СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до 16.05.2025

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Поэма «Сийлаха». Сийлаха а, Ибрах1им а.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Поэма «Сийлаха»

Сийлаха а, Ибрах1им а.

Просмотр содержимого документа
«Поэма «Сийлаха». Сийлаха а, Ибрах1им а.»

План урока по чеченской литературе в 10 А классе

Поэма «Сийлаха»

Сийлаха а, Ибрах1им а.




Астамирова А. А.



Урокан план

Хьехархо: Астамирова А.А.

  1. Класс: 8.

  2. Терахь: «___» _____2024 ш.

  3. Предмет: нохчийн литература.

  4. Урокан тема: Поэма «Сийлаха». Ибрах1им а, Сийлаха а.

  5. Урокан тайпа: довзийтаран урок.

  6. Урокан кеп: текстаца болх, дешнаш т1ехь болх, къамел кхиор.

  7. Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь.

  8. УМК: Ахмадов М. М., Алиева З. Л.-А.

  • Планируемые результаты (х1оттаман хилам)

  • Предметни (Кхеторан): дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;

  • Метапредметни (Кхиоран 1алашо): Шайхи Арсанукаевн дахарх а, кхоллараллах а лаьцна хаамаш балар а, «Тимуран тур» поэмин чулацам бовзийтар а, поэмин исторически бух бовзийтар а;

  • Личностни (Кхетош-кхиоран 1алашо): 1аламе болу безам алсамбаккхар.



Урокан д1айахьар

1-ра этап/ 1-ра блок. Темина т1е вар, керла хаарш т1еэцаран хьелаш кхоллар.

  1. Дешархойн белхан кеп д1ах1оттор.

  1. Марщалла хаттар.

  2. Урокана оьшу гйирс кечбар.

    «Хьоме к1орни дог1ий хьаьжна,

    Сан б1аьргийн нур кхулуш лаьтта»

    /Мехкарийн йиш/

  3. Ойла т1еерзор.









2-г1а этап/2-г1а блок. 1амийначу материалах пайдаэцар.

  1. Актуализаци.

  • Эдилов Х-М. биографи йийцаре йар.

  • Хаттаршна жоьпаш далар:

  • Маца, мичахь вина Эдилов Хасмохьмад? (1922-чу шарахь, Валаргт1ехь).

  • ЙАздан маца волавелла Эдилов Хасмохьмад? (1937-чу шарахь, хьехархойн училищехь доьшуш волуш).

  • Ц1ерш йаха поэтан стихотворенин («Алжирка», «Даймохк кхойкху», «Машаран урам», «Буьйса», «Ненан ирс», и. д1. кх.).

  • Маца, мичахь д1акхелхина Эдилов Хасмохьмад? (1991-чу шеран 11-чу нойабрехь Соьлжа-Г1алахь).



3-г1а этап/ 3-г1а блок. Керла хаарш довзийтар.

  1. Керланиг довзийтар.

  1. Хьехархочун дош:

1957 шеран май баттахь «Къинхьегаман байракх» газетан агIонаш тIехь зорбатоха йолийра Эдилов Хасмохьмадан дуьххьарлера поэма «Сийлаха». Драматически чулацам болу и поэма хиллачийн буха тIехь йазйина йара. Шен цIена, оьзда безам ца ларбина йолу поэмин турпалхо Сийлаха ша дакъаза а йолу, и бахьанехь нахана даккхий зуламаш а хуьлу. Шен ойланехь, гIуллакхашкахь, леларехь ша шена хьалха а, нахана хьалха а стаг жоьпалли хила везаран ойла йойту автора поэма йоьшуш волчуьнга. ГIеххьа йоккха лиро-эпически поэма йу «Сийлаха». Поэмин дIахIоттамехь хьалахара дош а, итт дакъа а, дерзор а ду. Иттанах хIор дакъа шена хьалха йалийна эпиграф йолуш ду. Цхьайолу эпиграфаш халкъан иллешний, мехкарийн эшаршний тIера схьаэцна йу, вуьйш нохчийн кицанех лаьтташ йу, кхиерш йаздархойн произведенеш тIера йалийна йу. Масала: «Маржа йаI, зингат, хьо а гIерта-кха даха» (I. Мамакаев), «Хила йа ца хила! – Иштта ду гIуллакх!» (Шекспир. «Гамлет»).   Хьалхара дош а, дерзор а авторера ду. Поэмин эпически агIо цуьнан сйужетаца йу. Ардаме сйужет йу поэмин. Шайн доладалар а, кхиар а, дерзар а долчу хиламех лаьтташ йу иза. ИбрахIим, Сийлаха, Эдалха, Аружа – оцу персонажийн лехамаш бу поэмин сйужетехь. Шен безамца, шен лаамехь ИбрахIиме йоьду Сийлаха. ЦIена, хьанал ду къоначу доьзалан дахар. Амма совдегаран Эдалхин безам бахна Сийлахе. Нехан цIе тIехь йолу зуда, Аружа йукъа а лоьлуьйтуш шена тIе а ерзайой, йалайо цо. Сийлахас ца ларбина ИбрахIиме хилла шен мерза безам. Цуьнан цIийндех ИбрахIимах цуьрриг ийзалуш вац Эдалха, иза цхьалха стаг ву, шена тIаьхьа хIитта нах болуш вац, къоьлла токхуш а ву, цундела цуьнгара зуда йаккха а мегар ду, боху цо шен дагахь. Амма ИбрахIим шен сий лардийра долуш ву. Эдалха а, цуьнан цIийнах кхо стаг а вуьйжира ИбрахIиман карах. ИбрахIим а кхелхира церан карах. Цу тайпана, Сийлахас шех инзаре доккха зулам далийтина.

