© 2023, Бацаева Хеда Сальмирзаевна 1769 0
СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ
Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно
Скидки до 50 % на комплекты
только до 03.06.2025
Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой
Организационный момент
Проверка знаний
Объяснение материала
Закрепление изученного
Итоги урока
ВАРИАНТ
1 дакъа
Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехата т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде. Цкъа хьалха т1едилларан номер д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх. |
Хаттарш:
1. Стенах йозуш ю адаман син хазалла?
2. Мичара схьабог1уш хила беза дикачу синхаамийн орамаш?
3. Х1ун ду кхетош-кхиорехь уггаре халаниг?
4. Маца хир дац берах бакъдолу адам?
5. Муьлха бу адамна уггаре а бог1уш болу некъ?
2 дакъа
Текст д1а а еший, 2-14 т1едахкарш кхочушде. |
(1)Тхан лулахь 1аш яра, к1ант эскаре вигначу шарахь т1ера ц1ийнда а велла, йисина йоккха стаг Кхокха. (2)XIopa баттахь кехат кхочура Кхокхига шен к1антера.
(3)К1анте хаийтина дацара да кхалхар. (4)Ткъа цуънгара кхочуш долу кехаташ ден а, ненан а ц1арах хуьлура. (5)Къеначу цу шиннан догъэца г1ерташ санна, къонахаллех дуьзна а, самукъане а хуьлура к1ентан Аюбан xlopa кехат. (6)Шен т1аьххьарчу кехат т1ехь Аюба яздинера, мостаг1ий вайн махкара д1а а лаьхкина, накха буьззина орденаш а, мидалш а яхьаш, ц1авоьрзур ву ша бохуш. (7)И дешнаш шена хезча, коьртарчу йовлакхан т1ам б1аьргех а хьоькхуш, г1ийла елакъежара йоккха стаг.
(8)К1антера кехат мосазза деа а, соьга и дешийта йог1ура Кхокха. (9)Ши бутт сов хан д1аелира, Аюбера кехат ца кхочуш. (10)Г1айг1ане юьйжира йоккха стаг. (11)Шайн кет1арчу т1улга т1е а хоий, сарралц 1ара иза, к1ентан кехате сатуьйсуш. (12)Ткъа луларчу Пет1амата х1оразза а к1ант ц1а вог1у, иза могаш а, парг1ат а ву олий, пал тосура цунна.
(13)Цхьана дийнахь, 1уьйранна, пхийттара яьлча санна, каде йог1учу Кхокхех б1аьрг кхийтира сан. (14)Кертарчу г1антахь хиъна 1аш Къосум гира суна. (15)Цунна т1е яхара йоккха стаг.
(16)Шен кучан шуьйрачу пхьуьйшара кехат д1акховдийра Кхокхас хьалаг1аьттинчу Къосуме. (17)Кхо маь1иг йолу т1амера салташа кхоьхьуьйту конверт яцара цо д1акховдийнарг. (18)Конверт яста воьлча, хаа а луш, дего долийра цуьнан куьйгаш. (19)Къосума конверт чуьра схьаяьккхинчу кехатан цуьргах б1аьрг ма-кхийтти, хиира суна, суо г1алат ца ваьллийла: «Вайн Даймохк ларбечу т1амехь... шун к1ант майрачеран 1ожаллех воьжна...»
(20)Хийла нене кхаьчна и шийла кхаъ. (21)Соьга б1аьца йира Къосума, стоьла т1ера шен куьзганаш схьада а олуш. (22)Оьрсийн маттахь соьга вистцахилар а дехна, кехат деша вуьйлира иза.
(23)Шен дега а, нене а кехат хьедаларна бехк цабиллар доьхура к1анта. (24)Ша могаш а, парг1ат а ву, шена сагатдан оьшуш дац, бохура кхид1а а цо.
(25)Цецваьлла хьоьжучу суна гира цуьнан ши б1аьрг т1унлуш. (26)Схьагарехь, хала садетташ, кьийлалуш, легашка къурдаш х1уьттуш, воллура Къосум, ненан дог ца дохо г1ерташ.
(27)К1ентан ц1ерш йохуш, йоккха стаг елха х1оьттира.
(28)Сан легашка шад х1оьттира, б1аьргаш чуьра цхьа ларамаза хи хьаьдира...
(29)Юха со т1евеъча, Къосум йоккхачу стагана хьехарш деш воллура, сагатдан ца оьшу, т1амехь ма-аьлла ца хуьлу, хан яларх дийна вац аьлла, дагадаийта а мегар дац бохуш. (30)Т1аьххьара а т1ера адрес схьаяздан и кехат шегахь дитар дийхира цо, Аюбе шен к1ант ца хаавелла-те аьлла, кехат яздан дагахь ву ша, олуш. (31)Йоккха стаг дукха сиха реза хилира. (32)»Къосум, баркалла, Дела реза хуьлда хьуна»,– аьлла, д1аяхара Кхокха.
(33)Оцу деношкахь дикка букар яханчу цуьнан дег1 хаъал хьаланисделлера. (34)Болар а дайделлера.
(35)Дикка хан яьлла х1етахь дуьйна. (36)Шен к1анте сатуьйсуш, кхелхира йоккха стаг. (37)Дийна вац Къосум а. (38)Амма х1инца а дагара ца долу суна Къосума дешна кехат.
(Саракаев Хь.Б.)
2-14 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). |
2 |
«Х1ун бахьана дара Къосума кехатан чулацам хийцаран?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
Къосумна шерра деша ца хаьара.
Къосуман б1аьрса дика дацара.
Кехат т1ехь яздинчух Къосум ца тешара.
Къосум ненан дог ца дохо г1ертара.
Жоп _____________________________________________________
|
Меттан суртх1отторан г1ирс–эпитет шеца йолу предложени билгалъяккха.
Тхан лулахь 1аш яра, к1ант эскаре вигначу шарахь т1ера ц1ийнда а велла, йисина йоккха стаг Кхокха.
Ткъа цуьнгара кхочуш долу кехаташ ден а, ненан а ц1арах хуьлура.
Хийла нене кхаьчна и шийла кхаъ.
Амма х1инца а дагара ца долу суна Къосума дешна кехат.
Жоп _____________________________________________________
4 |
7-8-чуй предложенешкара чолхе дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
5 |
5-чу предложенера суффиксан г1оьнца кхолладелла ц1ердош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
6 |
3-чу предложенера «кхалхар» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.
Жоп ______________________________________________________
7 |
28-чу предложенера дешт1аьхье схьаязъе.
Жоп_______________________________________________________
8 |
25-чу предложенин грамматически лард схьаязъе.
Жоп ______________________________________________________
9 |
21-23-чуй предложенеш юкъара цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп_______________________________________________________
10 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар къастош х1оттийначу ц1оьмалган терахь схьаязде.
Т1аьххьара а т1ера адрес схьаяздан и кехат шегахь дитар дийхира цо,(1) Аюбе шен к1ант ца хаавелла-те аьлла,(2) кехат яздан дагахь ву ша,(3) олуш. Йоккха стаг дукха сиха реза хилира. "Къосум,(4) баркалла,(5) Дела реза хуьлда хьуна",(6) - аьлла,(7) д1аяхара Кхокха.
Жоп_______________________________________________________
11 |
27, 28-чуй предложенешкара чолхе предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп_______________________________________________________
12 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Юкъадало дош къастош х1оттийначу ц1оьмалган терахь схьаязде.
Ша могаш а,(1) парг1ат а ву,(2) шена сагатдан оьшуш дац,(3) бохура кхид1а а цо.
Цецваьлла хьоьжучу суна гира цуьнан ши б1аьрг т1унлуш. Схьагарехь,(4) хала садетташ,(5) кьийлалуш,(6) легашка къурдаш х1уьттуш,(7)воллура Къосум,(8) ненан дог ца дохо г1ерташ.
Жоп_______________________________________________________
13 |
22-чу предложенера сказуеми схьаязде.
Жоп_______________________________________________________\
14 |
21-чу предложенера лач кхачам схьаязбе.
Жоп______________________________________________________
3 дакъа
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 15.1, 15.2 я 15.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан номер:15.1, 15.2 я 15.3. |
15.1 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, Ш.И. Абдуразаковн «Нохчийн мотт башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна ю. Оцу жовх1арех бу ойланан муьлхха а аг1о гайта таро хуьлуьйту меттан суртх1отторан г1ирсаш» бохучу дешнийн маь1на а достуш.
Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени д1айоло мегар ду Ш.И. Абдуразаковн дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. ... Иза иштта хилар шеко йоцуш ду ...
2. Масала, текстера ... предложенехь ...
3. Текстан ... предложенени ешча ...
4. ... вайн аьтто хуьлу ... т1еч1аг1дан ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.2 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенийн маь1нах: «Оцу деношкахь дикка букар яханчу цуьнан дег1 хаъал хьаланисделлера. Болар а дайделлера».
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Еллачу кийсакан маь1нах со иштта кхета ...
2. Сайн жам1аш т1еч1аг1деш, ... предложенера (- шкара) масал далор ду ас.
3. ... предложенино (-ша) т1еч1аг1йо ойла ...
4. Дерзорехь билгалдоккху ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.3 |
Муха кхета хьо ДЕГАЙОВХО бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Ненан дегайовхо» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Дегайовхонах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1е-ч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг– хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
Дегайовхо – иза ...
1. Суна хетарехь, ...
2. Текстан авторо вайга ойла йойту...
3. Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, айса ялийна ойла т1еч1аг1ъян лаьа ...
4. Цу т1ера цхьа жам1 дан таро ю ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
2 ВАРИАНТ
1 дакъа
Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехата т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде. Цкъа хьалха т1едилларан номер д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх. |
Хаттарш:
1. Стенах йозуш ю адаман син хазалла?
2. Мичара схьабог1уш хила беза дикачу синхаамийн орамаш?
3. Х1ун ду кхетош-кхиорехь уггаре халаниг?
4. Маца хир дац берах бакъдолу адам?
5. Муьлха бу адамна уггаре а бог1уш болу некъ?
2 дакъа
Текст д1а а еший, 2-14 т1едахкарш кхочушде. |
(1)...Кегийрачу г1улчашца болар эцна йоьдура Хеда. (2)Ц1еххьана сацаелира и. (3)Некъа юккъехь, т1емаш д1аса а тесна, 1уьллура мокха кхокха. (4) Цхьана гауро, 1одаца т1улг тоьхна, божийначух тера дара миска. (5)Цуьнан цхьа т1ам берриг а ц1ийх буьзнера.
(6)Меллаша т1е а яхана, схьаийцира йо1а кхокха. (7)Цунах къахка а, д1абада а де дацара пекъаран. (8)Йоь1ан каракхаьчча, меллаша т1етт1адахара цуьнан б1аьргийн туьтеш. (9) Кхокханах къахетта, кхоьлира жимма хьалха ирсах деттаделла йоь1ан дог. (10) Цуьнгара дакъа кхаьчча санна, кхоьлина д1ах1оьттира аьхкенан малх бийлинчу арахь а. (11) Чан йойуш, куьйса дог1а а хьаьрсира…
(12) Лазийна кхокха а эцна, маса ц1ехьа яхара Хеда. (13)Х1инца цунна Бабин орца оьшура.
– (14) Эх1, баркалла ма хуьлда хьуна т1ехь х1ара та1зар динчунна, ма т1улгах дина дог хилла-кх цуьнан кийрахь, – бохуш, даггара дов дора йоккхачу стага.
– (15) Баба, х1ун де ас кхуьнан лазийначу т1омана? – хаьттира Хедас.
– (16)Дера, Хеда, ца хаьа суна-м, цунна х1ун дича бакъахьа хир дара а, – элира Бабас. – (17)Молханел дарбане ю олура ц1ечу аьттан шура.
(18)Цуьнца била а билина, ц1еначу шаршух аса а яьккхина, д1абихкича х1ун дара те?
(19)Нанас д1адиллина ц1ена киса карийра Хедина шайн чохь. (20)Ц1ечу аьттан шура а йолуш яра,кхеран шайн атто елла, бамба а схьаийцира чов ц1анъян.
