Гуьмсан муниципальни к1оштан
«Комсомольскера юккъера ишкол»
Йийцаре йина Барт бина Ч1агIйо
методически цхьаьнакхетараллин дешаран декъехула Гуьмсан к1оштан
кхеташонехь. директоран г1оьнча Комсомольскера юккъерчу ________ Л.О.Таибова. ______ I.Д.Докаджиев ишколан директор
Протокол № 1 ________Р.М. Исаходжиев.
28.08. 2020 шо. 29.08. 2020 ш. №120 йолчу
омрица догIуш
Нохчийн литературин белхан программа
5 – 9-г1ий классаш
К1иранах 2 сахьт
Дешаран т1ег1а: коьрта юкъара дешар
Х1оттийнарг: Абдуразаков Ибрех1иман Шертбек, нохчийн меттан, литературин лакхарчу т1ег1анан хьехархо.
2020 – 2021 дешаран шо
Нохчийн литературин 5 – 9-чуй классашна лерина программа
Кхеторан кехат
Нохчийн литературин коьрта юкъардешаран ишколана лерина программа хIоттийна:
-
Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан, коьртачу дешаран программин буха т1ехь;
-
С.Э.Эдиловн нохчийн литературин герггарчу хьесапехь йолчу программин буха т1ехь;
-
Комсомольскерчу юккъерчу ишколан дешаран хьесапан буха т1ехь;
-
Комсомольскерчу юккъерчу ишколан коьрта дешаран программин буха т1ехь.
Программо билгалдо инвариантни (ца Iамийча ца долу) дешаран курсан дакъа, таро ло, белхан программаш хIиттош, дешаран коьчал дIасаекъа, курсан дакъош шайн лаамехь хьалха-тIаьхьа нисдеш, хьеха. Иштта цо аьтто бо дешаран цхьаалла ларъярехь а, дешаран курс тайп-тайпанчу кепара дIахIотторехь а.
Программо Iамо билгалйина нохчийн литературин тоьлла произведенеш, уьш массо юкъардешаран ишколашна лерина а, жамIдаран талламан къепеца (системица) йозаелла а ю. Программо иштта шена чулоцу тематически а, жанрови а башхаллашца хIиттийна йолу юкъарчу хьесапера обзораш.
Яккхий произведенеш, Iамо атта хилийта, яцйина ялийна.
Программа кхаа декъах лаьтта:
«Дешаран предмет караерзорехь кхочушдан лору жам1аш». Кхузахь довзийтина, хIун меттиг дIалоцу нохчийн литературо юккъерчу юкъардешаран Iалашонашка кхачош; нохчийн литература Iаморан Iалашонаш а, жамIаш а билгалдаьхна масех тIегIанехь – личностни, метапредметни, предметни; нохчийн литературех лаьцна юкъара хаамаш белла, базисни дешаран планехь цо дIалоцу меттиг а къастийна.
«Дешаран курсан чулацам». Дакъошка бекъна, Iамо билгалбина чулацам къастийна кхузахь.
«Дешаран-тематикин хьесап». Дешаран курсан теманаш, хIора тема Iаморна лерина сахьташ къастийна.
Дешаран-методически комплект (УМК)
I. Юккъерчу юкъардешаран ишколашна лерина нохчийн литературин 1аматаш:
1. С.Э.Эдилов: 5-7 классашна;
2. М.Ахмадов, З. Алиева: 8 классана;
3. I.Арсанукаев, С.Эдилов: 9 классана.
II. Нохчийн литературин lаматашна методически хьехамаш.
III Тайп-тайпана тексташ, тесташ.
IV. Дешаран дошамаш.
V. Белхан тетрадаш.
Дешаран хьесапаца цхьаьнадог1уш, нохчийн мотт 1аморна леринчу сахьтийн барам:
Класс | Шарахь | К1иранах |
5 | 70 | 2 |
6 | 70 | 2 |
7 | 70 | 2 |
8 | 70 | 2 |
9 | 68 | 2 |
-
Дешаран предмет караерзорехь кхочушдан лору жам1аш
Коьртачу юкъардешаран ишколашкахь литературин курс тIехьажийна ю дукхакъаьмнийн Россин ца хилча цаторуш долчу культурин декъах санна, литературех болу кхетам дешархошкахь кхиорна, цо аьтто бо массо кепара кхиъна ваьлла, граждански кхетам болу, къаьмнашца йолу юкъаметтигаш цхьаьнайогIуш долу адам (личность) кхиорна.
Нохчийн литература ишколашкахь Iамор шен башхаллаш йолуш ду. Нохчий кхиаран социально-исторически башхаллаш а, къоман культурин исторически хьелаш а, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ а тидаме оьцуш, дIахьо литература Iамор. Къоман башхалло шатайпа тIеIаткъам бо дешархошна литература Iаморехь, цундела культурно-исторически хьелаш тидаме а оьцуш, Iамо еза литература.
Дешаран предмет «Литература» герггара уьйр йолуш ю «Нохчийн мотт» предметаца. Нохчийн литература дешархойн ненан мотт а, церан къамелан оьздангалла а кхиорехь, юкъаметтигаш лелорехь а коьрта хьаст ду.
Исбаьхьаллин произведенийн мотт Iаморо аьтто бо дешархошна дешан исбаьхьаллин (эстетически) декхарш довзарехь, исбаьхьаллин дешнашца кхелина мотт караберзорехь. Цо билгалйоккхуш ю цуьнан мехалла нохчийн литература а, нохчийн мотт а герггара уьйраш тосуш Iаморехь.
Нохчийн литература, цуьнан цхьа дакъа а долуш, къоман культурица юххера йозаелла ю. Юкъаркультурица йоьзна литература Iаморо таро лур ю дешархошна нохчийн литература билггалдолу культурин цхьа дакъа санна иза тIеэца, ткъа иштта нохчийн литературин этнокультурни башхалла а, культура а тидаме эца. Цу кепара билгалйинчу школашкахь кочушъялур ю этнокультурни принцип.
Нохчийн литература герггарчу уьйрашца нохчийн историца а, географица а, исламан баххашца а Iаморо дешархойн дегнашкахь патриотически дог-ойла а, синъоьздангаллин мехаллаш а кхуллур ю, шен дукхакъаьмнийн махках дозалла а дийр ду цо.
Коьртачу юкъардешаран ишкола чекхйоккхучуьнгахь «Литература» предмет Iамош кхио деза личностни жамIаш ду:
– шен къоман векал а, дукхакъаьмнийн Российски пачхьалкхан гражданин а ша хиларх кхеташ хилар;
– адаман синъоьздангаллин мехаллаш кхачаме ялор, дукхакъаьмнийн махке безам кхиор, нохчийн литературе (культуре), кхечу къаьмнийн культуре болу ларам кхиор;
– хIума довзаран а, коммуникативни а декхарш кхочушдарехь хаамийн тайп-тайпанчу хьастех пайдаэцар (дошамаш, энциклопедеш, интернет-гIирсаш).
