаш а тоъал хилар; ша дечу къамелан тидамбеш, ша-шена мах хадо хааран хьуьнар хилар;

– нохчийн мотт уьйран, йукъаметтигаллин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар; нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, йукъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалйарехь а оьшуш хиларх кхетар;

– вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а йукъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайдаэца кийча хилар; къаьмнийн культурин йукъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

– шен къоман а, РФ-хь дехачу къаьмнийн а, дуьненайукъара а культура йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхетар.

Йуккъера йукъардешаран ишкол чекхйаьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш:

  1. къамелдаран массо а тайпа карадирзина хилар:

– барта а, йозанан а хаам цхьанатайпана тIеэца безаш хиларх кхетар;

– йешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хила йезар;

– тайп-тайпанчу хьостанашкара хаамаш схьалаха хааран хьуьнар хилар, ШХГI, дешарна лерина компакт-дискаш, Интернетан гIирсаш йукъа а лоцуш;

– билггалчу темина коьчал схьалаха а, цхьана кепе йало а хаар карадерзор; шенна хаам схьалаха а, иза къасто а, цунна анализ йан а хаар; хаамийн технологи а, технически гIирсаш йукъа а лоцуш, йоьшуш йа ладугIуш бевзина хаам хийца а, ларбан а, дIабовзийта а хаар;

– хиндолчу дешаран декъан гIуллакхийн (цхьаммо ша а, вукхаьрца цхьаьна а) Iалашо билгалйан а, хьалха-тIаьхьа дийриг билгалдан а, барта а, йозанан а кепехь цхьанатайпана жамIийн мах хадо хааран хьуьнар хилар;

– паргIатчу кепехь барта а, йозанехь а нийса шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар;

– шен нийсархошна хьалха доклад йан йа цхьа хаамбан хаар;

  1. карадирзинчу хаарех, шардарех, карадерзорех дахарехь пайдаэцар;

– билгалбинчу барамехь йацйина (план, йухасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна  йа йешна текст йуха схьайийца хаар;

– оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайдаэца хаар;

– меттан башхаллех пайдаэца хааар (нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературин урокашкахь);

3) тайп-тайпана йукъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь, дийцаре дарехь, дискуссешкахь дакъалаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар.

Йуккъера юкъардешаран ишкол чекхйаьккхинчу дешархочун нохчийн мотт караберзоран  предметни жамIаш ду:

1) массо а тайпана къамелдаран кепаш карайирзина хилар (ладогIар, йешар, дийцар йа къамелдар (говорение), йоза), гонахарчу адамашца йолу йукъаметтиг, тайп-тайпанчу хьелашка хьаьжжина, д1акхехьа аьтто бан.

2) личностан кхетаман а, кхоллараллин а хьуьнарш кхиорехь, йоза-дешар карадерзорехь, ша-шен дешар лакхадаккхарехь матто дIалоцучу меттигах кхетар;

3) ненан меттан коммуникативно-эстетически таронех пайдаэцар;

4) ненан маттах долу 1илманан хаарш шордар, системе далор; цуьнан т1ег1анаш а, дакъош а вовшашца дозуш хиларх кхетам; лингвистикин базови кхетамаш, меттан коьрта цхьааллаш, грамматикин категореш карайерзор;

5) дешан тайп-тайпанан кепара таллам бар (фонетически, морфемни, дошкхолладаларан, лексически, морфологически), предложени а, дешнийн цхьаьнакхетар а синтаксически къастор: текстана, цуьнан чулацамца а, дIахIоттаман коьртачу билгалонашца, исбаьхьаллин гIирсех пайда эцарца а боьзна  таллам бар;

6) х1оьттинчу хьоле а, къамелан стиле а хьаьжжина, шен ойла а, синхаам а ненан маттахь парг1ат бийца хаар, шен меттан дешнийн хазна (лексика) алсамйаккхар, дечу къамелехь  грамматически г1ирсех пайдаэца хаар.

7) нохчийн меттан лексикин, фразеологин коьрта стилистически г1ирсаш а, нохчийн меттан коьрта норманаш (орфоэпически, лексически, грамматически, орфографически, пунктуационни) а, къамелан оьздангаллин норманаш а карайерзор; барта а, йозанан а аларшкахь зеделлачух пайдаэцар; къамелан т1ег1а лакхайаккха г1ертар;

8) меттан оьздангаллех, адамийн юкъарчу мехаллех санна, жоьпалла кхоллар.

Къамел а, къамелан т1екаре а

Арахецархо хууш хир ву:

  • т1екаре йаран тайп-тайпанчу хьелашкахь монологан тайп-тайпанчу кепех пайдаэца (дийцар, суртх1оттор, ойлайар; монологан тайп-тайпана кепаш цхьаьнайалор);
  • диалоган тайп-тайпанчу  кепех т1екаре йаран хьелашкахь пайдаэца;
  • т1екаре йаран тайпаналлин хьелашкахь къамел лелоран барам ларбан;
  • къамелан т1екаре йаран процессан коммуникативни бохамех хьалхавала.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • жимачу докладца ладуг1учарна хьалха къамел дан; проект, реферат нахалахь (публично) йовзийта; нахалахь шена хетарг т1еч1аг1дан (чекхдаккха);
  • проблемаш коллективни йийцаре йарехь дакъалаца, шена хетарг т1еч1агдан, ша бакъ хиларх тешо;
  • коммуникативни декъехула ца нисделлачун коьртачу бахьанех кхета а, царех кхето а.

