7 класс
Урокан ц1е: Ненан маттах лаьцна дош.
1алашо: Дешархошна хаа деза, нохчийн мотт бийца атта а, хьалдолуш а хилар. Муха кхоллабелла х1инцалера нохчийн литературни мотт. Иштта хаа деза, нохчийн мотт буьйцуш берш мичхьа бехаш бу.
Урок д1аяхьар
1.1амийнарг карладаккхар
1.Муха кхета шу нохчийн поэта Сулаев Мохьмада аьллачу дешнех:
… Массарел хьоме ю вай дина эвла,
Массарел хаза бу вайн нохчийн мотт!
1.Шуна хетий иштта? Дийца шайн дахарехь нохчийн матто д1алоцучу меттигах лаций.
2.«Вайн мотт вайн истори ю» х1унда аьлла? Хьенан ду и дешнаш? Мотт а, халкъан истори а х1унда ю вовшашца уьйр йолуш? Стенца доьзна ду иза? Даладе масалш.
2. Кхеторан диктант
3. Маттах лаьцна долу хаарш т1еч1аг1дар
1. Кхочушде 1-ра шардар.
2. Нохчийн яздархойн, поэтийн фамилеш а, церан произведенийн ц1ераш д1аязъе.
3. Нохчийн маттах лаьцна хьайна дагахь хууш йолу байташ еша. Мила ву церан автор? Айхьа язйой ахьа нохчийн маттахь байташ, дийцарш. Туьйранаш?
4. 5-чуй. 6-чуй классашкахь нохчийн маттахь сочиненеш а, изложенеш а, диктанташ а язъеш кхиамаш муха бара хьан?
4. Дозуш долу къамел кхиор
5.Ц1ахь бан болх
1.Ненан маттах лаьцна кицанаш язде.
2.Сочинени- ойлаяр язъе шаьш хаьржинчу темина.
Урокан ц1е: Билгалдош, цуьнан билгалонаш
1алашо: Билгалдешан грамматически билгалонаш карлаяхар. Билгалдашах долу хаарш к1аргдар. Цо предложенехь до синтатсически г1уллакх къастор. Билгалдешан дожаршкахь хуьлу чаккхенаш.
Урок д1ахьар
1.Ц1ахь бина болх таллар
1.Дешархошка йоьшуьйту ц1ахь язйина сочиненеш- ойлаярш. Г1алаташ нисдо.
2.Уьна а, тетрадаш т1е а д1аяздо бераша нохчийн маттах лаьцна кечдина кицанаш.
- Муха бу церан чулацам?
2.Хьалххе-хаийтаран диктант
Билгалдашах лаьцна 1амийнарг карладаккхар.
1. Стенах олу билгалдош?
2.Дийца цуьнан дожаршца хийцадаларх лаций.
3.Билгалдешнийн маса тайпа ду? Муьлхарш ду уьш? Даладе масалш.
4.Терахьашца а, классашца а хийцалой уьш? Даладе масалш.
3.1амийнарг т1еч1аг1дар
1.Муха хила деза х1окху дешнийн цхьанакхетарехь долу дешнаш дукхаллин терахьехь:
Доккха дитт
Йоккха хьун
Боккха некъ
Воккха к1ант
Доккха б1ар
Жима юрт
Беха урам
Буткъа сара
Дуткъа к1ади
2. Легаде жима кор, йоккха байракх, йистера т1улг, юккъера ц1а.
- Муьлха чаккхенаш ю билгалдешан лач дожаршкахь?
3. Д1аязде дешнаш. Йийца церан нийсаяздаран бакъо: ал бос- ал басахь, раз некъ-раз некъаца, пурх сиз –пурх сизаца.
4. Легаде вешин машен, т1улган некъ, дешархойн тоба, ненан дог боху дешнийн цхьаьнакхетарш.
5. Легаде: юьртара стаг, стохкалера де, бешара зезагаш- дешнийн цхьаьнакхетарш.
4. Гайтаран диктант
5. Дешархошка шаьшка болх байтар
Кхочушдо 6-г1а шардар
6.Ц1ахь бан болх
1.Билгалдашах лаьцна 1амийнарг карладаккха.
2. Кхочушдо 4-г1а шардар.
Урокан ц1е: Ц1ерметдош, цуьнан билгалдош.
1алашо: Ц1ерметдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар: легар, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр, цо предложенехь деш долу синтаксически г1уллакх.
Урок д1аяхьар
1.Ц1ахь бина болх таллар. Дешархошка уьн т1ехь болх бойту кехаташца.
2.Кхеторан диктант
3. 1амийнарг карладаккхар
4. 1амийнарг т1еч1аг1дар
1. Кхочушде 7-г1а шардар
2. Комментированни яздар
5. Ц1ахь бан болх
1. Карладаккха ц1ерметдашах лаьцна 1амийнарг.