(21)Лоьралла дан х1оьттинчу Хедас бошхепа шура йоьттина, цу чу а 1уьттуш, бамбица ц1анбира кхокханан лазийна т1ам. (22)Цу хенахь, йо1ана хаа а луш, к1ен буьртигел хиш 1ийдалора кхокханан б1аьргех. (23)Делахь а, дарба ца лелийча ца долура. (24)Т1е етташура а юьллуш, байн д1ахьарчийра Хедас ша билина т1ам. (25)Юха, баьхьна, шайн цициг т1е ца кхочче, раг1у к1еларчу сов х1ума чуюьллучу ц1а чохь бен а кечбина, д1ахаийра, юххехь даа хьаьжк1ан буьртигаш а, мала хи а дуьтуш.
(26)Шолг1ачу 1уьйранна сов ц1а чу яьлла Хеда йоккхаеш сецира. (27)Хьаьжк1аш д1а а йиъна, кисин асина юккъера схьа а баьлла, когаш т1ехь чухула д1асалелаш бара кхокха.
(28)Дика хиллера Бабин дарба. (29)Чов ерза йоьллехь а, т1ам меттабан генахь дара. (30)Ц1еххьана дагадеана, Мокхалаг аьлла ц1е тиллира цунна йо1а.
– (31)Схьабоьл, Мокхалаг, кхин цкъа д1абехкий вайша хьан т1ам,– олуш, Хеда шена т1екхевдича, цуьнан маттах кхеташ санна, д1а ца бодуш, сецира кхокха. – (32)Вайшимма тахана жимма т1о а хьокхур бу хьан чевнна. (33)Хьоналла дика ю ма элира Бабас.
(34)Иштта жимачу лоьро дарба лелош, д1аделира кхин а ши де. (35)Х1инца мелла а тобала буьйлира Мокхалаг. (36)Цуьнца цхьаьна Хедех буола а. (37)Цо хьалхатесна а, куьйган кера юккъехь кховдийна а к1а, хьаьжк1аш юура, цуьнгара хи а молура. (38)Йо1 ч1ог1а тайнера цунна .(39)Цхьана Хедин сакъераделла ца 1ара кхокханах. (40)Диллина гуонах хьийзаш дара кхуьнан ши йиша а, ваша а. (41)Амма Хедина бен куьйга т1е а, белша т1е а ца хуура Мокхалаг.
– (42) Мел хьекъал долуш а бу! – цецъюьйлура Хеда.
(43) Денна ч1аг1луш дара кху шиннан гергарло.
(44)Кестта, ша т1ома ара а болуш, буьйса яккха кхеран сов ц1а чу а боьдуш, тобелла д1аболабелира Мокхалаг. (Абубакарова П.З.)
2-14 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). | |
|
|
2 |
|
«Х1унда кхоьлира ирсах деттаделла йоь1ан дог?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
Аьхкенан малх бийлинчу арахь кхоьлина д1ах1оьттира.
Арахь дог1а доладелира.
Лазийначу кхокханах къахийтира йо1ана.
Бабас дов динера йо1ана.
Жоп _____________________________________________________
3 |
Меттан суртх1отторан г1ирс–метафора шеца йолу предложени билгалъяккха.
1) Некъа юккъехь, т1емаш д1аса а тесна, 1уьллура мокха кхокха.
2) Йоь1ан каракхаьчча, меллаша т1етт1адахара цуьнан б1аьргийн туьтеш.
3) Лазийна кхокха а эцна, маса ц1ехьа яхара Хеда.
4) Нанас д1адиллина ц1ена киса карийра Хедина шайн чохь.
Жоп _____________________________________________________
4 |
38, 39-чуй предложенешкара чолхе дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
5 |
32, 33-чуй предложенешкара суффиксан г1оьнца кхолладелла ц1ердош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
6 |
4-чу предложенера «миска» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.
Жоп ______________________________________________________
7 |
8-чу предложенера схьаязде даран суьртан куцдош.
Жоп_______________________________________________________
8 |
2-чу предложенин грамматически лард схьаязъе.
Жоп ______________________________________________________
9 |
37-39-чуй предложенешкара цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп_______________________________________________________
10 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар билгалдеш х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Дера,(1) Хеда,(2) ца хаьа суна-м,(3) цунна х1ун дича бакъахьа хир дара а,(4) - элира Бабас. – Молханел дарбане ю олура ц1ечу аьттан шура. Цуьнца била а билина,(5) ц1еначу шаршух аса а яьккхина,(6) д1абихкича х1ун дара те?
Нанас д1адиллина ц1ена киса карийра Хедина шайн чохь. Ц1ечу аьттан шура а йолуш яра, (7) кхеран шайн атто елла, (8) бамба а схьаийцира чов ц1анъян.
Жоп_______________________________________________________
11 |
41-43-чуй предложенешкара чолхе предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп_______________________________________________________
12 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Айдардош къастош х1оттийначу ц1оьмалган терахь схьаязде.
Лазийна кхокха а эцна,(1) маса ц1ехьа яхара Хеда. Х1инца цунна Бабин орца оьшура.
– Эх1,(2) баркалла ма хуьлда хьуна т1ехь х1ара та1зар динчунна,(3) ма т1улгах дина дог хилла-кх цуьнан кийрахь,(4) - бохуш,(5) даггара дов дора йоккхачу стага.
– Баба,(6) х1ун де ас кхуьнан лазийначу т1омана? – хаьттира Хедас.
Жоп_______________________________________________________
13 |
32-чу предложенера сказуеми схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
14 |
3-чу предложенера къастам схьаязбе.
Жоп_______________________________________________________
3 дакъа
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 15.1, 15.2 я 15.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан номер:15.1, 15.2 я 15.3. |
15.1 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени-ойлаяр язъе, Л.Н. Толстойн «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь» бохучу дешнийн маь1на а достуш.
Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени д1айоло мегар ду Л.Н. Толстойн дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
... Цу т1ехь яздархочуьнца реза ца хила йиш яц ... Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай ...
... Масала, текстан ... предложенехь ...
Ткъа ... предложенехь ...
Лакхахь далийначу масалшка хьаьжча ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.2 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенин маь1нах:
«Эх1, баркалла ма хуьлда хьуна т1ехь х1ара та1зар динчунна, ма т1улгах дина дог хилла-кх цуьнан кийрахь, – бохуш, даггара дов дора йоккхачу стага».
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
Еллачу кийсакан маь1нах со иштта кхета ...
Шен текстехь авторан 1алашо ю ...
Х1окху тезисан нийса хилар текстера ... предложенешца т1еч1аг1до вай.
Цу тайпана, баккъалла а ойла нийса ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.3 |
Муха кхета хьо КЪИНХЕТАМ бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Къинхетаме стаг» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Къинхетамах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг – хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
Къинхетам – иза ...
Сан кхетамехь ...
Текстан авторна хетарехь ...
Дахарера масал далош, ала лаьа ...
Цу т1ера схьа жам1 дан таро ю ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
3 ВАРИАНТ
1 дакъа
Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехата т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде. Цкъа хьалха т1едилларан номер д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх. |
Хаттарш:
1. Стенах йозуш ю адаман син хазалла?
2. Мичара схьабог1уш хила беза дикачу синхаамийн орамаш?
3. Х1ун ду кхетош-кхиорехь уггаре халаниг?
4. Маца хир дац берах бакъдолу адам?
5. Муьлха бу адамна уггаре а бог1уш болу некъ?
2 дакъа
Текст д1а а еший, 2-14 т1едахкарш кхочушде. |
(1)Цхьа наггахь дог1ура х1аваэхь х1ума доцуш, йовхонан тов хьийзош, 1аь ца г1уьттуш денош.(2)Говрахь Г1излара ара а волий, геннахь йолчу раьг1нашка, царна дехьарчу лаьмнашка д1ахьоьжура Александр. (3)«Цигахь ю-кх co вина юрт. (4)Myxa дy-те цигахь? (5)Дийна вуй-те цхьа а со дагавог1ург? (6)Гича вевзар варий-те?» – ойланаш хьийзара коьрте.
(7)Николай Николаевичана ца хаалуш ца дисира ша кхиочу, шена везавеллачу к1антана лууш дерг.
(8) Шолг1ачу дийнахь, малх кхетаза а болуш, лома боьдучу новкъа вог1ура ши бере.
(9)Некъ к1езиг хьешна гора, шина a aгlop яьлла баьццара буц яра, юккъехь наггахь к1айн, ц1ен зезагаш а долуш. (10) Некъана цхьа г1улч нацкъара ваьлча, кога лар а йоцуш юькъа хьун лаьттара, тайп-тайпанчу олхазарша шакарш a етташ.
(11)Раевскийс йийцинчу юьртан йисте кхечира ши бере. (12)Делкъахан хуьлуш лаьттара.
– (13)Хlapa ю-кх и юрт.
(14) Сихделла тохаделира Александран дог. (15)«Сан юрт... xlapa ю-кх со вина юрт», – бохура цуьнан балдаша. (16)Леррина д1ахьежарх девзаш х1ума дацара. (17)«Комарийн дитт... дитт мукьана а гахьара», – хьаьвзира коьрте.
(18)Юьртах чувуьйлира ши бере. (19)Гомачу урамашна шина a aгlop лоха, латта т1етесна тхевнаш долу ц1енош гора. (20)Кхузахь а девзаш х1ума ца хааделира к1антана. (21)Юьртах чекхдолучу хи т1е кхечира и шиъ. (22)Говрашна хи а малош, сецира цигахь. (23)Хи чу охьавуссучохь болу берд бевзира Александрана. (24)Дагадеара цунна шай, Хьасинний хийлазза цхьаьна оцу берда т1ера охьаидар, айми т1е лийча оьхуш. (25)Х1ан-х1а, гург х1етахьлерчух х1умма а тера дацара.
– (26)Схьахетарехь, х1окху новкъа иштта д1авахча, дара-кх тхан ц1енош, – элира Александра.
(27)Юха а, меллаша говраш йохкуьйтуш, юьртан кхечу урамехула вог1ypa ши бере.
(28)Цхьана меттехь ц1енош лаьттина хилла ах дохийна пенаш гира Александрана. (29)Дехьара беш къух даьлла гора.(30) Цигахьахула б1аьрг кхарстийначу Александрана гира лекха комарийн дитт. (31) И девзина, сиха элира цо:
– (32)Дитт!(33) Дитт! (34)Д1о ду!
(35)Говрара охьа а иккхина, яраш юккъехула хьаьдда вахара Александр. (36)Адам санна, марадоьллира цо диттан г1ад, безамца хьалахьоьжура генашка. (37)Цуьнан б1аьргаш чу хи хьаьвзира, дагалецамаша дог дуткъадина.
(38)Кхуза кхаччалц дагахь Александра кхаьбна ойланаш, дохк санна, айаелла, яьржина д1аяхара. (39)Цецваьлла д1асахьоьжура иза. (40)Цхьаъ мукъана вевзаш стаг карор вац-те, бохура цо ша-шега. (41)Дагадеара Александрана лулахочо шаьш дийначу бежанан ахкарг а делла, шай, Хьасинний, и а дуьйсина, кху новкъахь ц1енна хьалха левзина. (42)И ахкарг делларг таллархо Мажа вара, хьаьжа т1ехь муо а болуш. (43)И а шерра дагавеара. (44)Хьалха лаьттачу воккхачу стагана т1едерзийра Александра хьажар. (45) Воккхачу стага можах куьг хьаькхира, б1аьргашна т1е беана куй хьалатеттира. (46)Цуьнан хьаьжа т1ера муо гира к1антана.
– (47)Мажа! – мохь белира Александре, т1аккха вахана маракхийтира иза воккхачу стагана.
(48)Воьхна, цецваьлла, висинера воккха стаг.
– (49)Хьо хьенан, мила ву, жима къонаха? – хаьттира Мажас.
(50)Б1аьргаш чу хьаьдда хи д1а а доккхуш, велакъежира Александр.
– (51)Тхо кхузахь даьхна, – аьлла, д1атесна лаьттачу декъана т1е куьг хьажийра Александра.
– (52)Там бара хьо Олхазаран во1 1али хилча? – элира Мажас цецваьлла.
– (53)1али ву! (54)1али ву! – бохура Александра.
