СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Презентация Баьпкан йуьхк

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Презентация Баьпкан йуьхк»

 Хьехарсахьтан ц1е:  Арсанукаев Шайхи «Баьпкан йуьхк».

Хьехарсахьтан ц1е:

Арсанукаев Шайхи «Баьпкан йуьхк».

 1алашонаш. 1аморан:  дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар; кхиоран: Шайхи Арсанукаевн дахарх а, кхоллараллах а лаьцна хаамаш балар а, цуьнан «Баьпкан йуьхк» стихотворени йовзийтар; кхетам - кхиоран: рицкъан пусар дан дезаран маь1не кхиор а.

1алашонаш.

1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;

кхиоран: Шайхи Арсанукаевн дахарх а, кхоллараллах а лаьцна хаамаш балар а, цуьнан «Баьпкан йуьхк» стихотворени йовзийтар;

кхетам - кхиоран: рицкъан пусар дан дезаран маь1не кхиор а.

 Эпиграф:  «…Синтем боцу дог сан кийрахь  Детталуш мел ду.  Даймахкана г1уллакх дан а  Даима кийча ву…»    Ш. Арсанукаев

Эпиграф:

«…Синтем боцу дог сан кийрахь

Детталуш мел ду.

Даймахкана г1уллакх дан а

Даима кийча ву…»

Ш. Арсанукаев

 Догдаийтаран мур.   Х1етал-металш: 1 . Хьуьн чохь, арахь а кетар лелош? 2. Хи дуьне, дуьне эхарт хьанна ду? 3. К1айчу т1улгаш т1ехь 1уьллу палсан т1елхиг?

Догдаийтаран мур.

Х1етал-металш:

1 . Хьуьн чохь, арахь а кетар лелош?

2. Хи дуьне, дуьне эхарт хьанна ду?

3. К1айчу т1улгаш т1ехь 1уьллу палсан т1елхиг?

 Нийса дуй талла.  Х1етал – металш:  1. Уьстаг1.  2. Ч1ара.  3. Мотт.

Нийса дуй талла.

Х1етал – металш:

1. Уьстаг1.

2. Ч1ара.

3. Мотт.

 Ц1ера болх таллар.  1. Хаттарш а, т1едахкарш а.  - Мила лара мегар ду литературин турпалхо?  - Произведенехь муха вевза вайна турпалхо,  муьлхачу билгалонашца?  - Мил милла а лара мегар дуй литературин  турпалхо?  - Символо х1ун г1уллакх кхочушдо произведенехь?  - 1аламан сурт а, турпалхо а. Х1ун меттиг д1алоцу  1аламо турпалхочун амал йовзийтарехь?  2. Синквейн «Бепиг» йо.

Ц1ера болх таллар.

1. Хаттарш а, т1едахкарш а.

- Мила лара мегар ду литературин турпалхо?

- Произведенехь муха вевза вайна турпалхо,

муьлхачу билгалонашца?

- Мил милла а лара мегар дуй литературин

турпалхо?

- Символо х1ун г1уллакх кхочушдо произведенехь?

- 1аламан сурт а, турпалхо а. Х1ун меттиг д1алоцу

1аламо турпалхочун амал йовзийтарехь?

2. Синквейн «Бепиг» йо.

Синквейн. Бепиг. Мерза, довха. Кхиадо, дуу, дотту. Бераш, ларделаш бепиг! Кхаллар.

Синквейн.

Бепиг.

Мерза, довха.

Кхиадо, дуу, дотту.

Бераш, ларделаш бепиг!

Кхаллар.

 Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович  (1930 – 2012)

Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович

(1930 – 2012)

Нохчийн поэт Арсанукаев Шайхи вина 1930 – чу шеран август беттан 15 – чу дийнахь Веданан районерчу Дишни – Ведана йуьртахь 1абдумуслиман а, Цуцин а доьзалехь.  Казахстанехь, нохчийн халкъ шен Даймахках  д1акъастийнчу хенахь, да, нана кхелхина 1954 – чу  шарахь.  1949 – 1952 – чуй шерашкахь хинволчу поэто доьшу  Семипалатинск – г1аларчу финансови техникумехь.  Даймахка ц1адирзинчул т1аьхьа чекхйоккху Нохч –  Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтан  филологин факультет (цул хьалха ша заочно доьшуш  хилла Москвара финансови институт д1а а тосий).  1952 – 1958 – чуй шерашкахь Казахстанехь финансови  органашкахь белхаш бо.
  • Нохчийн поэт Арсанукаев Шайхи вина 1930 – чу шеран август беттан 15 – чу дийнахь Веданан районерчу Дишни – Ведана йуьртахь 1абдумуслиман а, Цуцин а доьзалехь.

Казахстанехь, нохчийн халкъ шен Даймахках

д1акъастийнчу хенахь, да, нана кхелхина 1954 – чу

шарахь.

1949 – 1952 – чуй шерашкахь хинволчу поэто доьшу

Семипалатинск – г1аларчу финансови техникумехь.

Даймахка ц1адирзинчул т1аьхьа чекхйоккху Нохч –

Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтан

филологин факультет (цул хьалха ша заочно доьшуш

хилла Москвара финансови институт д1а а тосий).

1952 – 1958 – чуй шерашкахь Казахстанехь финансови

органашкахь белхаш бо.

2. 1958 – чу шарахь Нохчийчу ц1а боьрзу Шайхин доьзал. Кхунах шех Веданан районан коьрта финансист хуьлу (районан финотделан заведующи). И болх 1965 – г1а шо кхаччалц бо цо. Амма поэт хила дуьнен чу ваьлларг йозанан балхо д1аийзавора. 1965 – чу шарахь «Колхозан дахар» районан газетан редакторан заместитель х1оттаво Арсанукаев. Кхид1а йолчу ханна цуьнан болх а, дерриг дахар а литературица доьзна нисло. 1967 – 1973 – чуй шерашкахь Нохч – Г1алг1айн книгийн издательствехь редакторан болх бо. 1973 – 1984 – чуй шерашкахь «Орга» альманахан коьрта редактор лаьтта (Мамакаев Мохьмадал т1аьхьа). 1986 – 1997 – чуй шерашкахь Нохч – Г1алг1айн йаздархойн Союзан правленин председатель волуш къахьоьгу.

2. 1958 – чу шарахь Нохчийчу ц1а боьрзу Шайхин доьзал. Кхунах шех Веданан районан коьрта финансист хуьлу

(районан финотделан заведующи). И болх 1965 – г1а шо кхаччалц бо цо.

Амма поэт хила дуьнен чу ваьлларг йозанан балхо д1аийзавора. 1965 – чу шарахь «Колхозан дахар» районан газетан редакторан заместитель х1оттаво Арсанукаев. Кхид1а йолчу ханна цуьнан болх а, дерриг дахар а литературица доьзна нисло.

1967 – 1973 – чуй шерашкахь Нохч – Г1алг1айн книгийн издательствехь редакторан болх бо.

1973 – 1984 – чуй шерашкахь «Орга» альманахан коьрта редактор лаьтта (Мамакаев Мохьмадал т1аьхьа).

1986 – 1997 – чуй шерашкахь Нохч – Г1алг1айн йаздархойн Союзан правленин председатель волуш къахьоьгу.