Къамелан г1уллакхдар

Ладог1ар (аудировани)

Арахецархо хууш хир ву:

  • ладог1аран тайп-тайпана кепех пайдаэца (ладоьг1начу текстах кхоччуш кхеташ, коьртачу чулацамах кхеташ, оьшу хаамаш схьахаржа хууш); ладоьг1начу текстан чулацам хьалха х1оттийначу коммуникативни 1алашонца цхьаьна бог1уш  барта схьабийца;
  • барта кепехь темех, коммуникативни хьесапах, коьртачу ойланах кхето а, шен ойла цхьана кепе йерзо а, дешаран-1илманан, публицистически, официальни-г1уллакхдаран, исбаьхьаллин аудиотекстийн ойланийн некъ схьабийца а, къасто коьрта а, кхачаман оьшу а информаци, барта кепехь цунах кхето а;
  • хьесапан, тезисийн, дешархочун изложенин (ма-йарра, хаьржина, йацйина) кепехь дешаран-1илманан, публицистически, официальни-г1уллакхдаран, исбаьхьаллин аудиотекстийн чулацам схьабийца.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • публицистически текстан гуш йолчу а, къайлах йолчу а (текстан чулацамехь) хаамех  кхета (ШХГ1-хь а цхьаьна), барта кепехь цуьнан анализ йан а, цунах кхето а.

Йешар

Арахецархо хууш хир ву:

  • йешначу дешаран-1илманан, публицистически (хаамийн а, аналитически а, исбаьхьаллин-публицистически а жанрийн), исбаьхьаллин текстийн чулацамах кхета а, уьш барта кепехь т1екаре йаран хьелашка хьаьжжина а, цул сов дешархочун изложенин (ма-йарра, хаьржина, йацйина) кепехь, хьесапан, тезисийн (барта а, йозанан а) кепехь йухайало а;
  • хьалха х1оттийначу коммуникативни хьесапца дог1учу довзийтаран, талламан, йешаран  некъех дарехь йолчу говзаллех  пайдаэца;
  • схематически билгалбина хаам йозуш йолчу текстан кепехь;
  • дешаран книгах, справочникех, кхечу хаамийн хьостех, ШХГI а, Интернетан  гIирсех а цхьаьна а, болх баран некъех пайдаэца;
  • билгалйаьккхинчу темица коьчал схьакъасто а, цхьаьнатоха а, схьахаьржинчу хааман анализ йан а, хьалха х1оттийначу коммуникативни хьесапца цхьаьна яйаош  и йовзийта а.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • йешначу тайп-тайпанчу функциональни-стилан а, жанран а тексташкара гуш а, къайлах а (хьулбина а) болчу хаамах кхета, анализ йан, мах хадо.
  • тайп-тайпанчу хьосташкара оьшу хаам схьаэца, шена хетарг ала.

Дийцар (говорение)

Арахецархо хууш хир ву:

  • мехалчу социальни-оьздангаллин, г1иллакх-оьздангаллин, 1ер-дахаран, дешаран теманаш (цаьрца цхьаьна лингвистически а, цул сов, шайн чулацамца 1амош йолчу кхечу дешаран предметашца йоьзна йолу а) тайп-тайпанчу коммуникативни аг1онашца 1алашонийн а, т1екаре йаран хьелашца а йог1уш (хаам, дешаран-1илманан т1екаре йаран хьелашца жимо доклад, хиламах 1ер-дахаран маттаца дийцар, истори, къамелехь, къовсамехь дакъалацар) барта монологехь, диалогехь долу аларш (мах хадоран амалца дерш а цхьаьна) кхолла;
  • 1алашонаш, цхьаьна кхочушдечу дешаран г1уллакхдаран хьесап, болх дакъошка бекъар дийцаре дан а,  нийса  кеп йало а;
  • билгалйаьккхинчу темица тайп-тайпанчу хьосташкара коьчал схьаэца, вовшахтоха, анализ йан, т1екаре йаран къастийначу хьелашка хьаьжжина, барта кепехь и йовзийта;
  • х1инцалерчу нохчийн литературни меттан коьрта орфоэпически, лексически, грамматически норманаш барта къамелан т1екаре йаран дарехь ларйан; лексикех а, фразеологех а, къамелан оьздангаллин  бакъонех а стилистически нийса пайдаэца.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • барта монологан а, диалоган а тайп-тайпанчу кепехь, жанрехь дешаран-1илманан (1амочу дешаран предметийн коьчал т1ехь), социальни-оьздангаллин а, г1уллакхан т1екаре йаран  йукъаметтигашкахь а аларш кхолла;
  • докладца ладуг1учарна (аудиторина) хьалха вистхила; нахалахь шен проект, реферат  йовзуьйтуш чекхйаккха (защищать);
  • дешаран-1илманан т1екаре йаран норманаш а ларйеш, дешаран-1илманан темица йолчу дискуссехь дакъалаца.