– (55)Дела ва хьо марша! (56) Хьажахьа, Олхазаран во1 веца. (57)Воккха стаг хилла хьох-м. (58)Дуьлол, тхоьга гlyp ду вай.
(59)Цу буса, сахиллалц бохург санна, 1ийра уьш цхьацца дуьйцуш. (60)Александран хеттарш кхачалуш дацара.
(61)1уьйранна шен къона хьеший новкъабаха юьртах валлалц веара Мажа. (62)Д1асакъаьсташ, элира цо:
– (63)Хазахета суна, 1али, хьо т1елаьцнарг дика стаг волуш. (64)Дала 1алашволда хьо. (65)Хьайн аьтто баьллачахула схьанехьа вог1уш хила. (66)Марша г1олда шу!
(Гайсултанов 1.Э.)
2-14 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). |
2 |
«Г1излара ара а волий, Александр лаьмнашка д1ахьежаран х1ун бахьана дара?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
1) Цигахь яра Александр вина юрт.
2) Александрана лаьмнаш цкъа а ца гинера.
3) Александрана лаьмнаш хазахетара.
4) Лаьмнийн баххьаш даима к1айн лаьттара.
Жоп _____________________________________________________
|
Меттан суртх1отторан г1ирс–дустар шеца долу предложени билгалъяккха.
1) Николай Николаевичана ца хаалуш ца дисира ша кхиочу, шена везавеллачу к1антана лууш дерг.
2) Раевскийс йийцинчу юьртан йисте кхечира ши бере.
3) Цецваьлла д1сахьоьжура иза.
4) Кхуза кхаччалц дагахь Александра кхаьбна ойланаш, дохк санна, айаелла, яьржина д1аяхара.
Жоп _____________________________________________________
4 |
11,12-чуй предложенешкара чолхе дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
5 |
45,46-чуй предложенешкара дешхьалхенан г1оьнца кхолладелла дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
6 |
10-чу предложенера «юькъа» бохучу дашна антоним ялае. Д1аязъе иза.
Жоп ______________________________________________________
7 |
10-чу предложенера терахьдош схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
8 |
14-чу предложенин грамматически лард схьаязъе.
Жоп ______________________________________________________
9 |
42-46-чуй предложенешкара цхьанатайпанара сказуемеш долу предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп_______________________________________________________
10 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар къастош х1оттийначу ц1оьмалган терахь схьаязде.
Воьхна,(1) цецваьлла,(2) висинера воккха стаг.
– Хьо хьенан,(3) мила ву,(4) жима къонаха? – хаьттира Мажас.
Б1аьргаш чу хьаьдда хи д1а а доккхуш,(5) велакъежира Александр.
– Тхо кхузахь даьхна,(6) – аьлла,(7) д1атесна лаьттачу декъана т1е куьг хьажийра Александра.
– Там бара хьо Олхазаран во1 1али хилча? – элира Мажас, (8) цецваьлла.
Жоп_______________________________________________________
11 |
8,9-чуй предложенешкара чолхе предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп_______________________________________________________
12 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Юкъадало дош къастош х1оттийначу ц1оьмалган терахь схьаязде.
Дагадеара цунна шай,(1) Хьасинний хийлазза цхьаьна оцу берда т1ера охьаидар,(2) айми т1е лийча оьхуш. Х1ан-х1а,(3) гург х1етахьлерчух х1умма а тера дацара.
– Схьахетарехь,(4) х1окху новкъа иштта д1авахча,(5) дара-кх тхан ц1енош,(6) – элира Александра.
Жоп_______________________________________________________
13 |
11-чу предложенера подлежащи схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
14 |
63-65-чу предложенешкара нийса кхачам схьаязбе.
Жоп_______________________________________________________
3 дакъа
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 15.1, 15.2 я 15.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан номер:15.1, 15.2 я 15.3. |
15.1 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени-ойлаяр язъе, Ш.И. Абдуразаковн «Нохчийн мотт хьалдолуш а, аьхна а мотт бу, уггаре хаза, к1орггера дог-ойланаш ма-ярра ц1ена, нийса, юьззина йийца йиш йолуш» бохучу дешнийн маь1на а достуш.
Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан. Сочинени д1айоло мегар ду Ш.И. Абдуразаковн дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Суна хетарехь (суна хета) ... Тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай ...
2. Масална текстан ... предложени яло мегар ду.
3. Авторо шен текстан ... предложенехь меттан г1ирсах ... пайдаоьцу.
4. Вайна ма-гарра, ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.2 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенин маь1нах: «Цуьнан б1аьргаш чу хи хьаьвзира, дагалецамаша дог дуткъадина».
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Еллачу текстан маь1нах со иштта кхета ...
2. Сайн жам1аш т1еч1аг1деш, ... предложенера (-шкара) масал далор ду ас.
3. ... предложенино (ша) т1еч1аг1йо ойла ...
4. Дерзорехь билгалдоккху ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.3 |
Муха кхета хьо ДАЙМОХК бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Вина мохк мазал мерза бу» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Даймахках лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг - хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
Даймохк – иза ...
1. Еллачу текстан анализ еш, ...
2. Х1окху текстан автора нийса билгал ма-даккхара ...
3. Х1ара ойла т1еч1аг1ъян таро ю г1араваьллачу (1илманчин, яздархочун, суртдиллархочун) дешнашца.
4. Ойла йинчул т1аьхьа вайна билгалдолу ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
4 ВАРИАНТ
1 дакъа
Тексте ла а догIий, къаьстинчу кехата тIехь 1-ра тIедиллар кхочушде. Цкъа хьалха тIедилларан номер дIаязъе, цул тIаьхьа – йозанан болх. |
Хаттарш:
1. Шен шийтта шо кхочуш, муха кIант вара Хьажмурд?
2. Хьажмурда муха кхочушдора шена тIедиллина гIуллакх?
3. Муха кхочушйора Хьажмурда ишколехь къинхьегаман урокаш?
4. Ишколан куьйгалхоша муха билгалваьккхира Хьажмурд?
5. ХIун бахьана дара берашна Хьажмурд дукхавезаран?
2 дакъа
Текст дIа а еший, 2-14 тIедахкарш кхочушде. |
(1)Тхан юьртахь вехаш ши доттагI вара: 1аьлвий, Махьмий. (2)Мукъачу хенахь цу шинна уггаре а сакъералуш долу гIуллакх чIерийлецар дара. (3)ЧIерий цу шиммо муьлххачу а хенахь: Iай а, бIаьста а, аьхка а, гурахь а – лоьцура. (4)Ши доттагI ваханера цхьана Iай чIерий леца. (5)Хаза шаьшшинна мIерий догIа меттигаш кечйина, цIе латийна, шалго коьжалгана тIе яй оьллина, кхано шайна чIерий кхехко кечам бира доттагIаша. (6)Тахана муьрг дика тухура чIеро. (7)МIера тIера охьабаькх-баьккхина чIара 1аьлвиссий, Махьмассий шайна тIехьа лай тIе охьакхуссура. (8)Делкъал тIаьххьалц чIерий а лецна, мацвеллачу шина доттагIчун хIума яа безам хилира. (9)Лецна чIерий схьагулдан дагахь хьалагIаьттина ши доттагI лай тIехула дIасахьоьжура, амма гуш цхьа а чIара-м бацара. (10)Юххе деана цхьа а адам доцуш, чIерий дайнера. (11)Гондахьа гуш цхьа олхазар лелла лар яра. (12)Кху шиммо башха тидам а ца бора оцу лоран. (13)ЦIеххьана Махьмас элира:
– (14)ХIара лараш вайшиннан букъа тIехьара дуьйна дIаоьхуш ю. (15)Вайн къу цигахь хила мегара.
(16)ХIара шиъ лорах вахара. (17)Бердах йоллуш къона бIаьлланг яра.(18)Цуьнан орамаш кIелахь баьккхина жима кIаг а бара. (19)Леррина хьаьжча, тIедеанчу шина адамна дуьхьало ен сурт хIиттош, зIок а гIиттош, Iаш чIегIаг яра.
– (20)Собар делахь, 1аьлви. (21)Кхуьнан бенахь гуш дерш вайшиннан чIерий ду моьттуш ву-кх со, – элира Махьмас. (22)Улле ваханчу 1аьлвис дуьхьало еш, зIок етташ йолу чIегIаг схьалецира.
(23)ДIахьаьжча, чIегIаган тIам лазийна бара. (24)Цу тIехула тIе, лайлахула текхийна баша а бина, тIоман пелагех ша а бина, тIам базбелла бара. (25)1аьлвис, цIерга а яьхьна, тIома тIера ша башош, цIера тIе уьйхьира иза. (26)ТIам паргIатбелира.
(27)1аьнан доца де чекхделира. (28)ЧIегIагна бенахь долу чIерий шаьш долччохь а дитина, ши доттагI цIа вахара. (29)Иза ямарта олхазар делахь а, шаьшшингахь адамалла хиларе терра, де доьхначу чIегIагах къахийтира цу шинна. (30)Цул тIаьхьа 1аьлвий, Махьмий, чIерий леца кхечу айми тIе ца воьдуш, чIегIаг-дархо йолчу вогIура. (31)ЦIера яахIума а яхьара цара чIегIагна. (32)Хьалха санна, ца къаьхкара иза адамех хIинца. (33)Де-дийне мел дели, толуш лаьттара чIегIаг. (34)ТIома яла а гIертара, амма гена ца яхалора хIаваэхула.
(35)Цхьана дийнахь, хьалха санна, ши доттагI айми тIе чIерий леца веара. (36)ЧIерийлецархой айме схьакхаьчча, чIегIаго лакха тIера чу къамелаш дора. (37)Хетарехь, иза баркалла олуш яра ша балех цу шиммо хьалхаяккхарна. (38)ЧIегIаго аймина гена доцчу моан дитта буьххьехь бIаьста бен а бира. (39)Адамаша шена гIо дина меттиг дIа ца тасалуш, айми йистехь ехха ехира чIегIаг.
(Хасаев Хь.Б.)
2-14 тIедахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь дIаяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-тIаьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). |
2 |
«1аьлвий, Махьмий чIерий леца кхечу айми тIе цавахаран хIун бахьана дара?» бохучу хаттарна нийса тIечIагIдаран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
1) Цу шинна кхин меттиг ца евзара.
2) ЦIера яахIума яхьара цара чIегIагна.
3) Цу айми тIехь чIерий дукха хуьлура.
4) ЧIерий леца цигахь кхин меттиг яцара.
Жоп _____________________________________________________
|
Меттан суртхIотторан гIирс – фразеологизм шеца йолу предложени билгалъяккха.
1) Юххе деана цхьа а адам доцуш, чIерий дайнера.
2) Иза ямарта олхазар делахь а, шаьшшингахь адамалла хиларе терра, де доьхначу чIегIагах къахийтира цу шинна.
3) Кхуьнан бенахь гуш дерш вайшиннан чIерий ду моьттуш ву-кх со, – элира Махьмас.
4) ТIома яла а гIертара, амма гена ца яхалора хIаваэхула.
Жоп _____________________________________________
4 |
8-чу предложенера чолхе дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
5 |
21, 22-чуй предложенешкара дешхьалхенан гIоьнца кхолладелла дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
6 |
35-чу предложенера «доттагI» бохучу дашна синоним ялае. ДIаязъе иза.
Жоп ______________________________________________________
7 |
6-чу предложенера хенан куцдош схьаязъе.
Жоп_______________________________________________________
8 |
27-чу предложенин грамматически лард схьаязъе.
Жоп ______________________________________________________
9 |
7,8-чуй предложенеш юкъара цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь дIаязде.
Жоп_______________________________________________________
10 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а цIоьмалгаш терахьашца билгалйина ю. ТIедерзар къастош хIоттийначу цIоьмалган терахь схьаязде.
Леррина хьаьжча,(1) тIедеанчу шина адамна дуьхьало ен сурт хIиттош,(2) зIок а гIиттош, (3) Iаш чIегIаг яра.
– Собар делахь,(4) 1аьлви. Кхуьнан бенахь гуш дерш вайшиннан чIерий ду моьттуш ву-кх со,(5) – элира Махьмас. ТIеваханчу 1аьлвис дуьхьало еш,(6) зIок етташ йолу чIегIаг схьалецира.