Коьртачу юкъардешаран ишколехь предмет «Литература» Iаморан метапредметни жамIаш билгалдовлу:
– проблемех кхета а, гипотеза хьалха яккха а, коьчал структуре ерзо а, шена хетарг тIечIагIдеш делил дало а, барта а, йозанан а аларшкахь бахьанин-тIаьхьалонан уьйраш билгалъяха а, жамIаш кепе дерзо а хаарехь;
– ша гIуллакхдар вовшахтоха а, цуьнан мах хадо а, шена самукъане хета болу гуо къасто а хаар карадерзорехь;
– ша гIуллакхдеш юстаран, дуьхь-дуьхьал хIитторан кепех пайдаэцарехь;
– тайп-тайпанчу хаамийн хьасташца болх бан, уьш лаха, талла, ша гIуллакхдарехь царах пайдаэца хаарехь;
Коьртачу юкъардешаран ишкол чекхйоккхучеран предметни жамIаш лаьтта:
-
хIума довзаран декъехь:
– барта кхоллараллин а, тайп-тайпанчу муьрийн нохчийн литературин произведенийн коьртачу проблемех кхетам хилар; и проблемаш нийса цхьана кепе ерзо хьуьнар хилар;
– произведени а, иза язъяран муьран уьйрах кхетар, цу произведенийн бухехь йолу хенан йохаллехь йовр йоцу синъоьздангаллин мехаллаш а, церан тахана а маьIне хилар билгалдаккхар;
– литературни произведенина таллам бан хаар: хIокху я оцу литературни родан а, жанран а произведени иза хилар билгалдан хаар; темех, идейх кхета а, кепе ерзо а, цуьнан синъоьздангаллин мехаллаш, турпалхойн амалш билгалъяхар, цхьана я масех произведенийн турпалхой буста, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а литературин произведенеш вовшашца юста;
– произведенехь сюжетан дакъош, дIахIоттам, меттан суртхIотторан гIирсаш къастор, чулацаман идейно-исбаьхьаллин агIонаш билгалъяхарехь цара дIалоцучу меттигах кхетар (филологически талламан кепаш);
– литературни произведени толлуш юьхьанцара (элементарни) литературоведчески терминологи евзаш хила езар;
2) мехаллин-некъ бовзаран (ориентацин) декъехь:
– нохчийн литературин синъоьздангаллин мехаллашка кхачор, шен къоман синъоьздангаллин мехаллашца уьш юстар;
– нохчийн литературин произведенех лаьцна шена хетарг цхьана кепе дерзо хаар, церан мах хадор;
– Iамийначу произведенех лаьцна шен кхетам хилар;
– авторна хетачух кхетар, цунах лаьцна шена хетарг ала хаар;
3) коммуникативни декъехь:
– тайп-тайпанчу жанрийн литературни произведенеш нохчийн маттахь лерсица а, цхьанатайпанара а тIеэцар, кхеташ ешар;
– текст тIера цитаташ а ялош, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцарца прозаически произведенеш я церан дакъош юхасхьадийца хаар; ладоьгIначу я ешначу текстан хьокъехъ хаттаршна жоьпаш далар; барта монологически къамелан тайп-тайпана аларш кхоллар; шеца къамел деш волчуьнца оьздангаллин барамаш ларбеш, гIиллакхехь диалог дIаяхьар;
– Iамийначу произведенийн тематикица а, проблематикица а йоьзна изложенеш, сочиненеш язъяр, цIахь а, классехь а йозанан белхаш кхочушбар, юкъара культурин а, литературни а теманашна рефераташ язъяр;
4) эстетически декъехь:
– дешан исбаьхьаллех (искусствох) санна литературах кхетар, эстетически кепара нохчийн литературин произведенеш тIеэцар; нохчийн исбаьхьаллин тексташ тIехь исбаьхьаллин (эстетически) чам кхиор;
– эстетически гIуллакхдарехь нохчийн дашах, литературни произведенийн васташ кхуллуш меттан суртхIотторан исбаьхьаллин гIирсаша дIалоцучу меттигах кхетар;
– меттан дIахIоттаман а, нохчийн, оьрсийн литературин вастийн системийн башхаллашца а доьзна нохчийн а, оьрсийн литературин произведенеш вовшашца юста хаар.
Арахецархо хууш хир ву:
-
1амийначу произведенийн авторш, ц1ерш, ц1ерийн маь1на, произведенийн чулацам, турпалхой, хиламийн уьйр;
-
халкъан, литературин туьйранашна юккъехь йолу башхаллаш;
-
исбаьхьаллин произведенехь монолог, диалог, дустар, эпитет къасто;
-
дагахь 1амийна произведени къастош еша;
-
исбаьхьаллин произведени литературин муьлхачу тайпанан ю (эпически, лирически, драматически) билгалдаккха;
-
иллин чулацаман, сюжетан, д1ах1оттаман, суртх1отторан г1ирсийн, меттан башхаллаш къасто;
-
исбаьхьаллин произведенин маь1на билгалдарехь турпалхочун меттиг а, автора цуьнан хадош болу мах а билгалбаккха;
-
исбаьхаллин произведенех а, цуьнан турпалхойх а шайна хетарг бух боллуш ч1аг1дан;
-
1амата т1ехь ялийначу литературоведчески дошамах пайдаэца;
-
нохчийн литературин кхечу къаьмнийн литературица хилла уьйраш;
-
нохчийн яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъан коьрта муьраш;
-
1амийначу исбаьхьаллин произведени т1ехь гайтинчу заманан коьрта билгалонаш;
-
1амийначу исбаьхьаллин произведенийн сюжетан а, д1ах1оттаман а, вастийн а
башхаллаш;
-
1амийначу исбаьхьаллин произведенийн юкъара маь1на, коьртачу турпалхойн амалш;
-
1амийначу исбаьхьаллин произведенийн жанрийн къастамаш;
-
лирикин, поэтически меттан, эпически, лиро-эпически произведенийн коьрта билгалонаш;
-
исбаьхьаллин литературин хаарш алсамдахаран а, кхетош-кхиоран а маь1на;
-
дагахь 1амо билгалъяьхначу произведенийн тексташ.
Арахецархочун таро хир ю 1ама:
-
произведени т1ера исбаьхьаллин суьрташ шайн ойланехь юха схьах1итто;
-
произведени т1ера эпизодаш схьакъасто, церан хенан йохаллин а, бахьанийн а уьйраш гайта;
-
дустарш, эпитеташ текстехь гучу а йохуш, царах кхетам бала;
-
исбаьхьаллин говзар къастош еша;
-
турпалхочун васт х1отто;
-
исбаьхьаллин произведенин а, литературин юкъараллин дахарх лаьцна йолчу статьян а тексташ, тийса а ца луш, шерра хозуьйтуш д1аеша;
-
шаьш кхочушбечу барта а, йозанан а белхан план х1отто;
-
литературин хрестомати т1ерачу статьян план, тезисаш, конспект х1отто;
-
изложенеш язъян;
-
барта а, йозанан а тайп-тайпана сочиненеш кхолла (шайн тидамех, шайна зеделлачух лаьцна а, диллинчу суьртах пайдаоьцуш а, литературин материал т1ехь язъеш ерш а), царна юкъахь классехь 1амийначу произведени т1ера турпалхочун амалш къастош а, шина турпалхочун амалш вовшах юстуш а йолу сочиненеш а;
-
литературин произведени, шен жанран а, идейно-исбаьхьаллин а башхаллашка хьаьжжина, къасто;
-
литературин произведенин коьрта проблемаш билгалъяха;
-
цхьана я масех произведенин турпалхойн васташ, вовшех дустуш, къасто;
-
произведенехь сюжетан, д1ах1оттаман, вастийн исбаьхьалиин суртх1отторан г1ирсийн цхьаалла гучуяккха а, маь1на дан а;
-
произведенин турпалхошка а, цу т1ерачу хиламашка а авторан болу хьежамаш билгалбаха;
-
шаьш кхочушбечу барта а, йозанан а белхан план х1отто;
-
литературин хьокъехь а, юкьараллин дахарх лаьцна а йолчу статьян план, тезисаш, конспект х1отто;
литературин материал т1ехь доклад, къамел кечдан (цхьана-шина книгех пайда а оьцуш);
-
Дешаран курсан чулацам
1-ра дакъа. Литература дешан исбаьхьалла санна
Кхечу исбаьхьаллашна юккъехь литературо д1алоцу меттиг. Дешан исбаьхьаллехь дахар исбаьхьаллин кепехь гайтаран башхалла.
Исбаьхьаллин литература дуьне довзаран, адаман синъоьздангаллин тайп-тайпаналлин дахар а, хьал а довзаран цхьа кеп санна; дахар исбаьхьаллин кепара гайтар. Эстетически чам а, синъоьздангалла а кхиорехь литературо бен т1е1аткъам.
2-г1а дакъа. Халкъан барта кхолларалла
Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, цуьнан башхаллаш а. Барта кхоллараллехь халкъан ойла, лаамаш, сатийсамаш, дегайовхо билгалъялар. Нохчийн барта кхоллараллин тайпанаш: иллеш, эшарш, туьйранаш, шира дийцарш, хабарш, аларш, наьрт-эрстхойх лаьцна дийцарш, Молла-Несартан хабарш, тийжамаш, кицанаш, хIетал-металш.