Оцу хиламех лаьттачу сйужетаца билгалболу поэмин эпически чулацам. Къеггина шен лирически агIо а йу поэмин. Иза авторан ойланца билагалйолу. Поэмин хьалхара дош а, дерзор а авторера ду. Поэми тIехь алссам ду йуьстахдийларш. Автора, сйужетана йуьстах а вуьйлуш, цу тIерачу хиламех лаьцна йолу шен ойланаш, синхаамаш гучубоху. Цара поэмин чулацам кIарг а бо, текстан исбаьхьалла са а йоккху. ИбрахIиммий, Сийлахий хин йистехь мерза захалу дуьйцуш гайтинчул тIаьхьа автора сирлачу ойланца боху:

Шабарш деш догIучу
Валарган йистехь
Дуьххьарий, тIаьххьарий
Балхабац безам.
Хийла йоI, елалой,
КIаг хIуттуш йуьхь тIехь,
Суьйренца цIа йоьрзу,
Хуьлий дог реза.

Ткъа кхано тIаьхьа ИбрахIиман, Сийлахин барт ийгIина, и шиъ халонца дIасакъастар гойтучу хенахь кхечу кепара йу авторан ойла: 

Малх бу шен болар деш,
ГIушлакха баьлла,
И стенна оьшура
Дуьненна кхета?
Сирла бу, бовха бу
Цунна хьан аьлла?
Мила ву цо вохвеш?
И хьанна къеда?

Авторан ойла, синхаамаш шен турпалхойн ойланашца, церан синхаамашца цхьаьна богIуш бу. Иза ИбрахIиман, Сийлахин накъост ву. Церан хазахетарех самукъа долу цуьнан, церан халахетарш сингаттамца Iаьткъа цунна.

Поэмин драматизм цуьнан сйужетехь йу, иза Эдалхин, ИбрахIиман йуккъерчу къовсамца йу. Бакъду цу шинна йукъара къовсам хилла ца Iа иза, цуьнан социальни маьIна ду. Социальни тайп-тайпанчу тобанах ву и шиъ.

Цу тайпана, лирический, эпический, драматический билгалонаш цхьана ийна йу «Сийлаха» поэми тIехь.

«Сийлаха» поэма нохчийн литературехь эпически поэзин керла кхиам бара.

4-г1а этап/ 4-г1а блок. 1еминарг, карадирзинарг таллар.

  1. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Дешархошка доьшуьйту поэмин дакъа.

  • Ешнарг йийцаре йо.

  • Поэмин чулцамца дог1у суьрташ дохку. (уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь а болх бо.

































Дешнаш т1ехь болх.

  • Бохаман ачо – бохаман некъ

  • Аьрша – метр

  • Урд – кха



5-г1а этап/ 5-г1а блок. Жам1дар. Ц1ера болх.

  1. Урокан жам1 дар:



  1. Ц1ахь:

  1. Поэма еша, чулацам схьабийца.

  2. Поэмица доху суьрташ дахка.



  1. Рефлекси.

  • Ибрах1им, Сийлаха дешнашна синквейн х1оттае.


  1. Ибрах1им.

  2. Къона, тешаме.

  3. Къахьоьгу, сатуьйсу, воккхаве.

  4. Ибрах1им къинхьегаман стаг ву.

  5. Къонах.



  1. Сийлаха.

  2. Оьзда, каде.

  3. Сакъерало, йоккхае, веза.

  4. Сийлаха Ибрах1им везаш йу.

  5. Йо1.









Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!

Закрыть через 5 секунд
Комплекты для работы учителя