Жоп_______________________________________________________
11 |
9, 10-чуй предложенеш юкъара чолхе предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп___________________________________________
12 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а цIоьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Юкъадало дош къастош хIоттийначу ц1оьмалган терахь схьаязде.
ТIома яла а гIертара, (1) амма гена ца яхалора хIаваэхула.
Цхьана дийнахь,(2) хьалха санна,(3) ши доттагI айми тIе чIерий леца веара. ЧIерийлецархой айме схьакхаьчча,(4) чIегIаго лакха тIера чу къамелаш дора. Хетарехь,(5) иза баркалла олуш яра ша балех цу шиммо хьалхаяккхарна.
Жоп___________________________________________
13 |
16-чу предложенера сказуеми схьаязде.
Жоп____________________________________________
14 |
15-чу предложенера меттиган латтам схьаязбе.
Жоп____________________________________________
3 дакъа
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата тIехь 15.1, 15.2 я 15.3 тIедахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Оцу тIедилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло. Сочинени язъян йолаяле, дIаязъе хаьржинчу тIедилларан номер:15.1, 15.2 я 15.3. |
15.1 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени-ойлаяр язъе, П.К. Усларан «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу» бохучу дешнийн маь1на а достуш.
бохучу дешнийн маьIна а достуш.
Хьайн жоп тIечIагIдеш, ешначу текста тIера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал тIехь тема схьайоьллуш, Iилманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени дIайоло мегар ду П.К. Усларан дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал кIезиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) тIе а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе цIена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. ... Иза иштта хилар шеко йоцуш ду ...
2. Масална текстан ... предложени яло мегар ду.
3. Авторо шен текстан ... предложенехь меттан гIирсах ... пайдаоьцу.
4. Вайна ма-гарра, ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.2 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета хьо хIокху предложенин маьIнах: «Иза ямарта олхазар делахь а, шаьшшингахь адамалла хиларе терра, де доьхначу чIегIагах къахийтира цу шинна». Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши тIечIагIдар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал кIезиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе цIена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Суна хетарехь, автор (авторан цIе) ешархошка тидам байта гIерта ...
2. ХIокху тезисан нийса хилар текстера ... предложеница (-ешца) тIечIагIдо вай.
3. Ткъа шолгIа ойла тIечIагIъеш, хьовсур вай юха а тексте ...
4. Текстера масалша т1еч1аг1до ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.3 |
Муха кхета хьо КЪИНХЕТАМ бохучу дешан маьIнах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Къинхетаме стаг» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха тIехь. Къинхетамах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг тIечIагIдеш, 2 масал-тIечIагIдар даладе: цхьа масал-тIечIагIдар даладе ешначу текстера, шолгIаниг - хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал кIезиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе цIена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
Къинхетам – иза ...
1. Сан кхетамехь, ...
2. Автора (авторан цIе) вайна ... предложенехь гойту ...
3. Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, айса ялийна ойла тIечIагIъян лаьа ...
4. Цу т1ера схьа жам1 дан таро ю ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
5 ВАРИАНТ
1 дакъа
Тексте ла а догIий, къаьстинчу кехата тIехь 1-ра тIедиллар кхочушде. Цкъа хьалха тIедилларан номер дIаязъе, цул тIаьхьа – йозанан болх. |
Хаттарш:
1. Шен шийтта шо кхочуш, муха кIант вара Хьажмурд?
2. Хьажмурда муха кхочушдора шена тIедиллина гIуллакх?
3. Муха кхочушйора Хьажмурда ишколехь къинхьегаман урокаш?
4. Ишколан куьйгалхоша муха билгалваьккхира Хьажмурд?
5. ХIун бахьана дара берашна Хьажмурд дукхавезаран?
2 дакъа
Текст дIа а еший, 2-14 тIедахкарш кхочушде. |
(1)Массо а бер, белхан бедар а юьйхина, белаш, нораш, девзигаш дохьуш, схьагулделлера ишколан уьйтIа. (2)Липа Умаровнас белхан меттиг дIагайтира берашна, дан дезарг а дуьйцуш. (3)Шайна т1едиллина г1уллакх д1адолийра дешархоша.
(4)Массеран а дегнаш ловзадохуш, хаза де дара тIедеънарг. (5)ЧIогIа сакъералуш, забаршца, беларшца, эшаршца сихха гIуллакх деш бохкучу царна, кисанашка куьйгаш а доьхкина, техкачу боларца тIевеара Абу.
(6)Синтарийн гонаш самсадаьхна а девлла, хIинцца зудаберашкара нораш, девзигаш схьаэца дагахь, царна тIедаьхкира божабераш.
– (7)Схьаэца, Абу, ахьа а нуй, – элира Сулимас.
– (8)Нуй хьекха со йоI яц, – аьлла, д1аволавелира Абу.
– (9)Хуур дара-кх, стогалла оьшуш долу гIуллакх тIеIоттаделча, ахь хIун до, – резавоцуш вистхилира Сулима. (10)Цо аьлларг бакъдан санна, цу дийнахь хилира цхьа гIуллакх.
(11)Бераша ша кхин тергал ца вича, Органна йисте ваха дагахь дIаволавелира Абу. (12)Эвла йистте ваьллачунна ма-дарра гуш дара дистина догIу Орга. (13)Цо д1акхоьхьуш йолу дечигаш ехачу коьжалгаца схьалоьцуш гора бераш. (14)Абу тIекхочуш, цIеххьана дIасаида дуьйладелира уьш.
– (15)Лоьма хи чу ваха! – мохь оьхура берийн. (16)ТIехьаьддачу Абуна гира тулгIешца кхиссалуш воллу жима кIант. (17)Абу сихха, цунна гIо дан дагахь, тIехьаьдира. (18)ЦIеххьана хиэ буха а вахана, юха гучуваьллачу кIентан сенъеллачу юьхьах бIаьрг кхийтира цуьнан. (19)Цхьаммо лере а веана: «Хи буха воьдучо ша схьаваккха гIоьртинарг чутакхаво, боху», – олуш санна хийтира кIантана. (20)Мажвелла вухавелира кIант…
(21)Абуна тIаьхь-тIаьхьа схьадогIучу берашна а хезира берийн маьхьарий. (22)Хиллачух кхетта Сулима, мох санна, дIахьаьдира хин йисте. (23)Генара кхоьссинчу тIулган хьесапехь, Органна чуиккхира иза. (24)ГIора эшна, тулгIеш тола а тоьлла, хи буха воьдуш вара кIант, амма Сулима цуьнан месаш схьалаца кхиира.
(25)Дукха хан ялале, Сулимас Iожаллех кIелхьараваьккхира жима кIант. (26)Схьаваьккхинчу кIентан кийрара хи охьа а дахийтина, цунна садаIа гIо деш дохкура бераш. (27)Юьстах лаьтташ вара Абу, юьхьIаьржа а хIоьттина.
(28)Хетарехь, цхьаммо а тергал ца вора иза.
(29)«ХIара муха хили? (30)Ма эхь ду хIара?!» – боху гIайгIане ойла яра, вота хилла, коьрта чохь етталуш.
(Чантиев 1.)
2-14 тIедахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). | |
|
|
2 |
|
«Абу мажвелла вухаваларан хIун бахьана дара?» бохучу хаттарна нийса тIечIагIдаран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
1) Хи буха воьдучо ша чутакхаварна кхеравелира иза.
2) Абуна ца гира хи чохь жима кIант.
3) Цунна ша бераша Iехаво моьттура.
4) Абуна нека дан ца хаьара.
Жоп _____________________________________________________
|
Меттан суртхIотторан гIирс – фразеологизм шеца йолу предложени билгалъяккха.
1) Абу тIекхочуш, цIеххьана дIасаида дуьйладелира уьш.
2) Цо аьлларг бакъдан санна, цу дийнахь хилира цхьа гIуллакх.
3) Массеран а дегнаш ловзадохуш, хаза де дара тIедеънарг.
4) Т1ехьаьддачу Абуна гира тулгIешца кхиссалуш воллу жима кIант.
Жоп _____________________________________________________
4 |
3,4-чуй предложенешкара чолхе дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
5 |
24-чу предложенера дешхьалхенан гIоьнца кхолладелла дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
6 |
10-чу предложенера «бакъдан» бохучу дашна антоним ялае. ДIаязъе иза.
Жоп ______________________________________________________
7 |
25-чу предложенера билгалдош схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
8 |
23-чу предложенин грамматически лард схьаязъе.
Жоп ______________________________________________________
9 |
6-7-чуй предложенеш юкъара цхьанатайпанара меженашца йолу предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь дIаязде.
Жоп_______________________________________________________
10 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. ТIедерзар къастош х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Схьаэца,(1) Абу,(2) ахьа а нуй,(3) – элира Сулимас.
– Нуй хьекха со йоI яц,(4) – аьлла,(5) дIаволавелира Абу.
– Хуур дара-кх,(6) стогалла оьшуш долу гIуллакх тIеIоттаделча,(7) ахь хIун до,(8) – резавоцуш вистхилира Сулима. Цо аьлларг бакъдан санна,(9) цу дийнахь хилира цхьа гIуллакх.
Жоп_______________________________________________________
11 |
24, 25-чуй предложенеш юкъара чолхе предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь дIаязде.
Жоп_______________________________________________________
12 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а цIоьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Юкъадало дош къастош хIоттийначу цIоьмалган терахь схьаязде.
Дукха хан ялале,(1) Сулимас Iожаллех кIелхьараваьккхира жима кIант. Схьаваьккхинчу кIентан кийрара хи охьа а дахийтина,(2) цунна сада1а гIо деш дохкура бераш. Юьстах лаьтташ вара Абу,(3) юьхьIаьржа а хIоьттина.
Хетарехь,(4) цхьаммо а тергал ца вора иза.
Жоп_______________________________________________________
13 |
27-чу предложенера подлежащи схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
14 |
20-чу предложенера латтам схьаязбе.
Жоп______________________________________________________
3 дакъа
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата тIехь 15.1, 15.2 я 15.3 тIедахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Оцу тIедилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло. Сочинени язъян йолаяле, дIаязъе хаьржинчу тIедилларан номер:15.1, 15.2 я 15.3. |
15.1 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени-ойлаяр язъе, Л.Н. Толстойн «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь» бохучу дешнийн маьIна а достуш.
Хьайн жоп тIеч1агIдеш, ешначу текста тIера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал тIехь тема схьайоьллуш, Iилманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени дIайоло мегар ду Л.Н. Толстойн дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал кIезиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) тIе а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе цIена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. ... Иза иштта хилар шеко йоцуш ду ...
2. Масала, текстера ... предложенехь ...
3. Текстан ... предложени ешча ...
4. Вайна ма-гарра, ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.2 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета хьо хIокху предложенин маьIнах: «Хуур дара-кх, стогалла оьшуш долу гIуллакх тIеIоттаделча ахь хIун до, – элира Сулимас». Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши тIечIагIдар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал кIезиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе цIена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. ХIокху текстан автора (авторан цIе) ешархо ойлаярна тIевуьгу ...
2. Аьлларг тIечIагIдархьама, хьовсур вай предложенешка ...
3. ... предложенино (-еша) тIечIагIйо шолгIа ойла.
4. Цу тайпана, ойла нийса ю ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.3 |
Муха кхета хьо СТОГАЛЛА бохучу дешан маьIнах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Стогаллех цавалар» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Стогаллех лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг тIечIагIдеш, ши масал-тIечIагIдар даладе: цхьа масал-тIечIагIдар даладе ешначу текстера, шолг1аниг – хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал кIезиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе цIена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
Стогалла – иза ...
1. Суна хетарехь, ...
2. ХIокху текстан авторна (авторан цIе) къаьсттина вайна гайта лиънарг ду ...
3. Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, айса ялийна ойла тIечIагIъян лаьа ...
4. Цу тIера схьа жамI дан таро ю ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
6 ВАРИАНТ
1 дакъа
Тексте ла а догIий, къаьстинчу кехата тIехь 1-ра тIедиллар кхочушде. Цкъа хьалха тIедилларан номер дIаязъе, цул тIаьхьа – йозанан болх. |
Хаттарш:
1. Шен шийтта шо кхочуш, муха кIант вара Хьажмурд?