3. 2000 – чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент волуш болх бира Арсанукаев Шайхис. Байташ йазйан волавелла школехь доьшуш волуш дуьйна. Дуьххьарлера байташ зорбане йийлина 1960 – чу шерийн йуьххьехь «Колхозан дахар», «Ленинан некъ» газетийн аг1онаш т1ехь. «Лаьмнашкахь 1уьйре» Шайхин стихийн хьалхара гулар арайелира 1965 – чу шарахь. Х1етахь дуьйна цо арахецна ткъа байтийн а, поэмийн а гуларш: «Безаман шовда» (1967), «Ц1еран суй» (1969), «Новкъахь» (1970), «Стихи» (оьрсийн маттахь, 1977), «Тешам» (1979), «Керла де» (1980), «Голубые вершины» (оьрсийн маттахь, 1981), «Ушармин Ших» (1982), «Роща любви» (оьрсийн маттахь, 1988), «Лаьмнийн иллеш» (1991).

3. 2000 – чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан

нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент волуш болх

бира Арсанукаев Шайхис.

Байташ йазйан волавелла школехь доьшуш волуш дуьйна. Дуьххьарлера байташ зорбане йийлина 1960 – чу шерийн йуьххьехь «Колхозан дахар», «Ленинан некъ» газетийн аг1онаш т1ехь.

«Лаьмнашкахь 1уьйре» Шайхин стихийн хьалхара гулар арайелира 1965 – чу шарахь. Х1етахь дуьйна цо арахецна ткъа байтийн а, поэмийн а гуларш: «Безаман шовда» (1967), «Ц1еран суй» (1969), «Новкъахь» (1970), «Стихи» (оьрсийн маттахь, 1977),

«Тешам» (1979), «Керла де» (1980), «Голубые вершины» (оьрсийн маттахь, 1981), «Ушармин Ших» (1982), «Роща любви» (оьрсийн маттахь, 1988), «Лаьмнийн иллеш» (1991).

4. «Тимуран тур» стихашкахь повестан а, нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь йазйинчу «Кхолламан сизаш» романан а автор ву Шайхи. 2009 – чу шарахь зорбане йаьлла поэтан хаьржинчу говзарийн ши том ( «Сийна гене», «Уьш хийца тарлуш дац»). Арсанукаев Шайхин стихаш зорбане йийлина гуьржийн, украинийн, туркойн, казахийн, дуккха а кхечу къаьмнийн меттанашкахь арайийлинчу йукъарчу гуларшкахь. Кхечу къаьмнийн тоьллачу поэтийн стихаш нохчийн матте гочйеш а боккха болх бина Шайхис. Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, 1980 – чу шарахь поэтана  «Нохч – Г1алг1айн АССР – н культурин хьакъволу белхало» ц1е йелира, 1989 – чу шарахь дуьйна Нохч – Г1алг1айн АССР – н халкъан поэт а, 2005 –чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин сийлахь гражданин а вара Шайхи. 2009 – чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Рамзан Ахматовичан Указца Арсанукаев Шайхина совг1ат до «Нохчийн республикина хьалха хьуьнарш гайтарна» мидалца.

4. «Тимуран тур» стихашкахь повестан а, нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь йазйинчу «Кхолламан сизаш» романан а автор ву Шайхи. 2009 – чу шарахь зорбане йаьлла поэтан хаьржинчу говзарийн ши том ( «Сийна гене», «Уьш хийца тарлуш дац»).

Арсанукаев Шайхин стихаш зорбане йийлина гуьржийн, украинийн, туркойн, казахийн, дуккха а кхечу къаьмнийн меттанашкахь арайийлинчу йукъарчу гуларшкахь. Кхечу къаьмнийн тоьллачу поэтийн стихаш нохчийн матте гочйеш а боккха болх бина Шайхис.

Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, 1980 – чу шарахь поэтана

«Нохч – Г1алг1айн АССР – н культурин хьакъволу белхало» ц1е йелира, 1989 – чу шарахь дуьйна Нохч – Г1алг1айн АССР – н халкъан поэт а, 2005 –чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин сийлахь гражданин а вара Шайхи.

2009 – чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Рамзан Ахматовичан Указца Арсанукаев Шайхина совг1ат до «Нохчийн республикина хьалха хьуьнарш гайтарна» мидалца.