Нохчийн халкъан туьйранаш (инзаре-тамашийна, дахаран, дийнатийн)
Миф а, туьйра а. Туьйранийн тайпанаш. Дийнатийн васташ халкъан туьйранашкахь. Халкъан а, литературни а туьйранаш. Туьйранашкахь бакъдерг инзаре-тамашеначуьнца нисдар, васташ кхолларан башхалла. Туьйранашкахь бакъдерг толош, зуламениг эшош хилар.
Литературин кегийра жанраш (кицанаш, х1етал-металш). Кицанаш – хьекъале, доца аларш. Х1етал-металийн башхаллаш.
Нохчийн халкъан иллеш, эшарш а, шира дийцарш, хабарш, аларш.
Лирически а, турпалаллин а иллеш. Лирически иллийн къастамаш. Турпалхойн ойла лирически иллешкахь гучуялар. Турпалаллин иллехь къоман дахарехь маь1не долу г1уллакхаш, г1иллакхаш ч1аг1дар, къонахийн хьуьнарш хастаме деш дийцар, мостаг1ашна дуьхьал къийсам латтор гайтар. Иллийн чулацам, д1ах1оттам, исбаьхьаллин башхаллаш. Халкъан эшарш, церан чулацам а, маь1на а, тайпанаш а.
Исторически хиламаш я билггалчу наха лелийна г1уллакхаш дуьйцу дийцарш.
Билггалйолчу меттигех (юьртах, ломах, рег1ах, хих, б1аьвнех) лаьцна дийцарш.
Наьрт-аьрстхойх лаьцна дийцарш. Вайн халкъо наьрташца латтийна къийсам.
1аьржа-Хожаг1арах лаьцна дийцарш, церан башхаллаш. Иллешкахь турпалхочун васт. Дикачун, вочун къовсам. Гипербола фольклорехь.
Нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъяр, дIаязъяр, зорбатохар.
Оьрсийн яздархоша А. С. Пушкина, М. Ю. Лермонтовс, Л. Н. Толстойс, кхечара а шайн кхоллараллехь нохчийн барта произведенех пайдаэцар.
ХIинцалерчу фольклористаша къоман барта кхолларалла гулъярехь, иза Iалашъярехь, Iилманца талларехь беш болу болх.
ХIинцалерчу исбаьхьаллин литературин барта кхоллараллица йолу зIенаш.
3-гIа дакъа. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.
С.С. Бадуев. Дахар а, кхолларалла а.
Дийцар «Зайнди». Йоза-дешар хууш хилар – керлачу дахаре болу некъ. Дийцаран васташ а, маьIна а.
«ЦIеран арц» повестан чулацам а, исбаьхьаллин башхаллаш а. Пурстоьпан Кульдевичан, цунна тIаьхьа бозучу Мирзин, Эльбертан амалш. Къоман ламасташ повесть тIехь гайтар. Хонмурд а, цуьнан доьзал а. Бано а, Залуба а. Нохчийн зударийн оьздангалла, цара шайн сий, къоман гIиллакхаш а лардар. Повестехь исбаьхьаллин сурт хIотторан башхаллаш.
«Бешто» повестан тема а, дIахIоттам а. Бештон, Бусанин кхоллам. Повестан персонажийн амалш, уьш гайтаран исбаьхьаллин башхаллаш.
Бадуев СаьIидан произведенешкахь нохчийн Iер-дахар гайтаран башхаллаш.
Къоман литература, культура кхиорехь Бадуев СаьIидан кхоллараллин маьIна.
I.Ш. Мамакаев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Садаьржаш», «Кавказан латта», «Сайн кIанте», «ЙоIе» (IиндагIаш дахделла...) «Даге». Поэмаш «Дагалецамаш», «Нохчийн лаьмнашкахь».
Поэтан лирикин тайп-тайпана тематика а, проблематика а. Поэтан кхоллараллехь даймехкан, Iаламан суьрташ. Лирически турпалхочуьнан Даймахке а, шен халкъе а болу хьанал безам, цуьнан вахаран Iалашо халкъан хьашташка хьажийна хилар. Поэтан лирикехь безам а, доттагIалла а. Юкъараллийн дахарехь поэтан декхарш а, поэзин меттиг а.
Поэма «Дагалецамаш». Поэмехь авторан Iаламе, Терке болу безам. Сирлачу кханенах лаьцна йолу дог-ойла, синхаамаш.
Поэма «Нохчийн лаьмнашкахь». Поэми тIехь нохчийн халкъан хьалхалера дахар гайтар. АслагIий, Сельхьат. Церан къона дахар хIаллакьхиларан бахьана. Авторан ойла.
«Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин лирический, эпический билгалонаш.
Поэмин стих а, меттан башхаллаш а.
Мамакаев Iаьрбин поэзино литературехь а, къоман культурехь а дIалоцу меттиг.
М.А. Мамакаев. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворенеш «Даймехкан косташ», «Лаьмнийн дийцар», «Пондар».
Мамакаев поэзин философски чулацам, цуьнан лирикехь даймехкан, къоман историх лаьцна, патриотически, г1иллакх-оьздангаллин мукъамаш. Лирически турпалхочо стеган парг1атонах, сийх, Даймахках лаьцна ен ойланаш.
Дийцар «Баппа». Сутаралло а, деган куралло а элан даржах вохавар. Хьоло вузийна стаг нийсонах хедаш, г1иллакхах херлуш, хьекъалх оьшуш хилар, халкъ шен олаллин к1ел сацо цхьаьннан а ницкъ кхочург цахилар ч1аг1дар.
М.А. Сулаев. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворенеш «Сай», «Сох муха эр дара адам?». Роман «Лаьмнаша ца дицдо».
Поэтан лирикехь гIиллакх-оьздангаллех, стеган вахаран Iалашонах лаьцна йолу ойланаш. Дайн оьзда гIиллакхаш лардан дезар, шегахь дика амалш: яхь, собар, тешам кхио езар чIагIдар. Iаламан лирика. Даймехкан исбаьхьа, беркате Iалам Iалашдан дезар, цуьнца къинхетаме хила везар.
Роман «Лаьмнаша ца дицдо». Нохчийн халкъан дахарехь уггаре халчу мурехь – 1940-чу шерашкара 1960-чу шерашка кхаччалц – адамийн кхолламаш романехь гайтар. Товсолтийн амалшца доьзна къоман гIиллакх-оьздангалла гайтаран башхаллаш.
Романехь кегийрхойн васташ.
Романан маьIна а, исбаьхьаллин башхаллаш а.
Х.Э. Эдилов. Дахар а, кхоларалла а. Стихотворенеш «Ненан безам», «Сий делахь, латта».
Поэтан дахаре, 1аламе болу безам, 1аламан дахарца экам хила везар ч1аг1дар.
Ирс къуьйсуш велларг сийлахь а, веза ларар.
Б.С. Саидов. Дахар а, кхолларалла а.
Литературни туьйра «Майра к1ант Сулима». Хьаналчу къинхьегаман маь1на гайтар а, хьоладайн писалла а, ямартло а емалъяр. Адамийн деган дикаллий, оьздангаллий, къинхетаме хиларрий хастор.
Стихотворенеш «Вина юрт», «Деган аз».
Хьоме мохк, граждански дог-ойла Б. Саидовн поэзехь.
Х.Д. Ошаев. Дахар а, кхолларалла а. Дийцар «Чайра», очерк «Иччархо Абу-Хьаьжа Идрисов».
«Чайра» дийцарехь кхолламо шен махках д1акъастийначу стеган дай баьхначу лаьтте болу сатийсам, винчу махке болу безам гайтар. Стеган дахарехь Даймохк уггар сийлахь а, беза а, хьоме а кхерч хила безар ч1аг1дар.
Очеркан жанр нохчийн литературехь. Очеркехь турпалхочун Идрисов Абу-Хьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш а.
С.М. Курумова. Яздархочух лаьцна дош.
