СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

План мероприятий, посвященных Дню чеченского языка «Ларбе мотт, хазбе и..."

Нажмите, чтобы узнать подробности

Мероприятие,

посвященное Дню чеченского языка «Ларбе мотт, хазбе и…»

 

Просмотр содержимого документа
«План мероприятий, посвященных Дню чеченского языка «Ларбе мотт, хазбе и..."»


План мероприятий,

посвященных Дню чеченского языка «Ларбе мотт, хазбе и…»


на 2023-2024 учебный год.

Сроки проведения (24-28 апреля)








1алашо: Вайн мотт уггаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар;

вайн а, кхечу къаьмнийн а,йа яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна

лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн

ненан матте болу бовха безам кхоллар.



  1. Цхьаьнакхетар д1адахьар.

  2. Яскаевн дешнаш

Танец


3.Звучит чеченская мелодия.


1-ра д1ахьушверг: Хьоме дешархой, хьехархой, хьеший, шу марша дог1ийла! Тахана вай даздийр ду Нохчийн маттана лерина долу де. Нохчийн Республикан Мехкан Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, куьг йаздеш, ч1аг1дина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» бакъо.


2-г1а д1ахьушверг:

Бакъо т1еэцна х1утосург беттан цхьайтталг1ачу дийнахь, ши эзар ворх1алг1ачу шарахь ши б1е ворх1алг1ачу т1ибехкамца, оханан беттан ткъе пхоьалг1а де «Нохчийн меттан де» аьлла, д1акхайкхийна ду.

Нохчийн Республикан Мехка-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана оцу Указаца гайтина Нохчийн матте шен болу ларам.


1-ра д1ахьушверг: «Ларбе мотт, хазбе и …» ц1е йолчу мероприяти баьхкина хьеший бу: Лераме дешаран 1илманан министар Дааев Бухарин Хож-Баудди, цунан белхан накъостий Сатуев Бекхан Бексолтович, Газалапов Ахьмад Адамович.


2-г1а д1ахьушверг: Вай таханлера цхьанакхетар д1адолош вай дош лур ду вайн лерамечу дешаран 1илманан министре Дааев Бухарин Хожа-Бауддига.



1-г1а д1ахьушверг: Тахана иштта хаза,самукъане вай гулдаларан бахьана Ненан маттана лерина ду. Къоман уггаре коьрта билгало мотт бу. Нохчийн Маттаца схьакхачийна вайга вайн дайша-наноша халкъан иэс, амал, г1иллакхаш. къомо шен мотт хьалаайбар , цо шен синкхетам самабаккхар ду.

Х1ара деза де декъалдан вовшахкхетта вайн школан хьехархой а,

дешархой а, хьеший а. Дешархоша вайна тахана хазайтур ду нохчийн маттах

лаьцна стихаш а, вайн Даймахках лаьцна иллеш а, вайн къоман хелхарш а.


2-г1а д1ахьушверг: Сил дукхайезачу ненан ц1арах шен ц1е х1оьттина болу ненан мотт хьехочехь муха хир дац самукъане?!

Сценка: Вокха стаг а, к1ант а, «Ненан мотт». (стих Басханов Сайфулла)

1-ра д1ахьушверг: «Муьлххачу къоман коьрта билгало йу цуьнан мотт. Мотт боцуш къам хила йиш йац. ХIунда аьлча, маттаца хьаьрчина дохку хIора къоман гIиллакх-гIуллакх а, оьздангалла а, дуьненан хьежамаш а.

2-г1а д1ахьушверг: Нохчийн маттаца ду вайн къоман доьналла а, майралла а, цуьнца йу вайн къоман историн лараш а.

Х1инца вай ладог1а йиш хир йу пхоьалг1ачу классера дешархочуьнга Пареулидзе Иманига, цо вайн д1алокхур йу «Даймохк» ц1е йолу эшар.



1-г1а д1ахьушверг: Ненан маттах лаьцна байташ йеша лууш дешархой ма бара вайн.

2-г1а д1ахьушверг: дера вай схьам кхойкхар бу уьш.

(стихи)

1 – г1а д1ахьушверг: «Мотт ойланан дег1 ду» - олуш ду вайн,ткъа и ойла нийса йан, кхеташ хила веза, х1уманах нийса кхетам хила беза.

