СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Проект Арби Мамакаев

Нажмите, чтобы узнать подробности

Проект к презентации А. Мамакаева. Он посвящен юбилею А.Мамакаева.

Просмотр содержимого документа
«Проект Арби Мамакаев»

Муниципальное бюджетное образовательное учреждение

«Ищёрская средняя общеобразовательная школа»

Наурского муниципального района

ЧР




ИНДИВИДУАЛЬНЫЙ ИТОГОВЫЙ ПРОЕКТ


Тема:

­­­­­­ «Творчество А.Мамакаева.Теркан илланча»


Предмет: чеченская литература



Вид проекта: исследовательский







Выполнила:

Юсупова Петимат,

ученица 9 класса «в»

8(989) 905-72-34

Руководитель проекта:

Бораханова Т.Ш.,

учитель чеченского языка

и литературы

8(938) 905-25-80





ст.Ищёрская 2018 год










Цель работы:

Исследование творчества Арби Мамакаева.


Задача работы:

рассказать о его жизни и о творчестве.


Актуальность :

Время уходит, а сказанное слово остаётся. Слово А.Мамакаева – верное, меткое,

правильное остаётся с нами . И наша задача

помнить его , читать его стихи , рассказывать

о нём , как о выдающемся деятеле, чтобы

любить Родину, слово так, как любил и

ценил он.





























Д1АДОЛОР

  1. КОРТА. БОЛХ ШАРБАРАН ДАКЪА.


    1. Юьхьанцара дош

    2. Мамакаев 1аьрбин дахарх лаьцна

    3. «Нохчийн Есенин» 1аьрбин кхолларал



II. КОРТА. БОЛХ ШАРБАРАН ДАКЪА.

2.1 Музейх хьошалг1ахь

2.2 1арби гергарча дуьйцу

ДЕРЗОР

ПАЙДАЭЦНА ЛИТЕРАТУРА


ПРИЛОЖЕНИ





Юьхьанцара дош




Яздархо уггаре сийлахь ц1е ю,

«Адамийн синойн и инженер» ву –

Хьекъалца елла и хьоме ц1е ю,

Адамалла, нийсо а ларъеш и ву,

Нур дашо з1аьнаршца и вайна къиэга.

Кхийдадеш вайга шен тешаме дог,

Исбаьхьа поэзии – дахаран седа,

Бакъ ойла кхолларца олу цо дош.

Галваьлларг нисварца бакъоне верзош,

Емалъеш вон амал адамех къахкош,

Цакхетарг кхетавеш, нийсоне хьовзош,

Шен оьзда декхар, цо хьуьнарца лардо.

Генарчу г1амарийн халачу арахь,

Хи доцуш , хьагонна г1ора сиз висча,

Куьг кховдор дара цо, иза г1о ларахь,

Лур дара цо дарба, шен г1ора дисча.

Панарчу шелонехь стаг холчехь гича,

Шен дег1ан йовхо а цо д1алур яра;

Йовхоно вожавеш, легаш дакъийча,

Теркан бохь цо цунна сиха лур бара.

Муьлххачу халонна г1о оьшуш хилча,

Шен са а адамна цо кхоор дацара,

Цхьа меттиг нисъелла, кечвала дезча,

Мехкан сий лардан ницкъ цо кхоор бацара.

Шен ойла, синхаам дегнашка кхачош,

Дерриге жил1алам эшаре доккхуш,

Оьздалла, тешам, яхь, мехкан сий дахчош,

Хилла и, дегнашкахь хир ву и вехаш.















