Нохчийн мотт- 2кл
1 урок
Терахь:
Урокан ц1е: 1амийнарг карладаккхар. Предложени.
1алашо:1-чу классехь 1амийнарг карладаккхар, предложенех, дешнехнийсакхетамбалар. Къамелехь предложени схьакъасто хаар, йозанехь предложени билгалъяккха 1амор. Ойлане, тидаме хила 1амор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду, предложени кхочуш хилла яьлла ойла гойту дешнаш дуй, хуур ду суьртийн г1оьнца, шайна гинчух пайда а оьцуш, предложенеш х1итто; берашна 1емар ду предложени дешнашка екъа, хуур ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1аллица болх бан. Иштта евзар ю, гур а ю нохчийн меттан хазалла.
Урок д1аяхьар.
I.Маршалла хаттар.
II. Ойла т1еерзор.
Марша дог1ийла шу, сан хьомебераш!
Мел хаза ду шу массо а!
Вайшуьца д1ахьур бу бес-бесарабелхаш,
Тидаме хила шу хьовсалаш!
III. Керлачу 1аматах лаьцнакъамел дар.
Хьехархо:
-Тахана вай шуна керла 1амат (учебник) йовзуьйтур ю. Хьовсал х1ун ю цуьнан ц1е? (Нохчийн мотт)
-Муьлш бу цуьнан авторш? Д1аешал церан ц1ераш? (Солтаханов Э.Х)
-Нохчийн мотт хьенан мотт бу? (Нохчийн къоман)
-Дукха дуй дуьненчохь къаьмнаш? Стенца къастало уьш вовшех? (Буьйцучу маттаца)
-Вай муьлхачу маттахь до къамел? (Нохчийн маттахь)
-Иштта ц1е хир ю вайн урокан а. Нохчийн меттан урокашкахь вай 1амор ду нохчийн мотт нийса бийца а, цу маттахь йоза нийса яздан а. Аша яздийр ду вайн Даймахках, шайн г1уллакхех, лаамех лаьцна. Х1ара учебник шуна, шолг1ачу классан дешархошна, язйина ю. Цо шуна йовзуьйтур ю ненан меттан хазалла а, дикалла а.
-Хьовсал 1амат т1е. Х1орш х1ун ю? (Шардаршду).
-Нийса боху. Амма вайна хаа деза х1ора шардаршен –шен бакъонаш йолуш хилар. И кхочуш дархьама цуьнан бакъонаш еша еза.
-Х1орш х1ун ю? (Суьрташ)
-Суьрташа вайна г1о дийр ду нохчийн мотт нийса бийца.
-Цул совнаха цара вай 1амор ду талламан белхаш бан, изложенеш, сочиненеш, т1ера схьаязъярш кхочуш дан.
-Х1окху 1аматца белхан тептар а ду. Иза вайн къамел кхиорна лерина ду. Ненан мотт дика хаа а,1амо а безавай. Йозаяздар ц1ена а, нийса а хила деза.
IV. Ц1ена яздар.
Х1етал-метал хаийла шуна:
Ду и тамашена г1утакх,
Кхочуш до цо доккха г1уллакх,
1алашдо цо нохчийн элпаш-
Уьш дагардан тоац п1елгаш.
Х1ора элпан ю шен к1ара,
Цу чуьра и далац ара.
Х1ора элпан ду шен амат-
Олу цунах, бераш, …. (абат).
-Абат х1ун ю хьан эр дара аша? (берийн жоьпаш)
- Муьлхачу элпаца долало АБАТ дош? (Аа)
-Ц1ена а, хаза а яздарца муьлха элп карладоккхур ду вай тахана?(Аа)
АаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАаАа
V.Керла тема хьехар.
а) 1амийнарг карладаккхар.
-Бераш, вайшуьца 1-чу классехьаша 1амийнарг карладаккхаран болх д1ахьур бу.
-Хьан эр дара аш, х1ун 1амийра аша нохчийн маттах лаьцна? (берийн жоьпаш)
-Нохчийн меттан муьлха аьзнаш девза шуна? Маса тайпана хуьлууьш? (мукъа, мукъаза)
-Предложенеш х1итто 1емирий шу? Стенах лаьтташ хуьлу уьш?
- Ткъа дешнаш стенах лаьтта? (Аьзнех, элпех)
-Нийсабоху. Ткъа х1инца, бераш, суьрта т1ехь болх бан хьовсур ду вай.
аь)Суьрта т1ехь барта дийцар х1оттор - дозуш долу къамел кхиор.
-Бераш, хьан эр дара аш, х1ун де дусуьрта т1ехь гуш дерг? (1-ра сентябрь)
-Бераш х1ун дешду? (Школе г1уш ду)
-Х1ун ю берийнкарахь? (Берийн карахь зезагаш ду)
-Муха ю церан яххьаш? (Церан яххьаш самукъане ю)
-Суьрте хьуьйсуш вай ялийнарш х1ун яра? (Предложенеш)
-Схьа хьан юьйцур яра аш вай х1иттийна ериггепредложенеш?
-Стенна оьшу предложени? (Сайна гуш дерг д1аала)
-Х1ун гойту предложенино? (Кхочуш хилла яьлла ойла гойту)
-Д1адеша суьрта буха яздинарг. Уьш х1ун ю? (Предложенеш)
-Масапредложени ю цигахь?
- Текст ю ала мегар дуй и? Предложенеш маь1ница вовшех йозуш юй?
б) Шардар № 1 –г1а, аг1о 4. (Шимма цхьаьна бен болх)
-Бераш, х1инца вайбертахьцхьаьнаболхбан 1емар ду.
Лакхахьсуьрта т1ехь вайбинчубалхахпайда а оьцуш, 1-ра шардарйозананбалхацакхочушдийрдувай. И кхочушдархьама х1ун дан дезаэлиравай? (Т1едиллар дешадеза)
-Хьовсийвай т1едилларо х1ун боху? Хьанналаьа т1едиллар д1адеша?
-Бераш, вайгасуьртехьовсий, школа, класс, дешархо бохучу кхаа дашах лаьтта жима дийцар х1оттаде боху. И болх вовшех дага а довлуш, шимма цхьаьна банбеза. Шун болх чекхбаьлча, хаза хьан х1оттийна хьовсур ду вай.
(Тхан школа хаза ю. Тхо шолг1ачу классехьдоьшушду. Тхан классехь пхийтта дешархо ву.Суна хазахета школехь доьшуш.)
VI. Сада1аран миноташ
Жима Ваха г1отту
Мало йоцушхьала.
Мел хан яьлла, хотту,
Т1аккха йо зарядка.
Охьа-хьалате1а,
Ирх а кхийсало,
Цхьанаметтехь воду,
Х1умма а к1ад цало.
VII. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
Кхочушдо 2-г1а шардар.
Хаттарна жоьпаш а луш, дешархоша кхоллараллин болх д1ахьо.
VIII. Рефлекси.
-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?
-Суна евзикерла книга…
Суна вевзицуьнан автор…
Суна хиипредложени …
IX. Жам1 дар.
-Стенах лаьцна дийци вай тахана?
-Цакхеташ дисина х1умма а дуй?
-Х1ун дара халаниг?
X.Урокан мах хадор.
-Хаза хийтиншунавайн урок? Шайн карарчу смайликашца мах хадабе вайн урокан.
XI.Ц1ахь бан болх балар.Нана, г1ала, доттаг1-дешнашца кхо предложени х1оттае.