 Дешнаш т1ехь болх:   цуьрг – крошка;  баьпкан йуьхк – кусок хлеба;  эг1аза бераш – хилые, худые  дети.

Дешнаш т1ехь болх:

цуьрг – крошка;

баьпкан йуьхк – кусок хлеба;

эг1аза бераш – хилые, худые

дети.

 Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.  «Баьпкан йуьхк» байта т1ехь болх бар. Стихотворени къастош йешар. 2. Къамел дар.   - Х1ун ду стихотворени т1ехь дуьйцург? (Когаш к1ел, ченала д1акхоьссина  баьпкан йуьхк йу йуьйцург, цунна т1ехбуьйлу нах, иза шайна ца гуш санна.) - Х1ун ойла кхоллайалийти шун дегнашкахь стихотворении мог1анаша? - Х1ун ду шун дагах хьакхаделларг? - Х1ун кеп йу стихотворении? (Монолог - кхайкхам.) - Хьенан ц1арх д1ахьош бу хаамаш? Х1ун гойту цо? - Шун хьесапехь, муха йуьхь - сибат долуш стаг ву лирически турпалхо? - Муха хир йу кху стихотворении тема? (Тема - баьпкан йуьхк.) Муха ду стихотворении коьрта маь1на? (Баьпкаца кхоаме хила везар, цуьнан  пусар дан дезар.)

Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.

«Баьпкан йуьхк» байта т1ехь болх бар.

  • Стихотворени къастош йешар.

2. Къамел дар.

 

- Х1ун ду стихотворени т1ехь дуьйцург? (Когаш к1ел, ченала д1акхоьссина

баьпкан йуьхк йу йуьйцург, цунна т1ехбуьйлу нах, иза шайна ца гуш санна.)

- Х1ун ойла кхоллайалийти шун дегнашкахь стихотворении мог1анаша?

- Х1ун ду шун дагах хьакхаделларг?

- Х1ун кеп йу стихотворении? (Монолог - кхайкхам.)

- Хьенан ц1арх д1ахьош бу хаамаш? Х1ун гойту цо?

- Шун хьесапехь, муха йуьхь - сибат долуш стаг ву лирически турпалхо?

- Муха хир йу кху стихотворении тема? (Тема - баьпкан йуьхк.)

  • Муха ду стихотворении коьрта маь1на? (Баьпкаца кхоаме хила везар, цуьнан

пусар дан дезар.)

 Самукъане материал.  Кроссвордан йеак1овш хьалайуза, дог1у  дешнаш а йаздеш.   1. Дийнан хан.  2. Уьстаг1ан к1орни.  3. Дайн г1иллакхаш,  ламаст.  4. Балахьегар.  5. Къаьмнийн тайпа.  6. Пачхьалкхехь куьйгалла  дийриг.

Самукъане материал. Кроссвордан йеак1овш хьалайуза, дог1у дешнаш а йаздеш. 1. Дийнан хан. 2. Уьстаг1ан к1орни. 3. Дайн г1иллакхаш, ламаст. 4. Балахьегар. 5. Къаьмнийн тайпа. 6. Пачхьалкхехь куьйгалла дийриг.

 Нийса дуй талла:  1   1 уь а  1 й р х а  1 е а д а  1 р аь а з  1 р т а е п б д и а л

Нийса дуй талла:

1

1

уь

а

1

й

р

х

а

1

е

а

д

а

1

р

аь

а

з

1

р

т

а

е

п

б

д

и

а

л

 Стихотворени таллар, комментари. 1. 1амат т1ера «Баьпкан йуьхк» стихотворенех лаьцна материалах пайдаэцарца цу т1ехь таллам д1абахьар. Ала деза, д1ах1оттам чолхе боцуш, сюжетан лирически стихотворени xlapa. Делахь а берриг а синхаам дерачу озе, кхайкхаме бирзина цу т1ехь. Вуынта аьлча, монолог - кхайкхам бу иза адамаша шайн бендацараллица карзахе ваьккхинчу лирически турпалхочун.  Суртх1отторан г1ирсаш а кхоийна поэто кху т1ехь, бакъду, цу кепехь йазйинчу произведенина башха оьшуш а бац уьш. Цкъа - шозза дустар а далийна поэто: «Лениградан блокада ца гича санна», «берцан кан цкъа а ца лехьийча санна»; ши - кхо эпитет а: «къиза т1ом», «мокха аре», «эг1аза бераш». Уьш цунна оьшуш йара ша дуьйцург, ша айъинарг маг1арера х1ума цахилар ч1аг1дархьама. Синтем байначу лирически турпалхочун дог карзахдуьйлу, цуьнга ца лало и акхаралла, т1аламазалла, цундела йух – йуха адамашка д1акхачо г1ерта и шен кийрара буьйлу мохь цхьа дош маситтазза далорца. 2. 1амат т1ехь далийнчу хаттаршна дешархошка жоьпаш далийтар.

Стихотворени таллар, комментари.

1. 1амат т1ера «Баьпкан йуьхк» стихотворенех лаьцна материалах пайдаэцарца цу т1ехь таллам д1абахьар.

Ала деза, д1ах1оттам чолхе боцуш, сюжетан лирически стихотворени xlapa. Делахь а берриг а синхаам дерачу озе, кхайкхаме бирзина цу т1ехь. Вуынта аьлча, монолог - кхайкхам бу иза адамаша шайн бендацараллица карзахе ваьккхинчу лирически турпалхочун. Суртх1отторан г1ирсаш а кхоийна поэто кху т1ехь, бакъду, цу кепехь йазйинчу произведенина башха оьшуш а бац уьш. Цкъа - шозза дустар а далийна поэто: «Лениградан блокада ца гича санна», «берцан кан цкъа а ца лехьийча санна»; ши - кхо эпитет а: «къиза т1ом», «мокха аре», «эг1аза бераш». Уьш цунна оьшуш йара ша дуьйцург, ша айъинарг маг1арера х1ума цахилар ч1аг1дархьама. Синтем байначу лирически турпалхочун дог карзахдуьйлу, цуьнга ца лало и акхаралла, т1аламазалла, цундела йух – йуха адамашка д1акхачо г1ерта и шен кийрара буьйлу мохь цхьа дош маситтазза далорца.

2. 1амат т1ехь далийнчу хаттаршна дешархошка жоьпаш далийтар.

 Стихотворении башхаллаш къастор.   Кхин цкъа а д1айеша стихотворени. Ала, автор теш хиллий  цу т1ехь дуьйцучун? 2. Йух - йуха далийна дешнаш дукха х1унда ду стихотворенехь? Х1ун ду xlapa стихотворени кхечу стихотворенех къастош  дерг?  

Стихотворении башхаллаш къастор.

 

  • Кхин цкъа а д1айеша стихотворени. Ала, автор теш хиллий

цу т1ехь дуьйцучун?

2. Йух - йуха далийна дешнаш дукха х1унда ду стихотворенехь?

  • Х1ун ду xlapa стихотворени кхечу стихотворенех къастош

дерг?

 

 1. Хаарийн мах хадор.  2. Рефлекси йар:   Суна хии…  Суна хазахийти…  Со ца кхийти…

1. Хаарийн мах хадор. 2. Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти…

 Ц1ахь бан болх:      Арсанукаев Шайхин кхолларалла 1амайе.  Стихотворени «Баьпкан йуьхк» дагахь 1амайе.

Ц1ахь бан болх:

  • Арсанукаев Шайхин кхолларалла 1амайе.
  • Стихотворени «Баьпкан йуьхк» дагахь 1амайе.

Массарна а даггара баркалла!  Беркате хуьлда шун хаарш!!!

Массарна а даггара баркалла!

Беркате хуьлда шун хаарш!!!


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!