Мамакаев 1арбин, дахар х лаьцна



Стаг дахар кхача а делла, шен бакъдуьнене вирзинехь а йовш яц цуьнан ц1е, нагахь цо шен дахарехь йитина сирла лар елахь. Ишттаниш адамийн дегнашкахь беха дуккха а шерашкахь. Цхьаволчо шен хьуьнарш доьналлица гойту, вукхо хьекъалца, кхоалг1ачо дашца…

Поэзехь уггаре а коьрта берг поэтан кхоллам бу- талламаш ца оьшуш бакъдерг ду иза. Иза дукха хьолахь биографин терахьашна юккъе ца тарлуш, баха буьсу иллин дашца, цу дешан х1ора а озаца билгал а болу. Хан йог1у цкъа керлачу т1аьхьено «яздан ницкъ боллушехь, ца яздеш дисна» дош а, «лаамзий, лаамций поэт лелла некъаш» а билгалдохуш. Оцу шен дашехь х1ора а керлачу чкъуре шен хенан а, шен вахаран а къайленаш лехийта ницкъ кхочушверг воккха поэт ву. Вай тахана вовшахкхетта нохчийн хьакъволу поэт-лирик, яздархо, Теркан илланча Мамкхин Шамсуддин к1ант 1арби дагалаца. Йоккха сирла лар йитина цо шел т1аьхьа дуьненчохь яха. 1арбин доццачу дахарехь, йоккха меттиг д1алоцу цуьнан кхолларалло нохчийн литературин дахарехь. Тахана вайца иза вацахь а, йицлуш яц я йиц а лур яц цуьнан ц1е. Цуьнан говзарш, т1екхуьу чкъор иманехь хила, Даймохк, 1алам деза, безам ларбан 1амош, кхин а б1еннаш шерашкахь ехар ю адамийн дахарехь…


Мамакаев 1арби вина 1918(эзар исс б1е берх1уьтталг1ачу) шарахь 2- чу (шолг1ачу) декабрехь Теркаца йолчу нохчийн

ширачу юьртахь Лаха-Неврехь. Цуьнан да Шамсуддин ша хьехархо хилла, цул совнаха, Соьлжа-Г1алара реальни училищехь Асланбек Шериповца цхьаьна дешна а ву . Ткъа 1арбин НАНА-Макка хилла Хантиев Кана-шейхин йо1 (Дала даржехь сов бохийла уьш. / суьрташ гайта книги т1ера/.

Шайн ц1енойн тхевнан сторпал т1е беран хенахь 1арбис уьрсаца яздина хилла ша вина терахь х1инц- х1инццалц а долуш дара.

1арбин да Шамсуддин дика дешна хилла. Цо чекхъяьккхинера Соьлжа- Г1алара ламанхойн школа, цул т1аьхьа Тифлисехь хьехархойн семинарехь а дешнера.Шамсуддинг1еран х1усамехь дуккха а книгаш яра. Жимчохь 1емира 1арбина деша а, яздан а.

Берахь дуьйна книгашца уьйр йолуш кхиъна к1ант. Пачхьалкхан жоьпаллин декхарш

кхочушдеш, Теркан округан чрезвычайни комиссар лаьттина Шамсуддин.

Граждански т1амехь партизанийн тобанан коьртехь а волуш, б1ахаллин хьуьнарш

гайтина цо. Амма 1921-чу шарахь, тешнабехкаца к1ело а йина, вийна Шамсуддин а,

цуьнан ваша Юсуп а. Царах лаьцна 1арбис т1аьхьа яздийр ду шен поэтически произ-

веденешкахь «21- чу шеран 13 сентябрь», «Ден коша т1ехь», «Партизанийн илли»

и.д1.кх.

«1921- чу шеран 13-г1а сентябрь» (1939ш).


…Х1етахь хилларш х1инца халла дагадог1у,

Х1етахь кхеташ со ца хилла цхьамог1а.

И къамелаш х1инца суна кхеташ ду,

Стенна лелош хилла герзаш, хууш ду.


Цу сарахь а бар уьш шортта тхан кет1ахь,

Уьш – бес-бесара бедарш юьйхина хилларш т1ехь.

И суьйренаш бен яцара церан парг1атехь,

Ткъа буьйсанаш д1акхоьхьур цара къийсамехь.


Бода булуш да со а эцна чувеара,

Хьоьстуш, левеш цо со набарх волийтир.

Буьйсан юккъехь, вон г1ан гина, со самавелира,

Вацара юххехь да. «Т1ом беш ву»,- соьга элира.