Йоза

Арахецархо хууш хир ву:

  • тайп-тайпанчу коммуникативни аг1онийн 1алашонаш а, т1екаре йаран хьелаш тидаме а оьцуш, йозанан монологически аларш кхолла (социальни-оьздангаллин, г1иллакх-оьздангаллин, 1ер-дахаран, дешаран теманашца дешархочун сочинени, хиламах дийцар, тезисаш, отзыв, расписка, тоьшалла, зайавлени);
  • дешархочун дийцаран кепехь, йа тезисаш йалорца, йа хьесап х1отторца ладоьг1начу а, йешначу а текстан чулацам (буьззина, боцца, хаьржина) бийца;
  • вайзаманан нохчийн литературни меттан йозанан коьрта лексически, грамматически, орфографически а, пунктуационни а бакъонаш практикехь ларйан; стилистически нийса лексикех, фразеологех пайдаэца.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • рецензеш, рефераташ йазйан;
  • аннотацеш, конспекташ, тезисаш х1итто;
  • резюме, г1уллакхан кехаташ, д1акхайкхорш х1итто.

Текст

Арахецархо 1емар ву:

  • планан (цхьалхе, чолхе), тезисийн, схемийн, таблицийн, кхечу кепехь а чулацам балош, текст кечйан;
  • йозуш йолу текст кхолларан лехамаш тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу кепийн, стилийн, жанрийн шен тексташ кхолла а, нисйан а.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • барта а, йозанан а кепехь дешаран-1илманан (аннотаци, рецензи, реферат, тезисаш, конспект, къамелехь дакъалацар, дискуссеш) тексташ кхолла, официальни-г1уллакхан тексташ (резюме, г1уллакхан кехат, д1акхайкхор (объявлени)) кхолла.

Меттан функциональни башхаллаш

Арахецархо 1емар ву:

  • тайп-тайпанчу жанрийн тексташ вовшах къасто а, царна анализ йан;
  • барта а, йозанан а аларш тайп-тайпанчу стилашкахь, жанрашкахь, къамелан тайпанашкахь (отзыв, хаам, 1илманан стилан жанр санна доклад); вистхилар, интервью, публицистически стиль санна репортаж; расписка, тоьшалла, официальни-г1уллакхан стиль санна зайавлени; дийцар, къамелдар, къамелдаран жанр санна къовсам; дийцаран амалехь тексташ, рассуждени, описани; тайп-тайпанчу функциональни-маь1нийн къамелан тайпанашца цхьаьнайог1уш кхолла;
  • нехан а, шен а къамелан аларш тайп-тайпанчу функциональни аг1онаш коммуникативни лехамашца а, меттан нийсаллица а цхьаьнайог1уш хиларан мах хадо;
  • къамелан кхачамбацарш, тексташ нисйан;
  • шен накъосташна хьалха вистхила жимачу информационни хаамашца, иштта докладаца а, хаамца а дешаран-1илманан темица йог1уш йолу.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • тексташ къамелан амалца, 1илманан, публицистически, официально-г1уллакхан, исбаьхьаллин литературан тексташ, шена хетарехь, лексически, морфологически, синтаксически г1ирсийн башхаллех пайда а оьцуш, анализ йан а, къасто а;
  • тайп-тайпанчу функциональни стилийн, жанрийн (аннотаци, рецензи, реферат, тезисаш, конспект дешаран-1илманан стилан жанр санна) тексташ кхолла; дешаран-1илманан темина йолчу дискуссешкахь дакъалаца; резюме, г1уллакхан кехат, объявлени официально-г1уллакхан стилехь х1отто; вистхилар, информационни хаам, сочинени-ойлайар публицистически стилехь кечдан; къамелехь, 1ер-дахаран т1екаренан къовсамашкахь, къамел лелоран бакъонаш ларйеш, дакъалаца; 1ер-дахаран дийцарш, истореш кхолла, доттаг1аллин кехаташ йаздан, маттаца боцу лехамаш тидаме а оьцуш, меттан г1ирсех пайда а оьцуш;
  • нахалахь дечу къамелан кепехь болчу хьежаман композици, аргументаци, меттан куц, кхиамаш х1иттийначу коммуникативни хьесапийн анализ ян;
  • шен накъосташна хьалха жимачу протокольно-этикетан, самукъадаккхаран, кхеторан къамел деш вистхилар.

Маттах долу йукъара хаарш

Арахецархо 1емар ву:

  • коьртачу юкъараллин функцешца нохчийн мотт къасто;
  • литературни меттан а, диалектана а йукъара башхаллаш къасто, 1ер-дахаран мотт, меттан корматаллин тайпанаш, жаргон а, церан башхаллаш къастайан;
  • меттан коьрта суртх1отторан г1ирсех пайдаэцарца мах хадо.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • мотт кхиорехь гоьбевллачу лингвистийн йукъадиллинарг къасто.

Фонетика а, орфоэпи а. Графика

Арахецархо 1емар ву:

  • дешан фонетически анализ йан;
  • литературни меттан коьрта орфоэпически бакъонаш ларйан;
  • дошамашна а, справочникашна а т1ера оьшу хаам схьаэца; тайп-тайпанчу г1уллакхдарехь цунах пайдаэца.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • фонетикин коьрта исбаьхьаллин г1ирсаш бовза;
  • прозаически а, поэтически а тексташ къастош йеша.

