СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Презентация по чеченскому языку

Нажмите, чтобы узнать подробности

Презентация по чеченскому языку на тему: Изложени " Ши накъост"

Просмотр содержимого документа
«Презентация по чеченскому языку»

   Хьехарсахьтан ц1е:   Изложени «Ши накъост».

Хьехарсахьтан ц1е:

Изложени «Ши накъост».

 1алашонаш. 1аморан:  дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар; кхиоран:  дийцаран чулацам йозанца схьабала хаар кхиор, кийчачу планах пайда а оьцуш; цхьалхе предложенеш х1итто уьш йозанехь билгалйакха 1амор; къамел кхиор, дешнаш хаарш довзийтар; кхетам - кхиоран: доттаг1алле безам кхиор.

1алашонаш.

1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;

кхиоран: дийцаран чулацам йозанца схьабала хаар кхиор, кийчачу планах пайда а оьцуш; цхьалхе предложенеш х1итто уьш йозанехь билгалйакха 1амор; къамел кхиор, дешнаш хаарш довзийтар;

кхетам - кхиоран: доттаг1алле безам кхиор.

 1алашо йовзийтар.  - Бераш, вай тахана йазйийр йу  изложени «Ши накъост».

1алашо йовзийтар.

- Бераш, вай тахана йазйийр йу

изложени «Ши накъост».

 Догдаийтаран мур.  Кицанаш. 1. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте кхача хала дац. Сакхт доцуш доттаг1 лаца хьо г1ертахь, и воцуш  вуьсур ву хьо. 3. Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву.

Догдаийтаран мур.

Кицанаш.

1. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте кхача хала дац.

  • Сакхт доцуш доттаг1 лаца хьо г1ертахь, и воцуш

вуьсур ву хьо.

3. Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву.

 Ц1ера болх таллар.  Шардар № 206, аг1о 106.

Ц1ера болх таллар.

Шардар № 206, аг1о 106.

 Дешаре шовкъ кхоллар.  Туьйра, туьйра дахана боху,  Лекхачу гаьн т1е хиъна боху,  Б1аьргаш боцучунна гина боху,  Куьйгаш доцучо лаьцна боху,  Когаш боцучо эккхийна боху,  Бага йоцучо кхаьллина боху.  (Халкъан).    -  Меллаша д1айеша байт, чехка д1айеша байт.     

Дешаре шовкъ кхоллар.

Туьйра, туьйра дахана боху,

Лекхачу гаьн т1е хиъна боху,

Б1аьргаш боцучунна гина боху,

Куьйгаш доцучо лаьцна боху,

Когаш боцучо эккхийна боху,

Бага йоцучо кхаьллина боху.

(Халкъан).

  - Меллаша д1айеша байт, чехка д1айеша байт.

 

 

 Изложени «Ши накъост».

Изложени «Ши накъост».

 «Ши накъост» ц1е йолу дийцар довзийтар.  - Д1адеша дийцар. Маса дакъа ду дийцаран? Муха билгалдаьккхина  х1ора дакъа?  - Д1адеша хьалхара дакъа. Схьадийца.  - Д1адеша шолг1а дакъа. Схьадийца.  - Д1адеша кхоалг1а дакъа. Схадийца.  - Схьадийца дерриге дийцар шайн дешнашца.  

«Ши накъост» ц1е йолу дийцар довзийтар.

- Д1адеша дийцар. Маса дакъа ду дийцаран? Муха билгалдаьккхина

х1ора дакъа?

- Д1адеша хьалхара дакъа. Схьадийца.

- Д1адеша шолг1а дакъа. Схьадийца.

- Д1адеша кхоалг1а дакъа. Схадийца.

- Схьадийца дерриге дийцар шайн дешнашца.

 

 План х1оттор. - Стенах лаьцна дуьйцу хьалхарчу декъехь? Х1ун ц1е туьллур йара  цу декъана? (1. Хьуьнхахь шина накъостана т1е ча 1оттайалар.) - Шолг1ачу декъехь? (2.Чено к1антах хьожа йахар.) - Кхоалг1ачу? (3. Шина накъостан хилла къамел.) - Муха йаздан деза х1ора дакъа?

План х1оттор.

- Стенах лаьцна дуьйцу хьалхарчу декъехь? Х1ун ц1е туьллур йара

цу декъана? (1. Хьуьнхахь шина накъостана т1е ча 1оттайалар.)

- Шолг1ачу декъехь? (2.Чено к1антах хьожа йахар.)