«Дохк» («Дохк повеста т1ера кийсак). 1аламан суьрташ а, церан исбаьхьаллин декхар а. Ламанан 1аламан акхараллин хазалла.
З.А. Муталибов. Яздархочух лаьцна дош.
Стихотворени «Доттаг1алла»
Поэта къаьмнашна юккъера доттаг1алла ч1аг1дан дезаш хилар гайтар.
4-г1а дакъа. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.
А.С. Сулейманов. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворенеш «Борз ю уг1уш», «Шуьнехь дош», «Дог дохден ц1е».
А. Сулеймановн поэзин романтизм. Поэтан лирикехь къонахаллин а, оьздангаллин а тема. Къоман эхь-бехк лардеш волу цуьнан лирически турпалхо.
Поэма «Дахаран генаш». Маьрша Даймохк, тешаме доттаг1алла, къонахалла, бартболу доьзал – поэмин коьрта теманаш. Таханлерчу дахарехь г1иллакх-оьздангаллица доьзна кхачамбацарш 1орадахар, цаьрца къийсам латто безар.
I-Хь.Х. Хамидов. Дахар а, кхолларалла а.
Дийцар «ДIа – коч, схьа – коч». Пьеса «Лийрбоцурш».
I-Хь. Хамидов – яздархо-сатирик, драматург. Беламе дерг (юмор) нохчийн литературехь. Яздархочун-сатирикан кхоллараллин коьрта теманаш. Адамийн амалшкахь сакхтениг емалдаран говзалла.
«Лийрбоцурш» турпалаллин драми т1ехь Даймохк фашизмах 1алашба г1евтинчу б1аьхойн майралла а, уьш къинхетам болуш хилар а гайтар. Тайп-тайпанчу къаьмнех болчу б1аьхошна юкъара доттаг1алла.
Нурадиловс, Федоровс, Баркинхоевс, Бульбас шайн къона дахар Даймахкана д1адалар. Нохчийчоьнан оьздачу к1ентан майрачу б1аьхочун Нурадилов Ханпашин турпалалла.
Пьеси т1ехь гайтина мостаг1чун амалш.
«Лийрбоцурш» драми т1ехь турпалхойн васташ кхолларан г1ирсаш. Т1емалочун васт х1оттош а, мостаг1ий гойтуш а шен къастам болуш билгалйолу исбаьхьаллин говзалла.
Р.С. Ахматова. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Лийрбоцурш», «Ма хала ду цунах кхета»
Поэтессин кхоллараллехь лирически тема, даймахке а, иза ларбеш болучаьрга а болу безам.
I.Э. Гайсултанов. Дахар а, кхолларалла а.
Дийцарш «Нийса кхел», «Кегий йийсарш», «Алдара Ушурма» («Александр Чеченский» повеста т1ера дакъош), басня «Барзо амалш ца хуьйцу», повесть «Болат г1ала йожар».
1. Гайсултанов – нохчийн берийн литературан бухбиллархо. Гайсултановн кхоллараллин коьрта теманаш а, проблематика а.
Дийцар «Нийса кхел». Дийцаран социальни проблематика. Бакъдерг харцонал тола дезар ч1аг1дар. Дийцаран халкъан барта кхоллараллин амал.
«Кегий йийсарш» («Александр Чеченский» повеста т1ера дакъа). Дийцарехь т1амо берийн дахаре беана бохам гайтар. Т1еман къизалло адамийн дахаре шеца дохьург емалдар.
«Алдара Ушурма» («Александр Чеченский» повеста т1ера дакъа). Дийцаран исторически бух. Маршонехьа болу къийсам, шен мохк, дин мостаг1чух лардар, церан дуьхьа вала а кийча хилар. Исторически бакъдолучунна т1ехь кхоьллина васт.
Баснин жанр нохчийн литературехь. «Барзо амалш ца хуьйцу» баснин дидактически хьажам, адамийн амалш цу т1ехь емалъяр.
«Болат-г1ала йожар» повестан исторически бух. Маьршачу наха талорхошна дуьхьал, шайн парг1атонехьа латтийна къийсам. Дикачу к1енташа халкъ вовшахтухуш, иза маршоне кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а.
Ш.А. Арсанукаев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Баьпкан юьхк», «Мохкбегор», «Ийманах дузийта дегнаш».
Поэтан-лирикан Ш. Арсанукаевн кхоллараллехь патриотизман а, гуманизман а ойланаш.
1аламца а, ялтанан кхачица а къинхетаме хиларе дехар, нохчийн халкъ иймане далор доьхуш, поэта Деле ден до1анаш. К1орггера кхетам, оьзда лаамаш болу лирически турпалхо. Дуьненах, 1аламан аьрхачу хазаллех, дахарх лаьцна цо ен ойланаш, а, адаман ирсехьа къийса иза кийча хилар а.
Повесть «Тимуран тур». «Тимуран тур» стихашкахь язйина повесть, цуьнан исбаьхьаллин къастамаш. Къоман парг1ато еза ларар, мостаг1ашна дуьхьал къийсам латтийначу турпалхойн васташ. Халкъан парг1атонехьа болучу буьрсачу т1еман суьрташ.
А.А. Айдамиров. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворени «Вина мохк», «Мух1ажарш» («Еха буьйсанаш» романан дакъа)
Даймехкан тема нохчийн литературехь. Даймехкан беркатечу ницкъах тешар, ирс Даймахкаца дозар.
Паччахьан 1едалан ямартло а, мух1ажарийн кхолламан дега1ийжаме мукъамаш а.
М-С.Г. Гадаев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Дарта», «Орцара г1ов».
Поэтан са 1аламан дуьненца д1аэр. Ницкъ, доьналла а, г1орасизалла цхьана сибатехь. Поэтан говзалла дарта олхазаран хьал довзийтарехь.
Дийцар «Ирча суьрташ». Дийцарехь тоталиризман шерашкахь нохчийн халкъан трагеди. 1аламан суьрташа ирча кхаъ къаьхьачу 1аткъаме берзор.
М.М. Мусаев. Литературни туьйра. Литературни туьйра халкъачух къастош дерг.
Яздархочух лаьцна дош. Литературни туьйра «Ц1ен маьхьси»
Хьекъал ямартлонал, тешнабехкал, сонталлел тола дезаран ойла ч1аг1яр. Нахана даьккхиначу ор чу ша оьккху. Туьйранан оьрсийн туьйранца цхьаьнадог1ург.
Хь. Б. Саракаев. Дахар а, кхолларалла а.
Дийцар «Баьпкан чкъуьйриг». Хьаналчу къинхьегамо лакхадоккху стеган сий. Баьпкан сий-пусар дан дезар ч1аг1дар.
Дийцар «Ирсе б1аьрхиш». Вайна к1ант карийначу ненан ирсе б1аьрхиш. Ненан безам боккха а, мерза а, аьхна а хилар.
Ш.Х. Окуев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Сан хьоме Нохчийчоь», «Б1аьсте».
Лирически турпалхочун синмерзаш довзуьйту 1аламан суьрташ. Поэтан даймахкаца бозабелла синхаамаш.
«Мацалла» («Т1аьххьара верас» романан дакъа). 20-чу б1ешеран юьххьехь ламанан ярташкахь кхолладелла социальни хьелаш. Нохчийн халкъ комаьрша, къинхетаме хилар, мацалло г1елбина кхечу къаьмнийн векалш дегалазамца т1еэцар. Оцу шерийн 1ер-дахар, ламасташ гайтар, къомо шен яхь, юьхь ларъяр. Жаьмбиган, 1алсолтин, Шемалан васташ.
Хь.Д. Сатуев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворени «Лаьмнийн къоналла», басня «Ломмий, цхьогаллий».
1алам поэтан кхетамехь а исбаьхьаллин суртх1отторехь а.
Адамийн сакхташ баснехь емалдар. Лоьман васт нохчийн литературехь.
1.Х. Шайхиев. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворени «Куйнах дош».
Къоман г1иллакхаш, ламасташ, синъоьздангаллин мехаллаш поэтан поэзехь.