Ма воддара цул хьалха а юьртара

Дада банданаш леца вахна хиллера.

«Вийна!... Вийна!!!» тхан кертахула даьржира,

Дадига ас мохь элира , кхеравелла.


Дагадог1у, со кхеравелла вилхина,

Араэккхаш кех ши барам чубеъна,

«Шамсуд, Юсап…» тхайн кертахула даьржина,

Даде кхойкхуш, со бармаш т1е г1иртина.


Мостаг1чо цу къаьхьчу буса к1ело йина

Хийла а санна, сой, дай вовшахваьккхинера.

Ткъе цхьолг1а шо- Деваший, Дай вийнарг!

Кхойттазлаг1а буьйса- сентябрехь лайнарг!










«Нохчийн Есенин» 1аьрбин кхолларал:


« Ден коша т1ехь». 1939ш.


Цу Терко к1еж туьйсу шун кешнийн хьалхахь,

Тулг1еша схьадуьйцу майрачийн коьртехь

Хьо вийлар буьрсачу хил дехьа дин т1ехь

Т1ом кхехкаш хиллачу даханчу шерашкахь.


Хьой, Юсап шалха чурт коьртехь а доллуш

Ву шераша шарбинчу борза к1ел воллуш.

Мох ц1ийза, экамчу бецан куз техкош,

Мостаг1чо 1овжийнчу хьан кхайкхам бекош.


Хьайн даго хаьржинчу некъах ца къаьсташ,

Лаьттахь бакъ лехначу къийсамца лаьтташ,

Хьо шен во1 хиллачу халкъан ирс лоьхуш,

Хьан вахарх ас, Дада, дозалла до тахна.



« Партизанийн илли». 1939 ш.


Д1ахьаьжча вайна го хьун луьста ламанаш,

Охьахьаьжча вайна го бай шера аренаш,

Молханан дахкарлахь ц1енчу х1оне сатуьйсуш,

Ц1арца даш делхарехь, ц1ен довха ц1ий 1енош,

Буьрсачу шерашкахь летта партизанаш.

Дагабог1уш, сийлаллехь безамаш бу вайна.

Масане к1ант воьжна маршонан къийсамехь,

Вайга некъ кховдийна цара шайн толамехь,

Вай церан безамна латтор ду сий дагахь!

1енна ц1ий, хьегна къа стом боцуш дайна дац,

Сийлахь партизанаш хестор а эрна дац.

Къахьоьгу адамаш харцонца тарлур дац.


Дегара эца ша ца кхиъна йовхо лоьхура к1анта х1ора а адамера, «кет1арчу т1улгера», «бешарчу кхорера», «юьртан майданера», «Теркан тог1ешкара», махкера.

Т1аьхьо поэта шен «Дагалецамаш» (1940) поэми т1ехь билгалдоккху иза:


«Дагалецамаш» поэма. 1940.


Х1етахь сайн…х1етахь сайн деноша хьоьстура со,

Хьоьстуш я тергам беш дай- наний-м дацара.

Аьрха бер, аьрха бер хила схьавог1ура со,

Боберах мисхал а тера а-м вацара.


«Нанас ца хьистина… дог г1елделча», иза дагавуьйлура «Теркан тулг1енех»,

дахаро ден хьехарех ваьккхинчу цо «хиндолче сатуьйсуш», ладоьг1ура бакхийчийн хьехаршка. Иза Теркан бер дара, винчу лаьтто билгалйохура цуьнан амалш.

Оцу доллучо боккха 1аткъам бора к1ентан дагна: дуьне довзарца цуьнан синт1амарх буьйлира махке болу безам. Вина мохк бара цуьнан доьзал, х1усам, цундела байлахь а вацара. Вина халкъ дара цуьнан цхьаъ бен йоцу дегайовхо.


Ворх1 шо кхаьчна волуш иза шен девашас деша д1авелира Серноводскерчу берийн

дешаран шахьаре (детучгородок).