2. Кхочушде 8-г1а шардар. Ц1ерметдешнаш билгалдаха.
Урокан ц1е: Хандош, цуьнан билгалонаш.
1алашо: Хаа еза хандешан грамматически билгалонаш, карлаяха еза церан нийсаязъяран бакъонаш, хенаш.
Урок д1аяхьар
1.Хьалххе хаийтаран диктант
2.1амийнарг карладаккхар
3.Учебник т1ехь хандош карладаккха деллачу хаттаршна жоьпаш ло, масалш даладо.
Кхочушдо 10-г1а шардар
4.Гайтаран диктант
Уьн т1е хьалххе язйина байташ:
1.Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:
1-ра кеп: 1) кхочушдо 12 –г1а шардар
2) Морфологически къастам бе хьалхарчу предложенехь долчу хандешнашна.
3)Шаьш язйинчу предложенех цхьанна морфологически къастам бе.
2-г1а кеп: 1) 12- чу шардарера т1аьххьара 9 дош юкъа а далош, предложенеш х1иттае.
Ц1ахь бан болх.
1.Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккха.
Кхочушде 11-г1а шардар. Морфологически къастам бе хаза х1ума, хьоьца веара, лаьмнашкахь кхуьу.
Урокан ц1е: 6-чу классехь хандашах лаьцна 1амийнарг карладакхар.
1алашо: Карлаяха хандешан грамматически билгалонаш,церан нийсаяздаран бакъонаш, хенаш.
Урок д1аяхьар
1.Хьехархочун дош
2.1амийнарг карладаккхар
1.Д1аязъе предложенеш. Морфологически къастам бе царна.
1) Дайн г1илакхаш хьалхе яьккхира…
2) Догдика, къонах стаг яра Шахмирзин ненайиша.
3) Дахар а ца нисделлера цуьнан.
- Муьлха къаелан дакъош ду предложенешкахь?
Шуна ца девзаш долу къамелан дакъош дуй кхузахь?
- Схьаязде хандешнаш. Йийца церан грамматически билгалонаш; предложенехь муьлха меже хуьлий лела уьш?
- 2-чуй , 5-чуй предложенешна синтаксически къастам бе.
- муьлхачу хаттаршна жоп ло билгалзачу кепехь долчу хандешнаша.
Дешнийн диктант
Орфографически 5 минут. Дешнаш т1ехь болх
- Акха бохучу дешан маса маь1на ду?
6. Дешархошка шайга болх байтар
Кхочушдо рог1ера шардар
7.Ц1ахь бан болх
1. Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккха
2. Кхочушде 15-г1а шардар
Урокан ц1е: Хандешан саттамаш. Билгала саттам.
1алашо: Хаа деза, муьлха саттамаш бу хандешан. Х1ун гойту х1ора саттамо. Билгала сттам кхачам боллуш 1амо беза.
Урок д1аяхьар.
1.Орфографически 5 минот
2.Комментированни яздар
3.Керла коьчал йовзийтар
Билгала саттам
Цо гойту г1уллакх массо а хенашкахь хилар, иза билгала кхочуш хилар. | Цуьнан кхо кеп ю: |
веа, веара, веана, веанера, вог1ура, вог1у, вог1ур ву; хаьтти, хаьтира, хоьтту, хоьттур ду. | Дацараца: 1еми. Ца левзи, ца лийхи. Ч1аг1даран: ма кхечи, ма эли, ма ваха. Хаттаран: Кхечирий? Веарий?ттуьйлирий? |
1V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Кхочушдо 19-г1а шардар.
5.Гайтаран диктант.
6.Жам1 дар.
1. Стенах олу билгала саттам? Даладе масалш.
2.Муха хуьлу хандешнийн кепаш? Даладе масалш?
7. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 1-ра .
2. Кхочушде 20-г1а шардар. 7-чу предложенина синтаксически къастам бе.
Урокан ц1е: Билгала саттам.
1алашо: Хаа деза, муьлхачух олу хандешан билгала саттам,х1ун гойту цо, муьлха билгалонаш ю цуьнан.
Урок д1аяхьар
1.Ц1ахь бина болх таллар
Дешархошка болх бойту уьн т1ехь кехаташца.
2.Кхеторан диктант
3. Дешнаш т1ехь болх
4. Учебникца болх байтар
1.Кхочушде 21-г1а шардар
5. Бакъонца цадог1ург д1адаккха:
1. Летира,летта,лети,ма лети
2. Виги,вуьгур ву,вигира, ца виги.
3. Эли, элира, эр ду, аьллера.
4. Гойту, 1ойту, тойту, тоьлу.
6. Ц1ахь бан болх
1. 1-ра *карлаяккха.