Даймахкана, халкъана даим г1уллакхдеш вагаран синхаамех юьзна поэзи.
Коьртарчу куйнаца лардина сий. Поэзин фольклоран бух.
Б1ешерашкахь вайн дайша схьадеана низаман ламаст лардаран маь1на, къонахчун ц1е еза а, сийлахь хилар ч1аг1дар.
«Ч1аг1о» (баллада). Легендин бух т1ехь кхоьллина баллада. Къонахчо делла дош кхочушдан дезар, тешаме ч1аг1о хила езар ч1аг1дар.
Стихашкахь поэма «Лазаман лорах». Нуьцкъаха ц1ера ваьккхиначу лирически турпалхочун шен махке, халкъе, ненан матте болу безам, деган 1ийжам. Дайн кешнех, дайн иллех, шина Даймахках (Дег1аста, Г1ирг1азойн мохк) цо ен ойланаш.
М.Д. Дикаев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Нохчо ву со», «Къинхетаме Нохчийчоь».
Даймахках, халкъах дозалла дар. Дикаевн поэзехь яхь, къоман оьздангалла, патриотически синхаамаш, къоман хиндерг ирсе хила лаар. Б1ешерашкахь парг1атонехьа, маршонехьа къийсам латтийначу доьналлин Нохчийчоьнах дозалла дар. Поэтан шен Даймахке, халкъе болу хьанал безам.
М. Ясаев. Яздархочух лаьцна дош.
«Хьоме юрт» повестан дакъа «Тянь-Шанан лаьмнашкахь».
Адамийн вовшашца йозаелла ира меттигаш а, ч1ир йитаран 1адат а. Даймахке, хьомечу юьрта болу сатийсам. Парг1атонан, маршонан марзонан мах. Лох-Беташан, Джамалдинан, Серижин, Джанхотан васташ.
I. А. Ахмадов. Яздархочух лаьцна дош.
Дийцар «Къонахалла». Турпалхочун амалш, халонаш дуьхьал нисъелча цо шегара гайтина доьналла, ша-шена т1ехь баьккхина толам.
Дийцар «Воккхадада». Къизачу акхараллица т1амо х1аллакдина бералла. Т1амо шеца беъна бохам а, къизалла а. Деден а, йоь1а йоь1ан а васташ. Дийцарехь диалого д1алоцу меттиг.
Гацаев СаьIид. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворенеш «Дарц», «Хьаннийн белхар», «Буьйса хаза, буьйса тийна...», «БIаьсте кхечи…», «ХIай йоI, делхьа, собарде», «Йише Маржане», Литературни туьйра «Чкъоьрдиг».
Поэтан лирикин башхаллаш. Даймахке безам, адамийн хазахетарш, халахетарш, дегайовхонаш, дегаIийжамаш – и берриге а бовха синхаамаш шатайпанчу исбаьхьаллица кхоьллинчу Iаламан суьрташкахула гучубовлуш хилар. Цуьнан поэзехь адам а, Iалам а.
Стихотворенеш аьхна ойланаш, бовха синхаамаш гIаттош хилар.
Литературни туьйра «Чкъоьрдиг». Халкъан туьйранан бахьанан а, вастан а бух тIехь кхоьллина туьйра. Ешап-экханан а, Чкъоьрдиган а къовсам. Чкъоьрдига ша-шена а, Ешапна а тIехь баьккхина толам.
ХIинцалерчу нохчийн поэзехь Iаламан лирикин таронаш шоръярехь Гацаев СаьIидан кхоллараллин маьIна.
Д. Д. Кагерманов. Яздархочух лаьцна дош.
Дийцар «Доттаг1алла». Дийцаран г1иллакх-оьздангаллин проблематика. Къоначу турпалхочун г1иллакх а, воккхачу стеган оьздангалла а.
Ш. Р. Рашидов. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворенеш «Т1амна дуьхьал довла», «Даймохк».
Т1амна дуьхьал къийсам латто безар кхайкхор.
Даймехкан тема поэтан кхоллараллехь – коьрта тема. Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш.
Поэма «Ден весет». Къоначу т1аьхьенгахь хила еза синъоьздангаллин мехаллаш. Стеган халкъаца, шен махкаца хила еза юкъаметтигаш билгалъяхар.
М. М. Кибиев. Яздархочух лаьцна дош.
Стихотворенеш «Меттан сий», «Дош», басня «Зов».
Нохчийн мотт Даймехкан билгало санна. Меттан дозалла, ца дойтуш цуьнан сий дан дезар.
Дашна-гимн. Дешан дозалла: цо бан тарлуш болу цатам а, цунах долу беркат а.
Басня «Зов». Баснин жанр нохчийн литературехь. Адамийн сакхте амалш емалъяр. Х1иллано духатуху х1илла.
Ж. М. Махмаев. Яздархочух лаьцна дош.
Дийцар «Буьйсанна г1улчаш». Дийцаран турпалхочун чоьхьара монолог беран синъоьздангаллин дуьне кхолларан г1ирс санна. Цуьнан коьрте хьийза карзахе ойланаш а, накъосташа иза нийсачу новкъа ваккхар. 1аламца хила еза юкъаметтигаш йовзийтар.
Стихотворени «Баьпкан 1аьржа юьхк». Стихотворенехь къинхетам, доглазар-дахаран лаккхара мехаллаш хилар ч1аг1дар.
Э. I. Мамакаев. Поэтах лаьцна дош.
Стихотворени «Х1орд». Стихотворенин филиософски маь1на. Къийсамо кхуллу дахар, тийна дахар стеган амалца дог1уш цахилар ч1аг1дар.
I. Д. Кусаев. Поэтах лаьцна дош.
Стихотворени «Амалехь диканиг». Доьзалхочун амалехь дика мел дерг кхиорехь дас-нанас д1алоцу меттиг гайтар.
С. С. Яшуркаев. Яздархочух лаьцна дош.
Повесть «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх». Даймахках баха бакъо йоцурш – мискачарал миска, декъаза нах. Сийлахь Нохчийчоь оьздачу йоь1ан куьцехь гайтаран бахьана а, маь1на а. Боцца мур чулоцучу хиламашкахула Мадин дахар а, халачу хьелашкахь кхуьуш йолу цуьнан амал а к1орггера йовзийтар, цуьнан кхоллам халкъан кхолламах бозабелла хилар.
Хь. Х. Сайдуллаев. Поэтах лаьцна дош.
Поэма «Ненан б1аьрхиш». Легендин бух т1ехь поэма. Поэмин турпалаллин-патриотически шовкъ (пафос). Даймохк мостаг1чух ларбар, цуьнан дуьхьа вала кийча хилар. Турпалаллин иллийн турпалхойн амалш ден-ненан к1ентан амалехь. Поэмин турпалаллин а, трагедин а мукъамаш. Йохьан а, декхаран а проблема ястаран башхалла. К1ентан а, ненан а доьналла.
С-Хь. М. Нунуев. Яздархочун дахар а, кхолларалла а.
«Хьайбаха» («Йилбазан оьмар» роман т1ера дакъа). Ламанан к1отаршкахь НКВД-с д1акхехьна политика а, акхараллин, къизаллин суьрташ а. Сталинан хьадалчаша шайна х1оттийначу жоьжахатех ламанхой яхьах ца бухуш, доьналлица чекхбовлар.
Дийцар «Лазийна шовда» Кхоам боцуш х1аллакдечу 1аламна орца дехар. 1аламан дахарна к1оршаме юкъаг1ертар-жил1аламан законаш талхор.
Л. Ш. Абдулаев. Поэтах лаьцна дош.
Поэма «Маьлхан каш». Поэми т1ехь юккъерчу б1ешарахь хилларг а, халкъан дахарехь маь1не долу г1уллакх а, иза кхочушдечу турпалхочух лаьцна а дийцар. Поэма – шех дала тарлучу вонах нах маьрша буьтуш, маьлхан кешнашка д1а мел вахначунна гимн.
Л. Яхъяев. Яздархочух лаьцна дош.
«Даркеш» («Гиххойн Таймасха» роман т1ера дакъа).
