Нохчийн меттан урок
4-чу классехь
Хьехархо : Исраилова Зарима Салмановна
Урокан ц1е: «Предложенин цхьаьнатайпанарчу меженах 1амийнарг т1еч1аг1дар.» Де:25.10.2021г
1алашо: цхьанатайпанара меженаш схьакаро, цхьанатайпанарчу меженаш йолу предложенеш нийсачу интонацица еша.сацаран хьаьркаш цхьанатайпанарчу меженашкахь яхкар дийцар.
Кхетош-кхиоран: Винчу махке безам кхиор, , шайн г1алах дозалла дар д1адаханчуьнга ларам кхиор
Урокан г1ирс: Компьютер, мультимедийный проектор, учебник.
Урок д1аяхьар
1.Урокан ц1е ,1алашо д1ахьедар
«Цхьанатайпанарчу меженах лаьцна 1амийнарг т1еч1аг1дар»
2.Догдаитаран мур.
Х1етал- металш
Ша шайх а вац, маж йу.
Ша йеса йу, амма т1е х1ума тоьхча,г1овг1а йоккху.
Мотт бац, амма и хиллачохь
Дерриг бохург керланиг хууш хуьлу.
3. 1амийнарг карладаккхар.. Ш. 64.
Блиц –Хаттар:
Цхьанатайпанара меженаш олу………
(цхьана хаттарна жоп а луш ,цхьана дашах йозуш йолчарех._
Цхьанатайпанара меженаш йозуш хуьлу .................. (цхьана дашах)
Уьш хила там бу предложенехь..................................(муьлхха а меже.)
Цхьанатайпанара меженаш хуьлу..............................(яьржина а ,яржаза а.)
Цхьанатайпанарчу меженашна юккъехь юьллу............(запятой)
- Цхьаьнатайпанара меженийн билгалонаш схьайийца:
цхьана хаттарна жоп ло; цхьана дашах дозуш хуьлу; вовшахъхутту цхьаьнакхетаран хуттаргаша; интонацица олу.
4. - Д1аязъе терахь, 25 -г1а октябрь . Классера болх
Ц1ена йоза йаздар
Къ къ
Къолам, къамел, къу, къена
Уьн т1ехь хьалххе д1айазйо лахара предложенеш:
1. Т1екхечи дашо, токхе гуьйре.
2. Ч1ег1ардиган кхача бу чуьркаш, мозий.
3. Ахьмад школехь доьшуш ву, ткъа Юсуп гимназехь.
4. Бераш дог1анах девдира, амма дашийра.
5. Нанас йо1ана тетрадаш а, басарш а, къоламаш а ийцира
5. Учебник т1аьхь болх.
Шардар № 66
Сада1аран минот
Цхьана дашах массийта дош кхоллар
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар
Шардар № 64
7. Жам1 дар урокан
Вайн къамелехь нисло предложенеш масийтта меже йолуш.,цхьана хаттарна жоп а луш,цхьана къамелан декъах йозуш а йолуш – царех х1ун олу вай?
Предложенин оцу тайпанарчу меженех цхьанатайпанара меженаш олу..
Рефлекси:
-Х1окху урокехь х1ун хазахийтира шуна?
- Керланиг х1ун дара шуна урокехь? Самукъанениг?
- Кху т1ехь вайн урок чекхйолу
Ц1ахь бакъонаш карлайаха аг1он т1ера 34,36,37 Ш. 68