2. Хьажмурда муха кхочушдора шена тIедиллина гIуллакх?
3. Муха кхочушйора Хьажмурда ишколехь къинхьегаман урокаш?
4. Ишколан куьйгалхоша муха билгалваьккхира Хьажмурд?
5. ХIун бахьана дара берашна Хьажмурд дукхавезаран?
2 дакъа
Текст дIа а еший, 2-14 тIедахкарш кхочушде. |
(1)КIирандийнахь сарралц ловзуш а лелла, шаьш дIасакъаьсташ, бераша барт бира кхана кино даха. (2)«Тимур а, цуьнан команда а» цIе йолчу фильме а хьаьвсина цIа богIуш, трамвай тIе хевшира уьш, кинох лаьцна шайн-шайна хетарш а дуьйцуш. (3)Трамвай меттахъелира, амма, сихха саца а еш, неIарш дIайиллира иза лелочу йоIа.
(4)Хьуьхьвоьлла цхьа воккхастаг, шел хьалха тускар a, Iaca а йоккхуш, трамвай тIе сихвелира. (5)Уллохьа болчара гIo а деш, хьалавелира иза.
(6)Охьахоийла йоцуш, йоьттина яра вагон. (7)Воккхастаг гин-гинарг хьалаийалора цунна меттиг яла. (8)Ткъа хьалхарчу гIантахь Iаш волу Новраз, массарначул а иза шена юххехь воллушехь, ца гучуха Iapa, корах ара а хьоьжуш.
(9)ХьалагIаьттина, дуьхьал а волалуш, цуьнан нийсархочо Хьамзата воккхастаг шен метта охьахаийра. (10)ХьалагIевттинчу вукхарна баркалла а олуш, иза Хьамзате хьаьжира:
– (11)Жиманиг, хьан Iойла йохий-кх ас. (12)Баркалла хьуна!
– (13)ХIумма а дац,– велакъежира Хьамзат. (14)ГIовталан кисанара шена а,тускарна а тIера билеташна дала къаьстина ахча схьадаьккхира воккхачу стага.
(15)Иза хьала ца гIоттуьйтуш, Хьамзата сихха вахана билеташ ийцира.
– (16)Дукха вехийла хьо, кIант, – олуш, цуьнан белшах дайн куьг ахьокхуш, хаьттира воккхачу стага:
– (17)Хьан цIе хIун ю?
– (18)Хьамзат ю-кх.
– (19)МичахьIаш ду шу, Хьамзат?
– (20)Микрорайонехь.
– (21)Цига вогIуш ву со дуьххьара. (22)Шун хенара ву сан кIентан кIант Хьамид.
– (23)Дукаев вуй и?
– (24)Ву-те.
– (25)Вевза. (26)Тхойшиъ цхьана ишколехь доьшуш ву.
– (27)Дика доьший аш?
– (28)ХIаъ...
– (29)Дада, схьакхечи вай, – олуш, воккхачу стеган тускар схьа а эцна, ша хьалха а ваьлла, цунна охьавосса гIo дира Хьамзата.
– (30)Дада, ахь хьо дуьххьара вогIу ма бохура. (31)Хьуна хуур дуй ткъа ХьамидгIаьрга ваха? – хаьттира Хьамзата.
– (32)Хуур ду. (33)Яздина адрес ду соьгахь, хоттуш дIакхочур ву.
– (34)ХIан-хIа, хьо дIа а кхетийна бен гIyp вац тхойшиъ, – аьлла, тускаран цхьацца тIам а лаьцна, хьалха дIаволавелира Хьамзаттий, Халиддий.
– (35)Маржа-яI, сан воккхаллех кира хили-кх шуьшинна, – олуш, Iaca а луьйзуш, тIаьхьахIоьттира воккхастаг. (36) – Ма декъала хилла дай-наной ду-кх шуьнаш.
(37)Пхоьазза тIекIелдинчу цIеношка дIакхаьчча, шолгIачу этажа тIе хьала а бевлла, горгали туьйхира цара. (38)Сихха схьайиллира неI.
– (39)Дада вогIу!(40)Дада! – хазахеташ, Хьамид а, цуьнан нана XIазан а воккхачу стагана маракхийтира сени чохь.
(41)Уьш тIекаре бевллачу хенахь, Iодика а еш, дIаваха Халиддий, Хьамзаттий вухавоьрзуш, воккхачу стага элира Хьамиде:
– (42)Чу ца валош, дIа ма вахийталаш и ши кIант.
(43)Хьамида, шел хьалха а тоьттуш, чоьхьаваьккхира и шиъ.
– (44)Дада, суна ма ца бевза xIapa кIентий. (45)Хьенан бу хIорш? – хаьттира XIазана.
– (46)Делахь хIета, хIинца дуьйна дIа бевзар бу-кх хьуна Хьамидан доттагIий, – элира воккхачу стага, – дIалацал кхааммо а вовшийн куьйгаш, мар-мара а кхеташ. (47)ХIинца дуьйна доттагIий ду шу, иза вошалла а ду. (48)Хьанал а, тешаме а хилалаш даима а. (49)Сий а довр дац шун цкъа а. (50)Оьздангалла, гIиллакх жимачохь дулу дагах.
(51)Майданахь ша буьрканах ловзуш лелаш вара Новраз, ХьамзатгIар тIебоьлхучу хенахь. (52)Когаца буьрка а керчош, дуьхьалхьаьдира иза:
– (53)Хуур ду-кх, тахана мила тоьлу!
(54)Хьамзаттий, Халиддий резавоцуш дIахьаьжира Новразе:
– (55)Кхузахь тола, когаш кхоош Iийна хир вара хьо, воккхастаг тIевеъча хьала ца гIоттуш? (56)Хьуна ца хеттехь а, цабезамца хьан бIаьра хьуьйсучу адамех тхуна-м эхь хийтира. (57)XIун накъост хир ву хьох?
(58)Новраз меллаша бай тIе охьалахвелира, накъостийн бехко а, цара шена тIебоьгIначу бIаьргаша а юьхь а кхолийна.
(59)Цо дош делира накъосташна иштта осалалла шегара кхин ца ялийта.
(Кагерманов Д. Д.)
2-14 тIедахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). |
2 |
«Ши доттагI Новразана резавоцуш хиларан хIун бахьана дара?» бохучу хаттарна нийса тIечIагIдаранхаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
Новраз буьрканах дика ловзура.
Новраз шина доттагIчуьнца ХьамидгIаьрга ца веара.
Воккхачу стагана хьала ца гIаьттира Новраз.
Новраз доттагIашца къийсалора.
Жоп _____________________________________________________
3 |
Меттан суртхIотторан гIирс–фразеологизм шеца йолу предложени билгалъяккха.
Иза хьала ца гIоттуьйтуш, Хьамзата сихха вахана билеташ ийцира.
Шун хенара ву сан кIентан кIант Хьамид.
Тхойшиъ цхьана ишколехь доьшуш ву.
Новраз меллаша бай тIе охьалахвелира, накъостийн бехко а, цара шена тIебоьгIначу б1аьргаша а юьхь а кхолийна.
Жоп _____________________________________________________
4 |
13, 14-чуй предложенешкара чолхе дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
5 |
46, 47-чуй предложенешкара суффиксан гIоьнца кхолладелла цIердош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
6 |
46-чу предложенера «доттагIий» бохучу дашна синоним ялае. ДIаязъе иза.
Жоп ______________________________________________________
7 |
37-чу предложенера цIерметдош схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
8 |
5-чу предложенин грамматически лард схьаязъе.
Жоп ______________________________________________________
9 |
11-14-чуй предложенеш юкъара цхьанатайпанара меженаш йолу предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь дIаязде.
Жоп_______________________________________________________
10 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а цIоьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар билгалдеш хIоттийначу цIоьмалган терахь схьаязде.
Хьамида,(1) шел хьалха а тоьттуш,(2) чоьхьаваьккхира и шиъ.
– Дада,(3) суна ца бевза xIapa кIентий. Хьенан бу хIорш? – хаьттира XIазана.
– Делахь хIета, (4) хIинца дуьйна дIа бевзар бу-кх хьуна Хьамидан доттагIий, (5) – элира воккхачу стага,(6) – дIалацал кхааммо а вовшийн куьйгаш,(7) мар-мара а кхеташ.
Жоп_______________________________________________________
11 |
3, 4-чуй предложенеш юкъара чолхе предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь дIаязде.
Жоп___________________________________________
12 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а цIоьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Айдардош къастош хIоттийначу цIоьмалган терахь схьаязде.
– Маржа-яI,(1) сан воккхаллех кира хили-кх шуьшинна,(2) – олуш,(3) Iaca а луьйзуш,(4) тIаьхьахIоьттира воккхастаг. – Ма декъала хилла дай-наной ду-кх шуьнаш.
Пхоьазза тIекIелдинчу цIеношка дIакхаьчча,(5) шолгIачу этажа тIе хьала а бевлла,(6) горгали туьйхира цара.
Жоп___________________________________________
13 |
38-чу предложенера сказуеми схьаязде.
Жоп____________________________________________
14 |
54-чу предложенера лач кхачам схьаязбе.
Жоп____________________________________________
3 дакъа
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата тIехь 15.1, 15.2 я 15.3 тIедахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, дIаязъе хаьржинчу тIедилларан номер:15.1, 15.2 я 15.3. |
15.1 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени-ойлаяр язъе, Ш.И. Абдуразаковн «Нохчийн мотт хьалдолуш а, аьхна а мотт бу, уггаре хаза, к1орггера дог-ойланаш ма-ярра ц1ена, нийса, юьззина йийца йиш йолуш» бохучу дешнийн маьIна а достуш.
Хьайн жоп тIечIагIдеш, ешначу текста тIера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал тIехь тема схьайоьллуш, Iилманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени дIайоло мегар ду Ш.И. Абдуразаковн дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал кIезиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) тIе а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе цIена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. ... Суна хетарехь, ... Тезис тIечIагIъеш, хьовсур вай ...
2. Масала, текстера ... предложенехь ...
3. Текстан ... предложенехь кхин цхьаъ ...
4. Лакхахь далийначу масалшка хьаьжча, ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.2 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета хьо хIокху предложенин маьIнах:«Оьздангалла, гIиллакх жимачохь дулу дагах».
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши тIечIагIдар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал кIезиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе цIена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Суна хетарехь, автор (авторан цIе) ешархошка тидам байта гIерта ...
2. ХIокху кхетамах лаьцна сайна хетарг олуш, билгалдаккха лаьа ...
3. ... предложенино (-еша) тIечIагIйо шолг1а ойла ...
4. Чаккхенехь (дерзорехь) билгалдолу ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.3 |
Муха кхета хьо Г1ИЛЛАКХ бохучу дешан маьIнах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Муха хила веза гIиллакхе стаг?» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха тIехь. ГIиллакхах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг тIечIагIдеш, ши масал-тIечIагIдар даладе: цхьа масал-тIечIагIдар даладе ешначу текстера, шолгIаниг – хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал кIезиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе цIена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
ГIиллакх – иза ...
1. Сан кхетамехь, ...
2. Текстан авторна хетарехь, ...
3. ХIокху кхетамах лаьцна сайна хетарг олуш, билгалдаккха лаьа ...
4. Ойла йинчул т1аьхьа вайнабилгалдолу ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
7 ВАРИАНТ
1 дакъа
Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехата т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде. Цкъа хьалха т1едилларан номер д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх. |
Хаттарш:
Стенах дуьзна ду х1ара дуьне?
Адамна, къинхетам беш, Дала х1ун делла?
Х1ун т1едиллина вайна Дала?
Стенца гучуболу къинхетам?
Ахь хьайна дитинчух х1ун хир ду?
2 дакъа
Текст д1а а еший, 2-14 т1едахкарш кхочушде. |
(1)Мусан да кхузткъе итт шо хенара къена стаг ву. (2)Иштта къена ю десте а. (3)Оцу кхааннан кхин гергара а, юьртара а стаг вац кху аг1ор. (4)Схьадалийначу хьалхарчу шина-кхаа баттахь шаьш ц1ера еанчу ши гали хьаьжк1ех г1етакх деш 1ийра. (5)Т1аккха, кхаш т1ера к1ен, мекхан кан лехьош, акха стоьмаш дууш, к1ел ца диса г1иртира. (6)1а т1едеъча, ялтех буьртиг боцуш дисира.