Дайн шира ламаст дийцаран бухехь. Вала гергавахнарг я толур воцуш ун кхеттарг тускар чохь маьлхан кешнашка вахьаран г1иллакх. И г1иллакх лардаро Даркешна бина т1е1аткъам. Ден а, Даркешан а юкъаметтиг гайтаран башхалла.
1-Хь. А. Хатуев. Поэтах лаьцна дош.
Стихотворени «Аьрзунан илли». Стихотворенин патриотически бух, синъоьздангаллин проблематика. Дуьнен т1ехь даха кхоьллиначу адаман мах беза хиларан, дахар лардан дезаран ойла кхиор. Вовшашца йолу юкъаметтигаш дог-мерза, ийна хила езар. Кхерчара ц1е санна, дайн ц1ена г1иллакх, яхь даим ларъян езар ч1аг1дар.
М. Э. Бексултанов. Яздархо – дийцар жанран говзанча.
Дийцар «Цакхетта хестор». Аьхна, исбаьхьа, беркате 1алам а, цуьнца къинхетаме хила везар а. Джабраилан а, цуьнан денден а 1аламца йолу юкъаметтигаш гайтаран башхалла.
Дийцар «Некълацар». Дайшкара схьадог1у оьзда г1иллакхаш ширдала, дицдала йиш цахилар, уьш лардан дезар – вайн декхар. Т1екхуьучу т1аьхьено дайн ламаст цалардаро дендена, к1ентан к1антана бина т1е1аткъам а, цуьнан т1аьхьало а.
Дийцар «Дика ду-кх хьо волуш» Дийцаран турпалхо, цуьнан шен деца йолу юкъаметтигаш. К1ентан шен дега болу лерам а, дена а, к1антана юккъехь хила еза г1иллакх-оьздангалла
М. М. Ахмадов. Дахар а, кхолларалла а.
Дийцар «Телефон». Дийцарехь жимачу турпалхочун дуьне а, дахар а, шен доттаг1чунна накъосталла дан и кийча хилар.
А. Т. Исмаилов. Яздархочух лаьцна дош.
Литературни туьйра «Бирдолаг». Барт а, цхьаалла а акхараллел, сонтачу кураллел, ницкъал тоьлуш хилар ч1аг1дар. Лоьман олалла дожоран маь1на. Деган дикаллий, оьздангаллий, къинхетаме, тешаме, накъосталла дан кийча хиларрий хастор, ямартло, стешхалла емалъяр. Акхаройн дахар адамийн дахарца дустаран маь1на.
Ю. С-А. Яралиев. Поэтах лаьцна дош.
Стихотворени «Кад». Хьанал къинхьегам а, стеган говзалла а къобалъяр. Адаман дахар а, цуьнан кхоллам а. Стихотворенин философски маь1на.
А. Д. Бисултанов. Поэтах лаьцна дош.
«Хьайбахахь язйина байташ» (Хьайбахахь багийначийн назма. Багонза бисиначийн назма). Стихотворенеш «Дег1аста», «Нохчийн халкъан илланчина».
Хьайбахахь къизаллин акхариллаца х1аллакбиначу лаьмнийн к1отаршкарчу нахана яьккхина назма.
Сийна Сибрехара шайн махка ц1абоьрзучу вайнехан сатийсамаш, дог-ойла.
Стихотворенеш «Дег1аста». Азаллехь дуьйна къизачу ницкъана юьх-дуьхьал лаьтташ схьабеанчу Даймахкана хастамбар. Къоман парг1ато еза ларар. Стихотворенин патриотически маь1на.
Стихотворени «Нохчийн халкъан илланчина».
Кху лаьтта т1ехь халкъан иллин, халкъан илланчийн, къонахчун мах лакхара хилар ч1аг1дар.
В-Хь. Х. Амаев. Яздархочух лаьцна дош.
Дийцар «Малх чубаре хьоьжура иза». Халкъан дахарехь хиллачунна т1ехь дийцар. Халкъ махках даккхар а, х1аллакдина бералла а. Жимачу к1ентан вагон чохь д1адоьду дахар гайтаран башхалла. К1ентан а, ненан а васташ.
Дийцар «Генарчу денойн туьйра». Халкъан ламаст дийцарехь. Вайн дайша лардеш схьадеъна ламаст кхочушдар. Кхиъна ваьллачу к1антана ден доттаг1чо шаьлта яларан маь1на а, х1инца дуьйна цо кхочушдан деза декхарш а.
Б. Шамсуддинов. Яздархочух лаьцна дош.
Стихотворени «Ахь цхьалха витичахьана». Лирически турпалхочун шен нене болу безам а, цо цуьнга сатийсар а.
5-гIа дакъа. Литературин теорех болу хаамаш.
Исбаьхьаллин литература дешан говзалла (искусство) санна. Халкъан барта кхоллараллин башхаллаш. Цуьнан халкъан Iер-дахарца йолу уьйр. Нохчийн фольклоран жанраш. Турпалалла бохучух халкъан болу кхетам. Нохчийн фольклорехь халкъан ламасташ гайтар, дика а, вуо бохучух лаьцна кхетам балар. Халкъан фольклорехь Iаламо дIалоцу меттиг. Iер-дахар, доьзал, пачхьалкх, патриотически дог-ойла нохчийн фольклорехь. Халкъан барта кхолларалло литература кхиарна бина тIеIаткъам а, царна юккъера уьйр а.
Фольклоран кегийра жанраш (хIетал-металш, кицанаш). Халкъан эшарш. Халкъан туьйранаш (инзаре-тамашена, дахаран, акхаройх лаьцна). Турпалаллин иллеш. Шира дийцарш, хабарш, аларш, наьрт-аьрстхойх дийцарш, Iаьржа-ХожагIарах дийцарш.
ХIетал-металшкахь, кицанашкахь халкъан хьекъал а, кхетам а. Халкъан эшарийн тайпанаш нохчийн фольклорехь.
20-50 шерийн литературехь йоза-дешар даржоран, юьртбахам кхиоран, Даймохк мостагIчух ларбаран, къинхьегаман, ширачу Iадаташна дуьхьал къийсам латто безаран теманаш айъар. Оцу шерийн литературехь синъоьздангаллин мехаллаш чIагIъяр: къинхетам, доглазар, догъэцар. Къоман амалш оцу шерийн произведенешкахь. Цу шерийн литературин жанрийн тайп-тайпаналла (хабарш, назманаш, иллеш, поэмаш, повесташ, дийцарш). Литературан фольклорца уьйр хилар. Цу шерийн произведенийн композиционни башхаллаш, васт хIотторан кепаш. Советски юкъараллехь исбаьхьаллин литература Iедало хьалхахIитточу декхаршца цхьаьнаян езаш хилар. Оцу идеологин лехамашца нохчийн литература кхиар а.
60-70 шерийн литературехь лирически турпалхо даймехкан дуьхьа къахьега, ваца кийча хилар. Кхетош-кхиоран маьIна. Оцу шерийн литературан идейно-исбаьхьаллин башхаллаш.
Литературин тайпанаш а, жанраш а (эпос, лирика, драма): эпически жанраш – дийцар, очерк, повесть, роман; лирически жанраш – стихотворени, лиро-эпически илли; драматически жанраш – трагеди, драма, комеди. Лироэпически произведенеш. Назманаш.
Литературни произведенин форма а, чулацам а: тема, идей, проблематика, сюжет, композици (экспозици, дIадолор, кхиар (кульминаци), дерзор, пролог, эпилог, портрет, интерьер, диалог, монолог, лирически юкъадалораш (отступление) антитеза, къовсам, авторан васт, автор-дийцархо, литературни турпалхо, лирически турпалхо. Жанрах болу кхетам кIаргбар: турпалаллин илли, турпалаллин драма, поэма.
Трагически а, беламе дерг. (Ирони, юмор, сатира).
Турпалаллин дерг. Даздинарг. Лахдинарг.
Проза а, поэзи а. Стихкхолларан бух: стихотворенин барам (шинастопан барам – ямб, хорей, кхаастопан барам – дактиль, амфибрахий, анапест), ритм, рифма, строфа.