Морфемика а, дешан кхолладалар а

Арахецархо  1емар ву:

  • дешан анализ йарца маь1нийн, грамматически, дошкхолладаларан буха т1ехь дешнаш морфемашка декъа;
  • дошкхолладаларан 1амийна  некъаш къасто;
  • морфемикех, дошкхолладаларх долчу хаарех, говзаллех нийсайаздаран дарехь, дешнийн грамматически, лексически анализ д1айахьарехь пайдаэца.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • дошкхолладаларан з1енаш а, дошкхолладаларан баннаш а къасто;
  • дошкхолладаларехь а, исбаьхьаллин а къамелехь коьрта исбаьхьаллин г1ирсаш бовза а, церан мах хадо а;
  • морфемни а, дошкхолладаларан а, этимологически а, мультимедийни а дошамашна а, справочникашна а т1ера цхьаьна оьшу хаам схьаэца.

Лексиологи а, фразеологи а

Арахецархо 1емар ву:

  • дешан лексически анализ кхочушйан;
  • тематически тобанашца дешнаш вовшахтоха;
  • дешнашна антонимаш, синонимаш йало;
  • фразеологически карчамаш бовза;
  • барта а, йозанан а аларшкахь лексически барамаш (норманаш) ларбан;
  • дешан т1едеанчу маь1нийн буха т1ехь кхоллаелчу тропан коьрта тайпанаш (метафора, эпитет, олицетворени) йовза;
  • тайп-тайпанчу лексически дошамех (маь1нийн (толковый), синонимийн, антонимийн, фразеологизмийн, и. д.кх.) пайдаэца а, тайп-тайпанчу г1уллакхдарехь цу т1ера схьаэцначу хаамех пайдаэца а.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • дешан лексически а, грамматически а маь1нийн башхаллийн аргументаш йало;
  • тайп-тайпана омонимаш йовза;
  • публицистически а, исбаьхьаллин а къамелехь лексикин а, фразеологин а коьрта исбаьхьаллин г1ирсаш бовза а, церан мах хадо а; лексически г1ирсаш 1илманан а, официально-г1уллакхан а тексташкахь къамелан стилийн башхаллех пайдаэцарх кхето;
  • тайп-тайпанчу лексически дошамех (маь1нийн (толковый), синонимийн, антонимийн, фразеологизмийн, и. д.кх.), справочникех, мультимедийничарех а цхьаьна пайдаэца а, тайп-тайпанчу г1уллакхдарехь цу т1ера схьаэцначу хаамех пайдаэца а.

Морфологи

Арахецархо 1емар ву:

  • лааме коьрта къамелан дакъош а, церан кепаш а, г1уллакхан къамелан дакъош довза;
  • дашна, къамелан дакъа санна, таллам бан;
  • морфологически хаарех а, говзаллех а нийсайаздарехь а, талламбаран (анализ яйаран) тайп-тайпанчу кепашкахь а пайдаэца.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • морфологин синонимически г1ирсашна таллам бан (анализ йан);
  • грамматически омонимаш къасто.

Синтаксис 

Арахецархо 1емар ву:

  • синтаксисан коьрта цхьааллаш (дешнийн цхьаьнакхетар, предложени), церан кепаш йовза;
  • шен барта а, йозанан а къамелехь тайп-тайпанчу синонимически синтаксически конструкцех а, синтаксически хаарех а, говзаллех а пайдаэца.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • синтаксисан синонимически г1ирсийн анализ йан;
  • синтаксисан публицистически а, исбаьхьаллин а къамелан исбаьхьаллин г1ирсаш бовза а, церан мах хадо а; тексташкахь синтаксисан конструкцеш 1илманан а, официально-г1уллакхан къамелан стилийн башхаллаш йукъайалор кхето;
  • исбаьхьаллин лехаман хьежамехь синтаксисан конструкцийн башхаллаш йукъайалош, къамелан функционально-стилистически анализ йан.

Нийсайаздар: орфографи а, пунктуаци а

Арахецархо 1емар ву:

  • йоза д1адахьарехь (курсан чулацаман барамехь) орфографически а, пунктуационни а барамаш ларбан;
  • барта кепехь (ойлайар-рассуждени), йозанан кепехь (графически хьаьркийн г1оьнца) къастийна йаздар кхето;
  • орфографически а, пунктуационни а г1алаташ каро а, нисдан а;
  • орфографически дошамашна а, справочникашна а т1ера оьшу хаам схьаэца, йоза д1адахьарехь цунах пайдаэца.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • къамелан маь1нийн аг1онаш йовзийтарехь орфографин а, пунктуацин а меттиг гайта;
  • мультимедийни орфографически дошамашна а, справочникашна а т1ера оьшу хаам схьаэца; йозанехь оцу хаамех пайдаэца.

Мотт а, оьздангалла а

Арахецархо 1емар ву:

  • исбаьхьаллин литературехь а, исторически тексташкахь а, халкъан барта кхоллараллин говзаршкахь а къоман оьздангаллин декъан маь1ница меттан цхьааллаш билгалйаха;
  • мотт хааро шен мехкан истори а, оьздангалла а йовза г1о деш хилар гойтуш долу масалш дало;
  • 1ер-дахарехь а, дешаран г1уллакхдарехь а нохчийн къамелан оьздангаллин бакъонех нийса пайдаэца.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • къастийначу масалш т1ехь меттан, оьздангаллин, халкъан историн мотт лелорхойн йукъаметтиг къасто;
  • нохчийн къамелан оьздангалла Россин а, дуьненан цхьадолчу къаьмнийн а къамелан оьздангаллица йуста а, анализ йан а.