(7)Х1инца болх бийр бу бохург хьехочохь а дацара. (8)1а ма дара. (9)Дохнан фермехь ца бича, кхин болх а ма бацара 1ай. (10)Т1аьхь-т1аьхьа г1еллуш, мажлуш, к1елвуьсуш лаьтта шен къена да гича, дог дешара цуьнан.
(11)«Х1ан-х1а, к1елхьаравала некъ лаха беза, – сацам бира цо т1аьххьара а, – х1ара мацалла а валийтина, мацца а цкъа кхуьнан, сайн вежаршна т1екхаьчча, ас х1ун ала деза?»
(12)Х1инца, къола ца дича, кхин некъ бацара к1елхьарвала.
– (13)Дада, вай иштта мацалла далла 1ийна девр дуй-те? – элира цо цхьана суьйранна.
– (14)Ца 1ийна х1ун дийр ду вай? (15)Со къена ву, хьо жима ву. (16)Болх Далла т1е а биллина, совцур вай. (17)Рицкъанаш Делехь ду, – суьлхьанаш хьийзочуьра юкъах а ца волуш, жоп делира цо.
– (18)Наха, къола дой а, шайна рицкъ лоху. (19)Изза дийр ду ас а…
(20)Ден карара суьлхьанаш охьаийгира.
– (21)Х1ун элира ахь? – тевжина 1ачуьра охьахиира иза. – (22)Къола? (23)Хьанна дан воллура хьо къола? (24)Хьо хьера-м ца ваьлла?
(25) Дена т1ееана моха сихха д1аелира, к1ант шена дуьхьал вист ца хилча: – (26) Варийлахь, Муса, кхин цкъа а дага ма даийталахь иза. (27)Къола дар дика г1уллакх дац. (28)Бусалба динехь дихкина иза, нохчийн г1иллакхехь оьзда дац иза. (29)Хьо хьенан х1ун лачкъо воллура? (30)Кхузара бахархой а ма бу, шайна дита а, вайна дала а доцуш.
– (31)Ас неханиг лачкъор яц, ткъа колхозаниг лачкъор ю, – халла вистхилира Муса.
– (32)Цуьнан х1ун башхо ю? (33)Колхоз а, пачхьалкх а адамийн ю. (34)Дерриге а ду адамийн къинхьегамца 1а1ийна. (35)Т1ехула т1е, колхозо а, пачхьалкхо а до вайна г1о. (36)Варийлахь, мегар дац хьуна! (37)Иэхь ду хьуна иза.
(38)Да, ойлане а ваьлла, цхьана ханна вист ца хуьлуш сецира.
– (39)Гой хьуна, Муса, цхьа де цхьаьнгахь ца лаьтта. (40)Х1ара пачхьалкх вайн ц1а ду, ткъа х1окхунна чохь деха къаьмнаш цхьа нана-доьзал бу. (41)Йиша-вешех цхьанна цхьа бохам, цхьа халахетар хилча, биснарш цунна г1оьнна, цуьнан догъэца г1урту. (42)Иштта шайн ницкъ ма-кхоччу вайна г1о дан г1ерташ, вайн лазамна дарба лоьхуш лела кху мехкан къаьмнаш а. (43)Царна ямарт хилча, нийса хир дуй? (44)Иэхь ма ду иза. (45)Далла а, 1едална а хьалха г1иллакх доцург ма ду ахь дагалаьцнарг. (46)Сатоха деза, собаре хила веза, Муса.
(Айдамиров А.1.)
2-14 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). |
2 |
«Х1ун бахьана дара Мусана къола дан дагадаран?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
Муса къола дан 1емина вара.
Дас 1амийнера Муса къола дан.
Да мацалла ца валийта г1ертара Муса.
Мусана ца хаьара хьарам, хьанал къасто.
Жоп _____________________________________________________
3 |
Меттан суртх1отторан г1ирс–метафора шеца йолу предложени билгалъяккха.
Х1инца болх бийр бу бохург хьехочохь а дацара.
Т1аьхь-т1аьхьа г1еллуш, мажлуш, к1елвуьсуш лаьтта шен къена да гича, дог дешара цуьнан.
Х1инца, къола ца дича, кхин некъ бацара к1елхьарвала.
Со къена ву, хьо жима ву.
Жоп _____________________________________________________
4 |
42-45-чуй предложенешкара чолхе дош схьаязде.
Жоп __________________________________________________
5 |
3,4-чуй предложенешкара дешхьалхенан г1оьнца кхолладелла дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
6 |
35-чу предложенера «г1о» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.
Жоп ______________________________________________________
7 |
6,7-чуй предложенера лааме причасти схьаязъе.
Жоп____________________________________________________
8 |
16-чу предложенин грамматически лард схьаязъе.
Жоп ______________________________________________________
9 |
33-35-чуй предложенешкара цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп_____________________________________________________
10 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар къастош х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Да, ойлане а ваьлла, цхьана ханна вист ца хуьлуш сецира.
– Гой хьуна,(1) Муса,(2) цхьа де цхьаьнгахь ца лаьтта. Х1ара пачхьалкх вайн ц1а ду,(3) ткъа х1окхунна чохь деха къаьмнаш цхьа нана-доьзал бу. Йиша-вешех цхьанна цхьа бохам,(4) цхьа халахетар хилча,(5) биснарш цунна г1оьнна,(6) цуьнан догъэца г1урту.
Жоп______________________________________________________
11 |
26-28-чуй предложенешкара чолхе предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп______________________________________________________
12 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Айдардош билгалдеш х1оттийначу ц1оьмалган терахь схьаязде.
Варийлахь,(1) мегар дац хьуна! Иэхь ду хьуна иза.
Да,(2) ойлане а ваьлла,(3) цхьана ханна вист ца хуьлуш сецира.
– Гой хьуна,(4) Муса,(5) цхьа де цхьаьнгахь ца лаьтта. Х1ара пачхьалкх вайн ц1а ду,(6) ткъа х1окхунна чохь деха къаьмнаш цхьа нана-доьзал бу.
Жоп______________________________________________________
13 |
33-чу предложенера сказуеми схьаязде.
Жоп______________________________________________________
14 |
13-15-чуй предложенешкара хенан латтам схьаязбе.
Жоп______________________________________________________
3 дакъа
| 2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехат т1ехь 15.1, 15.2 я 15.3 т1едилларех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан номер:15.1, 15.2 я 15.3. | |
|
| |
15.1 |
|
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, Ш.И. Абдуразаковн «Нохчийн мотт башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна ю. Оцу жовх1арех бу ойланан муьлхха а аг1о гайта таро хуьлуьйту меттан суртх1отторан г1ирсаш» бохучу дешнийн маь1на а достуш. Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени д1айоло мегар ду Ш.И. Абдуразаковн дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. ... Авторан дешнашца реза ца хила хала ду ...
2. Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, айса ешначу текстера ... предложенера ... масал далор ду.
3. Текстан ... предложенехь ... кхин цхьаъ ...
4. Вайн таро ю жам1 дан ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.2 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенин маь1нах: «Х1ара пачхьалкх вайн ц1а ду, ткъа х1окхунна чохь деха къаьмнаш цхьа нана-доьзал бу».
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Суна хетарехь, х1окху кийсакан коьрта ойла иштта ю ...
2. Текстан авторна хетарехь, х1окху кхетамо духе кхиаво ...
3. Лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш, ала лаьа ...
4. Текстера далийначу масалша т1еч1аг1до ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.3 |
Муха кхета хьо ХЬАРАМЛО бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Дахарехь хьарамлонах ларвалар» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Хьарамлонах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг - хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
Хьарамло – иза ...
1. Сан кхетамехь, ...
2. Автора (авторан ц1е) вайна ... предложенешкахь гойту ...
3. Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, айса ялийна ойла т1еч1аг1ъян лаьа ...
4. Вайна ма-гарра, ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
8 ВАРИАНТ
1 дакъа
Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехата т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде. Цкъа хьалха т1едилларан номер д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх. |
Хаттарш:
Стенах дуьзна ду х1ара дуьне?
Адамна, къинхетам беш, Дала х1ун делла?
Х1ун т1едиллина вайна Дала?
Стенца гучуболу къинхетам?
Ахь хьайна дитинчух х1ун хир ду?
2 дакъа
Текст д1а а еший, 2-14 т1едахкарш кхочушде. |
(1)Оцу шарахь еанчу б1аьста г1а а, заза а ца хийцира малхбасерчу муьргийн дитто…
(2)Иза дара пхи-ялх шо хьалха. (3)Цомгаш а хилла, к1елйисинера Илесан денана, къена Хурма. (4)Юучух дог даьллера. (5)Халла бен ца айалора меттара хьала а.(6) Кхоьлина, чубоьжнера цуьнан эсала ши б1аьрг. (7)Вуьшта а хебаршка яханчу юьхь т1ехь цхьа чкъор бен ца диснера.
(8)Илес чуваьлча, хазахетий, елалора Хурма.
–(9)Схьавоьл, бабиниг. (10)Схьахетарехь, баба муха 1аш ю, хьажа веана хьо?
(11)Дененан г1айби к1ел д1алачкъабой гуттар а я 1аж, я кхор, я кхин цхьа мерза х1ума хуьлура.
–(12)Х1ан, бабиниг, вало, ловза г1о х1инца. (13)Хьан соьца к1езиг самукъадер ма ду.
(14)Цхьана юккъехь Хурма гуттар а ч1аг1ъелира. (15)Халла бен йист а ца хилалора. (16)Юучух д1ахаьддера. (17)К1аргъеллачу гуьйренан хенахь дара иза. (18)Даккъашкарчу хьаннийн г1а дерриге а охьадоьжнера. (19)«Дуьххьара ло деана де х1инца 1аьнан ду-кха», – олура баккхийчара.
(20)Шийла елахь а, екхна 1уьйре яра. (21)Ша школе вахале, гуттара а санна,чувеара Илес шен денана йолчу.
–(22)Баба, г1оли ца хета хьуна?
–(23)Г1оли ю суна-м, бабийниг, – халла йистхилира Хурма. (24)Т1аккха, г1ийла ела а къежна, хаьттира к1анте:
–(25)Илес, хьуна вайн шовданан тог1и чухула жимма хьалавахча, малхбасехь цхьа муьргийн дитт гиний?
–(26)Х1аъ, гина, – аьшпаш боьттира к1анта, шен цу диттан тидам ца хиллашехь.
–(27) Цу дитта т1ехь х1окху хенахь ц1арула – ц1ен, горга, ша-тайпа чам а болуш, муьргаш хуьлура. (28)Цу муьргийн цхьа курс яхьа суна, хьуо доьшучуьра ц1а веъча.
–(29)Дика ду! – араиккхира Илес.
(30)Делкъахан хиллалц а ца 1аш, ведда вахана, муьргийн курсаш еара Илеса денанна.
(31)Цу гурахь Хурмина мелла а г1оли хилира. (32)Цул т1аьхьа кхаа шарахь гергга ехира иза. (33)Илес тешна вара х1етахь иза цу муьргаша тойина хиларх. (34)Хийла б1аьрг тухура к1анта цу муьргийн диттах, ша аьхкенан заман чохь тог1и чу лийча а, ч1ерий леца а мел воьду. (35)Кхин цхьа а бахьана ца хилча, лорре цу дитте б1аьрг а тухуш, дагна аьхначу 1аламе б1аьрг бетташ, лела а воьдура. (36)Шен денана дагайог1ура диттах б1аьрг ма-кхийттинехь. (37)Ч1ог1а хьоме а хетара и дитт.
(Нунуев С.-Хь.М.)
2-14 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). |
2 |
«Х1ун бахьана дара Илеса шен денанна харцдерг дийцаран?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
Илес кхоьрура денанас ша човхорна.
Шен тидам цахилар нисдан г1ертара Илес.
Денанна халахетийта ца лаьара Илесана.
Илеса цкъа а бакъдерг ца дуьйцура.
Жоп _____________________________________________________
3 |
Меттан суртх1отторан г1ирс–фразеологизм шеца йолу предложени билгалъяккха.