2. кхочушде 22-г1а шардар. Шуьшиъ бохучу дашна морфологически къастам бе.
Урокан ц1е: Хандешан бехкаман саттам.
1алашо: Хаа деза,хандешан бехкаман саттам стенах олу. Цо х1ун гойту.
Урок д1аяхьар
1.1амийнарг карладаккхар
2. Керла коьчал йовзийтар
3.Уьн т1ехь хьалххе язйина кеп.
Бехкаман саттам
Цо дар я хилар мича хьелашкахь кхочушхуьлу гойту: | Иза кхоллало хандашна т1е –ахь, -ехь, -хьара суффиксаш кхетарца: | Кхаа хенахь лела: |
Вай нийсачу новкъа даг1ахь, сарахь ц1а кхочур ду. Накъост ваг1ахьара, оха къамел дийр дара. Хьайн хеннахь ваьллехь, хьуна ахча дала дезара. Хьо кхетар велахь, д1аеша бакъо. | -хь -хьара -ехь -хь | Карара хан Карара хан Яхана хан Йог1у хан |
3.1амийнарг т1еч1аг1дар
1. кхочушдо 24- г1а шардар.
2.Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязде предложенеш;
Хандешнийн саттамаш билгалбаха.
1)Хьайн ден-ненан сий дахь, сий долу шву хьо.
2)Хьо дика хилахь, нах а дика хуьлу хьоьца.
3)Стаг сиха г1ахь, динара вужур ву.
4)Д1адаьлларг дицделлехь, иза юха ца дог1у.
5)Цкъа Макка Хьаьжа- ц1авахнехь, велча а бен ца хета суна.
- Шолг1ачу предложенина синтаксически къастам бе.
Ц1ахь бан болх
1.1амае* 2-г1а
2.Кхочушде 26-г1а шардар.
Урокан ц1е: Хандешан лааран саттам.
1алашо: Хандешан лааран саттам бовзийтар. Кхечу хандешнийн саттамах лааран саттам къасто хаар.
Урок д1аяхьар
1амийнарг карладаккхар
Стенах олу ц1ердош. Билгалдош, терахьдош? Муха ю церан грамматически билгалонаш? Даладе масалш.
Легаде таллархо, нана, таллархой, наной. Чаккхенаш билгалъяха.
Легаде стохкалера шо, стохкалера шераш; б1ьрзе стаг, г1амарийн гунаш. Чакккхенаш билгалъяха.
Уьна а, тетерадаш т1е а д1аязъе предложенеш, синтаксически къастам бе царна:
1)Ткъолг1а де дара йочанаш йолу, амма берийн самукъадолура шахматех, шашаканех, доминох ловзуш.
2)Цергийн лоьрана т1е кхача луучарех йолхалг1а яра Малика.
3)Кхузткъалг1а шо дара сан дененан.
4)Пхийтталг1а шо долуш волу к1ант доьзалехь дош лелаш вара.
- Билгалдаха терахьдешнаш. Муьлхачу тайпанан ду уьш? Церан нийсаяздаран бакъонаш йийца.
Гайтаран диктант
Керла коьчал йовзийтар
1.-Х1ун ю вайн урокан ц1е?
-Х1унда аьлла оцу хандешан саттамах –лааран?
Лексически маь1на муха ду цуьнан? Цхьа х1ума хила лаар гойтий цо?
2.Д1аязъе уьна а, тетрадаш т1е а кеп.
Цо гойту дар я хилар кхочушхила лаар | Хандешан билгалзачу кепана т1е хьара суф. кхетарца | Карарчу хенан т1е –йла (-ийла),-ий –ла, -да, (-лда) кхетарца | Билгалчу саттамна т1е г1оьналлин хандош делара, велара, елара, белара, кхетарца. |
«Аьллачуьнга ладог1ахьара кегийчара», - лира къеначу стага. –Де дика хуьлда хьан! –Марша вог1ийла! Со –суо вана велира цуьнца | Алахьара дицлахьара х1оттахьара хазахьара ваг1ахьара дийцахьара тешахьара | Хуьлийла уьйдийла дохулда дуттийла лорийла хуьлийла | Вог1ур велара эр делира х1уттур велира хьоькху делира лорур елира. |
- х1ун гойту лааран саттамо?
_ муха кхоллало иза хандешан билгалзачу кепах?
- Карарчу хенахь долчу хандешнех кхоллалой лааран саттам?
Жам1 дар. Муха кхоллало лааран саттамехь долу хандешнаш? Х1ун гойту цара?
-Кепан х1ора б1ог1амалга язде шайн масалш.
4. 1амийнарг т1еч1аг1дар
1. кхочушде 28-г1а шардар.