2. ДЕШАРАН КУРСАН ЧУЛАЦАМ

Нохчийн мотт Iаморан декъехула программин чулацаман коьрта башхаллаш билгалйина, коммуникативни, меттан, лингвистически, культуроведчески кхиарехь хаарш, шардарш карадерзорца доьзна.

Программин дIахIоттаман бухе диллинарг чулацаман кхо дакъа ду:

I.    Коммуникативни хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

II.   Меттан а, лингвистически а хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

III.  Культуроведчески хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам.

I. Коммуникативни декъехула долчу хаарша шайна чулоцу массо а кепара къамелдаран а, барта а йозанан къамелан оьздангаллин баххаш карадирзина хилар; шен нийсархошца, психологически башхаллаш, зеделларг, дуьйцучуьнга шовкъ хилар а тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу дахаран хьелашкахь тIекаре йан а, къамел дан кийча а, хьуьнаре а хилар.

II. Меттан а, лингвистически а декъехула долчу хаарша шайна чулоцу йукъараллин хиламехь маьIне долу хIума санна маттаца доьзна хаарш карадерзор; меттан дIахIоттам а, кхиар а, цо ден гIуллакх а дика девзаш хилар; нохчийн литературни мотт а, оьшуш болу дешнийн барам а, къамелан грамматически дIахIоттам а карабирзина хилар; меттан хиламаш мах хадо хаарца талла хааран хьуьнар карадерзор; тайп-тайпанчу лингвистически дошамех пайдаэца хаар.

III. Культуроведчески декъехула долчу хаарша шайна чулоцу къоман оьздангаллин кеп санна мотт тIелаца безарх а, халкъан истори а, мотт а вовшех бозабелла а, нохчийн мотт къоман оьздангаллин башхалла хиларх а кхетар; гIиллакхехь, норманаш ларйеш, нохчийн маттахь къамелдан а, кхечу къаьмнийн векалшца оьзда йукъаметтигаш лело а хаар.

I-ра чулацаман дакъа лаьтта хIокху дакъойх: «Къамел», «Текст», «Къамел дарехула долу гIуллакх».

II-гIа чулацаман дакъа лаьтта хIокху дакъойх: «Нохчийн маттах болу йукъара хаамаш», «Фонетика. Графика. Орфоэпи», «Дешан хIоттам а, дошкхолладалар а», «Лексика а, фразеологи а», «Морфологи», «Синтаксис», «Орфографи а, пунктуаци а».

III-гIа чулацаман дакъа хIокху декъаца билгалдина «Мотт а, оьздангалла а».

Дакъойн чулацам ша-ша къаьстина бовзуьйту, амма къамел кхиор доьзна ду хIора дакъа Iаморца а, цхьана кепе йалийначу меттан курсан хIора темица а. ХIора дакъа шина блоках лаьтташ ду: хьалхара – теманаш а, царах болу теоретически хаамаш а бовзийтар, шолгIа – хьалхарчу пунктехь цIераш йаьхна теманаш караерзоран хьокъехь кхочушден дешаран коьрта гIуллакхаш довзийтар.

I. Коммуникативни хаарш кхиорехь кхачо ен чулацам

1-ра дакъа. Къамел а, къамелаца ен тIекаре а 

1. Мотт а, къамел а. Монологически а, диалогически а, барта а, йозанан а къамел. Монолог. Диалог. Къамелаца ен тIекаре. Къамелан хьал а, цуьнан дакъош а. Йукъара а, книгийн а мотт. Йукъарчу меттан коьрта башхаллаш а, жанраш а. Къамелан стилаш: Iилманан, гIуллакхан, публицистически. Iилманан, публицистически, гIуллакхан стилийн коьрта жанраш. Исбаьхьаллин литературин мотт.

2. Барта а, йозанан а, йукъара а, книгийн а монологически, диалогически къамелан коьртачу башхаллех кхеташ хилар а, уьш вовшех къасто хууш а хилар. Монологан а, диалоган а тайп-тайпана кепаш караерзор. Долчу хьоле а, тIекаре йаран Iалашонашка а хьаьжжина, меттан гIирсех пайдаэцар. ТIекаре йар дукха хьолахь нислуш долчу хьелашкахь къамелан норманех нийса пайдаэцар карадерзор. Стилийн, жанрийн башхаллаш тидаме а оьцуш, тексташ вовшашца йустар, царна таллам бар. Тайп-тайпанчу стилашкахь, жанрашкахь ша барта а, йозанан а аларш кхоллар.

2-гIа дакъа. Къамелан оьздангалла

1. Литературни меттан норманех болу кхетам. Меттан норма а, цуьнан декхарш а. Нохчийн литературни меттан коьрта норманаш: орфоэпически, лексически, грамматически, стилистически, нийсайаздаран. Норманийн кепаш. Нохчийн меттан дошамаш.

2. Нохчийн литературни меттан коьрта норманаш караерзор а, шен къамелехь уьш ларйар а. Литературни маттах лаьцна болу хаамаш схьалохуш дошамех пайдаэцар.

