СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ
Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно
Скидки до 50 % на комплекты
только до 19.05.2025
Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой
Организационный момент
Проверка знаний
Объяснение материала
Закрепление изученного
Итоги урока
Подготовка к ОГЭ
8 ВАРИАНТ
Болх кхочушбаран инструкци
Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 т1едиллар а долуш.
Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).
1-чу декъана юкъадог1у цхьа т1едиллар. Иза ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладуг1у.
И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.
2-г1а дакъа лаьтта 7 т1едилларх (2-8). 2-чу декъан кхо т1едиллар кхочушдо ешначу текстан буха т1ехь.
2-8-чуй т1едахкарийн жоьпаш д1аяздо дешан (дешнийн цхьаьнакхетаран), терахьан, терахьийн хьалха-т1аьхьаллин кепехь белхан текстехь жоп яздан билгалйинчу меттехь.
Нагахь 2-чу декъан т1едахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна т1е сиз хьакхий, юххехь керла жоп д1аязде.
3-чу декъан т1едиллар кхочушдо 2-чу декъан 6-8-чуй т1едахкаршца айхьа болх беш ешначу текстан буха т1ехь.
3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.
И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.
Экзаменехь бакъо ло орфографически луг1атах пайдаэца.
Т1едахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик т1ехь дина йозанаш лоруш дац.
Ахь кхочушдинчу т1едахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху.
Хьайн ма-хуьллу дукха т1едахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.
Дала аьтто бойла!
1 дакъа
Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде. Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх. |
1 |
Тексте ла а дог1ий, жима йозанан болх кхочушбе.
Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, х1ора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.
Йозанан белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-ярра схьаязйина ладоьг1на текст елахь, оцу белхан ноль баллаца мах хадабо.
Жоьпаш терахьашца билгалдаха.
Хаттарш къаьстинчу кехата т1е схьаяздан ца оьшу.
Йозанан болх кхочушбе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Хаттарш:
1.Дайн орамашкара дуьйна схьадог1уш муха г1иллакх ду вайн?
2.Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь х1ун ду?
3.Маца 1ама веза стаг оьзда мотт бийца?
4.Х1ун ю оьзда мотт?
5.Стенах ларвала г1о до оьздачу матто?
2 дакъа
2-8 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). кхочушде. |
2 |
Синтаксически анализ.
Д1аеша текст.
(1)Дехьарчу, тхуна дуьхьаларчу лаьмнийн экханан к1омсарех тера баххьаш малхо, к1айн куйнаш техкича санна, серладаьхнера. (2)И серло, ламанан коьртах чухьоду дохк санна, т1аьхь-т1аьхьа чууьдура, массо а меттиг д1алоцуш. (3)Х1инца-м тхойша вог1у меттиг а яьллера ерриг а серла, малх т1екхоче яцахь а.(4)Наг-наггахь, когаш к1елара д1аоьккхий, тулг1ена хьесапехь цкъа лахлуш, юха айалуш, генна д1адовра цхьацца хьоза. |
Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.
1) малхо серладаьхнера (1-ра предложени)
2) чухьоду дохк (2-г1а предложени)
3) меттиг а яьллера (3-г1а предложени)
4) генна д1адовра хьоза (4-г1а предложени)
Жоп _______________________________________________________________________
3 |
Пунктуационни анализ.
Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Арахь б1аьстенан (1) т1аьххьара денош лаьттара. Ц1ен-можа богу и боккха малх (2) стигалхула шен беха некъ бина а баьлла (3) д1абуза кечлуш бара. Некъана аьтту аг1орхьа (4) г1овг1анца дог1уш доккха хи дара (5) делахь а некъаца цхьа нисъелла кхиъначу хьуьн юккъера схьахеза и тайп-тайпана (6) олхазарийн эшарш къар ца лора цуьнга.
Жоп ________________________________________________________________________
4 |
Синтаксически анализ.
Предложенера юкъадало дош схьаязде.
Цкъа цхьана девнехь цхьаннан карах велла хилла доьналла хиларна г1араваьлла волчу ворх1 вешех цхьаъ. Хетарехь, дов даларан бехк веллачун хилла.
Жоп ________________________________________________________________________
5 |
Орфографически анализ.
Билгалдаьккхина дош яхдаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.
1)КЕЧВИНА - КХ – ч1аг1даран дакъалг «КХ» дешнашца дефисца яздо.
2)ЦА ХЕЗНАРГ – «ЦА» дакъалг лаамечу причастица къаьстина яздо.
3)КЪА ЦА ХЕТАР– чолхечу масдарехь шина орамна юккъе нислахь, «ЦА» дакъалг къаьстина яздо.
4)Ц1ЕНКЪОРЗА – мухаллин билгалдешнийн лардех лаьтташ долу чолхе билгалдешнаш цхьаьна яздо.
Жоп _________________________________________________________________________
Текст д1а а еший, 6-9 т1едахкарш кхочушде. |
(1)Оцу шарахь еанчу б1аьста г1а а, заза а ца хийцира малхбасерчу муьргийн дитто…
(2)Иза дара пхи-ялх шо хьалха. (3)Цомгаш а хилла, к1елйисинера Илесан денана, къена Хурма. (4)Юучух дог даьллера. (5)Халла бен ца айалора меттара хьала а.(6) Кхоьлина, чубоьжнера цуьнан эсала ши б1аьрг. (7)Вуьшта а хебаршка яханчу юьхь т1ехь цхьа чкъор бен ца диснера.
(8)Илес чуваьлча, хазахетий, елалора Хурма.