2. д1аязде билалзачу кепан хандешнашна уллохь церен лааран саттам:
Оза-
Хьакха-
Ч1аг1дан-
Ван-
Довза-
5.Ц1ахь бан болх
1.1амае 3-г1а*
2. кхочушде 29-г1а шардар.
Урокан ц1е: Хандешан т1едожоран саттам.
1алашо: Хаа деза, муьлхачух олу хандешан т1едожоран саттам, муха кхоллало иза, х1ун билгалонаш ю цуьнан.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь язйина диалогаш йоьшуьту, хандешнийн саттамашбуьйцуьйтуш.
2.Хандешнийн саттамах лаьцна дуьйцу, масалш даладо.
3.Комментированни яздар.
4.Керла коьчал йовзийтар.
Уьн т1ехь халххе кечйина кеп:
Т1едожоран саттамо гойту:
Т1едилларан я омра даран маь1на | Пурба даларан маь1на | Дехаран маь1на |
Г1о, г1ол; д1авало, д1авалол; эца. Эцал; | Г1охь д1аг1оха эцахьа | Г1ахьара д1аг1ахьара эцахбара |
-Х1ун гойту т1едожоран саттамо? Маса маь1нехь лела иза?
-Муха ду т1едилларан я омра даран маь1нехь долу хандешнаш?
-Пурба даларан маь1нехь дерш?
-Дехаран маь1нехь долу хандешнаш дуй кепа т1ехь? Д1адеша уьш.
-Кхаа б1ог1амалге шайн масалш язде.
-Жам1 дар: Муьлхачуу хандешан саттамах олу т1едожоран саттам?
-Маса маь1нехь ела иза? Даладе масалш.
5.1амийнарг т1еч1аг1дар.
Кхочушде 33-г1а шардар.
Урокан ц1е: хандешан спряженеш. 1-ра спряжени.
1алашо: Дешархошна хандешан хьалхарчу спряженех лаьцна кхетам балар.
Урок д1аяхьар.
1.1амийнарг карладаккхар.
1.Дийца хандешан билгала саттамах лаций. Даладе масалш.
2.Стенах олу бехкаман саттам? Муха кхоллало иза7
3.Т1едожоран саттамехь долу хандешнаш муьлхачу маь1нехь хуьлу?масалш даладе.
2. Дешархошка болх байтар д1ахьо шина кепехь.
Кхочушдо 35-г1а шардар
3.Керла коьчал йовзийтар.
Дешархоша хьехархочун г1оьнца уьн т1ехь х1ара кеп х1оттайо:
Хьалхара спряжени.
Цунна чудог1у билгалзачу кепехь орамехь а долу хандешнаш: | Орамера аз о-не дерзехь, чаккхе у ю: | Орамера а аь-не я е-не дерзахь, чаккхе а ю, |
Айа, акхадала, арадаккха, аралалла, даа, кхалла, мала. Кхаба, вага , татта, хатта. | Йоу, акхадолу, арадоккху, аралоллу, доу, кхоллу, молу, кхобу, вог1у, тотту, хотту. | Лаа-лаьа, лаха-леха, лачкъа-лечкъа, 1ама-1ема. |
4.Жам1 дар: Муьлха хандешнаш чудог1у 1-чу спряженина7 Карарчу хенахь орамера а. чаккхенгара а аьзнаш муха хийцало? Даладе масалш.
1амийнарг карладаккхар.
Кхочушдо рог1ера шардар.
5. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 4-г1а*
2. Кхочушдо 40-г1а шардар
Урокан ц1е: Хандешнаш шолг1а спряжени.
1алашо: Хандешан шолг1ачу спряжених кхетам балар, и муьлхачу билгалонашца кхетайо хаар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь бина болх таллар.
Дийца, стенах олу хьалхара спряжени? Даладе масалш.
Д1айоьшу ц1ахь язйина сочиненеш
2.Хьалххе хаийтаран диктант.
3. Керла коьчал йовзийтар.
Уьна а, тетрадаш т1е д1аяздо:
Эца-оьцу, хьеха-хьоьху, ела-йоьлу, вела-воьлу.
-Муьлха аьзнаш ду билгалза кепехь долчу хандешнийн орамехь?
-Хийцалой уьш хандешан карарчу хенахь .
Жам1 дар: Муьлха азнаш хийаш цало шолг1ачу спряжени чудог1у хандешнаш билгалзачу кепера карарчу хене довлуш? Стенах олу шолг1а спряжени?
4.1амийнарг т1еч1аг1дар.
Кхочушде 42-г1а шардар.
5.Дешархошка шайга болх байтар.
Кхочушдо 44-г1а шардар.
6.Ц1ахь бан болх
1.1амае 6 –г1а*.
2.Кхочушде 43-г1а шардар
Урокан ц1е: Хандешан кхоалг1а спряжени.