Исбаьхьаллин произведенин мотт. Произведенехь исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаш: эпитет, метафора, олицетворени, метоними, дустар, гипербола, аллегори.
80-90-чуй шерийн литература. Керла, теманаш, проблемаш, литературни турпалхой. Нохчийн литературин демократизаци. Литературехь Даймехкан кхолламах жоьпалла а, даккхий декхарш а шена тIелаца кийча волу турпалхо лахар. Шен чулацамца а, исбаьхьаллин кепехь а литература керлачу тIегIане ялар. ХIинцалерчу заманан жоьпалле, ира проблемаш ястар. Халкъан исторехь бохаме хиллачу денойх лаьцна кхечу кепара дийцар. Халкъан дахарехь йицъян йиш йоцу синъоьздангаллин мехаллаш лахар.
Турпалхочун проблема а, даймехкан тема а. Халкъан кхоллам вай махках даьхначу хенахь а, цIадирзиначул тIаьхьа а. Литературехь нохчийн истори философски а, публицистически кепара а йовзийтар.
6-гIа дакъа. Дешархойн барта а, йозанан а къамел кхиор.
Хьехар оьрсийн маттахь долчу школийн дешархойн къамелаца гIуллакхдар шардарна тIехьажийна хIораммо ша а, тобанашца а цхьамогIа упражненеш кхочушъяр. Хезаш ешар, хаттарна барта жоп далар, текст ешар а, дагахь Iамор а.
Барта текстана комментари яр а, ешнарг барта тайп-тайпана юхасхьайийцар, произведенин исбаьхьаллин дIахIоттамна чувахар санна. Дешнашца суртдиллар а, барта мини - сочинени а, яздархочун поэтикех кхета хьажар. Ролашца ешар, инсценировкаш яр, школан спектаклана аудио и видеозапись яр, театран гIирсашца барта къамел кхиор цхьана системехь. Литературни темина барта доклад-хаам, нахана хьалха вистхила хааран кеп санна.
ЛадугIуш материал дIаязъяр, конспект язъяр, тезировани яр, йозанан къамел кхиоран баххаш санна. Гочйина материал оригиналца йогIуш ю яц хьажаран Iалашонца оригинал а, гочйина исбаьхьаллин произведени а вовшашца юстар. Дешархоша шаьш литературни произведенин дакъа нохчийн матте даккхар, Iаморехь культурийн диалоган принцип кхочушъяр.
Проблемни кепара хаттарна йозанца жоп далар, «текстах лаьцна текст» кхолларан хаарш кхиоран декъехь юьхьанцара зIе санна. Кхоллараллин амал йолу изложени а, литературни темина йолу сочинени а, ешначух лаьцна яьржина йозанца ойлаяран жанр санна. Рефераташ язъян а, хIораммо ша кхочушбен проектни талламан белхаш а историко-литературни бух тIехь юьхьанцарчу муьрехь кхочушбан Iамар.
Экскурсешна магийна музейш
Нохчийн литература хьоьхуш дешархошна хIара литературни музейш йовзийтар магийна:
Айдамиров Абузаран музей-цIа (Меската).
Мамакаев Iаьрбин музей (Лаха-Невре).
Мамакаев Мохьмадан музей-цIа (ТIехьа-Марта).
Гадаев Мохьмада-Салахьан музей (Ножай-юрт. СОШ №3).
Сулейманов Ахьмадан музей (Олхазар-кIотар. СОШ).
-
Дешаран-тематикин хьесап
5 класс
Дешаран курсан дакъа | Сахьтийн барам | Кхоллараллин белхийн барам |
Нохчийн халкъан барта кхолларалла | 13 | 2 |
Исбаьхьаллин литература | 44 | 6 |
Классал арахьара дешар | 5 | |
Дерриг | 62 | 8 |
6 класс
Дешаран курсан дакъа | Сахьтийн барам | Кхоллараллин белхийн барам |
Халкъан барта кхолларалла | 10 | 4 |
Исбаьхьаллин литература | 44 | 4 |
Классал арахьа дешар | 7 | |
Дешаран шарахь 1амийнарг карладаккхар | 1 | |
Дерриг | 62 | 8 |
7 класс
Дешаран курсан дакъа | Сахьтийн барам | Кхоллараллин белхийн барам |
Халкъан барта поэзи. | 1 | 1/1 |
Исбаьхьаллин литература | 11 | 1 |
Къоман литература. | 30 | 1/1 |
Проза а, поэзи а | 10 | 1/1 |
Дерриг | 60 | |
8 класс
Дешаран курсан дакъа | Сахьтийн барам | Кхоллараллин белхийн барам |
Мотт бацахь, къам дац | 1 | |
Исбаьхьаллин литература | 20 | 2/2 |
Къоман литература | 30 | 3/3 |
Литературин теори | 3 | |
Дерриг | 54 | |
9 класс
Дешаран курсан дакъа | Сахьтийн барам | Кхоллараллин белхийн барам |
Нохчийн халкъан барта кхолларалла | 16 | 2 |
Нохчийн литература | 3 | |
Къоман исбаьхьаллин литература йолийнарш | 27 | 4 |
Х1инцалера нохчийн литература | 14 | 2 |
Дерриг | 60 | 8 |
Йийцаре йина Барт бина Ч1агIйо
методически цхьаьнакхетараллин дешаран декъехула Гуьмсан к1оштан
кхеташонехь. директоран г1оьнча Комсомольскера юккъерчу ________ Л.О.Таибова. ______ I.Д.Докаджиев ишколан директор
Протокол № 1 ________Р.М. Исаходжиев.
28.08. 2020 шо. 17.08. 2020 ш. №112 йолчу
омрица догIуш
УьссалгIачу классехь нохчийн литература хьехаран
рузманан-тематикин хьесап
Дешаран т1ег1а: коьрта юкъара дешар
2020 – 2021 дешаран шо
5 – 9-г1ий классаш
К1иранах 2 сахьт
Хьехархо: Абдуразаков Ибрех1иман Шертбек, нохчийн меттан, литературин лакхарчу т1ег1анан хьехархо.
2020 шо
Предмет хьехарехь пайдаоьцу lаматаш:
«Нохчийн литература», 9-чу классана хрестомати. Соьлжа-Г1ала – 2019. Эдилов С.Э.
«Нохчийн литература», 9-чу классана 1амат. Грозный – 2018. Арсанукаев I. М., Эдилов С.Э.