«Лаха-Невре» 1939ш.


Ворх1 шо, нийсса ворх1 шо кхаьчна

Бер дар-кха со, вай къаьсташ,

Шен хьоме со д1ахьажийна,

Нана йоьлхуш т1аьхьа хьоьжуш.


Раьг1нел дехьахь со цхьа витна,

Верас ц1ехьа вухавоьрзуш,

Моьттура х1етахь гуттаренна

Юьртах, Терках ву къаьсташ.

Езнарг х1етахь жимчохь дуьйна

Г1енах дуьхьал схьах1уьттуш,

Бераш, тог1е, ловзар ханна

1ийр со вехха ца дицлуш.

Берда йисте д1ах1оьттина

Х1инца Терке со хьоьжуш,

Дог1ий дага, го б1аьргашна

Мерза бераллин денош.


Вайшиъ дуккхаза х1етахь дуьйна

Гина хьо ган со вог1уш,

Х1инца а веъна со кхаьчна-

Карий сийлахь хийцамаш.


Маршалла, маршалла хьоьга, сан Невре!

Керла духар дуьйхи ахь,

Х1етахь хиллачул а хьоме

Х1инца безам боьду хьох.


Серноводскерчу берийн ц1ийнехь дешначул т1аьхьа 1934-чу шарахь 1арбис доьшу

литературан белхалойн курсашкахь.

1936-чу шарахь чекхйоккху Грознера рабфак.


1938-чу шарахь- драматургийн курсаш.

Даймехкан ойла йо 1арбис шен дукхахйолчу говзаршкахь. Даймахке болчу безамах юьззина ю цуьнан кхолларалла. 1арбин ерриг кхоллараллех чекхболу шен Даймахках, къомах болу дегалазам. Даймехкан дуьхьа вехаш ву поэтан лирически турпалхо. Цуьнан ойланаш даиманна а Даймахках хьерчаш ю, ша вина мохк, Даймехкан 1алам, цуьнан адамаш хьоме ду цунна. Стеган мехала цо махкана, халкъана дечу г1уллакхаша билгалйолуш хилар ч1аг1до поэто. « Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана»,- иштта ю поэтан лирически турпалхочун вахаран 1алашо. «Сайн к1анте» ц1е йолчу стихотворенехь къеггина го и ойла. Даймехкан дуьхьа, халкъан дуьхьа вахар, шен хаарш, хьуьнарш, дерриг шен дахар халкъана, хьомечу махкана д1алуш хилар лору цо стеган сийлалла. Халкъан лазамашца, цуьнан хазахетаршца вехаш хиларх йоллу стеган оьздангалла:

«Сайн к1анте»

Хьайн мехкан, хьайн халкъан ирс дебна аьлла, Догдика хиллачу сирлачу дийнахь, Дуьненах воккхавеш, са малха даьлла хьо велахь, къонахчун дог ду хьан кийрахь.


Адамийн хьашташка ладуг1уш, нехан баланаш, г1айг1анаш юххера т1еоьцуш верг лору халкъалахь къонах. Иза ч1аг1до авторо а:


Вайн нехан хьал-де ахь Хийра г1уллакх ларахь, Хьо къонах воцийла Хаалда хьуна. Вуьззина нохчийн к1ант Сайн во1 ву алахь, Ирсан да со хеташ Там хир бу суна!


Шен Даймохк йист йоцуш дукхабезаш волчу лирически турпалхочун васт х1утту вайна хьалха «Кавказан латта» ц1е йолчу стихотворени т1ехь а. Еххачу хенахь Даймахках хьегначу, х1инца цуьнан исбаьхьаллех, аьхналлех марзо оьцуш волчу лирически турпалхочун дог-ойла гойту стихотворенехь Цуьнан ойланаш, лаамаш, сатийсамаш Даймахках хьерчаш бу, цуьнца бен хила тарлуш дац ирс а я сапарг1ат вахар а. 1ожаллин сахьт т1ех1оьттича а Даймахках къаьсттина хилар ца деза цунна:

«Кавказан латта»

Ва Кавказ, сан марзо, сан серло, безам, Сайн нене, езарге санна, хьоь лаьтта. Беркатан, майраллин, хазаллин латта, Арахьа лелла со кхечи хьан хьаьтта. Сох хьуна, хьох суна байна бац тешам, Хьох ваьлча, сан дагна хир бара эшам, Бахьана а хьаха дув ай вовшийн деза-м!