1алашо: Хандешан кхоалг1ачу спряженех кхетам балар, цуьнан билгалонаш йовзар.
Урок д1аяхьар.
1.Синтаксически пхи минот.
2.1амийнарг т1еч1аг1дар.
3.Керла коьчал йовзийтар.
1.Уьна а, тетерадаш т1е а д1аязйо еп:
Хандешан кхоалг1а чпряжени.
1-ра 2-г1а.
Билгалза кеп. Карара хан.
Вийца, кхийса, тила, Вуьйцу, кхуьйсу, туьлу,
Вита, 1илла, тилла. Вуьту, 1уьллу, туьллу.
-Кхоалг1ачу спряжени чудог1учу хандешийн билгалзачу кепехь орамехь муьлха аз ду?
-Уьш карарчу хене дохуш орамера а муьлхачу озе доьрзу?
Чаккхенгахь муьлха аз х1утту?
-Муьлха хандешнаш ду кхоалг1ачу спряжени чудог1уш? Жам1 де.
4. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
Кхочушде 46-г1а шардар.
5. Комментированни яздар.
6. Ц1ахь бан болх.
1.1амае 7-г1а*.
2. Кхочушде 47-г1а шардар.
Урокан ц1е: Хандешан йоьалг1ий, пхоьаг1ий спряжени.
1алашо: Хандешан йоьалг1ачу спряженех кхетам балар, цуьнан билгалонаш йовзар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь бина болх таллар.
2.Фронтальни хаттарш.
-Дийца, муьлха хандешнаш чудог1у 3-чу спряженина. Ц1ахь кхочушдинчу шардар т1ера даладе масалш.
-Хьалхарчуй, шолг1ачуй спряженешна чудог1учу хандешнийн карарчу хенахь муьлха аьзнаш хуьлу орамехь а, чаккхенгахь а? даладе масалш.
3.Дешархошка шайга болх байтарчу хенан д1ахьо шина кепехь:
1-ра ке- кхочуш до 48-г1а шардар.
2.-г1а кеп –кхочушдо 49-г1а шардар.
4. Керла коьчал йовзийтар.
1. – Уьна а, тетрадаш т1е а д1аяздо билгалзачу кепехь долу хандешнаш:
Воха, хотта, дотта, 1отта, вола.
-Уьш карарчу хене х1иттадо: вуху, хутту, дутту, 1утту, вулу.
-Муха хийцало орамера о?
-Карарчу хенан хандешнаш хийцадалар гойтуш кеп х1отто тарло:
Вуоха _ вуху _
Хотта _ билгалзачу хутту _ карарчу
Дотта _ кепехь дутту _ хенахь
1отта _1утту _ -о у-не
Вола _ -о-ду вулу _ доьрзу
5.Жам1 дар. Муьлха хандешнаш ду спряжени чудог1уш? Даладе масалш.
6.1амийнарг т1еч1аг1дар.
Кхочушде 50-г1а шардар.
Урокан ц1е: Хандешан нийса йоцу спряжени. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1алашо: Хаа деза, хандешан нийса йоцу спряжени х1ун ю, цуьнан билгалонаш муьлхарш ю.
Урок д1аяхьар.
Ц1ахь бина болх таллар д1ахьо дшархошка уьн т1ехь кехаташца болх а бойтуш:
Кхеторан диктант.
Берашка шайга болх байтар.
Керла коьчал йовзийтар.
Хьехархочун дош .Хандешан нийса йоцу спряжени шуна хаар боккха чулацам болуш ду. К хийолу спряженеш хиъча а, х1ара спряжени цахаахь, нийса морфологически а, грамматически а къастамаш бан хало ду. Цхьана дешдекъах лаьтташ долу а, церан г1оьнца кхолладела а чолхе хандешнаш девзаш хилча, уьш атта къасталур ду предложенехь кхечу къамелан декъех, ткъа нийса д1а а язлур ду шен бакъонашца дог1уш.
Жам1 дар: Муьлха хандешнаш чудог1у нийса йоцчу спряженин? Даладе масалш.
5.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 54-г1а шардар.
- Нийса йоцчу спряжени чудог1учу хандешнийн лексически маь1на дийца.
-«Ян боху хандош нийса йоцчу спряжени чудог1у» бохург ч1аг1деш, сочинени- ойлаяр язъе.
Цуьнан кеп иштта хила мега:
Ян боху хандош нийса йоцчу спряжени чудог1у, х1унда аьлча:
А)иза цхьана дешдекъах лаьтташ ду, кхидолу нийса йоцчу спряжени чудог1у билгалзачу кепара хандешнаш санна: ян, дан, тан, лан;
Б)Вай1амийначу цхьана а спряжени чудог1учу хандешнех тера дац цуьнан карарчу хенахь хийцадалар: ян,йо,йина,йинера, йира,йийр ю.
