Хьехарсахьтан ц1е:
Хандешнийн хенашца хийцадалар.
1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: хандешан хан билгалйаккха хаар;
хандешан коьрта кхо хан йовзийтар; хандешнийн хенаш билгалъйаха 1амор;
кхетам – кхиоран: нохчийн матте болу безам кхиор.
Догдаийтаран мур.
Дог1у дош ала:
Суна дадас хьалххе 1амий:
Тхов т1е вала х1отто…
Сан кадолу дика тахна:
Балхана т1е ойла йахна.
Беш ахкало соьга атта,
Йокъа йолуш ма дац…
Говрана т1екхаьчна хан,
Тоха деза когех…
Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йар.
1. Хаттаршна жоьпаш далар.
- Стенах олу хандош?
- Муьлхачу хаттаршна жоп ло хандешан бигалзачу кепо?
2. Дешнийн диктант.
Хуьйцу, г1овтту, леста, къеста, хьоьху, доьшу, тосу,
молу, хьосту, йуьтту, тоьгу, оьцу, олу, дуьйцу, зоь.
- Барта хандешнаш билгалзачу кепе даха.
Бераш лайн мижаргех ловзу. Бераш лайн мижаргех левзина. Бераш лайн мижаргех ловзур бу.
Хандешнаш билгалдахар.
- Д1айеша байт.
Самукъане аьзнаш.
Боху ас, схьалойша нуьйр,
Соь схьакхийдайо цо уьйр,
Т1аккха йуха бехча уьстаг1,
Г1аж тухий, и боккху астаг1
Моьттуш йу: и гуьллург - гуьйриг,
Со т1ехиънарг хуьлу уьйриг.
Лаца вуьйли ловзо пхьид,
Д1ахьаьжча, йу уьнт1епхьид.
- Х1унда тиллина цунна ц1е «Самукъане аьзнаш»?
- Схьайазде хандешнаш.
Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъйан некъаш билгалдахар.
- Д1адеша дешнаш.
Ловза, хахка, таса.
- Муьлха хандешнаш ду уьш? (Хандешан билгалза кепаш йу).
- Муьлхачу хаттарна жоп ло цара? (Х1ун дан?).
- Ловза боху дош муха хир дара х1ун до? Хаттарна жоп луш хилча?
(Ловзу)
- Х1ун дин? (Левзи).
- Х1ун дина? (Левзина).
- Х1ун дира? (Левзира).
- Х1ун дора? (Ловзура).
- Х1ун дийр ду? (Ловзур ву).
- Х1ун ди вай ловза дашна? (Хандешан хенашца хийци).
- Иштта хуьйцуш д1айазде дисина дешнаш.
- Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (Хандешан хенашца хийцадаларх).
- Муьлха хаттар ду вайна талла т1едиллинарг? (Муха хийцало хандешнаш?).
- Муьлханиг йу урокан коьрта 1алашо?
Керла коьчал йовзийтар.
Хандешан коьрта кхо хан йу: карара хан, йахна хан, йог1у хан.
Хандешан хан билгалйаккхар дар я хилар къамел дечу хенахь хилар,
я къамел динчул т1аьхьа хирг хиларца доьзна ду.
Карарчу хено дар я хилар къамел дечу (заманахь) хенахь хуьлуш
хилар гойту. Масала: доьшу, сахуьлу, воьду.
Къамел дале хилла дар я хилар йахначу хено гойту. Масала: дешна,
йаздина, сахилла.
Къамел динчул т1аьхьа хиндолу дар йог1учу хено гойту. Масала:
доьшур ду, йаздийр ду, оьцур ду.
1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Т1адамийн метта дог1у хандешнаш х1итто деза.
Аса г1улчаш .... К1адвелла, сих - сиха .... Вота хилла ... дог.
... кхо эзар г1улч. Дикка ... аьхкенан де. Xlopa шарахь
зезагаш ... аса.
Г1оьнна дешнаш: кхиадо, йагарйо, деттало, садо1у, д1айолу,
дохло.
2. Кхочушде № 322 шардар.
Сада1аран минот.
Чехкааларш:
Шар мелла ши газа,
ша т1е даьлла ши шинара.
Ча такхо тача, тача такхо ча.
Керла хаарш а, гIуллакх даран кепаш а кхоллар.
1. Хандешнийн хенашца хийцадаларан тидам бар.
Шардар № 323, аг1о 158.
- Муьлхачу хаттарна жоп ло хандешан билгалзачу кепо?
карарчу хено? йаханчу хено? йог1учу хено?
- Муьлхачу хенан ду пхиъ хаттар? Д1адеша уьш.
- Х1ора дош массо а хенехь д1адеша.
- Муха хийцало хандешнаш? (Хандешнаш хенашца
хийцало).
Дош къамелан дакъа санна таллар.
Мархийн т1арг1а къажбо мохо.
- Муьлха къамела дакъа ду иза? (Мохо х1ун до? къажбо -
хандош).
- Билгалхачу кепехь тидам бе цуьнан. (Х1ун дан? къажбан).
- Муьлхачу хенан хандош ду иза?(Х1ун до? Къажбо -
карарчу хенан хандош ду).
1. Къажбо - хандош.
2. Къажбан.
3. Карара хан.
Уьн т1ехь байт схьагойту.
Терк
Ламанан басешкахь хьо чехка дог1у,
Аренга мел дели, хьан болар г1елло,
Аренна харш тосуш, хьо кхерсташ дог1у,
Цу курчу боларахь хьо сетташ лела.
Лакхахь лам бешча, хьо дестий ма дог1у,
Лам т1ера х1орда т1е кхаччалц харш дузу,
Аренаи чам оьций, хьо х1ордах дулу,
Каспийски х1ордо хьо дезаш т1еоьцу. (Мамакаев I.)
Оыпучу интонацица д1аеша байт.
- Муха йу цуьнан коьрта ойла?
- Кхузахь дуй дар я хилар гойту дешнаш?
- Делахь, билгалдаха уьш. (Дог1у, г1елло, лела, дузу, дулу, т1еоьцу.)
- Оцу дешнаша х1ун гойту?
- Цара дар я хилар къамел дечу хенахь хуьлуш хилар гойту.
Царна х1ун до? х1ун хуьлу? хаттарш х1иттадо.
1аматца болх бар.
Кхочушдо шардар № 324, аг1о 159.
- Хандешнаш т1ера схьайазъйе.
- Хандешнийн хенаш билгалйаха.
Дешархошка тобанашкахь болх байтар.
1 – чу тобано кхочушдо шардар № 326.
2 – чу тобано кхочушдо шардар № 328.
1. Урокан жам1 дар.
2. Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…
Жам1 дар.
Вайна хаа деза хандешнийн коьрта кхо хан хилар:
карара хан ( х1ун до? х1ун хуьлу?) - йаздо, йоьшу;
яхана хан ( х1ун дина? х1ун хилла) - йаздина, йешна;
йог1у хан ( х1ун дийр ду? х1ун хир ду?) - йаздийр ду,
йоьшур йу.
Ц1ахь бан болх. 1. 1амайе бакъо 158 аг1о . 2. Кхочушде шардар № 329.
Массарна а даггара баркалла!
Хьоме бераш, хуьлда шун хаамаш беркате!