–(9)Схьавоьл, бабийниг. (10)Баба муха 1аш ю хьажа веана хьо?
(11)Дененан г1айби к1ел д1алачкъабой гуттар а я 1аж, я кхор, я кхин цхьа мерза х1ума хуьлура.
–(12)Х1ан, бабийниг, вало, ловза г1о х1инца. (13)Хьан соьца к1езиг самукъадер ма ду.
(14)Цхьана юккъехь Хурма гуттар а ч1аг1ъелира. (15)Халла бен йист а ца хилалора. (16)Юучух д1ахаьддера. (17)К1аргъеллачу гуьйренан хенахь дара иза. (18)Даккъашкарчу хьаннийн г1а дерриге а охьадоьжнера. (19)«Дуьххьара ло деана де х1инца 1аьнан ду-кха», – олура баккхийчара.
(20)Шийла елахь а, екхна 1уьйре яра. (21)Ша школе вахале, гуттара а санна,чувеара Илес шен денана йолчу.
–(22)Баба, г1оли ца хета хьуна?
–(23)Г1оли ю суна-м, бабийниг, – халла йистхилира Хурма. (24)Т1аккха, г1ийла ела а къежна, хаьттира к1анте:
–(25)Илес, хьуна вайн шовданан тог1и чухула жимма хьалавахча, малхбасехь цхьа муьргийн дитт гиний?
–(26)Х1аъ, гина, – аьшпаш боьттира к1анта, шен цу диттан тидам ца хиллашехь.
–(27) Цу дитта т1ехь х1окху хенахь ц1арула – ц1ен, горга, ша-тайпа чам а болуш, муьргаш хуьлура. (28)Цу муьргийн цхьа курс яхьа суна, хьуо доьшучуьра ц1а веъча.
–(29)Дика ду! – араиккхира Илес.
(30)Делкъахан хиллалц а ца 1аш, ведда вахана, муьргийн курсаш еара Илеса денанна.
(31)Цу гурахь Хурмина мелла а г1оли хилира. (32)Цул т1аьхьа кхаа шарахь гергга ехира иза. (33)Илес тешна вара х1етахь иза цу муьргаша тойина хиларх. (34)Хийла б1аьрг тухура к1анта цу муьргийн диттах, ша аьхкенан заман чохь тог1и чу лийча а, ч1ерий леца а мел воьду. (35)Кхин цхьа а бахьана ца хилча, лорре цу дитте б1аьрг а тухуш, дагна аьхначу 1аламе б1аьрг бетташ, лела а воьдура. (36)Шен денана дагайог1ура диттах б1аьрг ма-кхийттинехь. (37)Ч1ог1а хьоме а хетара и дитт.
(Нунуев С-Хь.М.)
6 |
Текстан чулацаман анализ.
«Х1ун бахьана дара Илеса шен денанна харцдерг дийцаран?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
Илес кхоьрура денанас ша човхорна.
Шен тидам цахилар нисдан г1ертара Илес.
Денанна халахетийта ца лаьара Илесана.
Илеса цкъа а бакъдерг ца дуьйцура.
Жоп _______________________________________________________________________
|
Меттан суртх1отторан г1ирсийн анализ.
Меттан суртх1отторан г1ирс–метафора шеца йолу предложени билгалъяккха.
Иза дара пхи-ялх шо хьалха.
Хийла б1аьрг тухура к1анта цу муьргийн диттах, ша аьхкенан заман чохь тог1и чу лийча а, ч1ерий леца а мел воьду.
Даккъашкарчу хьаннийн г1а дерриге а охьадоьжнера.
Халла бен йист а ца хилалора.
Жоп ________________________________________________________________________
8 |
Лексически анализ.
3-чу предложенера «гуттар» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.
Жоп ________________________________________________________________________
3 дакъа
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 9.1, 9.2 я 9.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан лоьмар:9.1, 9.2 я 9.3. |
9.1 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, Л.Н.Толстойн «Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь» бохучу дешнийн маь1на а достуш.
Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени д1айоло мегар ду Л.Н.Толстойн дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1.Яздархочун дешнашца реза ца хила хала ду …
2.Масала, … предложенехь …
3.Текстан … предложенехь …
4.Вайна ма-гарра …
Магадо: ялийна клишеш хийца.
9.2 |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр.
Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенийн маь1нах: «Кхин цхьа а бахьана ца хилча, лорре цу дитте б1аьрг а тухуш, дагна аьхначу 1аламе б1аьрг бетташ, лела а воьдура».
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1.Текстера еллачу кийсакан маь1на ду…
2.Аьлларг т1еч1аг1дархьама, хьовсур вай предложенешка …
3.Ткъа шолг1а ойла т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай юха а тексте …
4.Дерзорехь билгалдоккху …
Магадо: ялийна клишеш хийца.
9.3 |
Муха кхета хьо БЕЗАМ бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Баккхийчаьрга безам» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Безамах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг - хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1.Безам – иза … Суна хетарехь, …
2.Х1окху текстан авторан 1алашо яра …
3.И тезис т1еч1аг1ъеш, сайн дахарехь зеделлачух масал далор ду …
4.Ойла йинчул т1аьхьа вайна билгалдолу …
Магадо: ялийна клишеш хийца.
«Кхолламан цхьа де»
Терахь | Жоп |
2 | 1 |
3 | 235 |
4 | хетарехь |
5 | 1 |
6 | 3 |
7 | 2 |
8 | даима |
© 2021, Аюбова Петимат Халидовна 6045 13