6.Ц1ахь бан болх.
1.1амае 9-г1а*
2.Кхочушде 55-г1а шардар.
Ван – вог1у боху хандешнаш юкъадалош предложенеш х1иттае.
Урокан ц1е: Изложенина кечам
1алашо: Берийн хаарш билгалдахар.
Урок д1аяхьар.
Изложенина кечам бар д1ахьо шина кепара.
1-ра кеп:
Кхочушдо 53 –г1а шардар
2-г1а кеп:
Кхочушдо 55-г1а шардар
Урокан ц1е: Хандешнийн кхолладалар.
1алашо: Хаа деза, муха кхоллало хандешнаш.
Урок д1аяхьар.
1.1амийнарг т1еч1аг1дар.
Схьаязде хьалхарчу спряжени чудог1у хандешнаш:
Хьажа,къага,ела,ловза,ала,хаа,тийса,кхача,далийта,лакха, лалла, хийца, лаца, лаха,г1атта,хатта, даха, туса,тега,хаба,оза.
- яздина хандешнаш карарчу хене х1иттадай, нийсаяздара бакъонаш йийца.
-д1аязде хандешнаш, т1едожоран саттаме а дохуш, х1ора хандаша юххе цуьнан спряжени а язъеш:
Хьожу,оьцу,дуьллу,хьосту,вуьгу,керча,д1ач1ог1у,хьокху,тийжа,кходу,текха,хотту
цосту,молу, совца,кхочу, веха,кхета.
- Дийца хандешнийн карарчу хенахь нийсаяздарх лаций.
2. Кхеторан диктант.
3.Керла коьчал йовзийтар.
Хандешнийн кхолладалар
Кхечу къамелан дакъошна т1е г1оьналлин хандош дан кхетарца | Классашца а, хенашца а хийцалучу дала, делла г1оьналлин хандешнаша чолхе хандешнаш кхуллу: | Хандешан билгалзачу кепа т1е йита, вита,бита,дита кхетарца. | Керла маь1на кхуллу дешхьалхено: |
Хаза-хаздан Йоза-яздан Йовха-йохъян Вохван Дохдина качйина | К1адвелла Ч1аг1делла Сацавелла Къарвелла Сихвелла тилвелла | Деша йита- Дешийта, Ваха вита- Вахийта, эца Вита- эцийта | Д1аэлира Схьахьажа Охьавада Схьалаца Т1еваха Схьаверза |
- кепа т1е а хьожуш, дешархошка дуьйцуьйту хандешан кхолладаларан некъаш, масалш даладойту, кепа д1а а яздеш.
-жам1 до, хандешан кхолладаран некъаш а дуьйцуш.
4. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. кхочушдо 61-г1а шардар.
2.д1аязъе предложенеш. Хандешнийн кхолладаларан нкъаш дийца:
5.Дешнийн диктант.
6.Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 10-г1а*
2.кхочушде 63-г1а шардар.
Урокан ц1е: Хандешан хаттаран кепаш.
1алашо: Хандешан хаттаран кепех кхетам балар а,уьш х1ун ю дийцар а.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь бина болх таллар.
Дешархошка уьн т1ехь болх бойту кехаташца.
2.Орфографически пхи минот.
3.Керла коьчал йовзийтар.
Хандешан хаттаран кепаш
Нийса хаттар кхоллало хандешан чаккхенга –и, -ий х1оттарца | Х1инц-яханчу кепана т1е –н кхета: | Лач хаттар нийсачу хаттарна дакъалг те,техьа х1оттарца кхоллало. |
Сий дирий? Г1о дирий? Хилирий? Х1оьттирий? Тарлорий7 | Кхечин? Ийцин? Хаьттин? Веан?гайтин? Схьавеан? | Дийширий те? Яханерий техьа? Сехьаваьллерий те? Т1евеарий техьа? Ч1аг1лур юй те? |
4.1амийнарг т1еч1аг1дар.
Кхочушде 65-г1а шардар.
Дешархошка барта х1иттайойту диалогаш, юкъа хаттаран кепашкахь долу хандешнаш далош.
-хандешнийн хаттаран кепаш а, уьш муха кхоллаелла а дуьйцуьйту.
3.Кхочушде 68-г1а шардар.
5. Дозуш долу къамел кхиор.
6.Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 11-г1а *
2. кхочушде 71-г1а шардар.
Урокан ц1е: Деакепара хандешнаш.
1алашо: Дешархой деакепара хандешнехткхетор.
Урок д1аяхьар.
1.Харжаран диктант.
2.Дешархошка шайга болх байтар.
Кхочушдо 70-г1а шардар.