- Кхоалг1ачу? (3. Шина накъостан хилла къамел.)

- Муха йаздан деза х1ора дакъа?

 План.  1. Хьуьнхахь шина накъостана т1е ча 1оттайалар.  2. Чено к1антах хьожа йахар.  3. Шина накъостан хилла къамел.

План.

1. Хьуьнхахь шина накъостана т1е ча 1оттайалар.

2. Чено к1антах хьожа йахар.

3. Шина накъостан хилла къамел.

 Изложенин текстан х1оттам таллар, йазъйан кечам бар.  План йовзийтар. Уьн т1е д1айазйо план.  Лексико - стилистически а, орфографически а кечам.  Текстан чулацам т1ехь болх бечу хенахь дешархойн тидам т1ебохуьйту  дешнех нийса пайдаэцарна. Цхьайолу предложенеш шозза йеша а  мегар ду. И болх биначул т1аьхьа уьн т1ехь т1етовжаран дешнаш а,  дешнийн цхьаьнакхетарш а д1айаздо: хьуьна йуккъехула, ша волччу  новкъахь, лаьтта охьавуьйжира, велла моттийта, хьожа йаха  йуьйлира, велла моьттуш, мацца а д1айахча, кхерам болчу меттехь…

Изложенин текстан х1оттам таллар, йазъйан кечам бар.

План йовзийтар. Уьн т1е д1айазйо план.

Лексико - стилистически а, орфографически а кечам.

Текстан чулацам т1ехь болх бечу хенахь дешархойн тидам т1ебохуьйту

дешнех нийса пайдаэцарна. Цхьайолу предложенеш шозза йеша а

мегар ду. И болх биначул т1аьхьа уьн т1ехь т1етовжаран дешнаш а,

дешнийн цхьаьнакхетарш а д1айаздо: хьуьна йуккъехула, ша волччу

новкъахь, лаьтта охьавуьйжира, велла моттийта, хьожа йаха

йуьйлира, велла моьттуш, мацца а д1айахча, кхерам болчу меттехь…

 Текст шолг1а йешар.  Хьехархочо чолхечу предложенешкахь ц1оьмалгаш  х1итторах лаьцна дуьйцу.           

Текст шолг1а йешар.

Хьехархочо чолхечу предложенешкахь ц1оьмалгаш

х1итторах лаьцна дуьйцу.

 

 

 Сада1аран минот.  Бераш, гуо бохуш лела х1ара байташ а йоьшуш:  Т1араш тухуш, т1араш тухуш  Тхуна т1аьххье дуьйлало.  Хьан т1е куьйгаш х1иттаде.  Цхьаъ – схьаверза,  Шиъ – д1аверза.  Кхоъ – охьата1а,  Диъ – хьалата1а.  Т1араш тухуш, т1араш тухуш,  Тхуна т1аьххье дуьйлало.  Йуха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,  Когаш тохий, кхоссало.

Сада1аран минот.

Бераш, гуо бохуш лела х1ара байташ а йоьшуш:

Т1араш тухуш, т1араш тухуш

Тхуна т1аьххье дуьйлало.

Хьан т1е куьйгаш х1иттаде.

Цхьаъ – схьаверза,

Шиъ – д1аверза.

Кхоъ – охьата1а,

Диъ – хьалата1а.

Т1араш тухуш, т1араш тухуш,

Тхуна т1аьххье дуьйлало.

Йуха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.

 Изложени йазйар.  (Бераша шаьш д1айазйо изложени).

Изложени йазйар.

(Бераша шаьш д1айазйо изложени).

 Жам1 дар.  - Муьлха изложени йазйира вай?  - Стенах лаьцна йу иза?  

Жам1 дар.

- Муьлха изложени йазйира вай?

- Стенах лаьцна йу иза?

 

 Рефлекси.  - Х1ун болх бан ницкъ кхечи шун?  Суна йевзи керла ….  Суна 1еми …  Суна хии сайн дешнашца …

Рефлекси.

- Х1ун болх бан ницкъ кхечи шун?

Суна йевзи керла ….

Суна 1еми …

Суна хии сайн дешнашца …

 Ц1ахь бан болх балар.  Бакъонаш карлайаха.      

Ц1ахь бан болх балар.

Бакъонаш карлайаха.

 

 

 

Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти…

Рефлекси йар:

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

 Массарна а хуьлда шуна баркалла!  Беркате хуьлда шун хаарш а!!!

Массарна а хуьлда шуна баркалла!

Беркате хуьлда шун хаарш а!!!