Иза дара пхи-ялх шо хьалха.
Хийла б1аьрг тухура к1анта цу муьргийн диттах, ша аьхкенан заман чохь тог1и чу лийча а, ч1ерий леца а мел воьду.
Даккъашкарчу хьаннийн г1а дерриге а охьадоьжнера.
Халла бен йист а ца хилалора.
Жоп _____________________________________________________
4 |
20-22-чуй предложенешкара чолхе дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
5 |
17-19-чуй предложенешкара дешхьалхенан г1оьнца кхолладелла дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
6 |
11-чу предложенера «гуттар» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.
Жоп ______________________________________________________
7 |
28-чу предложенера билгалдош схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
8 |
32-чу предложенин грамматически лард схьаязъе.
Жоп ______________________________________________________
9 |
10-12-чуй предложенешкара цхьанатайпанарчу меженашца йолчу предложенин терахь схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
10 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар билгалдеш х1оттийначу ц1оьмалган терахь схьаязде.
Т1аккха,(1) г1ийлла ела а къежна,(2) хаьттира к1анте:
–Илес,(3) хьуна вайн шовданан тог1и чухула жимма хьалавахча,(4)малхбасехь цхьа муьргийн дитт гиний?
–Х1аъ, (5)гина,(6) – аьшпаш боьттира к1анта,(7) шен цу диттан тидам ца хиллашехь.
Жоп_______________________________________________________
11 |
19,20-чуй предложенешкара чолхе предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
12 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Юкъадало дош къастош х1оттийначу ц1оьмалган терахь схьаязде.
Илес чуваьлча,(1) хазахетий,(2) елалора Хурма.
– Схьавоьл,(3) бабиниг. Схьахетарехь,(4) баба муха 1аш ю,(6) хьажа веана хьо?
Дененан г1айби к1ел д1алачкъабой гуттар а я 1аж,(7) я кхор,(8) я кхин цхьа мерза х1ума хуьлура.
Жоп_______________________________________________________
13 |
25-чу предложенера сказуеми схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
14 |
4,5-чуй предложенешкара лач кхачам схьаязбе.
Жоп_______________________________________________________
3 дакъа
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 15.1, 15.2 я 15.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан номер:15.1, 15.2 я 15.3. |
15.1 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, Л.Н. Толстойн «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь» бохучу дешнийн маь1на а достуш.
Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени д1айоло мегар ду Л.Н. Толстойн дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. ... Яздархочун дешнашца реза ца хила хала ду ...
2. ...Масала, ... предложенехь ...
3. Текстан ... предложенехь ...
4. Вайна ма-гарра, ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.2 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенин маь1нах: «Кхин цхьа а бахьана ца хилча, лорре цу дитте б1аьрг а тухуш, дагна аьхначу 1аламе б1аьргбетташ, лела а воьдура». Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Текстера еллачу кийсакан маь1на ду ...
2. Аьлларг т1еч1аг1дархьама, хьовсур вай предложенешка ...
3. Ткъа шолг1а ойла т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай юха а тексте.
4. Дерзорехь билгалдоккху ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.3 |
Муха кхета хьо БЕЗАМ бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Баккхийчаьрга безам» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Безамах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, 2 масал-т1е-ч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг– хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
Безам – иза ...
1. Суна хетарехь, ...
2. Х1окху текстан авторан 1алашо яра ...
3. И тезис т1еч1аг1ъеш, сайн дахарехь зеделлачух масал далор ду ...
4. Ойла йинчул т1аьхьа вайна билгалдолу ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
9 ВАРИАНТ
1 дакъа
Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехата т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде. Цкъа хьалха т1едилларан номер д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх. |
Хаттарш:
Стенах дуьзна ду х1ара дуьне?
Адамна, къинхетам беш, Дала х1ун делла?
Х1ун т1едиллина вайна Дала?
Стенца гучуболу къинхетам?
Ахь хьайна дитинчух х1ун хир ду?
2 дакъа
Текст д1а а еший, 2-14 т1едахкарш кхочушде. |
(1)Цхьана дийнахь ши йиша вовшашца къамеле елира. (2)Жимахйолчу йишас шен йише хаьттира:
– (3)Лууш дерг х1уъа а хуьлуш хилча, ахь х1ун доьхур дара?
(4)Цуьнан йишас цуьнга элира:
– (5)Ас дикалла а, хьекъал а доьхур дара, цуьнца цхьаьна тешаме а, догц1ена а, къинхетаме а, хьекъале а доьзал а, доьзалан да а, тешаме а, къинхетаме а ц1ийнда а воьхур вара.
(6)Жимачу йишас йоккхачуьнга элира:
– (7)Со реза яц ахь бохучунна. (8)Ас бахам а, хазалла а, хьал а доьхур дара. (9) Цуьнца цхьаьна хьалдолу, вехаш волу ц1ийнда а воьхур вара.
(10)Йоккхачу йишас т1аккха элира:
– (11)Хьо бакъ яц, х1унда аьлча, хьоло стаг атта 1ехаво, шозлаг1а-делахь, иза, куьйга т1е лоцу мода санна, х1ума ду, цкъа хуьлуш, т1аккха ца хуьлуш, кхозлаг1а - делахь, хьоло стаг сонтаваккха а, коча 1амо а тарло. (12)Нохчийн кица ду, мискалла лан-м хала дацара, хьал лан ду-кх хала бохуш. (13)Хьуна лаахь, нанас х1ун олу а хьожур ю вайша… (14)Сайна хетарг ас хьоьга аьлла, ненах дагаяла а мегар ду вайшиъ.
(15)И шиъ шайн нана йолчу чуяхара цуьнга иза хатта дагахь. (16) Нене ма-дарра, шаьшшимма ма-дийццара, д1адийцира цу шимма. (17)Т1аккха нанас элира шен шина йо1е:
– (18)Сан ши йо1, ас дагахь ма-дду ц1ена бакъдерг эр ду шуьга. (19)Шуьшиннах йоккханиг нийса лоь, ткъа жимахъерг нийса ца кхета цунах, цундела, сан жима йо1, хьо г1алат ю, х1унда аьлча хьолах а, хазаллех а дан х1ума дац, къинхетаме а, тешаме а, ц1ена а дог долуш стаг вацахь.
(20)Цул т1аьхьа масех шо а делира, ши йиша маре а яхара, цхьаъ цхьана юьрта, важа кхечу эвла.(21) Йоккханиг къен а, хьекъал долуш а, къинхетаме а, тешаме а волчу стаге яханера, жимахъерг хьалдолчу, оьг1азечу, курачу стаге нисъеллера.
(22) Жимахйолу йиша, хьалдолчу доьзалехь хиллехь а, сиха къанъяла юьйлира, ткъа йоккхахъерг ч1ог1а къинхетаме а, оьзда а, хьекъал долуш а, тешаме а волчу ц1ийндас, цхьа а хало ца гойтуш, къа а хеташ, терго еш дика лелорна, къан ца луш, жима лаьтташ яра.
(23)Д1айоьдуш зама а яра. (24)Кхин а масийтта шо делира. (25)Цхьана дийнахь нана йолчу еанера йоккхахйолу йо1.(26) Иза къона лаьтташ а, хаза а яра. (27)Наний, йо11ий вовшех йоккхайийна а ца йолуш, вовшийн гина хаза а хеташ, вовшашца къамеле яьлла 1аш, царна корехула гира уьйт1а йог1у зуда. (28)Иза йоккха а, тишъелла а, г1ийла а хетара. (29)Нанна моьттира иза саг1а доьхуш лела йоккха стаг ю. (30)Цундела цо йо1е элира:
– (31)Араялий хьажахьа, йо1, цу мискачу зудчунна саг1ина х1ума кховдаехьа, – аьлла.
(32)Йо1 ара а елира, иза ч1ог1а цец а елира, шен йиша шена евзича. (33)Цуьнан йиша ч1ог1а аз а еллера, эрча а яьллера, йоккха а хиллера. (34)Цуьнга хьаьжча, йишин б1аьргех хи делира. (35)Йоьлхуш цунна мара а иккхина, чуйигира йишас шен йиша. (36)Шен г1ийла йо1 евзина, цунах дог лозуш, нана а йилхира. (37)Эххар а нанас шен эрчаяьлла, къанъяла йоьллачу жимахйолчу йо1е элира:
– (38)Сан г1ийла, декъаза йо1, дагадог1ий хьуна ашшимма соьга, вовшашца къовса а къевсина, цхьа х1ума хаьттина. (39)Хьол йоккхахйолчу хьан йишас хьоьга х1етахь аьлларг нийса а, хьекъале а дара. (40)Хьо нийса а, дика а ца кхетара цунах. (41)Стеган ц1ена а, тешаме а, къинхетаме а дог дацахь, цуьнан бахамах а, я хьолах а, я цуьнан хазаллех а дан х1ума дац. (42)Стеган дог хаза дацахь, цуьнан дег1ан хазаллех а дан х1ума дац. (43)Цуьнан дог а, дег1 а хаза делахь, т1аккха и хазалла оьзда а, дика а бакъ хазалла ю. (44)Дуьненахь уггаре а тоьлла хазалла–иза деган хазалла ю, адамалла долуш, къинхетаме дог долуш хиларан а, адамийн оьздангаллин а, г1иллакхан а хазалла ю. (45)Хаа деза хазалла гуттаренна а цахилар, иза сарралц бен йоций, ц1ена дог, тешаме доттаг1алла, лаьтта т1ехь адамалла долуш хилар, адаме болу безам – иза гуттаренна а хилар, иза доза доцуш хилар.
(Халкъан барта кхолларалла)
2-14 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). |
2 |
«Жимах йолу йиша дакъазъяларан х1ун бахьана дара?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
Шен бахам ца тоьара жимахйолчунна.
Шен къоналлех 1ехаеллера жимахъерг.
Жимахъерг хьалдолчу, амма оьг1азечу, курачу стаге нисъеллера.
Жимахъерг саг1а доьхуш леллера.
Жоп _____________________________________________________
3 |
Меттан суртх1отторан г1ирс–дустар шеца долу предложени билгалъяккха.
1) Ас бахам а, хазалла а, хьал а доьхур дара.
2) Хьо бакъ яц, х1унда аьлча хьоло стаг атта 1ехаво, шозлаг1а-делахь, иза куьйга т1е лоцу мода санна х1ума ду, цкъа хуьлуш, т1аккха ца хуьлуш.
3) Хьуна лаахь, нанас х1ун олу а хьожур ю вайша.
4) Нохчийн кица ду, мискалла лан-м хала дацара, хьал лан ду-кх хала бохуш.
Жоп _____________________________________________________
4 |
40-42-чуй предложенешкара чолхе дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
5 |
12-15-чуй предложенешкара дешхьалхенан г1оьнца кхолладелла дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
6 |
26-чу предложенера «къона» бохучу дашна антоним ялае. Д1аязъе иза.
Жоп ______________________________________________________
777 7 |
14-чу предложенера лааме причасти схьаязъе.
Жоп_______________________________________________________
8 8 |
2-чу предложенин грамматически лард схьаязъе.
Жоп ______________________________________________________
9 |
33-35-чуй предложенеш юкъара цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
10 10 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар къастош х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Араялий хьажахьа,(1) йо1,(2) цу мискачу зудчунна саг1ина х1ума кховдаехьа,(3) – аьлла.
Йо1 ара а елира,(4) иза ч1ог1а цец а елира,(5) шен йиша шена евзича. Цуьнан йиша ч1ог1а аз а еллера,(6) эрча а яьллера,(7) йоккха а хиллера. Жоп_______________________________________________________
11 11 |
32-34-чуй предложенешкара чолхе предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп_______________________________________________________
13 12 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Юкъадало дешнаш къастош х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Йоккхачу йишас т1аккха элира:
– Хьо бакъ яц,(1) х1унда аьлча хьоло стаг атта 1ехаво,(2) шозлаг1а-делахь,(3) иза куьйга т1е лоцу мода санна х1ума ду,(4) цкъа хуьлуш,(5) т1аккха ца хуьлуш,(6) кхозлаг1а-делахь,(7) хьоло стаг сонтаваккха а,(8) коча 1амо а тарло.