Хьалхарчу шина предложенешкара грамматически бух билгалбаккха. Муха къамелан дакъош ду подлежащи а, сказуеми а?
3.Керла коьчал йовзийтар.
1.Хьехархочун дош. Нохчийн маттахь подлежащина т1ехь урхалла до хандашо- сказуемино. Оцу урхалле хьаьжжина хандешнаш деакепара хуьлу: подлежащи ц1ерниг, дийриг, лург, меттигниг дожаршка х1иттош дерш.
2. Д1аязйо предложенеш, х1окху кепара толлу уьш:
1)Юнус генарчу махкара ц1авеара. Ц1авеара мила?- Юнус – ц1ерниг дожар.
2)Юнуса кест-кеста кехат яздора.Яздора хьан?- Юнуса – дийриг дожар.
3)Юнусна ч1ог1а шен мохк дукхабезара. Дукхабезара хьанна? – Юнусна- лург
4)Юнусе болх дика балора. Балора хьаьнга?- Юнусе – меттигниг дожар.
-Еа а предложенина бе синтаксически таллам.
-4-чу предложенина бе морфологически къастам.
Жам1 дар. Х1унда хуьлу нохчийн маттахь деакепара хандешнаш? Стенца доьзна ду иза? Даладе масалш? Д1аязде уьш.
1амийнарг т1еч1аг1дар.
Хьалххе хаийтаран диктант
Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 12-г1а*
2.кхочушде 73-г1а шардар
Урокан ц1е: Хандешнашца дакъалгаш ца, ма нийсаязъяр.
1алашо: Хаа деза, хандешнашца дацаран дакъалг ца, ма муха яздо.
Урок д1аяхьар
Ц1ахь бина болх таллар д1ахьо дешархошка вовшашкара ц1ахь бина болх беша а боьшуьйтуш, хаттарш а х1иттош.
Комментированни яздар.
3.Керла коьчал йовзийтар.
Дешархошка шаьшка йоьшуьйту 13-г1а*,ца кхетачух кхета а беш.
-Муха яздо дакъалг ца, ма хандешнашца? Даладе масалш.
-Чаккхенгахь хилча муха яздо иза?
-Муха ду билгалдаккхар? Муьлхачу саттамашкахь лела дакъалг ма? Даладе масалш.
-Кхидолчу хандешнашкахь муьлхачу маь1нехь лела иза?
-Д1аязде хандешнаш:
Ц ома дийцира, ваша ц1ахь ву аьлла. Ма вон диллина ахьа и кор(ч1аг1даран маь1на).Цкъа а берийн вон ма гойла нанна(дацаран маь1на).
Жам1 дар.
1амийнарг т1еч1аг1дар.
Кхочушде 78-г1а шардар.
-хандешнийн спряженеш билгалъяха.
-ши-кхо бутт – морфологически къастам бе.
2. Дакъалгашца цхьаьна долу хандешнаш шех дозуш долу дешнашца схьаязде 79-г1а шардар т1ера.
Церан нийсаяздаран бакъонаш йийца.
5. Дозуш долу къамел кхиор.
6. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 13-г1а*
2.кхочушде 83-г1а шардар
Урокан ц1е: Сочинени: «Оьзда к1ант»
1алашо: Дозуш долу къамел кхиор
Урок д1аяхьар
Изложени "Оьзда к1ант".
План: Аг1о 49. Методичка 7 кл.
Ханпашас тидам бинарг
1абдурахьманан сонталла, осалалла
Ханпашина иза кхето лаар
Нийса бекхам
Урокан ц1е: Хандешан латтаман кепаш.
1алашо: Хандешан латтаман кепех кхетам балар а, уь х1ун ю дийцар а.
Урок д1аяхьар.
Дозуш долу къамел кхиор.
3.Керла коьчал йовзийтар.
Хандешан латтамийн кепаш
Хандешан хенан латтаман кеп: маца?мацале?маццалц?мацале?маца дуьйна? | Меттиган латтаман кепан хаттарш: мичахь?мичара? | 1алашонан латтаман кеп: | Бехкаман кеп: |
Мацале? 1)Хан т1екхачале сочинени язъян еза. Маццалц? 2)Сарралц болх бира цара. Маца дуьйна? 3)Нус ялийчахьана г1уллакхаш тоделира марненан . Маца? 4)хьо дика хилча адамаш а дика хир ду хьоьца. 5)Шена ма- хеззинехь схьаведира ненаваша. | Мичахь? 1)Зуда ялийначохь девзира и шиъ. Мичара? 2)Тохарлерачуьра дог1ура шовда. 3)Вовше ларам бечохь - сий хуьлу . Мичара? 4)Машар хуьлучуьра д1адаьллера и г1уллакх. | 1)Адамна г1одархьама веара Ибрах1им. 2)Кхаъ баккхархьама хьалххе кхечира Тимур. 3)Хьуо варахьама вог1ий хьо? | 1)Шен хенахь иддехь х1инца меца хир вацара. 2)хьо вицлахь йиш яц сан. 3)Ахь кхайкхахь сихха схьавог1ур ву со. |
Жам1 дар: Муха хуьлу хандешан латтаман кепаш? Предложенехь муьлха коьртаза меже хуьлий лела иза?