Сахьтийн барам
шарахь | 68 | кIиранах | 2 |
хьалхарчу четвертехь | 16 | кхоалг1ачу четвертехь | 20 |
шолгIачу четвертехь | 16 | йоьалг1ачу четвертехь | 16 |
Кхоллараллин белхийн барамаш
Сочиненийн барам |
шарахь | 4 |
хьалхарчу четвертехь | 1 |
шолгIачу четвертехь | 1 |
кхоалг1ачу четвертехь | 1 |
йоьалг1ачу четвертехь | 1 |
РогIалла | Чулацам | Сахьт | Хьесапца хан | Билггал хан |
Хьалхара четверть – 16 сахьт |
Нохчийн халкъан барта кхолларалла |
1 | Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, цуьнан тайпанаш а. | 1 | 01.09. | |
2 | Оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн барта кхоллараллех лаьцна яздинарг. | 1 | 03.09. | |
3 | Нохчийн халкъан туьйранаш. | 1 | 08.09. | |
4 | Нохчийн халкъан шира дийцарш, хабарш, аларш. | 1 | 10.09. | |
5 | Нохчийн халкъан эшарш. | 1 | 15.09. | |
6 | Нохчийн халкъан кицанаш, х1етал-металш. | 1 | 17.09. | |
7 | Иллеш. Лирически а, турпалаллин а иллеш. | 1 | 22.09. | |
8 | «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли». Адин Сурхо – халкъан турпалхо. | 1 | 24.09. | |
9 | «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли». Сурхон нана. | 1 | 29.09. | |
10 | «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли». Иллин цхьайолу исбаьхьаллин башхаллаш а, т1аьхьара дош а. | 1 | 06.10. | |
11 | «Аьккхийн Жанхотан илли». Иллин чулацам а, д1ах1оттам а. | 1 | 08.10. | |
12 | «Аьккхийн Жанхотан илли». Иллин турпалхой. | 1 | 13.10. | |
13 | «Аьккхийн Жанхотан илли» т1ехь къаьмнийн доттаг1аллин тема. | 1 | 15.10. | |
14 | ПКЭ-н кепехь «Тешаман мехалла» сочинени язъян кечам бар. (№25 вариант). | 1 | 20.10. | |
15 | ПКЭ-н кепехь «Тешаман мехалла» сочинени язъяр. | 1 | 27.10. | |
16 | Халкъан илланчаш. Назманаш. | 1 | 29.10. | |
Шолг1а четверть – 16 сахьт |
Нохчийн литература |
17 | Йоза кхолладалар а, исбаьхьаллин литература а. Нохчийн йозанан историх лаьцна. | 1 | 10.11. | |
18 | Йоза кхолладалар а, исбаьхьаллин литература а. Исбаьхьаллин литература. | 1 | 12.11. | |
19 | «Серло» газетан мехалла. | 1 | 17.11. | |
Къоман исбаьхьаллин литература йолийнарш |
20 | Дудаев 1абдин дахаран а, кхоллараллин а некъ. | 1 | 19.11. | |
21 | «Советийн малх», «Асланбек» стихотворенеш. | 1 | 24.11. | |
22 | «Колхозхочун, цхьалхахочун къамел» стихотворенеш. | 1 | 26.11. | |
23 | Сальмурзаев дахаран а, кхоллараллин а некъ. | 1 | 01.12. | |
24 | «Кхетаме Хьамид» дийцар. | 1 | 03.12. | |
25 | «Кхетаме Хьамид» дийцаран мехалла. | 1 | 08.12. | |
26 | ПКЭ-н кепехь «Къинхетаме стаг» сочинени язъян кечам бар. (№19 вариант). | 1 | 10.12. | |
27 | ПКЭ-н кепехь «Къинхетаме стаг» сочинени язъяр. | 1 | 15.12. | |
28 | Нажаев Ахьмадан дахаран а, кхоллараллин а некъ. | 1 | 17.12. | |
29 | «Жа1у» поэма. | 1 | 22.12. | |
30 | Айсханов Шамсуддинан дахаран а, кхоллараллин а некъ. | 1 | 24.12. | |
31 | «Мало – хало» дийцар. | 1 | 25.12. | |
32 | «Орга», «1а» стихотворенеш. | 1 | 29.12. | |
Кхоалг1а четверть – 20 сахьт |
33 | Бадуев Саь1ид-Салихьан дахаран а, кхоллараллин а некъ. | 1 | 12.01. | |
34 | Бадуев Саь1идан оьрсийн яздархошца хилла доттаг1аллин а, кхоллараллин а уьйраш. | 1 | 14.01. | |
35 | «Бешто» повесть. Повестан тема а, д1ах1оттам а. Васташ кхолларан башхаллаш. | 1 | 19.01. | |
36 | «Бешто» повесть. Бештой, Бусаний. | 1 | 21.01. | |
37 | «Ц1еран арц» повесть. Авторан 1алашо а, повестан д1ах1оттам а. Кулдевич а, цунна т1аьхьабозурш а. | 1 | 26.01. | |
38 | «Ц1еран арц» повесть. Хонмурд а, цуьнан доьзал а. Повестан маь1на. | 1 | 28.01. | |
39 | Бадуев С. поэтически кхолларалла. «Лам» стихотворени. Бадуев Саь1ид-Салихьан кхоллараллин мехалла. | 1 | 02.02. | |
40 | Мамакаев 1аьрбин дахаран а, кхоллараллин а некъ. | 1 | 04.02. | |
41 | Даймахках ойланаш. «Кавказан латта», «Сайн к1анте» стихотворенеш. 1аламан, безаман лирика. «Йо1е», «Даге» стихотворенеш. | 1 | 09.02. | |
42 | «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. Поэмин д1ах1оттам. Поэмехь безам а, доттаг1алла а. | 1 | 11.02. | |
43 | «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. Поэмин эпически, лирически чулацам. Исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш. Мамакаев 1аьрбин кхоллараллин башхаллаш. | 1 | 16.02. | |
44 | ПКЭ-н кепехь «Муха хуьлу дика доттаг1?» сочинени язъян кечам бар. (№23 вариант). | 1 | 18.02. | |
45 | ПКЭ-н кепехь «Муха хуьлу дика доттаг1?» сочинени язъяр. | 1 | 25.02. | |
46 | Хамидов 1абдул-Хьамидан дахаран а, кхоллараллин а некъ. | 1 | 02.03. | |
47 | «Д1а-коч, схьа-коч», «Абубешар», «Г1ирмасолтас яьккхина са», «Дурдий, Даргий» дийцарш. | 1 | 04.03. | |
48 | «Т1ам сийна кхокха», «Ламанан йо1», «Мохсолтин доьхна де», «Бож-1ела» пьесаш. | 1 | 09.03. | |
49 | «Лийрбоцурш» – турпалаллин драма. Пъесин тема, жанр, д1ах1оттам. Хьалхара дакъа. Ханпаший, Мутий. Ханпаша а, цуьнан накъостий-б1аьхой а. | 1 | 11.03. | |
50 | «Лийрбоцурш» – турпалаллин драма. Шолг1а дакъа. Тыл а, фронт а. Дерриге а фронтана! | 1 | 16.03. | |
51 | «Лийрбоцурш» – турпалаллин драма. Кхоалг1а дакъа. Немцойн блиндажехь. Турпалхой леш бац. | 1 | 18.03. | |
52 | Хамидов 1абдул-Хьамидан кхоллараллин мехалла. | 1 | 25.03. | |
Йоьалг1а четверть – 16 сахьт |
Х1инцалера нохчийн литература |
53 | Къоман литература XX-чу б1ешеран 20-40-чуй шерашкахь кхиаран жам1аш а, х1инцалера литература а | 1 | 01.04. | |
54 | Нохчийн литература Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом лаьттинчу шерашкахь. | 1 | 06.04. | |
55 | Нохчийн литература XX-чу б1ешеран 50-70-чуй шерашкахь. | 1 | 08.04. | |
56 | Нохчийн литература XX-чу б1ешеран 80-90-чуй шерашкахь. | 1 | 13.04. | |
57 | ПКЭ-н кепехь «Вина мохк мазал мерза бу» сочинени язъян кечам бар. (№3 вариант). | 1 | 15.04. | |
58 | ПКЭ-н кепехь «Вина мохк мазал мерза бу» сочинени язъяр. | 1 | 20.04. | |
59 | Сулаев Мохьмадан дахаран а, кхоллараллин а некъ. | 1 | 22.04. | |
60 | 1аламан лирика. «Сай» стихотворени. | 1 | 27.04. | |
61 | Г1иллакх-оьздангаллех, стеган вахаран 1алашонах лаьцна йолу поэтан ойланаш. «Сох муха эр дара адам?..», «До1а» стихотворенеш. | 1 | 29.04. | |
62 | «Лаьмнаша ца дицдо» романехь Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом хилла шераш. | 1 | 04.05. | |
63 | «Лаьмнаша ца дицдо» романехь Тавсолтин васт. | 1 | 06.05. | |
64 | «Лаьмнаша ца дицдо» романехь кегийрхойн васташ. | 1 | 11.05. | |
65 | «Лаьмнаша ца дицдо» романехь вайнехан г1иллакхаш гайтар. | 1 | 13.05. | |
66 | Гацаев Са1идан дахаран а, кхоллараллин а некъ. Цуьнан поэзехь адам а, 1алам а. «Буьйса хаза, буьйса тийна», «Б1аьсте кхечи» стихотворенеш. | 1 | 18.05. | |
67 | Гацаев Саь1идан поэзин исбаьхьаллин башхаллаш. «Х1ай, йо1, делхьа, собар де» стихотворени. | 1 | 25.05. | |
68 | Дешаран шарахь 1амийнарг карладаккхар. | 1 | 27.05. | |