Стихотворени чулацамехь кхид1а а даг т1е кхочучу дешнашца гайтина лирически турпалхочун шен Даймахкаца йолу уьйр.


Сан син аз, б1аьргийн нур- Кавказ, Ас хаьтти сайн даге, яьккхинчу хенах чекх а хьоьжуш, Са парг1ат хиндолчу меттигах хьоьгуш, Маь1-маь1ехь вахаран некъаш а тоьгуш: Хьуна т1ехь санна, хан мерза ца яьккхи, Хьан хьаннийн, хьан лаьмнийн сурт хьалха лаьтти, Сан лерг, б1аьрг, довха дог ахьчул ца хьаьсти.


Исбаьхьчу поэтически дашца гойту Мамакаев 1арбис Даймахке болу безам.

Оьзда г1иллакхаш, догц1ена безам, тешаме доттаг1алла, халкъан беркате ламасташ го вайна поэтан лирикехь. Кегийрхоша юкъара, хьаьана шовда санна, ц1ена беам гайтина шен лирикехь поэто. Безаман лирикехь къаьсттина мехала ю «Йо1е» ц1е йолу стихотворени.

Хьаналчу безаман сирла синхаамаш бу оцу стихотворенехь.

-Адамийн дахарехь позин х1ун маь1на ду? Х1унда оьшуш ю иза? Муха хила еза иза? Поэтана хьалха х1ун декхарш лаьтта? Муха меттиг лаца еза цо дахарехь? Ша нийса вехий-техьа, ша ала дезарг аьллий- техьа, дан дезарг диний –техьа? Иштта хаттарш х1утту муьлххачу а воккхачу поэтана хьалха. Оцу хаттарш т1ехь ойла еш язйича санна, хета Мамакаев 1арбин «Даге» ц1е йолу стихотворени. Иза язйина 1957-чу шарахь. Цул т1аьхьа цхьана шарахь а ца ваьхна поэт. Сталински лагершкахь, Сибрехахь лайначу халонаша хьалххе хадийра цуьнан дахаран некъ, Айдамиров Абузар волчу хьошалг1а ваханчохь ц1еххьана кхелхина Мамакаев 1арби. Шовзткъа шаренга валаза волчу поэто, шен 1ожалла герга юйла хууш санна, яздо:


Суьйренга лестина сан шерийн йорта,

Дог, шек ма далалахь, хьалхе ду алий;

Йисинчу хьайн ханна г1оза а далий,

Йог1учу суьйренан беркат а ларий,

1уьйренна ца динарг дан кхиа г1орта,

Кхетаммий, безаммий хилийта шорта.

Шен даге дечу къамелан кепехь язйина цо стихотворени, ойла йо шен д1адаханчу дахаран, ша яздичун хьокъехь, яздан таро йоцуш дисна, кийрахь шена 1еткъаш лаьттинчеран хьокъехь:

Яздан, ницкъ боллушехь, ца яздеш дисна,

Дагахь дерг д1аяздан таро ца хилла,

Безаман алонна хьо юьстах тилла.

Лаамаца,лаамза некъаш т1е дийлла.

Кхолламо гамдинарг ницкъ боцуш нисдан,

Хиллачу г1елонна хьо к1ел ма дислахь!
































Арби Мамакаева гергарчара дуьйцу

Мамакаева Аминат-жена ,Эдуарда Арбиевича Мамакаевa ,невестка Мамакаева А.



«Я - Аминат Мамакаева, сотрудник музея и невестка А.Мамакаева. Я очень рада, что есть возможность рассказывать все о великом поэте нашей молодежи. Мне кажется, что очень важным для любого человека является почитание его предков.