3.1амийнарг т1еч1аг1дар.
4. Ц1ахь бан болх
Хандашах 1амийнарг карладаккха.
1.1амае 14-г1а*
2.Кхочушде 93-г1а шардар
Урокан ц1е:Хандош морфологически къастор
1алашо: Хаа деза. Муьлха грамматически билгалонаш ю хандешан.
Урок д1аяхьар
Ц1ахь бина болх толлу уьн т1ехь дешархошка кехаташца болх а бойтуш.
Дешархошка шаьшка болх байтар.
1.-ра тоба-103-г1а шардар кхочушдо.
2.-г1а тоба 104-г1а шардар кхочушдо.
3.Хьалхе – хаийтаран диктант.
4.1амийнарг т1еч1аг1дар а, карладаккхар а.
1. Шайна хандашах лаьцна хууш дерг схьадийца, пьесин кийсак т1ера масалш а далош.
Кеп: гел хьовзийча санна - маца дуьйна? – хандешан хенан латтаман форма ю.
Хьовзийча санна – хьовза –т(х1ун дан?) билгалза кеп; билгала саттам, цхьаллин терахь, цхьаллин кеп, 1-ра спряжени.
- Тара боху дош муьлхачу спряженичудог1у?
Х1унда? – Х1оттае дошаман статья гел бохучу дашна: гел ( гелан, гелана, гело, геле, й; мн. Гелаш, й) закрутка, гел хьовзо – свернуть закрутку.
Хандешан нийсаяздаран бакъонаш йийца, масалш а далош.
5.Хандешан морфологически къастам бар.
1. Д1аязйо хандешан морфологически къастам баран кеп:
а) муьлха къамелан дакъа ду;
б) морфологически билгалонаш: юьхьанцара кеп (билгалза кеп), саттам, спряжени, терахь, хан;
в) синтаксически г1уллакх.
2.Д1аязъе предложени. Хандашна бе морфологически къастам.
Яздархочо дийцира шен кхолламах лаьцна:
а) дийцира-хандош (х1ун дира?);
б)юьхь. Кеп-дийца; билг. Саттам, 3-г1а спряжени, цхьал. Тер., карара хан;
в) яздархочо (Х1ун дира?) дийцира.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 94-г1а шардар. Билгалдаьхначу хандешнашна бе морфологически къастам.
7. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае хандешан морфологически къастам баран кеп. Учебник т1ехь хандашах 1амийнарг карладаккхарна деллачу хаттаршна жоьпаш ло, масалш даладе.
2. Кхочушде 97-г1а шардар. Шина хандашна бе морфологически къастам.
Урокан ц1е: Хандашах 1амийнарг карладаккхар.
1алашо:Хандашах 1амийнарг карладаккхар т1еч1аг1дар.
Урок д1аяхьар.
1амийнарг карладаккхар д1ахьо учебник т1ерачу хаттаршна жоьпаш а долуьйтуш, масалш а даладойтуш:
1.Хандашо х1ун гойту?
2.Маса хан ю хандешан? Дийца царех лаций.
3.Муьлхачу саттамашкахь лела хандешнаш?
4.Хандешан маса спряжени ю? Уьш муха къастойо?
5.Муха кхоллало хандешнаш? Маса некъ бу уьш кхолладаларан?
6.Дефисца яздеш дуй хандешнаш?
7.Дацаран дакъалгаш хандешнашца муха яздо?
8.Дацаран муьлха дакъалг ду хандашца цхьаьна яздеш дерг?
9.Дийца хандешнийн латтамийн кепех лаций.
2.1амийнарг т1еч1аг1дар.
Схьаелла къовларш:
Ца(вог1у, (ца) дуьйцу,(ма) веа, ала(ц), (ма) язде (делара), (ма) хаьрци,(ца) цосту,(ца)вевза, вовза(ц),. (дийца)делара, т1е (веара), (чу) вог1у,(т1аьхьа) хьоьжу, эша (ц), элирий (техьа), веаний (те).
Кхочушде 102-г1а шардар.
Кхочушде 100-г1а шардар.
3.Комментированни яздар.
4. Ц1ахь бан болх.
1. Хандашах 1амийнарг карладаккха.
2. Кхочушде 103-г1а шардар. Хандешнаш билгалдаха . церан нийсаяздаран бакъонаш йийца; шина хандашна бе морфологически къастам.