3-гIа дакъа. Текст

  1. Текст къамелан произведени санна, цуьнан билгалонаш а, башхаллаш а. Тема, коьрта ойла, текстан дIахIоттам. Предложенийн, текстан дакъойн уьйрийн гIирсаш а, кепаш а. Абзац. Абзацо текстехь кхочушден гIуллакх. Текстан даран-маьIнин тайпанаш: суртхIоттор, дийцар, ойлайарца дийцар. Иэделла тайпанаш: ойлайаран кепашца суртхIоттор, суртхIотторан а, ойлайаран а кепашца дийцар и дI. кх. а. Къамелан тайпанийн стилистически кепаш. Хаамийн текст йухаметтах1отторан коьрта тайпанаш: хьесап, конспект.

2. Текстан, даран-маьIнин муьлхачу тайпанан йу а, дIахIоттаме а, теме а, коьртачу ойлане а хьаьжжина, анализ йар. Шен ойланехь дерг маьIница хьалха-тIаьхьа догIург хила дезачу кепара нисдарца довзийтар. Текст маьIнин дакъошка йекъар а, текстан хьесап хIоттор а. Текстехь предложенеш вовшех йоьзна гIирсаш а, кепаш а билгалйар, къамелехь царах пайдаэцар. Текстан дIахIоттаман норманаш ларйеш (хьалха-тIаьхьа хила дезар цхьаьнадогIуш, кхеташ а, темица йогIуш а, йозайелла а хилар), тексташ кхоллар. Къамелан аларан мах хадор а, иза кхачаме далор а. Хьесапе а, конспекте а ерзош, текст йухакечйар.

4-гIа дакъа. Къамелдар

Къамелдаран тайпанаш: ладогIар, йешар, вистхилар, йоза.

ЛадогIар. Йуккъерчу барамехь лергана хозуьйтучу текстах цхьанакепара кхетар. Ша ладоьгIна йолу текст шорйинчу йа  йацйинчу барамехь кхечуьнга дIакхачор. ШГIХ маттах кхеташ хилар.

Йешар: талларан, йовзаран, лахаран хьесапехь. Йешаран тайп-тайпана кепаш а, дешаран книгица йа кхиболчу хаамийн хьостанашца болх бар а карадерзор.

Вистхилар. ТIекаре йаран хьоле а, меттиге а, Iалашонашка а хьаьжжина, барта монологически а, мехала социокультурни а, гIиллакх-оьздангаллин а, динан а дешаран теманашна аларш кхоллар. ХатI (стиль) а, жанр а тидаме а оьцуш, монолог-суртхIотторан, монолог-дийцаран, монолог-ойлаяран кепара шен аларш кхоллар.

Йоза. ЛадоьгIна йа йешна текст йозане йерзор (ма-йарра, йацйина, хаьржина). Тайп-тайпанчу жанрийн, стилийн йозанан тексташ кхоллар. ГIуллакхан кехаташ хIиттор: дIахьедар (заявление), хаам бар (объявление), тоьшалла (доверенность), резюме.

II. Маттах долу хаарш кхиорехь кхачо йен чулацам

Нохчийн маттах болу йукъара хаамаш

1. Нохчийн мотт – Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт. Нохчийн мотт – нохчийн къоман мотт. Мотт – адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а гIирс.

2. Меттан мехаллех а,  йукъараллин дахарехь цо дIалоцучу меттигах а кхеташ хилар.

Лексикологи

1. Дош – меттан цхьа дакъа. Дешан лексически а, грамматически а маьIна. Къоман оьздангаллин маьIнин дакъа шайца долу дешнаш. ЦхьанамаьIнин а, дукхамаьIнийн а дешнаш, дешан нийса а, тIедеана а маьIна. Синонимаш. Антонимаш. Омонимаш.

Нохчийн меттан лексика, шен схьайаларе хьаьжжина (билггала нохчийн а, тIеэцна а), жигара а, кIезиг пайдаоьцу а (историзмаш, архаизмаш, неологизмаш), цунах пайдаэцаран гуо (йукъара, шуьйра пайдаоьцу дешнаш, диалектизмаш, терминаш, профессионализмаш).

Лексикин стилистически дакъош: книжни, йукъара, къамелан.

Фразеологизмаш, церан билгалонаш а, маьIна а. Аларш, дустарш, кицанаш.

Нохчийн меттан дошамаш. Шинаметтан дошамаш.

2. Дахаран хьелашкахь тIекареш дIакхехьарна оьшучу барамехь лексически а, фразеологически а аларш карадерзор. ТIекаре йаран хьоле а, Iалашоне а хьаьжжина, къамелехь шайн маьIнашца вовшашца даза тарлуш долчу дешнех пайдаэцар. Дешнийн маьIнаш къасторхьама а, синонимаш, антонимаш, фразеологически цхьаьнакхетарш харжархьама а, тайп-тайпанчу дошамашца болх бар. Дош лексически къастор.

          Фонетикех хаамаш

1. Фонетика а, графика а, орфоэпи а лингвистикин дакъош санна. Аз – меттан уггар а жима дакъа. Озан а, элпан а дазар. ХIинцалера нохчийн абат. Фонетически транскрипцин цхьайолу кепаш (элементаш). Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Къамелдарехь аьзнийн хийцадалар. Нохчийн меттан шатайпана аьзнаш. Деха а, доца а мукъа аьзнаш. Дифтонгаш. Нохчийн меттан интонаци, интонационни конструкцийн коьрта тайпанаш. Орфоэпин коьрта норманаш.