2-г1а д1ахьушверг: Оцу т1ехь мехала дакъа лоцу ненан матто,цундела оьшу иза гуттар ч1ог1а. Шен ненан маттахь йечу ойлано ларво стаг массо вочух.

Нохчийн маттахь сан дог иэца,

Доьхна висча хьесап, чот.

Сан лазамна дарба иэшахь,

И дарба ду- нохчийн мотт.


Нагахь висахь аз ца къаьсташ,

Лерго лаьцна къора потт,

Нохчийн мотт бу лерса даста.

Сан само йу-Нохчийн мотт.


Нагахь вала дезахь новкъа,

Хала хилахь некъан йорт,

Нохчийн дош аш ала довха,

Сан накъост ву-Нохчийн мотт.


Сан дог- ойла йохуш т1ома,

Бостуш суна ирсан ботт;

Хилла оьзда г1иллакх къома,

Хилла сийлахь Нохчийн мотт!

1 – г1а д1ахьушверг: Ладог1а Хайбрахманова Жарадата д1алокхучу «Зезаг ду бацалахь лепаш» ц1е йолчу эшаре.


2-г1а д1ахьушверг: Къомана хала киртиг т1ех1оьттича,оцу къоман дагах, сих кхеташ дерг къоман меттан оьзда а, ц1ена а, лараме а дош ду.

1-ра д1ахьушверг: Х1инца ладог1а дешархоша шайна хазахеташ къастийначу байташка :

(стихи)

1-ра д1ахьушверг: Нохчийн мотт –иза нохчийн къоман аз ду, къоман илли , назма йу, къоман культура, литература, искусство кхиоран коьрта хьоста а ду.

2-ра д1ахьушверг: Мотт, духар, г1иллакхаш къоман сибат ду. И сибат лардеш верг ийманца ву, шен мехкан хьакъволу къонах ву.

1-ра д1ахьушверг: «Нохчийчоь-Сан сирла седа» ц1е йолу эшар д1алокхур йу Эжаева Матас.

1-г1а д1ахьушверг: Массо аг1ор бийца, хесто таро йу вайн вешан ненан мотт. Мел хаза, исбаьхьа ду Ненах, Даймахках лаьцна долу вайн иллеш, эшарш! Царах цхьадерш тахана шайн мукъамечу аьзнашца вайн дешархоша довзуьйтур ду вайна.

(Эшар «Даймохк» 3 «В»кл)



2-ра д1ахьушверг: Кху дезчу дийно декхаре до вай ненан маттахь хазна ларйарехьа кхин а ч1ог1а къахьега дезар. Х1унда аьлча, мотт къоман коьрта билгало йу. Шен мохк а, мотт а боцург къам дац, олуш дара Дала г1азот къобал дойла цуьнан Нохчийн Республикан хьалхарчу президента Кадыров Абдулхьамидан Ахьмад- Хьаьжас. Вай даима а дагахь латто деза билггал нохчийн матто г1о до къам оьзда, иманехь хилийтарна.

1-г1а д1ахьушверг: х1инца вай ладуг1ар ду Пареулидзе Имана д1алокхучу «Г1арг1улеш» ц1е йолучу эшаре.

1-г1а д1ахьушверг:  Суна даггара баркалла ала лаьа вай бинчу балхана мах хадош баьхкина болчу хьешашна а, вайн белхалошна а, вайн хьоме берашна а.

Ткъа х1инца нохчийн къоман хазачу г1иллакхех цхьа г1иллакх гойтуш дерзор ду вай цхьанакхетар. Оха шу нохчийн даарийн шуне кхойкху.

Ас даггара декъала до вай массо а нохчийн меттан денца. Хьара де хазаллин, дикалин, доттаг1алин де хилла лаьттийла вайна! Шен ненан мотт лара а, ларбан а, беза х1ораммо а. Вайн 1алашо йу-кх т1аьхьарчу т1аьхьене Ненан мотт д1акховдо!

2-ра д1ахьушверг: Цу т1ехь чекхдолу вайн цхьанакхетар. Ладог1арна баркалла.