СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Презентация "Р.Ахматова"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Презентация "Р.Ахматова"»

Кечйина нохчийн меттан хьехархочо Нагиева Зулихана

Кечйина нохчийн меттан хьехархочо

Нагиева Зулихана

 Ахматова Раиса йина1928 шеран 30 декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Солтмурдан доьзалехь.  Ахматова Раисас дешна хьехархойн училищехь. 1944 шарахь дерриг нохчийн халкъаца цхьаьна махках яьккхинчу хенахь хьехархочун болх бина цо. Казахстанехь цIерпоштнекъан Кушмурун станцехь юккъерчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархо хилла иза. Алма-Атахь 1955 шарахь нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газета археца долийча, цига дIа а яхна, газетан редакци балха хIоьттина Ахматова Раиса. 

Ахматова Раиса йина1928 шеран 30 декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Солтмурдан доьзалехь.

Ахматова Раисас дешна хьехархойн училищехь. 1944 шарахь дерриг нохчийн халкъаца цхьаьна махках яьккхинчу хенахь хьехархочун болх бина цо. Казахстанехь цIерпоштнекъан Кушмурун станцехь юккъерчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархо хилла иза. Алма-Атахь 1955 шарахь нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газета археца долийча, цига дIа а яхна, газетан редакци балха хIоьттина Ахматова Раиса. 

Школехь дуьйна а дукха езаш хилла цунна исбаьхьаллин литература. Къаьсттина дукха ешна А.С.Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн произведенеш. Нохчийн а, оьрсийн а яздархойн произведенеш йошуш  Iемина Раиса дешан исбаьхьалла йовза, кIаргъелла цуьнан литературе йолу марзо. Доьшуш йолчу хенахь йолаелла иза стихаш язъян. Ахматован Раисин дуьххьара араяьлла стихотворени «ЦIеэскархочуьнга» хилла.   Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн, узбекийн, хIирийн,  эрмалойн меттанашкахь зорбатохарал совнаха  арайийлина ингалсан, французийн, немцойн, Iаьрбийн, болгарийн, венгрийн, хиндин, урдун меттанашкахь. Нохчийн къоман литература шуьйра йовзийтарехь мехала хилла, кхиболчу баккхийчу нохчийн яздархойн кхолларалла санна, Ахматова Раисин поэзи а.

Школехь дуьйна а дукха езаш хилла цунна исбаьхьаллин литература. Къаьсттина дукха ешна А.С.Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн произведенеш. Нохчийн а, оьрсийн а яздархойн произведенеш йошуш  Iемина Раиса дешан исбаьхьалла йовза, кIаргъелла цуьнан литературе йолу марзо. Доьшуш йолчу хенахь йолаелла иза стихаш язъян. Ахматован Раисин дуьххьара араяьлла стихотворени «ЦIеэскархочуьнга» хилла.  

  • Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн, узбекийн, хIирийн,  эрмалойн меттанашкахь зорбатохарал совнаха  арайийлина ингалсан, французийн, немцойн, Iаьрбийн, болгарийн, венгрийн, хиндин, урдун меттанашкахь. Нохчийн къоман литература шуьйра йовзийтарехь мехала хилла, кхиболчу баккхийчу нохчийн яздархойн кхолларалла санна, Ахматова Раисин поэзи а.
 Ахматова Раисин дуьххьарлера поэтически сборник араяьлла 1958-чу шарахь Нохч- ГIалгIайн книжни издательствехь. «Хьоме республика» яра сборникан цIе.  Ахматова Раисин кхоллараллин хазна йоккха ю. Журналаш тIехь, юкъарчу сборникаш тIехь арайийлина произведенеш ца лерича а,  цуьнан шен 24-25 поэзин книга зорбанехь араяьлла. Царах цхьаерш: «Нийсархошка» (1963), «Сан седа» (1967), «Шовданан йистехь» (1969), «Стихаш» (1972), «Дикалла» (1973), «Цхьаьнакхетар» (1978), «Суьйренан зIаьнарш» (1983);  оьрсийн маттахь: «Бей мне, ветер в лицо!» (1959), «Иду к тебе» (1960), «Трудная любовь» (1963), «Откровение» (1964), «Лунной тропою» (1968), «Избранная лирика» (1970), «Будьте счатливы» (1972), «Доброта» (1973). «Медный листопад» (1974), «Поющая чинара» (1976), «Перевал» (1977), «Ожидание» (1988), «Вдохновение» (1989), «Край любви» (2009). 

Ахматова Раисин дуьххьарлера поэтически сборник араяьлла 1958-чу шарахь Нохч- ГIалгIайн книжни издательствехь. «Хьоме республика» яра сборникан цIе.

Ахматова Раисин кхоллараллин хазна йоккха ю. Журналаш тIехь, юкъарчу сборникаш тIехь арайийлина произведенеш ца лерича а,  цуьнан шен 24-25 поэзин книга зорбанехь араяьлла. Царах цхьаерш: «Нийсархошка» (1963), «Сан седа» (1967), «Шовданан йистехь» (1969), «Стихаш» (1972), «Дикалла» (1973), «Цхьаьнакхетар» (1978), «Суьйренан зIаьнарш» (1983);  оьрсийн маттахь: «Бей мне, ветер в лицо!» (1959), «Иду к тебе» (1960), «Трудная любовь» (1963), «Откровение» (1964), «Лунной тропою» (1968), «Избранная лирика» (1970), «Будьте счатливы» (1972), «Доброта» (1973). «Медный листопад» (1974), «Поющая чинара» (1976), «Перевал» (1977), «Ожидание» (1988), «Вдохновение» (1989), «Край любви» (2009). 


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!