Просмотр содержимого документа
«Презентация на тему "Латтаман дурс"»
Нохчийн мотт 11 класс
Юккъерчу юкъарадешаран ишколан
нохчийн меттан, литературин хьехархо
Саритова Нажабат Даудовна.
Ткъе цхьайтталг1ачу октябрехь. Классера болх.
Урокан ц1е: Латтаман дурс.
1алашо: латтаман дурсах кхетам балар; дозуш долу къамел кхиор; кхетош кхиор.
Урокан некъ: 1.Урокана кечам бар. 2.Ц1ахь бина болх таллар
3.1амийнарг карладаккхар. Хеттарш. 1.Предложенин коьрта меженаш муьлхарш ю? 2.Коьртаза меженаш муьлхарш ю?
3.Дар я хилар мича хьолехь, Маца,муха,муьлха меттехь, Х1унда,мича 1алашонца Кхочушхуьлу гойту ас. Шаьш ца тешахь,де аш хаттар- Гучубер бу т1аккха …
латтам
4.Меженаш билгалъяха.
- Тахана тхо занятешка дахара.
- Тахана тхо занятешка дахара. Дахара-сказуеми
Тхо-подлежащи
Тахана-хенан латам
Занятешка-меттиган
латтам
4.Дешнаш т1ехь болх. Дурс – билгалдар (совершенство); г1овтал -оба(бешмет); б1аг1ара -г1уьнжара(косоглазый) дак -верба,ива.
5.Керла тема йовзийтар. Д1аязъе предложени.
Тахана, ткъе доьалг1ачу октябрехь ,тхо занятешка дахара.
Ткъе доьалг1ачу октябрехь,бохучу латтамо шел хьалхарчу латтаман маь1на дуьззина нийса билгалдой? До.
Шел хьалхарчу латтаман маь1на дуьззина нийса билгалдечу латтамах латтаман дурс олу.
Латтаман дурс шина кепара хуьлу: 1)хенан латтаман дурс; 2.меттиган латтаман дурс.
1.Хенан латтаман дурсо шел хьалхарчу хенан латтаман маь1на дуьззина нийса билгалдо.
2.Меттиган латтаман дурсо шел хьалхарчу меттиган латтаман маь1на дуьззина нийса билгалдо.
Предложенехь латтаман дурсаш ц1оьмалгашца къастадо.
6.Къамел кхиор.
Суьрте хьожуш ,барта 3-4 предложени ялае,шена чохь латтаман дурс долуш.
7.Кхетош кхиор.
Хьаннаш,хиш вайна Дала делла доккха совг1ат ду.Вай уьш лардан декхарийлахь ду.
Хиш бехдарх 1алашдала деза вай.
Къаьсттина аьхка,гурахь дукха хуьлу хьаннашкахь ц1ерш йийлар.Шаьш хьуьнах дахча ц1арца лерина хила деза.
Вставка рисунка
Вставка рисунка
Вставка рисунка
Вставка рисунка
Вставка рисунка
Вставка рисунка
Вставка рисунка
8.1амийнар т1еч1аг1дар.
Кхочушдо шардар 87(5 пр.)
9.1амийначун жам1дар.
1.Стенах лаьцна дийци вай тахана?
2.Латтаман дурс стенах олу?
3.Маса кепара ду латтаман дурс?
4.Предложенехь муха къастадо дурс?
5.Масалш даладе.
10.Урокан жам1.
Берийн хаарийн мах хадор.
11.Ц1ахь бан болх.
§40,шардар 88.
1одика йойла шу!