Жоп_______________________________________________________
12 13 |
8-чу предложенера подлежащи схьаязде. Жоп_______________________________________________________
14 14 |
40-чу предложенера лач кхачам схьаязбе.
Жоп_____________________________________________________
3 дакъа
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехат т1ехь 15.1, 15.2 я 15.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан номер:15.1, 15.2 я 15.3. |
15.1 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, Л.Н. Толстойн «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь» бохучу дешнийн маь1на а достуш.
Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени д1айоло мегар ду Л.Н. Толстойн дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. … Цу т1ехь авторца реза ца хила йиш яц …
2. Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, айса ешначу текстера … предложенера масал далор ду.
3. Автора шен текстан … предложенехь меттан г1ирсах … пайдаоьцу.
4. Вайн т1еч1аг1дан йиш ю …
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.2 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенин маь1нах: «Стеган ц1ена а, тешаме а, къинхетаме а дог дацахь, цуьнан бахамах а, я хьолах а, я цуьнан хазаллех а дан х1ума дац».
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Суна хетарехь, автор ешархошка тидам байта г1ерта …
2. Сайн жам1аш т1еч1аг1деш, … предложенера (-шкара) масал далор ду ас.
3. … предложенино (ша) т1еч1аг1йо ойла …
4. Дерзорехь билгалдоккху …
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.3 |
Муха кхета хьо ДЕГАН ХАЗАЛЛА бохучу дешнийн цхьаьнакхетаран маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Адаман деган хазалла» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Деган хазаллех лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе:цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг- хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
Деган хазалла – иза …
1. Х1окху дешнийн маь1нах со иштта кхета …
2. Текстан автора вайга ойла йойту …
3. Балийначу кхетамах лаьцна сайна хетарг олуш, билгалдаккха лаьа …
4. Айса йинчу ойланийн жам1 деш, ала лаьа …
Магадо: ялийна клишеш хийца.
10 ВАРИАНТ
1 дакъа
Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехата т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде. Цкъа хьалха т1едилларан номер д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх. |
Хаттарш:
1. Дайн орамашкара дуьйна схьадог1уш муха г1иллакх ду вайн?
2. Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь х1ун ду?
3. Маца 1ама веза стаг оьзда мотт бийца?
4. Х1ун ю оьзда мотт?
5. Стенах ларвала г1о до оьздачу матто?
2 дакъа
Текст д1а а еший, 2-14 т1едахкарш кхочушде. |
(1)Автобус д1асацийча, боккха аьтто баьлла хьийзара долахь машенаш ерш. (2)Х1ора дийнахь санна, т1етухура цара мах.
(3) Цхьана шийлачу дийнахь суьйренца ц1а ван дагахь ваьлла со а ву, со санна, дуккха а нах бу. (4)Эццахь еана схьаиккхин, хьуна, цхьа къона зуда. (5)Т1едуьйхина, шелонга хьаьжча, ледаро барзакъ а ду кхуьнан.
– (6) Шуьйта воьдуш цхьа а вац шух? – хаьттира цо долахь машенаш йолчаьрга.
–(7)Ву со-м, х1ун бохура ахь?- вистхилира царех цхьаъ, хенаро стаг, дукха варстарна даьтта т1е а даьлла йолчу шен юьхьах куьг а хьокхуш.
–(8)Деллахь, ма ц1а кхача езаш яра со.
–(9) Юьгур ю-кх, ахча лахь.
–(10) Мел дала деза?
–(11) Мел ца мел хаац суна, тхан мах цхьанна т1ера 5 сом бу. (12)Хьайца кхин кхо накъост а лахий, схьайола.
– (13)Пхи сом? (14) Соьгахь-м кхо сом бен дан а дац. (15) Ц1ерачарна а ца хоуьйтуш, тахана больницера араяьлла со, – г1ийло эли зудчо.
–(16) Пхи сом дац?.. (17)Пхи сом доцуш, хьо х1унда яьлла Шуьйта яха, дуй? (18)Пхи сом дацахь, хьайн больнице д1а а яхана, д1айижча тоьла хьуна, дуй, т1ехьаьжча а, ю хьо беса, вахь-хьа-хьа, – велавелла, ша аьллачух ч1ог1а там хилла, ирх хьийзина мекхаш кхин т1е а хьовзийра вукхо.
(19)Деллахь, къонах, хьо Шуьйта хьалакхаьчча, аса итт туьма а лур дара хьуна. (20)Ц1ахь кегий бераш дара сан, царна сагатделла йоьдура со.
–(21)Э, д1аяла, цунах г1уллакх хир дац, – машенан багажник хьала а йиллина, цу чу корта а боьллина, цхьаъ леха х1оьттира важа. – (22) Бераш, дуй, хилар дика ду. (23) Сан а ду бераш. (24) Берашна, дуй, са ма гатде ахь, майра вац хьан ц1ахь, цо 1алашдийр ду хьуна.
(25) Уллорчу нахах цхьаберш шайна ца хезачуха лаьттара; вуьйш, кху зудчух къахеташ, делахь а вукхуьнга х1ума ала ца х1уттуш, лаьттара. (26) Дуьххьара дуьйна и зуда тергалъеш лаьтташ со а вара, иштта, оцу шопарна т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш, лаьттара Сайд-Хьамидан к1ант Леча. (27)Цуьнан кхохкийначу юьхье хьаьжча, хаьара иза ч1ог1а оьг1азвахана хилар.
(28) Т1аьххьара а – кхин сатохаделла хир дацара цуьнга – т1е а вахана, багажник чу охьатаь1на волу шопар хьала а та1ийна:
– (29)Кху машенан мах х1ун бу хьан? – хаьттира цо.
(30)Ши туьма доккху- кх веанна т1ера, дуй, – мекхех куьг хьаькхира шопаро.
– (31)Делахь, х1ара ши туьма ду хьуна, и зуда ц1а кхетаехьа, – кисана куьг а дахийтина, шина туьманан ц1ен ши кехат кховдийра Лечас. (32) Лечас шега оццул эвхьаза аларна, ла ца делла:
–(33) Ца кхетайо ас, – элира цо.
–(34) Х1унда ца кхетайо ахь?
–(35) Иштта, аса ца кхетийча, х1ун дан воллура хьо? – шен иштта а т1едаьлла ге кхин т1е а даьккхина, вусавелла, борг1ал санна, д1ах1оьттира важа.
–(36)Хьуна дан х1ума а дац, амма, ахьа дуу х1ара дуьне ца дууш, саг1а дехар г1оли ю хьуна, ге хиларх ца хуьлу къонах.
–(37) Деллахь, къонах, соьга хьалайигийтахьа и зуда, аса юьгур ю иза Шуьйта, – элира цхьаммо.
–(38) Аса кхетор ю иза Шуьйта д1а, – элира кхин цхьамма а.
–(39)Деллахь, кхетор яц, х1ара ши туьма д1а а ца оьцуш-м.
–(40) Х1ан-х1а, ца оьшу, – дуьхьалвелира шопар.
–(41) Аса дуй биъний, д1аэцал.
– (42)Валлах1, ца оьцу-кх, д1авала. (43) Х1ара-м доккха х1ума дацара, схьаяло, зуда, чухаа, кхин а даккхий х1уманаш делара аса дан дезаш…
–(44) Деллахь, к1ант, суна эхь хетийти ахь. (45) Дела реза хуьлда хьуна, баркалла. (46) Хьо мичхьара ву а, хьайн ц1е х1ун ю а, схьадийцахьа суна, – элира зудчо Лечига.
–(47) Сан ц1арах дан х1ума дац ахь. (48)Хьан некъ дика хуьлда, – аьлла, иза хьала а хьажийна, д1авахара хьуна и к1ант.
(49) Долчуьнгахь ду хьуна г1иллакх а, хьекъал а, эхь – иман а, доцчуьнгахь – дац…
(Ахмадов М.М.)
2-14 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). |
|
2 |
«Кхоалг1а волчу шопаро зуда Шуьйта д1акхеторан х1ун бахьана дара?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
Шопаро шена ахча даларе сатуьйсура.
И зуда евзаш яра шопарна.
Шопаран оьздангалла яра иза.
Шех тамаша байта г1ертара шопар.
Жоп _____________________________________________________
|
Меттан суртх1отторан г1ирс–дустар шеца долу предложени билгалъяккха.
1) Эццахь еана схьаиккхин, хьуна, цхьа къона зуда.
2) Ц1ахь кегий бераш дара сан, царна сагатделла йоьдура со.
3) – Иштта, аса ца кхетийча, х1ун дан воллура хьо? – шен иштта а т1едаьлла ге кхин т1е а даьккхина, вусавелла, борг1ал санна, д1ах1оьттира важа.
4) Хьо мичхьара ву а, хьайн ц1е х1ун ю а, схьадийцахьа суна, - элира зудчо Лечига.
Жоп _____________________________________________________
4 |
20,21-чуй предложенешкара чолхе дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
5 |
44-47-чуй предложенешкара дешхьалхенан г1оьнца кхолладелла дош схьаязде.
Жоп _____________________________________________________
6 |
4-чу предложенера «къона» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.
Жоп ______________________________________________________
7 |
Жоп_______________________________________________________
8 |
34-чу предложенин грамматически лард схьаязъе.
Жоп ______________________________________________________
9 |
47-49-чуй предложенеш юкъара цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп_______________________________________________________
10 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Т1едерзар билгалдеш х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
– Деллахь,(1) кхетор яц,(2) х1ара ши туьма д1а а ца оьцуш-м.
– Х1ан-х1а,(3) ца оьшу,(4)- дуьхьалвелира шопар.
– Аса дуй биъний,(5) д1аэцал.
– Валлах1,(6) ца оьцу-кх,(7) д1авала. Х1ара- м доккха х1ума дацара,(8) схьаяло,(9) зуда,(10) чухаа,(11) кхин а даккхий х1уманаш делара аса дан дезаш…
Жоп______________________________________________________
11 |
19,20-чуй предложенешкара чолхе предложени схьалаха. Оцу предложенин терахь д1аязде.
Жоп_______________________________________________________
12 |
Ешначу текста юкъара лахахь ялийначу предложенешкахь ерриге а ц1оьмалгаш терахьашца билгалйина ю. Айдардош билгалдечу ц1оьмалган терахь схьаязде.
– Э,(1) д1аяла, (2 )цунах г1уллакх хир дац,(3) - машенан багажник хьала а йиллина,(4) цу чу корта а боьллина,(5) цхьаъ леха х1оьттира важа.
– Бераш,(6) дуй,(7) хилар дика ду. Сан а ду бераш.
Жоп_______________________________________________________
13 |
12-чу предложенера сказуеми схьаязде.
Жоп_______________________________________________________
14 |
44-чу предложенера лач кхачам схьаязбе.
Жоп_______________________________________________________
3 дакъа
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 15.1, 15.2 я 15.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан номер:15.1, 15.2 я 15.3. |
15.1 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, П.К. Усларан «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу» бохучу дешнийн маь1на а достуш.
Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени д1айоло мегар ду П.К. Усларан дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Суна хетарехь, ... Тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай ...
2. Авторо меттан суртх1отторан г1ирс гойтучу ... предложенин масалца т1еч1аг1дан йиш ю и ойла нийса хилар.
3. Ткъа ... предложенехь ...
4. Текстера масалшка хьаьжча, ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.2 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенин маь1нах: «Долчуьнгахь ду хьуна г1иллакх а, хьекъал а, эхь-иман а, доцчуьнгахь – дац…».
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Текстан т1аьххьарчу мог1анех со иштта кхета ...
2. Шен текстехь авторан (авторан ц1е) 1алашо ю ...
3. Х1окху тезисан нийса хилар текстера ... предложеница (-шца) т1еч1аг1до вай.
4. Вайна ма-гарра, ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
15.3 |
Муха кхета хьо Г1ИЛЛАКХ бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Муха хила веза г1иллакхе стаг?» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Г1иллакхах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг - хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
Г1иллакх – иза ...
1. Сан кхетамехь ...
2. Текстан авторна хетарехь ...
3. Х1окху кхетамах лаьнца сайна хетарг олуш, билгалдаккха лаьа ...
4. Лакхахь аьллачун т1ера билгалдолу ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
© 2023, Бацаева Хеда Сальмирзаевна 1769 0