2. Деха а, доца а, мукъа а, мукъаза а, зевне а, къора а аьзнаш къестор. Дешан озан а, элпан а хIоттам дуьхь-дуьхьал хIоттор. Дешан озан-элпан анализ йар. Дешнаш дакъошка декъар. Дош цхьана могIанера вукху могIане сехьадаккхаран хаарш карадерзор. Нохчийн меттан интонаци а, орфоэпически норманаш а карайирзина хилар. Нохчийн меттан интонацин а, аьзнийн къепен а башхаллех кхеташ хилар.

         Морфологи а, орфографи а.

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн меттан 10– 11-чуй классашна лерина программа»

1. Морфологи – грамматикин дакъа. Нохчийн меттан къамелан дакъош. Коьрта къамелан дакъош. Церан грамматически маьIна а, морфологически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а. Нохчийн меттан дожарийн къепе: маьIна, кепаш, пайдаэцар. Нохчийн меттан къамелан дакъойн хенийн, классан гайтамийн къепе: маьIна, кепаш, пайдаэцар. ГIуллакхан къамелан дакъош. Церан маьIна, морфологически билгалонаш, синтаксически гIуллакх. ГIуллакхан къамелан дакъойн тайпанаш: маьIна, хIоттам, синтаксически гIуллакх. Айдардешнаш а, азтардаран дешнаш а.

2. Шайн коьртачу билгалонашца тайп-тайпана къамелан дакъош довзар. Дош морфологически къастор. Нохчийн литературни меттан норманашца догIуш тайп-тайпанчу къамелан дакъойн дешнийн кепех (форманех) пайдаэцар. Нохчийн а, оьрсийн а меттанийн къамелан дакъойн йукъара долчух а, йукъара доцчух а кхетар.

3. Морфема меттан жима а, маьIне а дакъа хиларх кхетар. Дешан лард а, чаккхе а. Орам. Цхьанаораман дешнаш. Орамерчу элпийн хийцадалар. Суффикс. Дешхьалхе.

Схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш. Дошкхолладаларх а, хийцадаларх а болу кхетам. Дошкхолларан а, формакхолларан а морфемаш. Нохчийн меттан дошкхолларан коьрта некъаш. Дошкхолладаларан га (пара) а, дошкхолладаларан зIе а. Морфемни а, дошкхолладаларан а дошамаш.

4. Нохчийн дешан хIоттаман башхаллех кхеташ хилар. Дешнаш а, дешан форманаш а кхолларехь морфемаша дечу гIуллакхах кхеташ хилар. Дешан морфемаш къастор. Дошкхолларан дакъошка хьаьжжина, дешан мехалла билгалйар. Цхьанаораман дешнаш харжар, къамелехь царах пайдаэцар. Дешнийн зIенаш а, дешнаш кхолларан коьрта некъаш а билгалдар. Тайп-тайпанчу некъашца дешнаш кхолла хаар карадерзор. Нийсайаздарехь дошкхолладаларан а, морфемийн а декъехула карадирзинчу хаарех, шардарех пайдаэцар. Тайп-тайпана хьесапаш морфемийн а, дошкхолладаларан а дошамашца кхочушдар.

Дешан хIоттамца дешнаш таллар, дошкхолладаларан таллам бар.

Синтаксис, пуктуаци, цхьалхе предложенеш.

1. Синтаксис – грамматикин дакъа. Нохчийн меттан синтаксисан дакъош. Дешнийн цхьаьнакхетар а, цуьнан дIахIоттам а, тайпанаш а. Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн уьйр а, тайпанаш а (бартбар, урхалла, тIетовжар). Предложени, цуьнан дIахIоттам а, грамматически маьIна а. Аларан Iалашоне а, эшаре а хьаьжжина, предложенийн тайпанаш. Предложени кечйеш болу гIирсаш: эшар (интонаци), логически тохар, дешнийн къепе. Предложенин грамматически бух.

2. Пунктуаци нийсайаздаран бакъонийн къепе санна. Пунктограммех кхетам балар. Предложенин чаккхенгахь, цхьалхечу (чолхейаьллачу а, чолхейалазчу а), чолхечу предложенешкахь, ма-дарра къамелехь, цитаташкахь, диалогехь сацаран хьаьркаш.

Пунктуационни хааршца йоьзна само кхиор. Йозанехь пунктуационни коьрта норманаш ларйар. Дош орфорграфически къастор. Пунктуационни къастор. Орфографически а, пунктуационни а хьесапаш кхочушдеш орфографически дошамех, нийсайаздаран справочникех пайдаэцар.

3. Цхьалхе а, чолхе а предложенеш. Цхьалхе предложени. Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш а, церан хилар а. Цхьалхечу предложенийн тайпанаш: шинахIоттаман а, цхьанахIоттаман а, йаьржина а, йаржаза а, йуьззина а, йуьззина йоцу а, чолхейаьлла а, чолхейалаза а. ЦхьанахIоттаман предложенийн тайпанаш. Чолхейаьлла предложени. Цхьанатайпанчу а, шакъаьстинчу а меженашца а, тIедерзарца а, йукъадалочу дешнашца а, йукъайалочу конструкцешца а йолу предложенеш.

Чолхе предложени.