Все, что находится в музее принесет огромную пользу любому человеку. Мне кажется, что зная историю , люди могут совершать свои деяния в соответствии с ней. Также очень рада , что многие школьники приезжают из городов и дальних сел в наш музей!»





Затем Аминат подарила мне книгу Э.Мамакаева «Мама золотая».

Далее экскурсию по музею провела также Аминат. Она достаточно хорошо объяснила каждую деталь в этом музее.

По ее словам каждый предмет наполнен духом той эпохи , в которой жил и творил великий чеченский поэт.

В конце мы сфотографировались на память, и я покинула музей.















Дерзор



Поэт къоман хьашташца вехаш а волуш, поэзи халкъан лехамашца йог1уш хила езар ч1аг1до Мамакаев 1арбис «Даге» стихотворенехь.

Оьзда г1иллакхаш, догц1ена безам, тешаме доттаг1алла, халкъан беркате ламасташ го вайна поэтан лирикехь. Кегийрхоша юкъара, хьаьана шовда санна, ц1ена беам гайтина шен лирикехь поэто

Иштта ваьхна, шел таьхьа шех лаьцна ала хастаме дош а дитина д1авахара поэт, Прозаик,публицист, гочдархо Мамакаев 1арби.

Дуьненчу ваьллачу Бисултанов Аптис,ц1еяьххана вевзаш волчу поэта, 1арбина лериччу стихотворенехь баьстина поэтам 1ожалло шен дагна бина хораме шад.

































Пайдаэцна литература:



1.Чеченская литература. Учебник для 9 класса.А.М.Арсанукаев.Грозный:ФГУП «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий»2013;


2.1арби Мамакаев «Нохчийн лаьмнашкахь» (Хаьржинарш) Москва 2008;


3.Мамакаев 1арби «Садаьржаш» Грозный Нохч-Г1алг1айн книжки издательство.


Рецензия на проектную работу по чеченской литературе, выполненную ученицей 9 «в» класса Юсуповой Петимат

 

Тема работы: « Творчество А.Мамакаева « Теркан илланча»

В данной работе представлен обзор вопросов, связанных с творчеством М.Мамакаева. Раскрыта значимость творения писателя для современного поколения. Работа носит частично исследовательский характер.

      Вопросы, связанные с творчеством А.Мамакаева, актуальны и в наше время, что доказывается проявлением большого интереса наших современников к творчеству чеченского поэта. Целью исследовательской работы было исследование творчества Арби Мамакаева. Задача работы: рассказать о его жизни и о творчестве.

Исходя из поставленной цели, решался ряд определенных задач :изучение жизни и творчества А.Мамакаева, анализ его стихотворений , определение основной тематики произведений.

       Новизна и практическая значимость проекта: в работе сведены в одно целое обобщение имеющейся информации об А.Мамакаеве и создание презентации. Хорошим дополнением работы является исследовательская часть, в которой представлено посещение музея А.Мамакаева и встреча с его родным сыном Э.Мамакаевым.

Материал может быть полезен для учителей чеченского языка и литературы, а также для обучающихся при изучении творчества А.Мамакаева по программе.

      В работе выполнен обзор многих источников литературы. Обзор выполнен качественно и полно.

      Основные результаты: при работе над теоретической частью проведена большая работа с литературой. Ученица показала умение логически излагать материал на основе литературных текстов.

      В первой части (теоретической) произведен обзор творчества писателя, дано описание отношения к Родине. Во второй части (практической) приведена информация о посещении музея с. Надтеречное.

      В подаче материала используются интерактивные компьютерные технологии — презентация, отображающая результат работы.

     Работа выполнена на персональном компьютере с использованием современного программного обеспечения. Текст работы выполнен аккуратно и грамотно, в приложении имеются фотографии, иллюстрирующие основное содержание практической работы.

    Данная работа может быть оценена на «отлично».

Рецензент: Бароханова Т.Ш., учитель чеченского языка и литературы.









Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!