Чолхе предложени, цуьнан дIахIоттам а, грамматически бух а. Чолхечу предложенийн тайпанаш: хуттургийн а, хуттургаш йоцу а, чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе-карара а. Чолхе-цхьаьнакхетта предложени: дIахIоттам, тайпанаш, вовшех йозаран гIирсаш а, кепаш а. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкара цхьалхечу предложенийн маьIнаш. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Чолхе-карара предложенеш: дIахIоттам, тайпанаш. Чолхе-карарчу предложенехь коьртачу а, тIетухучу а предложенийн уьйран гIирс. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш.

Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени, дIахIоттам. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкара цхьалхечу предложенийн маьIнаш. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Нехан къамел довзийтаран кепаш. Текст синтаксически дакъа санна. Предложенийн а, текстан дакъойн а уьйрийн гIирсаш а, кепаш а.

2. Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн уьйран кеп къастор, предложенин грамматически бух билгалбар. Цхьалхечу а, чолхечу а предложенийн тайпанаш билгалдар. Предложени синтаксически къастор. Чолхе-карара предложенеш цхьалхечу а, цхьалхенаш чолхечу а предложенешка йерзор. Текст а, дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а кхолларан норманаш ларйар.

III. Культуроведчески хаарш кхиорехь кхачо йен чулацам

1-ра дакъа. Къоман оьздангалла маттахь а, къамелехь а

1. Мотт а, оьздангалла а вовшех йозайелла хилар. Нохчийн мотт – исбаьхьаллин литературин мотт. Маттахь къоман истори а, культура а гайтар. Нохчийн къамелан оьздангалла а, цуьнан башхаллаш а. Россехь дехачу къаьмнийн меттанаша вовшашна бен тIеIаткъам.

2. Халкъан барта кхоллараллин а, исбаьхьаллин литературин а произведенешкахь къоман оьздангаллин дакъа шеца долу меттан цхьааллаш билгалйахар, лингвистически дошамийн гIоьнца церан маьIнаш дастар. Матте оьздангаллин хиламе санна хьажар. Мотт ларар, цуьнга шовкъ кхоллар.

3.Дешаран-тематикин хьесап

Х1ора тема караерзорна билгалбаьккхина сахьтийн барам д1агайтарца йолу, тематикин планировани. (Тематическое планирование с указанием количества часов, отводимых на освоение каждой темы).

Тематически план х1оттийна ю кхетош-кхиоран белхан программин тидамца. Кхетош-кхиоран декхарш кху кепара кхочушдан йаккхий таронаш ло нохчийн матто:

  • Доьзална адаман дахарехь коьрта г1ортор а, цуьнан ирсан хьоста а санна.

  • Къинхьегамна адаман дахаран токхене д1акхачаран коьрта кеп санна.

  • Шен хьомечу латте, шен жимачу а, боккхачу а Даймахке, стаг кхиъна а, дуьххьарлера хазахетарш, бохамаш бевзина, дайша цунна ларйан йеза аьлла весет дина меттиг санна.

  • 1аламна лаьтта т1ерачу дахаран хьосте, цуьнан дахаран бухе санна, адамера хаддаза терго а, лардар а хьашт долу.

  • Машарна адаман дахаран коьртачу принципе санна, ч1ог1ачу доттаг1аллин билламна, т1ейог1учу хенахь белхан накъосташца юкъаметтиг тойарна а, шен долахьчу х1усамехь тамехь микроклимат кхолларна а.

  • Хааршна интеллектан т1аьхьалонна санна, адаман т1аьхьенна кхачойеш, собаречу хиламан, самукъане дешаран балхана санна.

  • Оьздангаллина син хьаштийн хьоле юкъаралла санна, иштта адаман дахарехь ладаме хьал хаар, ешаро, эшаро, исбаьхьалло, театро, кхоллараллин шааларо кхачам боллуш луш долу.

  • Могушаллина деха, жигара адаман дахар санна, цуьнан дика дог-ойла, оптимистични дахаре хьежам хилар.

  • Гонахара адамашца шеко йоццуш, къаьсттина мехалла санна, цхьатерра бакъо йолуш юкъараллин декъашхочуьнца санна, муьлха оьшург д1ах1оттор а, диканиг дар терго йоллуш а хилар, адамна хазахетар луш, вовшийн г1о-накъосталла деш, терго йеш хилар, адамна хазахетарца т1екере хила бакъо а луш, синхааме ша хиларх а къахкош.

  • Ша-шеца шен кхолламан да санна, ша къастош, ша кхочушхилла долу адам, ша-шен т1аьхьенна жоп луш.

10 класс

Хьеха билгалдинарг

Сахьт

1

Нохчийн мотт

2

2

Лексикологи

7

3

Фонетиках хаамаш

3

4

Морфологи а, орфографи а

4

5

Къамелан дакъош

12

6

Талламан белхаш

3

7

Кхоллараллин белхаш

2

8

1амийнарг карладаккхар.

2

9

Дерриге

35

11 класс

Хьеха билгалдинарг

Сахьт

1

Синтаксис, пунктуаци, цхьалхе предложени

11

2

Чолхе предложени

6

3

Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш

3

4

Ма-дарра а, лач а къамел

3

5

Пунктуаци

3

6

Талламан белхаш

3

7

Кхоллараллин белхаш

2

8

1амийнарг карладаккхар

3

9

Дерриге

34

Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!